Главная » Все Новости » События » ГIаттан-Кхалара Хасуха — Советан Iедалан къизаллийн мостагIа (2 дакъа)

ГIаттан-Кхалара Хасуха — Советан Iедалан къизаллийн мостагIа (2 дакъа)

Сайн рогIерчу «Заманан билгалонаш» цIе йолчу программехь аса шун тидаме дуьллу, Советан Iедалан харцонашна ша цхьаъ дуьхьал лаьттинчу обарган Магомадов Хасухин кIанта Денис динчу къамелан шолгIа дакъа.

Советан Iедалца йоьхна юкъаметтигаш кхин цкъа а нис ца луш, Делан эхарте дIавахара Магомадов Хасуха. Дацара иза, Хасухин бехкенна. Шен цIа а вирзина, лечкъа ца дезаш, маьршачу дахарехь шен доьзалца ваха хьанна ца лаьа? Хасухина чIогIа дика девзара Советан Iедал.

Нахалахь ларам болуш, цIе яххана волу къонаха вахар, Советан Iедалх ца вашар санна хир дара. Ша долу нохчийн къам Хасухина дуьхьал даккхалур дацара, делахь а, шен ма-хуьллу, питанаш туьйсуш, харцдерг даржош, зорбанехь цуьнан сий дойъуш йозанаш яздеш а, советийн пропагандин чарх жигара хьийзина.

Дукха эскарш, леррина тIеман дакъош, къайлахчу сервисийн векалех вовшахтоьхна тобанаш яра Хасуха лаца тIаьхьаяьхна. Дийна иза караван хьаьгна дара Iедал.

КГБ-н подполковник хиллачу Салькос дуй биънера, обург Хасуха лацаза Iийр ма вац ша, аьлла. Хьаккхина церан чу а вахана, Салько зудчуьнга аьлла хилла, «цуьнга ша лацалур вац, дийна виса лаахь, IадIе ала,» аьлла.

Магомадов Хасухин кIанта, 73 шо долчу денис дийцира Маршо радиога, шен ден дуй биинчу доттIагIчо йина хилла ямартлонах а, КГБен векал хилла Салько иза лаца гIортах а.

Магомадов Дени: «Краснодарера веана вара и Салько кхузара КГБехь болх бан. Сан да, Дала гечдойла цунна, хьаьккхина церан чу ваханера. Салько чохь ца хилла. Цуьнан зудчуьнга аьллера, ша «Салько санначарга лацалур волуш вац, хьайн цIийнда хьайна везахь, чохь сацаве, суна тIаьхьа ма валийта, вуьйр ву», аьлла. Салькос аьлла хилла «хIан-хIа, лоцур ву» ша иза.

Краснодарера вогIуш майор вара иза. Иза веллачул тIаьхьа «посмертно» полковникан цIе еллера. Салько вуьйчу буса Iабдурахьман вара, фамили ца хаьа суна, и волче буьйса яккха тIевоьссина хиллера сан да.
Нохчий цIабогIучу хенахь (цIерабаьхна хиллачу ГIиргIизойчура, Казахстанера) уггар хьалха цIавеана вара. Тхан дас гIо а деш, ахча а луш, цIенош динера цо. Iабдурахьман къиен вара. Тхан ден воккха доттагI хилира иза.

Аса Iабдурахьманна бехк ца буьллу, Iедало кхерийна стаг вара иза. Кхеравелча хала ду стагана. Цуьнан хIусамах жучок (ладугIу гIирс) йоьллина хиллера. Iабдурахьманна шена а мотт тоьхна хиллера, (сан да) и волче кест-кеста кхочуш ву аьлла.
ХIара шиъ дехьа чохь дIавижина хилла. Iабдурахьманан доьзал цу дийнахь шен цIа бахана хилла. Iабдурахьмана аьлла хилла, «схьавола со волче, доьзал а, хIусамнана а цуьнан де цIа бахана бу. ЦIахь со суо ву со», аьлла.

Iуьйранна 4 даьлча машенаш хилла хьала йогIуш (лома). Тхан дас хаьттина Iабдурахьмане: «Iабдурахьман, и хIун машенаш ю те?».

Iабдурахьмана жоп делла: «Уьш хьера баха вовшахбетталуш нах бу, юьртахой бу.»

«Бу?» Iуьйра ламазанна гIовтта безаш хилла хIорш хIете-вете. ДIа а ца вуьжуш, Iаш хилла тхан да. Оцу минотехь, лакхахь машен дIа а яъйина, латийна йоцуш, гу тIера охьаяийтина неIаьрга.
Тормоз тесча колодкаша гIовгIа йина, тхан да тIаьхьакхиина тIаккха.

