Главная » Все Новости » Главная новость » Аьрсбин Абу-Бакр: Ирсе ву-кха, Маршо къуьйсуш Г1азотехь кхелхинарг

Аьрсбин Абу-Бакр: Ирсе ву-кха, Маршо къуьйсуш Г1азотехь кхелхинарг

1

Тоьлларг ву-кха, Делан Бакъонна къера хилларг.
Тоьлларг ву-кха, шена деллачунна хастам бинарг.
Тоьлларг ву-кха, кхузахь Эхартанна киечам бинарг.
Тоьлларг ву-кха, Нехан хьашташ ша кхочуш динарг.

2

Ирсе ву-кха, Маршо йоьвзаш Маршонца ваьхнарг.
Ирсе ву-кха, Маршо къуьйсуш Г1азотехь кхелхинарг.
Ирсе ву-кха, дег1 дацахь а шен дог Маьрша дерг.
Ирсе ву-кха, Маршонан къилбанца чекхваьлларг.

3

Хьал долуш ву-кха, шен могашалла кхочуш ериг.
Хьал долуш ву-кха, шен Ден -Ненах цхьаъ дийна дериг.
Хьал долуш ву-кха, Дала доьзалш белла вериг.
Хьал долуш ву-кха, Ламазанна сутара вериг.

4

Кхачаме ву-кха, шен риц1къанна хьанал вериг.
Кхачаме ву-кха, шен доьзалшна хьехам бериг.
Кхачаме ву-кха, шен маттаха хьекъал оьцарг.
Кхачаме ву-кха, шен Дай-Мехкан мах хууш верг.

5

Лераме ву-кха, лаккхара г1иллакх шен сица дерг.
Лераме ву-кха, шен дагаца Адамаш дезнарг.
Лераме ву-кха, кху дахарехь ша Оьзда ваьхнарг.
Лераме ву-кха, Мехкан, къоман баала бекънарг.

6

Коьртаниг ву-кха, Делан хьакъца 1илма доькъург.
Коьртаниг ву-кха, масла1ате Къанойн дош дерг.
Коьртаниг ву-кха, Нийсонна шен 1уьнал доьг1нарг.
Коьртаниг ву-кха, Къонах аьлла шен ц1е йаьккхинарг .

Ärsbin Abu-Bakr

Chechenews.com

21.06.18.