Главная » Все Новости » События » Халкъо тIом бина, Кадыровс — бахам гулбина

Халкъо тIом бина, Кадыровс — бахам гулбина

Хьенан ю Нажи-Юьртарчу Бенахь юттуш йолу исбаьхьа гIаланаш? И хаа атта а ца хиллера. Гобаьккхина полицино ларъеш ю масех гектар йолу мармаран керт. БIеннашкахь бу къахьоьгу белхалой. Сурт даккхар а ца дисира ницкъахошна хаанза — халла, хьеста а велла, кIелхьарвелира телефон гIишлойн агIор дIахьажийнарг. Делахь а, аьтто белира, хьаькамаша шайн къоманна хIинца а къаьхьа лаьтта хIара дуьне муха дуу гойтуш, тоьшалла Маршо Радионе схьакхачон…

Нохчийчоь — Къайлаха юттуш йолу гIаланаш, Бена, Нажи-Юьртан кIошт, 20Гез2012

Бенахь бахархошна хууш дац шайн эвлахь, тоьллачу меттехь, дукъ тIехь, 2-3 гектар майда чу а ерзийна, еш йолу вуно яккхий, Iаламат хаза, куьце гIишлош хьенан ю. Цхьаболчара уьш Iедалан цIарх еш ю боху, кхечара церан долахой хIорш бу, бохуш, урхаллехь болчеран цIерш йоху.

Бакъдерг мухха делахь а, бегаше гIаланаш яц Бенахь югIуш ерш. Цунна  тоьшалла до цигахь тергаллучу хьоло. Герггарчу барамехь ишта сурт дара цигахь масех де хьалха: маситта   ков долуш,  2-3 бIе метр еха, кхо-йиъ метр лекха керт.  Цу керта йохалла, арахь а, чохь а бIеннашкахь, накхармозий санна, шовкъе болх беш адам, зевне маьхьарий, белхан кIуркIамане, массо тайпа тракторш, машенаш… 

Ког баькх-баьккхинчохь Iедалан герзахой. Церан бIаьрган Iуналлехь ду дерриге а. ДIа ладоьгIча цигахь маьрша дац ур-аттала сурт даккха а.  Малхбузен хотIехь еш йолчу гIишлошна хьалхахула, некъаца вайнехан масех бIав ю йоьгIна . Церан сурт доккху кеп а хIоттийна, видеокамера лато гIоьртира тхо, амма гIаролхочо кхерам а тесна, оха сиха йитира и ойла.

Вуьшта аьлча, Нажи-юьртан кIоштарчу Бенахь еш ерг цхьа пачхьалкхан къайле  йолу, тIеман гIишло  йолчуха, цхьа бIе метр геннара ца даккхахь, кхузахь сурт доккхуьйтуш а дац. Массо агIор хьалха а, тIехьа а олалла деш бу Iедалан герзахой.  Цигахь югIу гIаланаш «гарайовларна» кхоьру а хаац, я цхьа бомба, фугас, кхин эккха тарло хIума йолларна кхоьру а хаац. Амма само  чIогIа еш ю.

Оха цигарчу бахархошка хаьттира, оццул йоккха майда чу а ерзийна, гIишлошна дерзийна латтанаш деса лаьтташ дара я Iедало нахера уьш схьаэцна, аьлла. Бакъдерг бакъ хила деза, бахархоша даредора, долахочо-хIусамдас, цIе тоьхха мах а дIа а луш, схьаэцна ду латтанаш нахера, бохуш. Беноша дийцарехь, цхьаболчара шайна циггахь керла хIусамаш йина цу ахчанех, ткъа цхьаберш  лаьмнашкара гIаланашка а бирзина.

Ала догIу,  меттиг говза, дика хаьржина ю. Цигара  дIасахьаьжча, кера юкъахь санна, схьаго, Нажи-юьртан кIоштара  хьовха,  Веданан кIоштара а цхьамогIа  ярташ. Цигара, бIаьрса хьостуш, кура го мархех хьекхалуш лаьтта къоьжа  лаьмнаш а, хьаннаш а, царна юккъехула чуIена хиш а, некъан тачанаш а. 

Йина евлча и гIишло -гIаланаш хьенан долахь хир ю бохучу хаттаро кIезиг сагатдечух тера ду бенойн. «ХIун бен ду уьш хьенна елахь а?  Ги а йоьхкина, дIа уьш а хьур яц.  Юха а тIом баьлла, оьрсаша йоха ца яхь, кхуззахь лаьттар ю. Хаза хIума хаза дац? Кертахь мел хаза ду, хаьий шуна?»  Ишта къамел дора цу  гIишлойх лаьцна цхьана могIарерчу вахархочо-беночо.

ГIаланашна хьалхахула чекхдовлуш, гуш дара — исбаьхьа хазалла кхуллуш ю цу  кертахь а.  Хиш Iийдалучу чахчарех тера  киртигаш еш, дитташ дугIуш, некъаш деш, битаме ялийна кертара басеш. Кехат тIехь сурт диллича санна, схьаго   кертара цIенош а, царна гонахара хьал а. Царех дийцар тоаме дац — кхоччуш мах хадо и сурт ган деза.

Бахархошна мичара, хьаьнгара хиина ала ца хала ду, амма  цара  чIагIдарца, диъ ах миллиард сом харжйина и гIишлош-Iаламат кхуллуш.  Хьан йина и харж ? Иза а къайле ю.

Маршо Радионо шеггара бинчу талламан жамI: Нохчийн администрацина гергарчу хьостанаша чIагIдарехь, еш йолчу гIишлойн ши да ву — мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан шича, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а.

Источник: www.radiomarsho.com

30.09.12.