«Iабдурахьман, и машенаш вайн неIарга схьа-м яьхкина хьуна,» аьлла тхан дас.
И аьлча, чехка тужурка тIе а оьллина, Iабдурахьман араиккхина. Араэккхашехь «кхуза чохь ву шуна» аьлла, мохь тоьхна. Го лаьцна хилла (салташа). ЦIийнна хьалха деана дечиг дара, деха базан дитт. Оцу тIехьа лечкъина хиллера Салько.

КIур болуьйту шашка кхосса, аьлла, омар дина хилла цо. Цо (Салькос) мохь тоьхна хиллера сан дега «Аравала, хьан кхин вала меттиг яц, хьуна лаьцна го бу», аьлла. ТIаккха цара чу кIур боккху шашка кхоьссина. Сан дас шена тIера тужурка схьа а яьккхина, шашкина тIе тесна, иза тужуркин юкъа лаьцна, юханехьа аракхоьссина. Оцу базан дитта тIехьара тапча етташ хилла Салько. Сан да топ чIогIа нийса тухуш вара. Цо дIатоьхна, цуьнан хьен юккъе тоьхнера цунна.

ХIокхуо (Хасухас) тужурка аракхоьссича, иза сан да ву моьттуш, салтий цунна тIе герзаш детта буьйлабелла хилла. Цара тужурках масатоьпаш етташ лаьтташехь, цIийнна юххехула ваьлла, бердах чу кхоссавелла. Цигахь цхьа 20 метр лекха жагIан берд бу и. Иштта, иза ведда дIавоьдуш гича, цара цIийнах масатоьпаш йиттинера, шаьш цуьнца тIом бина алийта.

Юха, Дала декъала войла, сан ненан маьхча вара Мирзо бохуш, цуьнца цхьаьна тобанехь хилла а вара иза хьалха. Мирзо тIевахана, тIом беш а хезна.
Салькос хьийзош вара и Мирзо «хьо хьалха а хилла ву (цуьнца), и волче кхочуш хир ву хьо. Схьало иза. Стенгахь ву, дийца», бохуш.

Тхан да, бердах эккхаш ког а, пхьарс а, дIахьакхаделла, даIа даьлла, астагIа лелхаш дIавоьдуш ган а гуш, Мирзос аьлла гIазакхийн эпсаре «и дIо воьдуш ву хьуна, хIунда ца лоцу ахьа?», аьлла. Маса тоьпаш тIе ца кхочучехь, хи йисте хиина, шен лазийна лерг а, пхьарс а буьлуш хилла тхан да. ТIаьхьа овчарка-жIаьла хецна бохура цунна. Цунна тIекхача цхьа 200 метр йиссинчу хенахь, соцунгIа хилла, цIийза цIийзаш, юхадирзина, бохура.

Мирзос аьллера эпсаре «хьада, дIавало, и дIо воьдуш ву хьуна. Схьалаца, дIа хIунда вохуьйту ахьа. Цхьа топ бен цуьнгахь хIумма яц хьуна. Иди, догоняй его», аьлла. ТIаккха цу эпсаро аьлла, «я тебя тоже сгною к черту!»

ТIаьхьа цхьа ваха а ца вахнера сан дена. Дас мохь тоьхна хиллера «Схьадуьйла! И дIогахь дIадиллина герз ду сан, тIом бийр бу вай», аьлла. Цул тIаьхьа со а лецира, Мирза а лецира и Салько вийначул тIаьхьа.

Юха и Салько дIавуллуш, кешнашкахь Салькон зудчуо аьллера: «Я предупреждала его, что он не возьмет его, Хасухан приходил к нам домой». Циггахь, кибарчигийн заводехь болчу нахана хезна ду-кх и дешнаш. Ишта вийна ву Салько.
Со лацале жимма хьалхуо суна сан да тIаьххьара гиначу хенахь, аьтто ког Iаьржа, бистина бара цуьнан. ТIе дума биллина, дIабихкина бара. Кхин хIума ца хиллера. I973-гIа шеран гурахь ду-кх иза. I974-чу шарахь Зазадоккхучу баттахь со лецира.» 

