Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН КЪИЙСАМ !

Аьрсбин Абу-Бакр: ДАХАРАН КЪИЙСАМ !

ДАХАРАН КЪИЙСАМ !

1

Вайна иэша юха довла меттиг бац.
Вай къарлахь т1ехьенах Нах хир бац.
Турпалан Нохчочун Сий хир дац.
Мансуран,Бойсг1аран ц1е хир яц !

2

Джовхаран накъостий боьвзар бац.
Маршонан Сийлалла къаьстар яц.
Адамалла,Доьналла дехар дац.
Ийманан,Г1иллакхийн чот хир яц.

3

Вайн герзан ч1аг1о вайн Ийман ду.
Вовшашка хьовсар вайн декхар ду.
Доьналло латтош берг орам бу.
Т1ехьенна Къонахийн стом лур бу !

4

Мостаг1ийн воцу, вайн Аллах1 Ву.
Вай Динах,Маршонах духур дац .
Собаро боккхуш берг Толам бу .
Вайн Яхьца къовса цхьа хьуьнар дац !

5

Дукхаллехь боккхуш берг Толам бац.
Тешамца вайн дегнашна Беркат ду.
Т1амехь вай эшарца а иэшам бац.
Делехь бен Толамна хьесап дац.

Аьрсбин Абу-Бакр 03.03.18 шо :

Chechenews.com

11.02.18.