Схьа хетарехь, уьш санна долу тидарш кхин а шорта хир дара вайн, нагахь вай толлург арамейн маттара Инжал делхьара. Ткъа вай толлург, г1азкхийн маттахь а, заманан йохьаллехь тайп-тайпаначу гочдархоша -йозанчаша а, инжалхоша а, шайна ма хетта хийцамаш бина Инжал хиларна, вайна мелла а халоо ду, и талламаш бан.
Делахь а, нохчийн маттахь вай юха метта х1оттош хета, «1йисас»(а.с.) а, цуьнан г1оьнчаша а , шайн ненан маттахь х1етахь баьхначарах цхьадерг. Масала, йицаре ер вай, х1ара байт: «Народ же, предшествовавший и сопровждавший восклицал: осанна Сыну Давидову!»(Матвей.21-9).
Кхузахь нийса доцург, оцу байтацара — «осанна», инжалхоша г1азкхийн маттара – «спасение» санна дерг ларар хета. Иштачохь цакхеташ дуьйссу -« спасение Сыну Давидову», муьлхачу хьесапехь ду. Ткъа вайн кхетамца, оцу «осанна» метта цигахь латта дог1ура арамейн — нохчийн –«восанна\воьссина». Ткъа х1инца оцу нисдарца, и байт нохчийн маттахь юха йоьшур вай. Хуьлург ду;«Т1ахьа а, хьалха а даьлла къам кхойкхура: воьссана Даудан К1ант» бохуш».
Цу тайпа, 1ийсайн(а.с.) уьллеша х1етахь вовшашца кхаънашца дахарца баьхнарг — «воьссана Даудан к1ант» хуьлу. Цо гойту, 1ийса(а.с.) вуьссур вуйла а, цу нахана хууш хилла дуйла, и воссарна а уьш хьоьжуш хилла буйла. Цул а совнаха, тахна 1ийса(а.с.) юха воьссича а, наха вовшашца кхаънаш дохуш, изза -«воьссина» эр дара аьлла а хета вайна. Доцца, мел дерг а, оцу цхьана дашца, 1ийса(а.с.) воссаре хьоьжучарна кхета а деш. Дашна аьлча, и нохчийн — «воьссина» а, г1азкхийн –«спасение» а, шайн хьесапашца мелла цхьана а дог1у.
Х1инца далор вай, 1ийсас(а.с.) дина бохучу къамаьлера масехь масал: а)»И сказал ему : пойди, умойся в купальне Силоам, что значит :»посланный». Он пошел и умылся, и пришел зрячим»(Иоанн 9:7). Кхузахь нийса доцург хета, «Силоам» — «вахийтинарг» санна ларар. Иза го, « Силоам» бохург ц1ердош хиларца а.
Т1аккха и «Силоам»; «Са(зрячость; свет) ло 1ам»(=»дарбанан хи») санна вай лерийча, нохчийн маттара цу байтан хьесап хир дара: «Цо элира: вало, йохь йила Са ло( лучу) 1омехь. Важа вахна, йохь а йиллина, б1арса а долуш юха веара».
б) «И взяв девицу за руку, говорит ей:»талифа -куми«, что значит: «девица, тебе говорю, встань«(Ев.Марка 5:41). Вайна хаьа, арамейн маттаца «ф» элип хилла доцийла. И тидаме эцча, цу байтан чулацам хуьлу; «Йо1ан куьг схьа а лаьцна, цо элира: «тали ба(х) хьоу-ми»(тале\толе бах хьоуга-м) санна. Вуьшта кхузахь хаало, цомгашчуьнга цо, «хьала г1атта» ала йиш йоцийла а, цкъа хьалха цунна дарба а цадеш.
в)»И воззрев на небо, вздохнул и сказал ему; «еффафа», то есть «отверзись«(Ев.Марка 7: 34)( юьйцург багчура стигал ç). Гоч ер вай и байт: «Стигале а хьаьжна, са чу а оьзна, цуьнга элира: «еллало»’’, бохучу барамехь.
