19-чу бIешарахь — «акхаро», 20-чу бIешарахь — «бандит», 21-чу бIешарахь — «террорист». Заманан йохалла нохчашна тIехь лелла цIерш, стенна эшна уьш тахка? Хьанна оьшу нохчочух тахана а «дуьненаюкъара террорист» ван? Оцу хеттаршна жоьпаш а карош, шен дахаран башхаллица сакхте эладитанех цIан ца делча ца долу нохчийн къам.
«Вайн, нохчийн, кица ду-кх, чано, шена кIорни яа дагадеъча, ченала карчийна, олуш. Вайна дуьхьал 18-чу, 19-чу а шерашкахь гIазакхийн пачхьалкхо ша тIом болийча, шен халкъана а, дуьненна а хьалха ша лелориг нийса ду ала, харц сурт кхолла долийна. ХIорш адамаш дац, акхарой ю, хIорш кхечу агIор кхетар болуш бац, шаьш бита мегар болуш, маьрша бита мегар болуш нах бац, аьлла, цунна кIел бух балош, шайна а, дуьненна а хьалха и кхолла долийна сурт ду иза.
ХIоразза а вайна къома тIехь цхьа харцо ян езаш хилча, юх-юха метах а доккхуш, схьадахьаш а ду иза. Советан Iедал догIуш а, цул тIаьхьа а Кавказан къаьмнаш гIиттина ма дуй. 1918-чу шарахь а, вайн къаьмнаш сийдоцуш ду, хIаллакдича бен кхетар дац, бохуш, икъамелаш оцу хенахь а деш хилла.
Вай Сибрех дохуьйтуш а, дахийтича а изза сурт хIоттош хилла. ЦIерш тайп-тайпана тохкуш хилла, замане хьаьжжина. Нагахь 19-чу, 18-чу бIешерашкахь «акхарой» олуш хиллехь, I9-чу бIешерашкахь, Советан Iедалехь, вайх «бандиташ» олуш хилла. Ткъа тIаьххьарчу заманахь «террорист» цIе тIехь дIаяхна вайна. Вайн къомаца дIадаханчохь лелийна а, хIинца лелаен а харцо бакъян, шаьш цIандала, вай бехке дан кхоьллина а, кхуллуш а сурт ду иза. И цхьаъ ду.
Кху дуьнентIехь цхьана къомана тIехь ирча сурт кхолла пропагандисташа, яздархоша долийча, оцу вукху къомах цхьа дакъа долуш хилла, аш лелориг харцо ю, и къам шен маршо, бакъо къуьйсуш ду, цуьнца аш лелориг харцо ю, кхоьллина сурт нийса дац, уьш оьзда нах бу, олуш.
Амма Оьрсийчохь, ахь милла а вийцича а, схьаоьцур вай I9-гIа бIешо, ваьлла вац иштаниг. Ас масалш далор ду. Схьаэца Пушкин. Цо бехказа воху Евмолов, Котляровский, шу дика ду, бохуш. Уггаре а бу боху церан демократаш…Добролюбов, хьажа хьо цо дуьйцучуьнга, я Некросовс бохучуьнга хьажа, царна муха го вайца лелош йолу харцо.
Масала, Добролюбов ву-кх демократ хилла бохуш вуьйцуш. Цо, хIетахьлера тIом чекхбаьлча, Шемал-Имам вохийначул тIаьхьа, эххар а чекхбели-кх оьрсех 25 эзар салтичун са дIахьош хиллла тIом, боху, харцонца шаьш дохийна вайн дахар дуьйцуш а дац, шен къоман гIаIгIа бу хьалхабоккхуш.
Схьаоьцур вай Толстой. Иза, вайна ма-хаъара, шеен лаамца веъна Кавказе тIом бан. Делахь а тIаьхьа оцу хIуманах кхета, тIекхиа гIерташ хилла иза. Делахь а вайга болу цабезам каг ца бела цуьнан. Исбаьхьаллин методаш тидаме эцча а, стеган васт ца муха кхуллу у тидича гуш ду-кх иза. Цхьа цабезам гIаттош сурт ду цо нохчочун хIоттош.
