Нохчийчоьнан арахьарчу зIенийн Департаментехь дIадаьхьначу цхьанакхетараллехь дакъалоцуш вара оцу Департаментан куьйгалхо Хаджимурадов Iисай, Германера веъна хьаша Шмайхель Франкий. Официало бинчу хаамашца, цара йийцаре йира немцоший, нохчаший экономикехь а, культурехь а, социалан хеттаршкахь а цхьаьна белхаш баран агIонаш.
Шмайхель Франка билгалдаьккхира, ша болх беш йолу кампани Къилбаседа Кавказан регионан имидж тоярехь къахьоьгуш ю, аьлла. «Оьрсийчохь а, цул арахь а Нохчийчоьнан васт эрчадаьккхина гойтуш ду. Амма суна сайн бIаьргашца кхузахь гинарг вуно исбаьхьа сурт ду. Сан Iалашо ю – и сурт доллучу дуьненна а дIагайта», — элира Германерачу хьешо.
Цу цхьанакхетаран жамIехь шина агIоно барт бина, кеста Берлинехь немцойн-нохчийн уьйраш чIагIъяран кхерч кхолла.
ТIаьхьарчу массийта шарахь юх-юха а хезаш ду и къамелаш, Нохчийчоьнан урхалла шен векалт Берлинехь схьаелла дагахь ю бохуш долу, амма хабаршна тIера кхин хIума хийца делла дац, дуьйцу Немцойн-Кавказхойн доттагIаллин юкъараллан куьйгалхоч Маас Эккехарда.
Маас: «Дера тхо цу хIуманна гIайгIа йолуш а ма ду, цу тIехь терго еш а ма ду. Амма цкъачунна билгалдаьлла цхьа а хIума дац. Суна хаьа, и тайпа хаамаш кест-кеста баьржаш буйла. Иштта амал ю цигарчу Iедалийн, шаьш хIарий-важий деш ду, бохуш, цхьацца хIума даздой дуьйцуш, ткъа жамIехь кхин хIума а ца хуьлу. Кхузахь векалташ а, кхерчаш а схьайоьлуш ю боху хабар дуьйцу ю дукха хан, дина даьккхина хIума дацахь а».
Амма и тайпа кхерч кхоллахь а, иза тамашийна хир дац, хIунда аьлча, тIаьхьарчу хенахь Германехь бехачу нохчашлахь алсам бовлуш бу ДегIастанарчу Iедалхошка критикалле хьежар доцу нах, бохуш дуьйцу Маас Эккехарда.
Маас: «Цхьаццаболу нохчий бу кхузахь, Оьрсийчоьнца башха гома боцуш. Уьш оьрсийн векалто а, оьрсийн культуран кхерчо а еш йолчу суьйренашка а, даздаршка а боьлху.
Хьалхо «Вайнах» цIе йолу хелхаран тоба яра кхузахь, Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу кхечу тобанашца еана. Йоккха гала-шоу а йина, даздарш дара Оьрсийн культуран кхерчо кечдина, цигахь 5 минотехь хелхабевлира уьш. Со-м цига ваха а ца вахара. Со нохчи ца хиларе терра, сан-м цига ваха бакъо а дера яра. Амма кхузара цхьаболу нохчий-м боьлху цига. Ас-м олу цаьрга, эхь ду шуна ишттачу метте дахар, олий».
Цхьана агIор, Соьлжа-гIалахь ечу гIишлойх бакхийбер а, цигара зовкхаш хестор а даьржаш делахь а, амма, вукху агIор, Германе цIера бевдда схьаоьхучу нехан терахь а лахлуш дац, бохуш дуьйцу немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъаралан куьйгалхочо.
Маас: «Цу хIуманан бIостанера болам а бу иштта-м. Генара дIа анализ йича, уггаре а хьалха кхуза схьаихинарш тIамах бевдда мухIажирш бара. Цул тIаьхьа схьабогIуш хилларш политикан мухIажирш бара, — и бохург ду, цхьанна а тайпана Нохчийчоьнан маршонехь къийсина я цу къийсамца зIенехь хилла, юха и бахьана долуш Iедало хьийзош берш.
Ткъа хIинца вуно дукха цомгуш нах оьху кхуза схьа. Дукха бу, инзаре хала цамгарш токхуш долу бераш а далош, схьаоьху наной. Кхузахь шайна дарба дийр дацара те, бохуш, сатуьйсу нах бу уьш, Оьрсийчохь царна дарба дайта дIадала ахча а, таро а йоцуш болу. Вуно дукха бу хIинца схьабаьхкинчарна юкъахь туберкулез йолуш а, гепатит С йолуш а лазархой».
Маас Эккехарда юьйцу пехийн цамгарш а, доIахан цамгарш а, царел сов, Нохчийчуьрчу бахархоша ловш долу уьне цамгарш, заьIапаллаш, — уьш дерраш а аьлча санна, оьрсийн пачхьалкхо Нохчийчохь шерашкахь бинчу къизачу тIемийн а, цара цигахь даржийна хиллачу дIаьвшечу герза-молханийн а тIаьхьалонаш ю, коьрта тIе хаддаза эгачу бомбанийн терахь лах ма деллий, айпе могашаллехь схьагучу юьйлуш йолу.
Бакъду, цу хIуманна къера а хилла, нахана дан догIучу дарбанна жоьпалла шена тIеэца сих ца ло Оьрсийчоьнан урхалла. Нагахь санна, тIамо хIаллакйина нехан могашалла юхаметтахIотторан гIулчаш цо йохуш елахь, мел кIезиг а, и Маас Эккехарда буьйцуш болу могашаллин дуьхьа Европе схьагIерташ болу нах цIахь совцур бара. Амма хьенан бу цаьрца бала? И нах юхацIехьа берзон Iалашонца, векалташ, уьйраш чIагIъяран кхерчаш схьаеллар санехь долчух тера ду.
Источник: www.radiomarsho.com
29.09.12.