Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН ДУСТАРШ -19 !

Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН ДУСТАРШ -19 !

ДАХАРАН ДУСТАРШ -19 !
1
Даймохк хьо мостаг1чо д1алаьцна бохийча.
Балано хьан маьлхан з1аьнарш а кхахкийна.
Хьан берриг Къонахой эгнехь а Маршонна.
Ма баха соьга т1аккха а ,Маршонах дог дилла.
2
Ког биллал латта хьан Маьрша ца дисча.
1аьржачу 1азапо шовданаш лакъийна.
Халонан къурдашца цхьалхоно г1елвина.
Ма баха т1аккха а соь ,Бакъонах дог дилла.
3
Лаьттат1ехь цхьа а стаг Бусалбан ца висча.
Азанах хьагделла 1аламаш кхуолийна.
Дин доьвзаш мел хилларг д1аваларх кхелхина.
Ма баха т1аккха а соь,1ибадат вахьа дилла.
4
Нохчийн мотт ларбечех цхьа а воцуш дисча.
Йа бийца хууш берш берииге д1абоьвлча.
Кху маттахь яздина таьптараш дагийча.
Ма баха т1аккха а соь ,Ненан мотт вахьа билла.
5
Оьздаллийн орам берш берриге кхачийча.
Марзонан Г1иллакхаш массара а дицдина.
Хьаша-Да т1елоцу 1адаташ дохийна.
Тешаман лакхенан Сийлалла йайъина.
6
Яхь олу боккха Лам шен бухах бохийча.
Эхь олу бехкен дукъ Адамо сийсаз дина.
Массо а хьере вина мостаг1чо тилийна.
Ма баха т1аккха а соь, Нохчалла вахьа дилла.
7
Шайн лаам т1еболуш мостаг1ий тоьлча.
Кхетаман вайн т1орказ жовх1арех дассийна.
Дог тиеша тилийна т1аьхьенаш г1овттийна.
Сан байташ, Весеташ уьш Туолош ч1аг1барна !
(Делан пурбанца )

Аьрсбин Абу-Бакр 

17.08.18 шо:

Chechenews.com

24.08.18.