Главная » Все Новости » События » «Борша нах бисина а бац кху махкахь…»

«Борша нах бисина а бац кху махкахь…»

60 боберана хΙусамаш елла Соьлж-ГΙалахь. СовгΙаташ далар айдина гайтира телехьожийлашкахь. Муьлш бу ирсе бинарш? Кхин мел ду махкахь кхерч боцу бераш? Мел нийсо лела Ιедало и тайпа гΙуллакх дечохь? Иштта хеттарш хΙуьтту дуккха а нехан коьртехь, мехкан хаамийн гΙирсашка ладоьгΙча.

700 бер ду, тΙехь тхов а боцуш, ша Ιуьналлехь латтош, боху къинхьегаман а, социалан а министралло.

…Хила а тарло.

Амма уггаре а хьалха хΙутту принципехь долу кхин хаттар. Стенгара хаьа хьаькамашна махкахь иштта бер масса ду? Мел ду дерриг а бобер?

Дукха хΙума карадо нохчийн официалан хаамашкахь. Амма хΙинца а къайле ю, масса бер дитина тΙемаша да я нана дийна.

Нохчийн къомана стратегина мехала терахь ду иза. Оцу тΙера бен хΙоттайола дац къам кхиор-деборан политика, иза дахаран новкъа доккху рицкъан барамаш а хила беза йоьхна демографин чоьте оьцуш.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан статистикан комитето а, тΙеман министралло а делла терахьаш вовшахтоьхча, Нохчийчоьнан хьалхарчу тΙамехь велла 60 эзар хиллал вахархо. Кремлан охΙланаша бахарехь, шолгΙачу тΙамо дΙадаьккхина нохчийн къомалара 20 эзар са. Дерриг а шина тΙамо адамашлахь дина зе хуьлу, Москохарчу хьакамаша дийцарехь, 80 эзар. Ткъа шина а КадыровгΙеран Ιедало хаийтира шераш хьалха – махкахь тΙемаша вийнарг 160 эзар стаг ву, аьлла.

Доцца аьлча, хууш дац билггал масса стаг вийна оьрсийн эскарша Нохчийчохь. И терахь ца довзийта дерриг а леладо Кремло тахана а. ХΙунда аьлча, дΙахьединчу хΙора синах жоп дала догΙу, эхь-эвхьазалла а хьаеш. Ткъа хΙаллакдина синош хьехадаро цхьана а кепара сий ца дебадо Оьрсийчоьнан а, цуьнан президентан а.

ХΙинца Нохчийчоьнан боберашлахь хΙусамашца ирсе бинарш муьлш бу? Ахь шерашкахь тергонехь латточу берашлахь буй ишттанаш, бохучу тΙера доладелира Маршо Радион нохчийн бакъоларъярхочуьнца, «Ненан аз» цΙе йолчу юкъараллан куьйгалхочуьнца, ХΙелсинкин комитетан Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочуьнца Межидова Зайнапца.

Оцу къамело хеттаршна жоьпаш дуьззина ца лахь а, тешам боллуш гайтира Нохчийчуьрчу боберийн хьал а, муьлхарш ду царех Ιедало тергонехь кхобурш а.

Межиева Зайнап: «Рамзанна лаахь, телевизор чухула берзина хелха а бийр бу-кх и нах»

Кхушара кхин а 150 боберана а лур ю хΙусам, боху Нохчийчоьнан къинхьегаман а, социалан а министралло. Цуьнца доьзна юха а цхьа хаттар хΙоттало: хьанна лур ю, муьлха тайпа къоман яхь лелош эгначу кΙентийн я нанойн берашна? Ичкерин берийн берашна я Кремлехьа мохк берзош, нохчех леташ эгначу нохчашна? Уьш а, вуьйш а ма дуй бобераш, тΙеман бобераш. Къестамаш бийраш тахана тоьлла ларалучех белахь а…

Источник: www.radiomarsho.com

27.08.13.