Главная » Все Новости » Главная новость » АЬРСБИН АБУ-БАКР: Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?

АЬРСБИН АБУ-БАКР: Х1У ХИЛЛА ХЬУНА НОХЧО ?

1

Дуьненан бахамах к1орге ша д1абоьг1на.
Шайт1анан гура буьйцуш ца хезна хьуна ?
Хьан Ден Дас хьо ларвеш цунна т1едоьг1на.
Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ?

2

Хьарамчух ларвалар Элчано далхийнарг.
Ца оьшуш д1атесна къарвелла саьхьарна.
Дала хьо кхолларца хьуна т1едиллинарг.
Хьо кхетош далхийнарг дицделла хьуна ?

3

Де-Ненан марзонаш гергарло дохийна.
Йиша-Вешин хьаштонаш букът1ехьа ластийна.
Хьайн шичой ц1ийна Нах,эвлахой хербина.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?

4

Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна.
И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна.
Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна.
Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна !

5

Ахчанна лерина х1илланаш нисдина.
Бохчанна лерина аьшпаш а кечбина.
Гергара,Махкара,Бусалба 1ехийна.
Жоьжаг1атийн ц1е ма ю,ахь хьайна кечйина.

6

Йалсамане не1 йолу Г1иллакхаш хьашна.
Бусалбан дог долу к1едалла къахкийна.
Нохчочун т1ум йолу Оьздалла човхийна.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?

7

Ахчанах дерриге хьайн Сий а доьхкина.
Дайша мел лардинарг бертала а тоьхна.
Буо-бераш,мисканех ца вешаш хербина.
Ца оьшуш куралло вицвеш хьо б1арзвина ?

8

Хьо ма ву Дин дохош шайт1анан г1оьнча.
Ахчанах вайн ц1ена 1адаташ хийцина.
Хьо ма ву къам дохош мостаг1чуьн г1оьнча.
Ахчанах вайн Сийлахь и Маршо йоьхкина.

9

Кху гураш лаьцнарг хьо мостаг1а ву хьуна.
Далла а, Махканна а, хьо волчу Дена а.
Цу Нехан До1анаш кхочур а дац хьуна.
Дала Ша Вицвинарг, вицвеш а ву хьуна.

10

Ахчанах 1абийна шайт1ано стаг вац хьуна.
И хьоьца лахьтийчу дуьллур а дац хьуна.
Массо а шайнах а жоп доккхур ду хьуна.
Хьо тешахь ца тешахь башхалла а яц хьуна !

Аьрсбин Абу-Бакр 31.03.18 шо :

Nohchijn Klant

Chechenews.com

31.03.18.