г) » Был болен некто Лазарь из Вифании, из селения, где жили Мария и Марфа, сестра ее»(Иоанн: 11 -1). Кхузахь вайна хета, оцу: » Был болен некто Лазарь из Вифании…» бохучуьнца, нохчийн маттара: « Бипанара цхьа хьенехь вара лазар долуш…» бохург долуш санна. Вуьшта аьлча, «Лазарь» стеган ц1е а йоцуш, «цамгар» бохург хиларца.
Цу тайпа, 1ийсас(а.с.) шен ненан маттахь баьхна боху дешнаш тиди вай. Ткъа х1инца туьдур вай, 1йисайн(а.с.) г1оьнча а, и санна Шемара галай а, хиллачу Петара баьхнарг. Масала: а)»Там нашел он одного человека, именем Енея, который восемь уже лет лежал в постели в расслаблении«(Деяния 9:33).
Кхузахь вайна нийса цахетарг ду, инжалхоша «Енея» бохучу дашах до маь1на. Вайн кхетамехь и байт еша йог1ура: «Цигахь Энеша лаьцна, барх1 шарахь меттахь 1уллу стаг карийра цунна» бохучу кепехь. «Енея» бохург, оцу стеган цамгаран ц1е а йолуш.
б) «Петр выслал всех вон и, преклонив колена, помолился и, обратившись к телу, сказал: Тавифа! встань. И она открыла глаза свои и увидевши Петра, села.»(Деяния 9:40). Кхузахь инжалхоша кхетош дац, оцу мог1анан -«Тавифа» боху дош. Вай лакхахьа дийцинчу бахьнаца, шеца «ф» элип хила а йиш йоцуш долу.
Ткъа нохчийн маттахь и байт вай ишта йоьшу: «Петара массо ара а ваьккхина, голаш т1е х1оьттина ламаз а дина, гоме элира: Та ви хьа(хьо)! хьалаг1атта. Цо б1аргаш схьадиллира, т1аккха Петр а гина, к1егара хиира». Кхузахь гуш ду, Петар гоме(тело) вистхилар. Цундела оцу «Та ви хьа«, метта хила йиш йолуш ду -«Та би хьа(хьо) бохург а.
Ялор вай Инжалан кхин цхьа байт а. Масала; «И дош шена хезча, 1ийса(а.с.) д1о ара а воккхуьйтуш, Пилат, Лифостротон, ткъа шех жуьгташа — Гаввафе олучу меттахь кхиэле охьа хиира«(Иоанн:19:13).
Инжало цадуьйцу, цу меттиган ц1ерийн маь1на. Ткъа вайга хаьттича, и «Гаввафе» бохург, арамейн-нохчийн маттара: «Г1опа пе» боху алар ду. Иза ишта а лоруш, юха йоьшур вай и байт:» И дош шена хезча, 1ийса(а.с.) д1о ара а воккхуьйтуш, Пилат Г1опа пе (т1ехь) кхиэле охьа хиира». Цу тайпа, вайна хаало, Пилат 1ийсайна(а.с.) «кхиэл» ечу хенахь, г1опан лекхачу меттехь хиъна 1ийна вуьйла.
4
Дешархочо тидам бина хир бу, 1йисайх(а.с.) а, цуьнан г1оьнчах Петарх а, вай Шемара галай аьлла хилар. Иштачохь дага тоссу, нохчийн «галай» боху тайпанан ц1е. «Галан-ч1аж», «Гал-г1ала» (Калиновская), «Галне», «Галайт1а», «Гелган», «Гилна«, боху топонимаш.
Вай тохара лакхахьа дийцира: а)шираллехь Шема -Галилея цхьа мохк хилла буйла. б)Шема — Нашха , нохчаша шайн юкъара кхерч лаьттина меттигаш лоруш юйла. в) Галан-ч1аж, Галилея цхьана эшаре дар. г) Шема- Галилея цхьа мохк хилларий терра, Галан-ч1ажахь Нашха а хилар.
