Главная » Все Новости » События » Нохчийн маттах лаьцна ойланаш (ВИДЕО)

Нохчийн маттах лаьцна ойланаш (ВИДЕО)

Дала ша делла меттанаш лакхарий, лахарий бохуш, къестамаш ца бина муьлххаъ мотт лакхабаккха г1ертар цу адаман лохалла билгалйокккхуш х1ума ду, ша шех ца вашар, ша тайниг санна цхьа кепек мах а ца хеташ ловзочу, деганаш 1аьржа мостаг1ашна хазахетар дар, кхи т1е а шайх ца баша бахьана доккхуш долу х1ума ду. Т1аьххьарчу заманахь шаьш хьийзош берш бусалбанаш бу ца ала царех вах1абиташ олу, йа бусалба экстремисташ олу, йа фундаментал исламисташ олу.

Ткъа дуьненна б1ов-в бохучу пачхьалкхийн 1едалша нахана б1оба йоуьйтурш буй те миска пекъарш, шайн леларца кхечу нахана бусалба дин марздеш, шайна нах т1е берзош? Х1инца г1азкхийчоьнан кхелаша экстремизман ду боху жайнеш москохара Нохчийчу эзарнашкахь схьа х1унда кхочура, бохучуьн ойла ца йолу дагара.

Бакохахь вах1абиташ аьлла ц1е йоккхучу наха, вовшашца чохь-арахь г1азкхийн мотт буьйцуш, г1азкхийн мотт царна 1амабайта т1е мах луш, бераш ишколашка д1алуш хиллий хаъ суна. Кхечу нохчашна жах1илаш олура цара, г1азкхийн мотт бийцина ца 1аш, 1аьрбийн маттахь ши-кхо дош алар г1иллакх хилла д1ах1оьттина дара церан.

Цхьа нохчийн жима зуда йара цхьанцаъ тарлуш а йацара иза,» шина 1арбичух йисина йу со», бохуш цунах йалсамани чу йаха мандат дина лелаш а йара иза. Ахь шайга бехк баьккхича хьо националист ву, олий сацавора цара. Ахь ц1енна нохчийн мотт бийцахь а воккхура цара хьо националистан т1ег1ане.

Уьш дукхахберш бусалбаналлин масал эца нах бацара, уьш эхь-бехк дайна нах бара, стечуьн, боьршачуьн багара джих1ад дара зуда йалор, йаг1ар! Цаьргара эца цхьа масал дара бусалба муха хила ца веза! Уьш буьтур вай, маттах дерг аьлча, со жима волуш дуьйна, нохчаша йуьхь1аьржа х1иттош лелла, шаьш дегий -нене йаздеш долу кехат а цара г1азкхийн маттахь йаздарна.

Кхечу къаьмнех болчара хийла т1ех а тухура, аш кехат а г1азкхийн маттахь йаздо, олий. Сан доттаг1 ву Нохчийчохь, пхи мотт а хууш, воккха 1илманчаъ ву иза, этимологи т1ехь цуо болх бо дукха хан йу, оцу г1езалойл башха нохчийн мотт т1аьхьакхиссичаъ хьашт боцчу 1едало, вайна нохчашна шен 1илманан совг1аташ схьадала витина а вац иза!

И хьахош , цхьана йо1а аьллера:» дика к1ант-м вара и, делахь а цхьа колхозник волчух тера ду-кх»! Нагахь санна дукхахболчу 1илманчаша санна нохчийн маттахь ши дош, г1азкхийн маттахь итт дош олуш къамел деш и хиллехьара, иза дукха ч1ог1а цивил стаг ву ала а там бара цунах. Цуьнан доьхнарг дара шена хуучу пхеа маттана йукъахь нохчийн мотт хилар ,цунна и мотт муьлххаъ 1илман болх йазбалла шера хаар.

Иштта, пхи мотт хуу 1илманчаш колхозникаш мел хета, вайл уьттазза дукха болчу г1езалойн мотт, нохчийн мотт, йа кхидолчу кегийчу къаьмнийн меттанаш кхуьуш, шарлуш д1аг1ур ду ала меттиг ца буьсу!Ткъа 1арбийн мотт цхьаммо а ларбан а ца оьшуш, Дала ларбеш бу, бац иза 1аьрбийн къоман мотт бу аьлла, Аллах1а пайхамарийн мух1ар хилла ваийтина Делера Къинхетам Маршо Хиларан Мухьаммад Пайхамарехула Сийлахь Деза Къур1ан доссийна мотт и болу дела!!!

Мохьмад, Канада

www.radiomarsho.com

27.06.13.