Эти стихи я посвятил всем нам, Вайнахским беженцам, которые в силу некоторых обстоятельств не могут вернуться на Родину!
* * *
Мохк буй хьан-алахьа, Дай-Махках цавала,
Дин дуй хьан-алахьа, маьрша ву ала,
Мот буй хьан д1абийца, Нохчо ву ала,
Стаг вуй хьо-алахьа, къомах дог лаза.
* * *
Вай наной малела, ц1и-б1аьрхиш 1енош,
Бон бераш малела, саг1ийга сатуьйсаш,
А вай а малела, дуьнено 1ехадеш,
Вай маца лелар ду, Дай-Махках дог лозуш.
* * *
Т1улгаш а доьлхаш ду, бон берех къахеташ,
Стигал а йоьлхаш ю, вай нанойх дог лозуш,
И латта доьлхаш ду, г1азотехь Эгначех,
Вай маца доьлхар ду, Дай -Махкахь, 1аббалца.
* * *
Суна цамоьттара, къурдаш деш лелар ву,
Ц1а верза йиш йоцаш, к1иллонаш бахьнехь,
Суна цамоьттара, сан дог а лозар ду ,
Ниц1къ бина балано, бекхаме сатуьйсаш.
* * *
Мохк буй хьан-алахьа, Дай-Махках цавала,
Дин дуй хьан-алахьа, маьрша ву ала,
Мот буй хьан д1абийца, Нохчо ву ала,
Стаг вуй хьо-алахьа, къомах дог лаза.
—————————— —————————— ——
—————————— —————————— ——
ВАЙНЕХА ЯХЬ ЙОЛЧУ К1ЕНТАШНА ЛЕРАНА ДУ Х1АРА ДЕШНАШ.
Шен сий а, цо дайахь, доьзал сий мадойа
Доьзал сий цо дайахь, къоман сий мадойа
Нийсархошна юккъехь, алан дош хьан дацахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
* * *
Аьлла дош лара дан, стогалла хьан дацахь
Баккхи нах лара а, эхь, бехк а, хьан дацахь
Лулахой цалоруш, осалла хьо велахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
* * *
Хьай къоман йижарийн сий деш а, хьо вацахь
Комаьрша Нохчо дог гойташ а, хьо вацахь
Тешамин накъост а, махкана хьо вацахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
* * *
Хьаша наь1арехь витана, хьо баьрче ваьллехь
Бон берийн дог хьаста, Иман хьан цахиллехь
Ловзаргахь хьо ваьлхахь, тезетахь-велахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
* * *
Мацвелча сатоха, доьнал а, хьан дацахь
Дуьненан бахаман куралло 1ехавахь
Ненахой, стунцахой, лораш а, цахиллехь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
* * *
Хьай къомах дог лозуш, ниц1къ хьуна цахиллехь
Дай мехкан сий дан а, къонах хьо цахиллехь
Ден, Ненан дог хьостуш, б1аьр хи хьан цадаьллехь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къилло хиллела !
____________________________
—————————— —————————— ——
«МА ХАЛА ХИЛЛЕРА ДАЙМАХКЕ САТИЙСА».
«Дуьнено 1амаво, галвоккху, 1ехаво
1ожалло саца во, луш сийна шело
Вай безам дуьненчохь цу Дала кхуллу
Цундела дуьненчохь Мохк безаш деха.
* * *
Дуьнено баланаш х1оранга кхидабо
Йан ирсо 1ехавой, х1аллак веш-талхаво
Вай безам цателха, цаюха марзо
Даймохк бу дуьненчохь марзонан йовхо.
* * *
Безаман къайлене кхуурвац атта
Хьекъал дерг безамца вехарву сийлахь
Шадолу вай дахар, вай безам Даймохк бу
И марзо кхоллинарг вай Аллах1 Дела ву.
* * *
Бехк а бац вай тахна, вай кийра 1овжича
Бехк а бац ойланаш корта а хьовзича
Вай ц1ехьа доьрзарду, безачу Даймахка
Хьан мара хьарчарду б1ар хиш а къуйлуш.
* * *
Кегийнаш, баккхийнаш, б1архиш а дуьйлуш
Сатуьйсу дог дуьзна, генахь шаьш хиларх
Аьрзо доьлхица ша дисча ц1къа а
Мадита хьайх дахе тхан Нохчи Чоь.
* * *
Тхан дайша, наноша, сатийсан хьога
Маьл генахь шаьш хиларх, т1екхача г1ерташ
И дог а делла ахь, кхиинчу хьуна
Делера баркалла, тхан Нохчи-Чоь.
* * *
Вежари, йижари, шу дезаш даггара
Кийра а 1овжа бой вуьсу со наггахь
Кийрара маьрза са д1адолуш хенахь
Хьай кийра верзаве, сан Нохчи-Чоь.
—————————— ——————————
Публицист Хасан Исаев (Казбич Чеченский.) Norwey
Отдел писем
Chechenews.com
17.11.16.