Ткъа х1инца вайн хуьлучу аг1ора толлур вай, оцу «Галилея» бохучу топониман бух. Хананахь и «гал» орам шайца болу топонимаш, шираллехь кхин а, хилла юйла а дуьйцуш. Масала: ша «Галилея» а, «Галаад», «Галгал», «Голан» а.
Дашна аьлча, цхьана хенахь, х1инцалера Анкара йоллучохь, Риман империн чу бог1уш «Галатия» ц1е йолу мохк а хилла боху. Ткъа цигара галайн тукхамаш дуьненчохь д1а схьа дар а, цара грекийн мотт – культура т1еэцначул т1аьхьа хилла бохуш дуьйцу. Аьллачунна тоьшаллаш хета, Украинера: «Галиция», «Галич». Турцера: «Галатия», «Галата», Испанера — «Галисия», Францера — «Галлия», Румынера -«Галау» боху топонимаш.
Ишта дийцарехь, шумерийн –«гал»\«гел»(европ. тран.) а, нохчийн — «халкъ\ тайпа» санна хилла . Цу кхетамехь лелла иза ариин-х1урритийн а маттахь. Кхузахь цуьнца а доьзна лара дог1у латинын – «гены» а, нохчийн — «халкъ» а. Шен бекъамца -«хал+къ(а)» санна хуьлуш долу.
Шецара –«хал»( «алха»), г1азакхийн маттара –«единый»\ «отдельный» а долуш(масала: «бецан хал»; «тайн хал»;…). Ткъа шоллаг1нийг –«къа(м)», г1азакхийн маттара – «труд»\ грех\ народ хила а тарлуш.
(Кхечу аг1ора, оцу – «хал +къ(а) бохучуьнца го, г1азкхийн – трудный\ тяжелый + грех\наказание\труд. Схьа хетарехь, Дала ялсаменара адам ара даккхарца дозьна хила деза и саннарг)
Вуьшта, и нохчийн – «хал+къ(ам) санна хилла, шумерийн кхин цхьа – «Коммагели» а . «Ком + гел\ гал» бохучу бекъамца, шен г1азкхийн маттахь болу кхетам — «поселение +народ» а долуш. Кхузахь цуьнан нохчийн маттара тидар а хета: «къам-халкъи»\ «къомман – хьал» санна.
Билгал даккха деза, ишта и «Коммагели» ц1е йолуш хилла, шираллехь жимачу Азехь хилла йолу цхьа паччахьалкхе а. Шен хенахь, Ибрахьийм(а.с.) 1йина волу Урфа г1ала лаьттиначохь ша хилла йолу.
Вай дуьйцучуьнца доьзча тамашина ду, масала, нохчийн — «гал ма вала» бохучуьнан маь1на а. Шен хьесап — «г1алат ма вала» бохучура; «халкъахь ма вала» бохучунна т1е дахарца. Цунна тоьшалла деш хета, вайн –«гел+анча» дош а. Шен кхетам «воьдург\ вог1ург» бохучу маь1наца болу.
Цу тайпа, «хал» («единство»); «хьал» («состояние»); «гал» бохучу арамейн – нохчийн дешнийн орамаша, халдейцаш(я хьалдейцаш) – галай цхьа къам хилча санна гойту. Галай, хьалдейцаха д1а хаьддарш а болуш.
Масала, шаьш геланчаш санна, Урфера Ханаана Дэлан дин хьеха д1абахна болу Ибрахьийман(а.с.) доьзалах терра. Кхузахь эрна цахета, Нохчийчохь Галан-ч1аж», «Гал-г1ала», «Галне», «Галайт1а», «Гелган», «Гилна«, бохучу топонимех терра, «Хьалда», «Хьал-Кхиэл» боху топонимаш а хилар.
