Главная » Все Новости » Главная новость » Казбич Чеченский: Кху дуьненах х1ун до вай !

Казбич Чеченский: Кху дуьненах х1ун до вай !

Вина Ненан дог дялхича,
Езачуьна б1аьрг бялхича,
Доттаг1 тешаме цахилча,
Кху дуьненах х1удо вай.

Махках ваьлла, махках хоьгуш,
Корта къеж а белла сан,
Шен нахаца дууш доцчу,
Кху дуьненах х1ундо вай.

Байлахь бисна доьзал байча,
Йисна байлахь зуда а,
Цера дог вай цахьаьстича,
Кху дуьненах х1ундо вай .

Яхь д1аяьлча, марзо яйча,
Барт д1абаьлча, безам байча,
Мостаг1чунна ч1ира йитча,
Кху дуьненах х1ундо вай .

Ваша воцчу йишин-б1аьрхиш,
Сацо ваша хьох цахилча,
Хьо везначо гечде ала,
Даймахкахь хьан каш цахилча,
Кху дуьненах х1ундо вай.

Риц1къо 1ехош, Мохк бицбича,
Вай Маршонан г1азот доьхьа,
Турпал к1ентий сий цадича,
Кху дуьненах х1ундо вай .

Мостаг1чунна бекхам эца,
Доьнал доцаш хьо висача,
Дайша баьхнарг вай дицдича,
Кху дуьненах х1ундо вай.

Маршон архаш вай хедийча,
Вай Къома сий вай цадича,
Иштта лелла яхь а йоцаш,
Кху дуьненах х1ундо вай .

Неха махка вай диссача,
Мехка г1илкхаш лоха хетча,
Вай Дин а вай цалелийча,
Кху дуьненах х1ундо вай.

Барт д1абаьлча, Яхь д1аяьлча,
Нохчолла ма дицдо вай,
Иштта лелла ирс а дайна,
Кху дуьненах х1ундо вай!?

Публицист Хасан Исаев
(Казбич Чеченский)

Chechenews.com

30.09.21.