Главная » Культура » Аьрсбин Абу-Бакр: ГИНИЙ ХЬУНА ?

Аьрсбин Абу-Бакр: ГИНИЙ ХЬУНА ?

1

Дакъаделла дитташ гиний хьуна ?
Хи доцуш шайн орамех хедаш.
Иштта вайн къам дакъош ду хьуна.
Жим-жима кху маттаха хиедош.

2

Т1ам бойна леча дайний хьуна ?
Шен ижонна г1атта ницкъ боцуш
Яхь йайна тодакх гиний хьуна.
Вай къомаца бала шен боцуш.

3

Иэхь дайна Мехкарий байний хьуна ?
Шайн сарташ дуьненна доькъуш.
Сий дойъуш дерриге къомана.
Ц1ог1а детташ маьхьаьршца боьлуш.

4

Мархин бутт ца кхобурш гиний хьуна ?
Цу баттахь шаьш «цамгаро лоьцуш».
Ламаз а д1атеснарш байний хьуна.
Вайн Делаха кхерар шайн доцуш.

5

Кураллийн сонта нах байний хьуна ?
Нахаца шайн Иэхь лоьруш доцуш.
Хьаьг1нашца и кийранаш буьзна .
Гайтамна кху дуьненах ловзуш.

6

Къоман 1уй Къонахий байний хьуна ?
Ледарнаш шайн лазамца къуьйлуш.
Вайн Далла муьт1ахь шаьш баьхна.
Къам гуттара серлоне дохуш !

7

Г1амаран сахьташ дайний хьуна ?
Чу оьгу г1ум кхачийча хьийзош.
Иштта вай а кхачор ду хьуна.
Дог1машна марчонаш хьерчош.

Аьрсбин Абу-Бакр 

Chechenews.com

05.06.18.