Главная » Все Новости » Главная новость » КАЗБИЧ ЧЕЧЕНСКИЙ: ВАЙ ДОЗАНАХ ЛАЬЦНА!

КАЗБИЧ ЧЕЧЕНСКИЙ: ВАЙ ДОЗАНАХ ЛАЬЦНА!

Со воцарг массо а вист хилла моьтташ ву со кху чохь вай дозанца долчу хаттарах лаьцна!

Вежари, йижари, шуна мухха а хетахь, бакъ дерг, сайна хетачу аг1ор-нийса дерг эра ду аса!

Валлах1и, бохарг боккха дуй ма бай, российский спецслужбаш вайна юккъе даьккхана х1ума ма ду иза!

Маца хилла Нохчи, Г1алг1ай дозанаш къестош!?
Хаьлациша истори, хьовсиша массо а аг1ор, шуна цхьаннахьа а гура дац, цхьаммо а яздина, дуьцаш, вай дозанаш къестош 1ийна аьлла!

Иза д1а цадуьжиташ, кест-кеста керла дохаш лелаш бу российна бохкабелла, цаьргара ахча а оьцаш, царна муьт1ахь лелашберш.
Х1ара спецслужбин специальный программа ю.

Цара х1уа а дийра ду вай вовшах латита, цхьанхьа цхьа-ши г1алг1айна йоьттитара ю нохчашка, т1аккха иза бахьнехь г1алг1ай кхи а гамлура бу, иза д1адекъа хьовсара бу,
т1аккха нохчи г1овтара бу, иза гуттара гена дера ду! Кхи а маситта ог1ор программа ю цера вай вовшах тасадалита!

Х1ара, х1инца специально юкъа яьккхана ю, вай вовшах даха, вай вежаралла дохо, вай вовшашца гам дан, цабезам кхоллита, барт цахилита!

Доьххьара шена хаа деза, х1ораммо шена хаттар диллача:
-«Хьанна пайдехьа ду х1ара»?-аьлла, т1аккха вайна хуара ду, иза вайнахана пайдехьа доцийла, вайна зуламе, ямарт а х1ума дуйла, Дала вайна магина доца х1ума дуйла.

Дага дог1и шуна, хьалхара т1амехь, Чечен аули маьждаги хьа а деана охьа диллана около 50 г1алг1ай къенти дакъа !?
Уьш муьлаш бу цахуаш, хьена бу цахуаш, ши де делара. Т1аккха, цхьана йоккхачу зудчо элара: -«Уьш Г1алг1ай махкара вай вежари бу»!

Вай кегийра нах, иза цаьрга д1ахаита баха цалуаш,  иза г1алг1ашка муха эра ду цахуаш, боккхачу сингаттамехь бара.
Цхьана воккхачу стага хьа а кхайкхана,  цхьана жимачу стаге элара: -«Вало, ваг1а а г1ой, вай вежаршка д1ахаита!»-аьлла.
Цу жимчу стега б1архи дара охьа оьхаш, цо элара: -«Дада, со ма вахита цига, соьга д1а алалура дац иза»!

Кхи а дага дог1и шуна, хьалхара т1ом болалуш, Г1алг1ай зудари доьхьала бевла, г1аскхи танканаш вайна чуцайохкиташ!?
Царна т1ехула евла, цера докъошна техула евли бен чуцаяьхкара вайна г1аскхи танканаш!

Дага вог1и шуна министр здравохранении Ингушетии Горчханов, вайна г1аскхи эскар чуцадаита, царна доьхьала ваьлла, иза вийни бен чуцабаьхкара вайна г1аскхи
Дица дукха ду уьш. Амма, хаа цалуачунна хуара дац, хаза цалуачунна-хезара дац, Яхь, Иман дерш бен кхетара а бац!

Вай Де-дай х1инца хьа хилча, уьш дийна хилча, тахана лера хьал шайна гича, Валлах1и, вай нах хетара ма дацара царна!
Дика т1е деача а, вон т1е деача а, массо ханна, цхьана хилла, вовшен бала боькъаш 1ийна ма ду вай.

Аса Нохчашка а боха, Г1алг1ашка а боха, ма дахита вай вовшах, 1ад 1е.
Ма де вай сисаза кхьочу къаьмнашана хьалха, царна а хетара дац вай нах!

Х1ара х1ума кестта д1адуьжара ду, российский чохь дола хьал кестта инзари хийцалура ду, т1аккха эхь хетара дац шуна!?

Мича даха дохка шу, мича кхача г1ерта шу!? Аллах1-Дела воцарг вайна кхи уллера стаг ма вац, Г1алг1ай-Нохчий воцарг.!

Дог ца лоза шу, кийра ца1овжа бо шу, хала цахета шуна вайна юккъехь гамо, цабезам, шеко кхоллалуш!?

Дала барт цхьаъ бойла вай, Дала вовше деза а, даша а, иман лойла вайна!

Ларамца Хьасан Исаев
(Казбич Чеченский)-Норвегия.

После похорон Юсупа Темирханова, когда огромная делегация ингушей приехала на тезет, и показала своё единство с чеченским народом,

делёж границы был задуман в Кремле! Нельзя поддаваться этой провокации.!

Chechenews.com

11.04.19.