Туьдур вай и «галай» х1инца кхечу кепара. Масала: а)«га(л)» дашна т1ера. «Галдели» -«ответвлен»; «галваьлла» —«отошедший»; «галвуьйлург» -«непостоянный» ; «галморзах» — «расхождение» а лоруш. б)«гол»\ «голанш» дешнашна т1ера, уьш г1азакхийн — «колено»\«колены»(«тайпа\тайпанаш»)санна а лоруш. в) «го» дашна т1ера, «адамийн го» бохучу кхетамехь. г) «геланча» т1ера, иза г1азкхийн – «посланник»; «посыльной»; «вестник» а лоруш.
Ала дашна, кхузахь гуча долу, нохчийн – геланча, грекийн – «апостол» санна хилар а. Цундела 1ийсайн(а.с.) г1оьнчеха, вай кхин д1а эр ду — «геланчаш», я «гелой». Шеко яц, шен заманчохь, грекаша Инжал арамейн маттара шайн маттахь доккхучохь, и «геланча», «апостол» санна ша далийна хилар. Цунна тоьшалла до, грекаша арамейцашкара хийцам боцуш т1еэцначу – «ангел» дашо а. Вайн маттахь а, «ан»(«пространство») + «гел(анча)» («посланник») санна ша хуьлуш долу. Цуьнца доьзна хета, нохчийн –«Гела» боху ц1е а, «гила» боху дош а. Шоллаг1чуьнцара масалаш: а) «гила дин» — «чехка дин»; «некъан дин». б)«гила борз» — «йорт етта борз» («вожак»; «рысак») санна а долуш.
Цу тайпа: «галай»= «къаьстинарш\ билгал баьхнарш\ геланчаш» лери вай. Ишта, «гал»= «гар»\«га»(некъе; тайпа) санна а лоруш. Кхузахь тидам бан бог1у, жуьгтин – «Галахи»(«Halahi») дашах а. Цара ишта олу, шайн динца доьзначу 1эр- дахаран ва1дех. «Галахин» хьесап: «лелар», «дечуьнан некъ», «дахаран нийса некъ», «куьйгалла дар», «1адаташ», «ламасташ» а лоруш.
Кхузахь гайтаме ду, и «галахи» шен мукъамца а, чуламца а, нохчийн – «г1иллакх» бохучуьнца цхьана дар а. Терго ер вай, «Галахаца» 1аш верг бен, жуьгташа жуьгте а, «Г1илакхца» воцург бен, нохчаша нохчо лоруш воцийла а.
5
Цу тайпа, «галай»(«избранные» и т. д.) этноним вай тиданчул т1аьхьа, «Галилея» («Шема»)боху топоним — «къастина\хаьржийна меттиг», бохучу кхетамехь го вайна. Цунна тоьшалла деш санна хета, шираллехь Шема, шен бошмашца Ханаанехь уггаре а токхе мохк хилла хиларо а.
Ткъа х1инца цхьажимма соцунг1а хуьлур вай. Цкъа мацаха ассийрицаша йисаре йигначу ширачу Израэльна а, цул т1аьхьа халдейцаша йисаре йигначу ширачу Йах1удина а юкъахь, даима а, къестамаш, девнаш, т1емаш, хьаг1 –гамо латтина хилар билгала даккхархьама. Кхузахь ишта лара деза, кхечу заманашкахь, Б1абилонан йисарера Ханаана юха бирзина цхьа болу жуьгте санна, ассийрицийн йисарера, цхьа болу шира израэльхой а цигахь юха бирзина хилла буйла.
Вуьшта дийцича, Шемара галай, шира израэльхой хиларе терра, и мацахлера схьа йолу хьаг1-гамо лара йог1у, 1йисайца(а.с) а, цуьнан геланхошца а, Иерусалимехь жуьгташца латтинарг а. Кхузахь билгалдаккха дог1у, 1ийсайн(а.с.) геланчах шиъ(цуьнан дин хийцина Павеллий, цунна мотт тохьна Йах1удий) Йах1удера хилла вуйла а.