НКВДера обарган Зелимхан кIантаца бина тIом

Советан Iедало нохчийн къомана йинчу ямартлонан ломан буьхьиг яра, дешна бу боху нах а, эвлаяийн цIийнах бу бохуш хилла нах а эцар, церан гIоьнца къам хIаллакьдар. Уггар чIогIа шен харцонашна дуьхьало йина хиллачу стеган доьзал, цкъа иза вийначул тIаьхьа, цуьнан доьзал тIема кIела а оьций, шайн хьашташна лелабора. Иштта, Хорачара обарг Зелимхан кIант вара НКВДехь болх беш. Цуьнца кхин нохчий а бара, Хасуха лаца Iалашо хIоттийна. Шена Зелимхан кIантана бийца мотт карор бу аьлла хеташ, Хасуха шеца накъостий эцна вахана хилла. Цунах хIун хилира дуьйцуш ву Хасухин кIант Дени.

Магомадов Дени: «Шаьш итт вахара цхьаьний, бохуш дийцира цо. Зелимхан кIант иза хилча, цIерабаьхна нохчий юха ма боьрзуьйтур бу хаа декхар ду аьлла хеташ, хатта баханера уьш.
ДIакхаьчча, Зелимхан кIант шаьш схьалийца витина хиллера шен веа шичица, бохура (Хасухас). Къамел дан 8 чувахара шаьш, шиъ арахь, хехь витинера. Чохь хIорш Iаш болуш, Зелимхан кIант хиина Iачу коре оьхкинчу бойнашна тIехьа тоьпан юьхьиг схьа оьхьна цхьаммо. Цаьрца Iаш волчу цхьаммо «вайн Идрис» олучо, яхьа а яьхьна, тапча тоьхна и циггахь вийра.

Цул тIаьхьа Зелимхан кIантера мохь баьлла. арахь болчаьрга кхойкхуш, «хIокху чуьра цхьаъ ара ма валийталаш», аьлла. Юха тIом болабелла. Тоьхна, Зелимхан кIант а вийна. Арахь хилла хIокхеран шиъ вийнера. Кхоъ бен дийна оцу чуьра ара ца валалвелла хIорш.» 

Хасухина уллера а, цунна накъосталла деш хилла нах, эцалуш берш – оьцуш, ца эцалурш – хIинца санна, хIумма хала ца ечу кхелашкахь ехха хенаш кхайкхош, Сибреха хьовсош хилла. Чувоьллинера пхеа шарана, ур-атталла, цуьнан кIант Дени а.
Кховдон бехк боццушехь, иза чуволла хьийзорах, Iен ца елла, суьдехь йилхинера цуьнан адвокат.

Магомадов Дени: «Сан адвокат йилхир-кх кхелехь «цхьана цхьаъ аша цуьнга кхийдочу бехканна тоьшалла ца далийна аша шена», аьлла.
— I8 шарахь суьдхо болх бина аса, хIтнца адвокат болх беш ю со. ХIара санна кхел гина яц суна. Иза бехке ву алий, цхьа тоьшалла даладейша суна. ХIун дара иза шен дех кхеташ хиларх? Муьлхачу кIантана луур дацара шен да ган? Жималлехь цунна иза гина ца хилча муххале а.

Йилхира иза тIаккха. Эццахь 5 шо хан туьйхира суна. Со этапе дIавахийтира. Набахтехь со лоруш вара. «Бандитан кIант» ву аьлла, гIазакхаша тIаьхьа лоруш вара со. Къуш-м хIете-вете. Сий дора, ларам бара. Алды-зонехь кхо бутт баьккхира аса. Со левеш хиллачу талламхочо полковника Сергеевс хаьттира, зонера тIаьхьожуш волу прокурор санна веанчехь. «Хьан латкъам-хIумма юй?»

«Дера яцара дера, хьоьга хIун латкъам бийр бара аса? Хьо вац со чувоьллинарг?» элира аса. Цуьнца къамел динчул тIаьхьа кIира даьллачул тIаьхьа, этапом со Зазадоккху-беттан II-чу дийнахь дIахьажийра Соликамске. Новкъахь цхьана набахтино со тIеоьцуш ца хиллера «вада кхерам болуш ву» аьлла, сан гIуллакхана юкъахь цIе сиз хьаькхна, и йоза яздина хиларна. 
Соликамскехь 3 шой 7 буттий баьккхира аса.
Ша хиллирг дара цигахь суна тIехь. Цигахь суна туберкулез кхийтира сох.»

Цкъа мацах шен дас санна, Денис а йинера чIагIо, бехк-гуьнахь доцуш ша чуволлийтина нах, ара ма веллинехь, бойъур ма бу ша, аьлла.

