Лараме махкахой!
Шуна ма хаъара цхьа ши бутт хьалха сайчух тера аз а дийна цхьа видео кхоьссинера youtube чу цхьана ямарт болчу наха. Цул т1аьхьа х1окху сайта т1ехь дукха тоьшаллаш далийра шуна иза дийнарг муьлш бу, цуьнан 1алашо х1у яра хоуьтуш. Со бехван 1алашо араяккхийначу нахана т1ехьа лаьтташ г1азкхийн къайлаха болх беш йолу структураш юй хаа башха доккха хьекъал ца оьшу.
Х1унда аьлча иза провокаци йолийна дукха хан ялале со волчу махка кхузахь х1окху маситта шарахь цкъа а ца хилла йоккха кадыровски тоба еара. Суна харц ц1е кхолла 1алашо йолчу нахана дукха дика хууш дара уьш кхуза бог1уш буй а, иза суна а, сан накъосташна а, хиийнехь оха царна дуьхьало йир ярий а.
Иза ямартло йиначу к1иллойн тобано тахана пхьагали спектаклш ю лелош шаьш иза дан а дийна, юха иза дийнарш кхин нах бу моттита г1ерташ. Шьаш цхьацца талламаш беш бу бохуш нах 1ехо г1ерташ лелош бозбунчаллаш ду цара. Суна уьш страусах тера хета ша шен корта г1амар юккъе д1алачкъийца шен ц1ога цхьанне а ца го моьттуш лелаш йолчу. Иштта гуш ду иза боьха ц1огарчий оцу таллам бо бохуш лелаш болчу ямарт нехан.
Сан баа дуй бу оцу видео т1ехь хьалхара дешнаш доцурш цул т1аьхьа мел дуьцург сайчух тера аз а дийна нах 1ехо х1оттийна провокаци ю аьлла. Амма аса ч1аг1о хьан ян еза аьлла хаттар х1утту. Х1унда аьлча иза видео йина нах шайн ц1ераш яха баьхьаш бац, шаьш бусулба дийнехь а вайнехан 1адатехь а жоьпе озор буй хууш. Оцу цхьана х1умано гойту иза харцо хилар.
Алхьамдулиллахь, аса хастам бо Аллах1ана тахана суна ма барра сайн бу бохуш лаьлла накъости бовзийтарна. Шайна х1ара харцо суна т1ехь кхолла иза тоба кечъелли хуъушехь тийна тап аьлла 1ад1ийна уьш. Тахана а шайна хьалха шортта далилаш доллушехь сан бехк бацар ч1аг1деш оцу боьхачу нахана улло хьийзаш 1аьш бу уьш. Х1умма а дац цхьа зама йог1ур ю уьш Дала юьхь1аьржа х1иттош.
Ткъа х1ара харцо суна а оцу видео т1ехь буьйцуш болчу кхечу накъосташна а т1ехь йита 1алашо йолчу кхахьпанашка аса д1ахьедар до:
Аша йина ямартло бахьанехь тхоьх цхьанна бохам хийлахь иза шун бехк хийлар, цунах шоьга кху аренца болчу тхан гергарчу наха жоп доьхург хилар. Аса шиъ теш а волуш, цхьаъ со волчу махкарий, важа вайн ц1ера, чуделла заявлени ду иза харцо йина нах жоьпе озабе аьлла. Иштта заявлениш чуделла ду Ослохь, Страсбургехь а, Парижехь а.
Суна доккха баркалла ала лаьа соьх теша а тешаш, оцу к1иллоша йинарг харцо юй а хууш, соьга дуккха а кехаташ яздинчу нахе. Аллах1 Дела реза хуьлда шуна!
Ларамца, Ильяс Мусаев
Chechenews.com
18.06.13.