Главная » Все Новости » События » Аьрсбин Абубакр: Росси а, Вай а.

Аьрсбин Абубакр: Росси а, Вай а.

 

1

Х1ай Росси хьам ц1къа а Дела ца хиллий !

Йа И хьуна Реза маца хилла алий?

Йа хьо хьанна маца эшна ю алий?

Хьо хьанна г1ерта хьайн нуьйра тилла?

2

Варх1 эзар ах эзар шо долчу къоманний?

Далла т1етоьвжина кхелинчу кхетамний?

Сил дукха беэачу турпалчу махканний?

Хьо хьаьнгара г1ерта и къаруо яккха?

3

Не1алтах хьо хьерчаш,хьакхаршца дебаш.

Лулахойн ц1ий 1енош,талораш даржош.

Иблисан(а-б.)боьхалла дуненчохь яржош.

Тхо-м Делах а кхоьруш кху махкахь даьхний.

4

Хьун хьакха воьдучо,диттех диг леч1къош.

Мангала воьдучо, и бецах леч1къош.

Шен саг1а доккхучо,хьайбнех урс леч1къош.

Къинхетам пусар а долуш-м тхо дехий .

5

Х1ай Росси,тхуна т1ехь-м элий ца хиллий!

Хьуна къарделлачу цу къаьмний санна.

Ахьа кхийдочу хоьскех, хьуна тхо дохка.

Бергалуо масаллаш гуш ду дуьненна.

6

Эзарнаш синошкахь ж1аьлех шу хуьйцуш.

Шун Делан меттана волчу шун Элас .

Адамаш шу ц1къа а цо лаьрра а доцуш.

Шуна маршо йовзахьара г1оттур яра вас.

7

Шун ц1ийца цамгар ю боьха ун даьлла.

Шун лулахь волчунна сихонца кхеташ.

Синакхетам лай-амал,даь1ахкех йоьлла.

Маьрша Нах цабезар, доьналла хеташ.

8

Делаха тешаш верг, шуна 1овдал хета.

Адамалла долуш верг, аша сийсаз лора.

Гергарло долуш верг, шуна акха хета.

Шен дешан да верг, аша сонта лора.

9

Ваша вер,йиша хьийзор ,шун аматехь ду .

Да-Нана д1акхоссар, шун 1едалехь ду .

Шайн бераш д1акхиссар,хьалхе а шоьхь ю.

Шайн Нах байъарца а,массарел тоьлла шу .

10.

Шун диканах ца кхийринарг,шун вонех вер вац. 10.

Шун дика доьвзинчу , тхан Дайша баьхна.

Ерриге хьан цамгарш сан йийца ниййат дац.

Шу дезаш дуненчохь , цхьа Къуонах ца ваьхна.

11.

Валарчу вирзинчу воккхачу Дадийна.

Ховхан и г1ов къуьйлу йоккхачу Бабийна.

Аганахь кхуьучу Нохчочун К1антанна.

Хьо маца эшнера алахьа соьга Росси.

12.

Эхь-бехках ц1ена ю ,1амалах шайт1а санна.

Цу Далла гена ю , баттанна малх санна.

Г1иллакх-оьздангалла, х1у ду а хаац хьуна.

Хьо елла, йа йоьхна и Де ган лаьар суна.

 

Аьрсбин Абубакр. (20.01.97 шо.)

 

Отдел писем

 

Chechenews.com

 

09.12.13.