Главная » Все Новости » События » 150000 евро карийнера Дрезденехь Лайлаъна…

150000 евро карийнера Дрезденехь Лайлаъна…

Дахаран хьелаша рицкъанах вукъвина воцу нохчийн мухIажир! Ахь хIун дийр дара, хьайна новкъахь Iуьллуш 150000 евро карийча? Машен оьцур яра я йийбарх хьайн петар юзур яра? Дрезденерчу Лайлаъна карийнера оццул ахча. Цо цунах динарг хаьийла хьуна!

Ахча карош тардар

Доллу адам саьхьара даьлла, харц-бакъ а, хьанал-хьарам а ца къестош, ахчанна тIахьадаьлла лелаш сурт хIотталло наг-нагахь, дуьненан рицкъ бахьана долуш Хьенехо хIара динера, Минехо важа динера, аьлла, цхьацца томехь доцу хIума хезча.

Амма я мохь-цIогIа детташ а боцуш, я шайн оьзденгалла, цунах байракх а йина, кхайкхош а боцуш, вайзаманан бакъболу турпалхой а, къоман оьздангаллин тIум ларъеш болу векалш а, гIарабовла а ца гIерташ, тийна-таьIна бехаш карабо.

Ишттачех ю немцойн Дрезден-гIалахь еха нохчийн мухIажир Лайлаъ. ВорхI шо ду иза, ДегIастанара йоьхна, Германе схьаеъна. Хьалхара тIом болабелчхьана шозза дохийнера оьрсийн эскархоша цуьнан цIа, доллучу дахарехь хьаналчу къинхьегамца вовшахтоьхна болу бахам, лар йоцуш, хIаллакбеш.

ХIетте а нехан хIума цкъа а ца дезна шена, дуьйцу Лайлаа, я цкъа а нехан бахамех а ца хьегна я цец а ца йийлина ша, бохуш. Цуьнан цу дешнех теша, ши бутт хьалха, Керла шо тIекхочучу муьрехь, Лайлаина шен гIалин цхьана паркехь карийна тIоьрмиг ахчанах буьззина хилла хилар а, и тIоьрмиг цуо шен дайшна юхаберзийна хилар а хиъча.

Лайлаъ: „Вайн чуьрчу кIантца парке араяьлла яра со, гIанта тIехь Iуьллуш цхьа тIоьрмиг бара. Мелла а дегаза а хеташ, жимма дIатетти ас иза, дIахьаьжча, чохь ахча дара гуш. ГIехь-тера ахча а долчух тера дацара. „Вай, Дела!“- аьлла, дегIе зуз деа суна, кхераелла, ванах, хIара цхьаммо со зуьйш дина хIума ду теша я забар еш ву те цхьаъ, аьлла.

Мелла а Iийра со, Iадийча санна, цигахь. Юха чу а яхана, кхонахчуьнга ишттаъ-ишттаъ, аьлла, дIадийцира ас, тIаккха тхойша цхьаьна полице дахара. Цигахь дагардича, дукха ахча хиллера иза, 150 эзар евро хиллера цу чохь. Юха, цIадаьхкинчул тIаьхьа, цхьацца бевзачаьрга ас, и хIума нисделла соьца, аьлла, дийцича, зударша забаренна хьийзийра со, суний-суний схьаделла делара ахь и ахча, бохуш! Амма, бакъдерг аьлча,  бусулба дог долчу цхьаммо а нехан рицкъ шена дуьтур ду аьлла ца хета суна“.

Цхьана мIаьргонна а и ахча шена дуьтур дара-кх, аьлла, дагдеана дац шена, бохуш дуьйцу Лайлаа. Жима йолуш дуьйна олуш хезна яра ша, карийна хIума базаран майданахь кхайкхо езаш ю, мел кIезга а, кхозза, олуш.

Лайлаъ: „Массо а хенахь тхан нанас тхуна Iамийна ду, хьайн шина куьйга ахь даьккхина доцу рицкъ хьанал дац, бохуш. Къаьсттина, карийна хIума чIогIа бехке ю олура цо, иза хьайн цIенчу рицкъанах схьа а ма кхетийта, иза ларъе, йолчуьнга дIа а кхачае, кхайкха а е, олий. Хьан чохь долу беркат цо дIахьур ду олура цо даима а. Бусулба нахана хьовха, керстачарна а ца деза нехан хIума“.

Саьхьарчу заманчохь цхьаболучарна турпалалла санна хеталуш долу Лайлаа динарг бусулба динехь а, нохчийн Iадаташкахь цхьа а цецвала оьшуш а доцуш, мелхо а оьздачу стеган декхар ду. Бусулба дино карийнарг хьан дац, иза нехан рицкъ ду, шен долчуьнга дIакхачо дезаш, аьлла, тIедиллина ду, бохуш дийцира Маршо Радионе Венерачу нохчийн маьждиган имама Абубакара.

Абубакар: „Бусулба динехь яйна хIума — даьхни хуьлда иза, я деши, я цхьа кхин хIума — иза яйначуьнга юкхаерзо езаш ю, яйнарг бусулба я керста хилар  башхо а йоцуш. ХIунда аьлча, нехан хIума ю иза, карийначун хIума яц. Кхузахь а, бусулба пачхьалкхашкахь а карийна хIума дIалуш меттигаш бу, цига дIаяла еза карийначо. Цу зудчо вуно нийса дина ша динарг, шена тIера и нехан рицкъ дIадаьккхина-кх цо“.

Кху деношкахь Цхьанатоьхначу Штаташкахь цхьана цIадоцучу, урамашкахь  сагIадоьхучу стагана цхьана зудчо ларамаза шайнашца цхьаьна шен бохчи чохь нисделла хилла шен дашо мухIар тесна хиллера. Масех де даьлчул тIаьхьа, и мухIар коьртах а даьккхина, сагIадоьхург лаха яханчу зудчуьнна цу, къе велахь а, амма эхь-бехках хаьдда воцчу стага мухIар юхадерзийнера. Цхьанатоьхначу Штатийн турпалхо санна вазвина хIинца и ойла йича хIораммо а дан хьакъдолу хIума дина сагIадоьхург.

ХIорамма а дан хьакъделахь а, амма хIораммо а деш доцу хIума ду иштта Дрезденерчу вайн махкахочо Лайлаа динарг. Иза  я турпалхо санна цхьаммо а язъеш яцахь а, я цунна шена ша язъяйта ца лаахь а.

www.radiomarsho.com

27.02.13.