Кху Сийлахьчу Дала вайна еллачу Маршонах а, цунаха йолучу Нийсонан Кхетамах а, Нохчийн къам хадуо г1ертачу мостаг1ашка а !?
Х1ай хийрачу къомах а долуш , тхан Оьздачу Дайша къинхетамца т1елецчарех болуш, ша и зуламечу орамах даьлла к1озцалг санна, тхо ца дезачаьрга а.
Тхоьца хьаг1-гамо хьалха а яьккхина шайн боьха дегнаш гуча даьхначаьрга а !?
Х1ай цара тилийна вайха долучу доккхачу гаре. Шайн ц1еначу ораман Синамехаллех хедийначаьрга а. Чуьрка т1оман а мах боцчу кху Дуьненан бахамах 1ехабелла, цареха тешна тилийначаьрга а !?
Аша шайн сак1езгачу ойланашкахь хьесап диний техьа цкъа а ? Дала Ша кху къоманна белла болчу уггаре тоьллачу токхенан Мехкан а массо а ва1да бахам шеначохь болуш, ша Кавказан дог долу ?
Г1ийланиг, мисканиг, 1азапераниг, ч1ирца хьийзош верг, массо г1ад-дайнарг, массуо а къамнех шена т1еоьхуш долу къам а цуьнан Мохк а эша а божа амал долуш бац !
Иза Аллах1-Дала Ша зен а зуьйш халонашца, кху Къонахаллех доьжначу Дуьнеена масаллаш а даржош схьадалош ду!
Х1окхунах дерг вайга Хьаьж-ц1ийна хьалха баьхна ду, тхо Нохчий дуй а хиъна Т1аваф а сецна тхуна барташ дохуш делха а доьлхуш т1едетталучу Хьажойн Къаноша гайтина а на ду вайна 1999 шарахь .
И Делан Ка1ба Тоьшаллехь а долуш,:
— Ма шаа-Аллах1 Шийшан шу Бусалбачу Нехан байракх ю бохуш кхийкхош маьхьараш а детташ тхо дуйла хоуьйтуш массаьрга а цу езачу Хьармехь , АлхьамдулиЛлах1…/
Шуна хаа а хаий тиэ, кху Дуьненан массо а къаьмнаш харцонца дехачу хенахь, ицкъаца къизаллийца тоьлларш элий а х1иттина ,г1орасизберш биссинарш 1азапехь бацош болуш массанхьа а цхьабосса ?
Кху Дег1астанахь Нохчийн Махкахь ,деккъа ша цхьа къам даьхнийла хаьий тиэ шуна цу Делан Нийсонца ,шайна юкъахь Лай-Элий а боцуш.Дерриге а къам ша Элех долуш.
Цу хьолаца Дала делла вовшашца лелош цхьабосса лоруш, Вошаллийн Г1иллакх-Оьздангалла а долуш лелош шайн дахарца.
Кху харцчу Дуьненна и шайн мерзачу Маршонан Нийсо йоьвзуш а йоцуш даьхнийла а хаьий тиэ шуна х1ара Маьрша Синакхетам болу къам Г1аскхаша тхан Мохк а Маршо а д1алаццалца ?
Иштта аша ойланашца дуьстиний т1аккха цкъа а, т1екхача а , ирахь латта а халачу Ломан баххьашкахь, басеношкахь , 1аннашкахь,тархашт1ехь .Сел говза ,сел ч1ог1а,сел исбаьхьан Б1оьвнаш Г1аьпнаш х1унда йог1на Нохчаша ???
Дера йоьг1на цара уьш цу халонца делахь а цуьнга ца хьожуш. Цу Сийлахьчу Маршонанн мах боккха буйла а хууш ,шайн Дала елла Адамашна юккъера Нийсо а Маршо а Мохк а ларбеш, шайн дахаран ницкъаш а синош а цунна г1ароле х1иттийна, даьхна хиларан бергалонна Тоьшалла ма ду шуна , кху къоман Кхерчаш лардина и шира Б1оьвнаш !
Тахана д1атесна цхьааллехь херцаш лаьтта а Сийлахь Б1оьвнаш санна, херцаш боьдуш бу, цу Б1оьвнашца ларбина болу уггаре лакхара Маршонах вайн болу Кхетам !!!
Кху Аллах1-Дала Ша кхоьллинчу Дуьненан ч1аг1аллехь, Адаман похьма а хьуьнар а шеначу диллина Маршонна ч1аг1йина Б1оьвнаш хиларалла а доккха Тоьшалла ма дац кху лаьттат1ехь вай кху дашехь бохучух!
Берриге а мостаг1ийн ницкъ цунна т1ета1ийна а болуш селхана а тахана а .
Ва Амма , ин шаа-Аллах1 , иза церан чекхдер ма дац, кхулла дуккха а хьалха эзарнаш шерашкахь санна ,вай Тоьлуш бен доьрзур а ма дац !
Кху къоман Са делла дац шен ц1еначу а Яхь йолучу а Къонахийн К1енташца ,шайн ц1еначу дегнашца. Шайн Къонахийн Дайшкара, Делан пурбанца церан Къонахчаллийн орамашца ц1ийца вахьа дог1уш долу. Таханалерачу денна кху Дуьненан къаьмнашлахь Дала Шен гайтамца уггаре а лакха даьккхинчу тхан дебарца, АлхьамдулиЛлах1…
Нохчийн къомо шен Маршонца ларйинарг, къийсинарг Аллах1-Делан Нийсо ю.
Ткъа Хастамаш Шена берг , Шен Нийсонца берш Толош а Ву, иштта уьш Шен зовкхечу Ялсаманешца декъала барца Шена доьхьала баьхкича !!!
Вайн Дайша а дитина вайна вешан Сийлахьа Лардаш дерш билгала дохуш иштта Дош .
-«Цу маьлхан бухахь Дала кхоьллина Маршонал дезаниг дац. Неналла мерзаниг дац, Дайн-Мехкалла хьомениг а дац !» :-аьлла .
Х1орш дерриге а вайна деллачу Аллах1анна хастамаш беш дерзор вай ,вешан Бакъонан бергалонех дерг .
/ АлхьамдулиЛлах1и Роббиль 1аламийн /
Аьрсбин Абу-Бакр 25.03.03 шо:
Chechenews.com
26.09.16.