Толстойс шен «Хьаьжамурд» тIехь МахктIе йохош, аьлла, далош долчу суьрто а гойту иза. Баккъал а хилли хIума ду цо яздийриг. Бакъду, ягийнарг МахктIе яц, Дубин-Эвл ю. Цо цигара сурт къаддеш яздина. Оьрсийн эпсара яздинчух пайда а оьцуш, хIоттийна ду Толстойс цигара сурт. Тешаша хаам беш хилла, цигахь берш, пенах а детташ, хIаллакдора, бохуш. Ткъа Толстойс цхьа сурт бен ца гойту, цигахь а бер цхьамза Iоьттина дийна гойтуш бен а дац.
ГIорта-м гIоьртина Толстой нийсоне кхача, кхано къанвелча, цхьа ког коша кхаьчча, олуш ма-хиллара. Анализ ян гIоьртина, амма тоъал аьтто ца баьлла, сунна хетарехь.
Я схьаоьцур вай чIоггIа вуьйцуш волу Достоевский. Иза воккха психолог ву боху, Кавказехь цкъа а хилла а вац. Цуьнан ю-кх «Деллачу цIа чуьра йозанаш», чохь кхобу лецна нах буьйцуш. Адамийн амалш кIорга евзаш ву иза. Амма цо цу тIехь буьйцу полякаш, чергазийн тоба. Вуьйцу нохчо а. Воьлуш, кхарна хьесталуш вверг дика вуьйцу Достоевскис. Ткъа хер а вела, юьстах гIайгIане Iаш хуьлу нохчо, вон стаг ву, иза цхьанненна а везаш а вац, кура а ву.
Психолог, психиатр а волчу Достоевскига хаттар кхоллало, хIунда реза ца хилла и нохчо шеца чохь болучарна, олий. Вайна ма хаьаий, хьовзаме даьлла дахар, набахти муха хуьлуш хилла. Бухарчу нехан боьхаллах, церан барт бацарх, цара лелочу вон хIуманех цец-акъ ваьлла хир ву нохчо. Оцу агIор хаттар хIоттон дезара Достоевскис, и хIунда вара иштта, аьлла.
Мухха а дийцича а, уггаре бу бохучара а вай харц гойтуш, хIун хилла техьа нохчаша къуьйсур, аьлла, шайна ца кхетарг ца теллина царах цхьамма а. Ишттаниг , сунна хууш, оьрсашлахь ваьлла вац.
Цхьа Лермонтов ву, амма цуьнан «Аганан илли» олуш йолчу байта тIехь а нохчо ву къиза, дера. Берашна школашкахь хьоьхуш ма ю иза. Берийн кхетамца ма дуьсий иза. ДIогахь къиза Гамзалов ву (Толстойн «Хьаьжамурд»), Пушкин а ву «Нохчо лела хил дехьа», бохуш, дера нохчо, бохуш Iаш шен тептар тIехь Достоевский а ву, дIога хьажча — Добролюбов, дIогахь – Некрасов…
Ткъа дерриг а бахьана хIун ду? ХIун дина нохчаша? Нохчийн царна тIебаьхкина? Ца баьхкина. Нохчий шайн цIахь Iаш хилла, хIорш бу-кх баьхкинарш. Шайн маршо ларйина-кх нохчаша. Хьеста ца луш, охьа ца товIуш. И ду. И бакъдерг схьа ца олуш, шайн къизалла, харцо бакъян гIерташ лелла. Орамаш цигара схьа ду».
Абумуслимовс ма-баххара, оьрсийн яздархоша, публицисташа даима а латтийна Кремлана кегий къаьмнаш олалле дерзорехь тΙетовжа бух. Ченан, цкъа ша кΙорни яа хIоттале, шен дог къахьдан деза. Цо ша-шен тешо еза, и кΙорни ирча юйла а, цо шена вониг дахьаххьий бен, диканиг ца дохьийла а, и ца хилча шена пайде дуйла а. Оцу ойланца ча чΙагΙъелча, цунна атта ду, къорни и а йиина, шен гай дузон а, цунах ша паргΙатъяларх йоккхаеш хьийза а.
04.12.12.