Ирс, машаре дахар, паргIато лоьхуш, Европе кхаьчначу вайнехан цхьаболчу доьзалийн хьал дакъаза даьлла. Меттигерчу Iедалша кхелан сацамашца нохчашкара ницкъаша бераш дIа а даьхна, кхечу доьзалшка кхион дIаделла. Дуккха а бу иштанаш мухIажиршлахь. Оцу хьолана орца олучохь ду тахана дерриг а нохчийн къам.
И хиламаш вуно инзаречу дийцаршца, кхерамашца , эладиттанашца цхьана бийцаре бовлу Европехь бехачу нохчашлахь. Цхьаболчара нохчашкара дIадоху и бераш Iедало меттигерчу доьзал боцчу бахархошна дIалуш ду бохуш чIагIдо, вукхара уьш къайлахчу сервисхоша леррина цаьрцара нохчалла дайъархьама, царна шайн мотт а, Iадат а дицдалийтархьама дIадохуш ду бохуш дуьйцу. Нисло и хIума бусулба динца йолчу гамонна лелош ду бохурш а.
Ткъа бакъдерг-м, наха шайг-шайгара тIе а детташ, иза кхин а инзаре даккха ца гIиртича а, ша -шех а ду баккъал а ирча.
Карарчу хенахь еккъа цхьана Австри-пачхьалкхахь нохчийн доьзалшкара дIадаьхна, керлачу дай-наношка дIаделла иттанашкахь бераш. Кхин дIадолу Европера мехкаш ца дийцича а. Тайп-тайпана ду цу хIуман бахьанаш а, гуларахь цхьа юкъара цIе тиллина, диагноз хIоттон йиш йоцуш. Амма коьртаниг цу хIора а бохамехь цхьаъ ду — и санна хIума нисделлачу муьлххачу а нохчийн доьзална Iаламат боккха сингаттам а, Iийжам а бу иза.
Цу хиламан бухе кхача а, иза кхидIа Европехь болчу нохчашна юкъахь ца баржийта а Iедалца а, шаьш нохчийн мухIажиршца а хIун болх бийр бара те, муьлха гIулчаш яхалур яра те и хIума сацон, бохучу гIайгIанца вовшахкхеттера Венехь нохчийн диаспоран векалш, шайлахь адамийн бакъонашларъярхой а, Iелам нах а, ткъа иштта бераш шайгара дIадаьхна болу дай-наной а болуш.
И цхьанакхетар вовшахтуьйхира Австрехь вехачу адамийн бакъонашларъяран жигархочо Банжаев Вахас. Цо иштта дийцира Маршо Радионе.
Банжаев: „21 бер ду нохчашкара дIадаьккхина карарчу хенахь, Францерчу а, Германерчу а, Белгерчу а доьзалшка дIасаделла уьш. ХIора деа кIиранахь цкъа бен гойтуш а дац шайн долучарна. Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Юкъараллин берийн бакъонаш ларъярехула волчу инспекторе а, нанойн бакъонаш ларъяран испекторе а, ткъа иштта мухIажарийн хьукматашка а кехаташ яздина оха и хIума латкъош. ХIинца митинг еш ду-кх тхо Цхьатоьхначу Къаьмнийн Юкъараллин офисна хьалхахь“.
Маршо Радио: Ткъа хIун бахьана ду и бераш дIадахаран? Беккъа цхьана нохчашкара дохуш ду уьш я кхечу къаьмнех а хьакхалуш хIума ду иза?“
Банжаев: „Цигахь масех бахьана ду. Хьалхарниг — нохчаша нохчийн Iедалехь кхетош-кхиоран болх бо шайн берашна, царна етташ а хуьлу, дов деш а нисло. Берана кху Австрин низамца тоха йиш яц. Ткъа цунна тоьхний хиича, я етта, аьлла, я хьенехагIеран чохь мохь хьоькхуш, девнаш хуьлу, аьлла, цхьаммо мотт тоьхча, тIаккха „югендамт“ олуш йолчу бераш лардечу хьукматера нах а, полици а схьакхочу, и бераш дIадаха.
Кхин цхьа бахьана ду, — со ма-дарра ца дийцича ца волу, хIунда аьлча со кху массийта шарахь и хIума толлуш, къахоьгуш а ву, — цхьаболу вайнехан дай-наной и бераш буьйсанна шаьш чохь а дуьтий, балха боьлху. Иза а магош дац. КхозлагIа бахьана ду, нагахь санна бер цхьана бахьнийца ишколе ца доьдуш диснехь, „югендамто“ оцу сохьта полице хаам а бой, Iедалхой схьа а богIий, бераш дIадуьгу. И саннарг низамца дац, цара лелош ерг харцо ю. ХIинца дукха хан йоцуш иштта цхьана нохчийн доьзалера кхо бер схьа а даьккхина, Германе тайп-тайпанчу доьзалшка дIасадекъна“.
Банжаев Вахас хьахийна болу и тIаьхьарлера бохам – кхо бер нохчийн дай-наношкара дIа а даьккхина, кхечу доьзалшка, ур-аттала Германе а тIаьхьа, дIасадекъар шеца Iоттабелла болу доьзал Венехь бехаш бу. Цу доьзалан нанас Заремас дийцарехь, цо шен берашна етташ хилла бохучу бахьанийца дIадаьхна цуьнгара бераш.
