Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: Делера совг1ат ду Маршо

Аьрсбин Абу-Бакр: Делера совг1ат ду Маршо

МАРШО !

1

Вайн Сица йоьзна ю Маршо.
Массарна оьшуш ю Маршо.
Вайн До1анца йиехна ю Маршо.
Марша хьо вог1ийла хьаша.

2

Вайн Дино йоьхург ю Маршо.
Махканна езнарг ю Маршо.
Лаьттанна оьшург ю Маршо.
Марша хьо г1ойла сан хьаша.

3

Къонахаш латторг ю Маршо.
Мостаг1чо къуьйсург ю Маршо.
Са парг1ат доккхург ю Маршо.
Марша хьо вог1ийла Ваша.

4

Вайн къоман бохь бу и Маршо.
Стаг ву вац юстург ю Маршо.
Синош шех д1алург ю Маршо.
Марша хьо йог1ийла Йиша.

5

Дала вай кхоьллина Маьрша.
Кхоьхуьйтуш вовшашна Маршо.
Ц1индала оьшург ю Маршо.
Марша хьо йог1ийла Маршо.

6

Делера совг1ат ду Маршо.
Вайн дахаран г1ап ю и Маршо.
Дархочун йоьху вай Маршо.
Нохчийн къам хьо 1ойла Маьрша !

 

Аьрсбин Абу-Бакр 21.04.18 шо :

Chechenews.com

23.04.18.