Вайн кхузахь мотт керчар бацара, 1ийсайна(а.с.) а, цуьнан нанна Марияна а, цара х1етахь т1екхуьллина долу г1ебаташ дийца. Делахь а, цу хьокъехь Инжална т1ера масехь байт ялор вай. Цигарчу жуьгташна а, Шемарчу галашна юкъахь а, х1етахь хилла башхаллаш юьйцуш йолу.
Масала: а)»Пилата шена Галилей олуш хезча элира: муха, галай ву иза?»(Ев. Луки 23:6). Оцу байтацара го, 1ийса(а.с.) Пилата кхечу махкара веъна волу зуламхо санна лоруш хилла вуйла.
б)»…кхузахь, юха а Петаре баха буйлабелира: боккъалла а, галайха ву-кх хьо, къамаьл а цараха тера до ахь»(Матвей 14:70). в). Кхузахь хаало, нагахь Петер галай санна шайна гуча ваьллахь, жуьгтий и виен лерийна хилла буйла.Ткъа Петера, ша галай хиларе терра, жуьгтийн мотт толкхазе(акцент) бийцина хилар а.
в) … стиглахь, инзаре ч1ог1а дорцан ткъов хезийра. Цунаха кхерабелла уьш, кхин мотт бийца бовлира… Цхьаберш цец буьйлура цараха, кхин берш буьйлура: «уьш маларо бахийна бохуш»(Деяния — «Одиннадцать»). Кхузахь а хаало, шаьш цхьана кхерамо инзаре баьхча, 1ийсайн(а.с.) геланчаша бийцинарг жуьгтийн мотт хилла боцийла.
г) вай тохара ишта лакхахьа а дийцира, 1ийсас(а.с.) Голгофехь шен ненан маттахь баьхна боху; « Элой, Элой! ламма савахвани», жуьгташна –римлянашна кхеташ цахиллера бохуш.
д)»…цхьайта геланча Галилея д1авахара, 1йисас(а.с.) шайга г1о аьллачу лома»(Ев. Марка. 28:16). Иштачохь 1ийсас(а.с.) шен геланчашка, шайн Даймахка- Шема д1а г1о аьлла хилар кхета деза, цо иза, шайн мостаг1ашна юкъера д1аг1о ,бохург санна аьлла дуйла.
Кхечу аг1ора, вайна хаало, оцу заманашкахь, т1емалой, белхалой санна, Галатера Иудеяхь йола(наемничество) балха оьхуш нах хилла буьйла. Шаьш 1йисайн(а.с.) асхьабаш санна Галилера галай цахиллехь а, амма церан къомаха хилла тарлуш болу.
Масала: цараха хилла хета, 1йиса(а.с.) лаца бахкийначеран б1аьчча а, Иерусалиман хьалхарчу г1овсан ялхо а хилла волу — «Малхо». Инжало цунаха ишта дуьйцу : «…Петара баттара яьккхина г1алакх(меч) тоьхна, аьтто лерг даьккхира, хьалхарчу г1овсан лайн: цу лайн ц1е яра Малх«.
Тамашина ду: а) оцу стеган ц1е, нохчийн ц1е хилла хилар. б) Петара цуьнца дина долу дов а, нохчочо нохчочуьнца санна дар. Х1унда аьлча, нохчийн ширачу 1адатца лергаца ц1ет даккхар, ч1ог1а иэхье а, бехке а лоруш х1ума ду. Иза доккхучо и даьккхинарг, лай санна а лоруш. Вайна юкъерачу — «лерг даьккхинарг» бохучу т1ехтохамо а гойту, цуьнан хьесап ишта хила тарлуш дуйла.
Кхузара хета, Петара Малхонна динарг, шашинна къоман 1адатехь дерг хилча санна. Шен маь1на; «хьо лай ву» бохург а долуш. Кхечу аг1ора, хилла хила а мега, оцу «Малхон» ц1е, «Малхо» а йоцуш, «ялхо«(йолах болх беш верг : «батрак», «наемник») санна.
(чакхе ю)
Докка Амагов,
Chechenews.com
01.06.11.