Магомадов Дени: «Со лаьцна хилла Меньковский а, и суьйли Хаджиев а велла. Козедубов а велла. И полковник веллера со аравалале. Аса ч1аг1о йинера, со лаьцначуьра араваьллачул т1аьхьа, сайн Дала мукълахь, бойъур ма бу аса уьш, аьлла.
Къаьсттина, оцу суьйличуьнга аьллера аса, «набахтира чуьра со аравалахь, хьо дийна а хилахь, хьо верал хьалха х1ума дийр дац аса» аьлла.
Со араваьлча девашас эли, ахьа х1инца ч1ир леха ца оьшу, велла хьуна иза, аьлла. Козудебов дог иккхина велла хиллера, некъан бохамехь шен к1ант вийна аьлла, хезча. Дала бекхам бина. Харцо цара йинарг ч1ог1а.
5 дийнахь кхел йира Лакхарчу кхелехь. 15 минотехь со наабахти чувуллуш сацам кхайкхийра. Т1аккха нийсо ма яц иза.»

Магомадов Хасуха чIогIа делах тешаш стаг хилла. Цо ша, цец а вуьйлуш дийцина, нийсса тIехьовсийна тоьпаш еттарх, шех тоьпан хIоъа хьакха ца баларх а, кIело йинчара водуш, маситтаза Iинах иккхича а, жимма лазор доцург, кхин шена зе ца хиларх а лаьцна. Денис дуьйцу кхин дIа.

Чано дина гIо

Магомадов Дени: Сан дас шена топ ца кхетийта жайна даккхийтинера суьйлишка (молланашка). Кхоъ вийнера цо.
Цо ша дуй бууш дийцара, 9-зза йолу топ схьа а эцна, уьш виъ шайн жайнашца диттана улле дIа а хIоттийна, жайно болх муха бо хьажа, тIе тоьхча, царах кхоъ вевелира шега, амма, виалгIачунна топ ца кхетара шен, бохуш. ВиалгIачунна тIе мел герз деттарх, юххехула болий, патарма дIа ма бодара шен, бохуш дийцара дас. И жайна нийса даьккхина хиллера, алара цо.

Цунна уьстаг баьхна хилла цо, доттагIалла а лелийра цо. Цо мотт тухур бохий хаара шена, алара цо. Вуьйш молланаш ца хиллера, КГБена болх беш нах хиллера, алара цо.
Устаза лелош ву ша, алара гуттар а. Узун-хьаьжа шен мурдашца тхан эвлахула охьавогIучу хенахь, I2 шо долу сан да же вахана хилла, рагI тIе а кхаьчна. Ведана хьала вахана, шарахь шен ахчанна зорба тухуш ма Iийна Узун-хьаьжа.

Сан ден шичой, маьхчой Узун-хьаьжина марабеттабелла хилла, тIаккха дозалла деш, сан дена тIехтоьхна иза.
«Аша цуьнан куьг лаьцнехь, аса а лоцур ма ду» аьлла, говрашна кIелхула ваьлла, цунна тIевахана. Иза тIекхачале, цунна уллехь болчара юхаозийча, устаза элира боху: «Схьаваийта иза. Тахана дуьненахь, кхана Къемата дийнахь а сан яьIни тIелаца езаш стаг ву иза», аьлла. Къевллина маравоьллина. Цундела, ша деш дерг, шен устазе хаьттина бен ца дора ша. алара сан дас.

Борзера тIом чекхбаьлча, шолгIачу гоне лаьцна… исс нохчо веанера боху, Шуьтахь КГБ чохь Iаш бара боху уьш. Обаргаш лийца бахкийтина хилла уьш. Цхьа молокан хилла цунна вевзаш, цунна тIевахча цо аьлла, «хьо лацийта бахкийтина нохчий бу хьуна.» I946-гIа шо хилла моьтту суна. Уьш нохчий хилча, вистхила дагахь, буса уьш болче вахана хилла. Корех чу хьаьжча, паргIат бевлла, малар молуш, кехатех ловзуш хилла.
тапча яьккхина, чувахана хIара. «Шу стенна даьхкина? ХIун гIуллакх долуш даьхкина?!»
Элира шега боху, «леррина хьо лацийта дахкийтина шаьш».

Ша шуьга лацалур вац. Шаьш дайъа ца дойъуьйтуш, цIагIо, шайн нахах дIакхета хьовса, элира ша бохуш дийцира. Цаьрга а хаьттина хилла цо, вайнах цIа маца боьрзуьйтур болуш бу? Царна хIумма хууш ца хилла. ШолгIачу дийнахь уьш дIабахана. Цул тIаьхьа тIом бан Iедал ша арадаьлла хилла.