Зарема: „КIантана берийн бешахь мерах цIий деанера сан. Сан кхин а чохь ши бер а дара жима, со со а, доьзалхочух а йолуш, кеста лоьрийн цIийна яха езаш яра. Ткъа хIусамда цIахь вацара сан. Цундела ас чехкачу орцан машен схьа а кхайкхина, и кIант лоьрийн цIийне вигийтира. Цигахь лоьро хаьттина хиллера, кхуьнан нана мичахь ю, аьлла, ткъа иза дIавигинчу чехкачу орцан машен тIерачу белхахоша цуьнга аьллера, нана схьа ца еъна, аьлла. Сан чохь кхин бераш хилар а, уьш шаьш дита со йиш йоцуш хилар а ца хьахийнера. ТIаккха цу лоьро ас кIантана коьртах йитина хиларна оьхуш ду цунна цIий, аьлла, сацам а бина, Iедал даийтинера суна.
Чу а лилхина, озийна карара 11 бутт кхаьчна кIант а, ши шо къаьчна йоI а дIадаьккхира соьгара. Юха цул тIаьхьа дарбан цIийнахь операци а йина, дуьненчу ваьлла волу сан жимха кIант а, соьга шина кIиранах дарбан цIа чохь бен лела ца войтуш, дIа а ваьккхина, цIа хьажийра со“.
Карарчу хенахь Заремин воккхаха доьзалхо хала а, атта а цIаверзийна, амма кхаа доьзалшка дIасакхийсина ду цуьнан кхин а кхоъ бер. Хийрачу нахаца кхууьш долчу шен берашна нохчийн мотт а, Iадаташ а дицделла ца Iаш, ур-аттала ша шайн нана хилар а дицлуш лаьтта, бохуш, дуьйцу къоначу зудчо. Къаьстина ялх шо кхаьчна йолу шен йоI шена дуьхьал йолуш лаьтта, боху цо.
Зарема: „Со бIаьрг тоха яхча, суна тIе а ца йогIу сан йоI, ма эха кхуза олу, шен нана а, да а долуш ду, хьо шен нана а яц, олий. Иза лелочу доьзало суна иштта леррина дуьхьал йохуш ю иза. Цхьа кIант, 5 шо кхочуш волу, Венехь австрихойн доьзалехь ву сан, важа жимахниг, и бераш дIадохучу хенахь дуьненчу ваьлларг, цуьнан кхо шо ду, иза Венехь вац, Лахара Австри олучу меттехь ву. Иштта дуьне мел ду дIасабекъна кхара сан уьш“.
Венерчу адамийн бакъонашларъярхочо Банжаев Вахас дуьйцу кхидIа, меттигерчу Iедалца цхьана болх бан гIерташ ша а, шен накъосташа а бечу балхах лаьцна.
Банжаев: „8 шо хан ю кхузарчу Iедалшка цу хьокъехь, тхан ишттаъ-ишттаъ Iадаташ ду шуна, оха и санначу хьелашкахь гIо дан кхоьллина „къанойн кхеташо“ а ю шуна, аш мичахь хIун проблемаш ю тхоьга хаийтича, тхо цигахь долу хьал нисдан а хьовсур ду шуна, бохуш, со лела. Амма Iедало и ца до. Цара полици схьа а ялайой, и гIулакх сихонца кхеле а лой, цул тIаьхьа 2-3 де далале, кхелан сацам бо, и бераш дIадаха. Цу кхелехь я берийн да-нана а ца хуьлу, я цхьа а церан векал а ца хуьлу. Иза харцо ю.
Ас ца боху, нохчийн агIор дерриге а низамца а, нийса а ду. Делахь а, вайн вешан култура а, Iадаташ а ма ду, вайн дин а ду. Вайн култура а, дин а лара дезаш ма ду кхузара Iедал а. Иштта вайн махкахошка а дуьйцу оха даима а, цу берашна ца тухуш, царна тIе мохь ца хоькхуш, уьш вайгара дIа ца дахийта хьовсий вай, бохуш, уьш дIадаьхча, иза боккха сингаттам ма бу. Хала ду-кх и хIума лан чIогIа“.
Шеко йоцуш, тайп-тайпана ду цу берех хIора а дIадаккхаран бахьанаш, уьш дIа а даьхна, царна тIаьхьа боьлхуш Iачу церан дай-наноша шайгара, бехк-гуьнахь а доцуш, и бераш дIа а даьхна, дIадигина Iедало, бохуш, чIагIдахь а. Дерриге а хуьлийла дац я цхьана эшшара бакъ а, я цхьана эшшара харц а я Iедало дуьйцург а, я дай-наноша дуьйцург а.
Билгал цхьаъ ду — хIора а Iедало бер дIадаькхинчу доьзалехь берг инзаре боккха бала а, сингаттам а бу. Уггаре хьалха цу хьолехь балехь дерш, дех-ненах а къастийна, хийрачу доьзале дIаделла долу ховха бераш ду.
Источник: www.radiomarsho.com
15.10.12.