Цхьана дийнахь го а бина шена — цхьаммо хаам бина хилла — Борзера гу тIехь хилла иза. Патармаш кхачийна хилла маса тоьпара. Тапчанна чохь масех бисина хилла. Малхбуза ламаз дина, устазе кхайкхина цо. Оцу гух чу а кхоссавелла, дIавоьдуш, цхьана салтичо топ ца айъина цунна тоха.

Хьаьдда вогIуш полковник хилла, мохь хьоькхуш, дIа ма вахийта, бохуш. ТIаккха сан дас цунна маса топ тоьхна, цуьнгара маузер тапчий, шен тишъелла эткаш дIа а яьхна, цуьнан когара оззийна мачаш схьа а яьхна, дIавахара ша, бохуш дийцара цо. Цул тIаьхьа чIогIа тIаьхьабевлла хилла уьш цунна. Цхьана меттахь шина сохьтел сов вижа йиш йоцуш. Гуьржехула дIаваха а йиш йоцуш, го лацар бахьанехь. Ша цу гонехь вуйла хууш, чIогIа дера тIаьхьабевллера бохура.

Юха цхьана дийнахь, бIаьсте йолу хан хилла, черчий гIовттаза хан йолуш, лараш йолуш, йоцуш меттигаш хилла. Кхин вала меттиг ца хилла, ча Iуьллуче чу вахана. Устазе кхайкхина, шаьлта яьккхина, чувахана. Са хиллалц, чаца вижина Iиллина. Уьш (салтий) бела боьлуш, ча Iуьллуче чу гIаж Iуьттуш, лаьттина. Чано гIовгIа еш хилла. «Кху чу веънехь, черчаша ватIор вара», аьлла, уьш дIабахана. Iуьйранна юха Iинна чу охь вахана, ламаз эцна, ламаз дина, дIавахара. Цул тIеьхьа ша кхин лаха ца лехира, алара цо.»   

Бакъ хир дацара, деккъа суьйлийн молланаша даьхначу жайнаша Хасуха гIоза-маьрша лелийна аьлча. Бара цуьнан къонахаллех баккхий бийриш. Иштта стаг шен къомах хиларх дозалла дийриш. Дела керставеш, бакъдерг харцдерш, шен къомах дог лозучух – националист олуш, шен мотт бийцар – тIаьхьависаран билгало лоруш, шен маттахь яздинчуьн некъ ца луш, шен историн бухе кхиа гIерта нохчо охьатаIош, иштта майралла кхаьчначуьн хIуьттаренна, хIумма а йоцург юьйцу, хьекъална, оьздангаллина ледара стаг лакхавоккхуш Iедал дара Советан Iедал. Ша кхин дешна ца хиллехь а, коммунистийн, болшевикийн пропагандин маьIнех дика кхиина стаг вара Хасуха.

Эскаран дакъош тIаьхьадахча ца лацалуш, шен лаьмнаша а ларвеш хиллачу Хасухина мотт бетта нах бара, цу Iедалан. Оцу нахана Iедалера хIун хуьскаш йоьжна – иза къайле ю. Тамашийна делахь а, хIумма ца южурш а, мотт тоха чIогIа каде хилла.

Хасухина Iаьткъаш хилла иза. Шена мотт беттарш бевзаш а хилла цунна, ша берш ца бовзахь а. Царга хабар тухуш я, хьоккхий, церан чу а воьдий, ша дехар деш хилла, Iад Iахьара шу, олий.

Делахь а, тешаме нах а хилла обарган. Шаьш цкъа а мотт ца тохарна, Хасухина а тешаме хилла уьш. Тешаме нах бахьанехь, луьрачу дахаро галъйоккхуш хилла могушалла тоян, юкъ-кара дарбан-цIийнашка вуьжуш хилла Хасуха. Оцу хенахь, хьаннашкахь иза лоьхуш, леррина операцеш дIахьуш хилла.

Хьаннашкахь лечкъаш хилла массо нах куьйгана цIена ца хилла. Цара дина зулам, къемата Хасухас ца диний хуъушехь, гIараваьллачу обарган цIе йожош, зорбанехь а, массанхьа а даржадойтуш хилла Iедало шайгга нохчашка. Хасухина иза а хууш дара.

ХIокху тIехь чекхдолу тхан Магомадов Хасухин кIантаца Деница хиллачу къамелан шолгIа дакъа. Хьалхарчу декъе ладогIа а, цуьнан текст еша а йиш ю.

www.radiomarsho.com

22.01.14.