Главная » Все Новости » Политика » МЕТТАН КЪАЙЛЕ. АЛАНИ.

МЕТТАН КЪАЙЛЕ. АЛАНИ.

 «Со ламчу вог1ура кху ширчу новкъахь,

Некъаца тидам беш, т1улгашка хьийжи.

Дай баьхна г1ирсаш а, хилларг а довзош,

Цу т1улгийн тархаша шайн мотт а бийци»

(М.Мамакаев)

Вайна ма-хаьара, Кавказехь цхьа къам ду, шен схьадалар аланех ду бохуш дозалла деш. Оцу шен хабаран мухха а кхоьллина цхьа бух кхолла г1ерташ, ша шеха – «аланаш» аьлла а ца1аш, шайн махках а Москохарчу 1эдалан пурбанца -«Алания» ц1е а тиллина цо. Кхеташ ду аьлла хета, вай дуьйцург, нохчаша шех «х1ирий» олуш долу къам хилар.

Шен этноним вайн маттаца шен этимологи йича: «хийра»; «хийри» бохучу вайн аларшкахь хийла тарлуш йолу. Масала, «х» элип, «х1» элипе даларца. Нагахь боккъалла и ишта делахь, «х1ирий» бохучуьнан маь1на, нохчийн маттара ша оьрсийн меттан маь1не аьлча: «чужие»; «инородные»; «пришельцы» (ишта д1а кхин а) кепара карадо вайна. Вай бохург т1еч1аг1деш санна ду, профессора А.Гадагатлас (А.Гадагатли: «Нарти») адыгин (чергзийн) маттара — «осэтын», шен схьадалар чергзийн — «уаэс» (оьр.- «дань») дашах ду бахар а. Шен фонемаца а, чулацамца а нохчийн -«ясакх»бохучу дашца цхьанадог1уш долу. Т1аккха А. Гадагатлас и дош ишта тидар а, яханачу заманашкахь осетинаша, кхечу кавказхошна шайгара ясакх луш хилча санна, шен маь1на хуьлуш ду.

Цу тайпа, Кавказан уггаре а ширачу меттанашкахь:»х1ирий»;»осетин» бохучу этнонимах хуьлучу этимологаша гойту, цхьана хенахь, х1ирийн Кавказехь кхечу къаьмнашна юкъахь хилла 1эр-дахаран тег1е. Вай бохург, шеца цхьа «нун» доцуш дац аьлла хета, нагахь цхьаболчу историкаша (лингвисташа а) дуьйцучу; х1ирийн мотт — фарсин меттан цхьа гар а ду, ткъа церан схьабовлар а, иранхойха ду бохучох вай терго яхь.

Т1акхха кхечу 1илманчаша а дийцарехь (со галцаваьллехь Дени Баксана), х1инцалера х1ирий, Иранехь цхьа доккха зен-зулам а дина, цигара бевда Кавказе баьхкийначу жуьктеха бу. Делахь а, жуьктийн-х1ирийн хила тарлуш йолу и вежараллийн «х1ож-м1ода» вайна къаьстина гуш яцахь а, цхьаа шеко а йоцуш вайна хаалуш ду, масала, г1азакхийн-х1ирийн вежаралла. Иштачохь гайтаме ду, х1окху т1аьхьарчу 3-4 б1ешарашкахь, кхин болу кавказхой, (къаьстина нохчий) «акхарой», «бандиташ», «террористаш» бохуш оьрсаша х1алакбечохь, инзаре та1зарш царна т1ехь деш уьш шайн махкахь цара баха цабуьтучохь, цкъаллийге цкъа, ларамза нисбелла а, оцу къаьмнашна юкъехь х1ирий цанисбаларца а.

Иштаниг-м тешна а цахуьлура, мелхо а, и г1азакхий Кавказе кхаьчначул т1аьхьа дуьйна, церан 1уналца х1ирийха динна цхьа къам а хилий, кхечу къаьмнийн лаьттан чутаха царна динна мохк а нисбели. Хетарехь, г1азакхаша х1ирашца цу тайпа латтош болу и озабезам, оцу шина къоман юкъара цхьа кериста дин хиларал а совнаха,и ший а къам, Кавказехь т1едаьхкина къаьмнаш хиларна болучох тера а бу. Кхузара атта кхета мегар ду, оьрсийн-х1ирийн «1илманчаша» Кавказан къамнийн юкъара истори шайна т1е язъеш хьоьгучу къийнахь а. Оцу «къинхьегаман» цхьа жам1а лара дог1у, Х1ирийчоьнах, цара «Алани» боху ц1е тиллар а. Ткъа иштачо г1азакхийн аьтто кхуллу, мацахлерачу «Алани» дозанаш, х1инцалерачу Х1ирийчоьнан латтанашкахь бен цахилла, ткъа кхин д1адолу тайп-тайпана Кавказан къамнийн латтанаш шайн хилла ду баха.

Изза аьтто хуьлу х1ирийн а. «Тхо, Кавказан «ц1ийнан» коьрта къам ду, цундела тхан кхузахь, кхечу къаьмнел а бакъонаш алсам ю», баха. Амма цхьа бакъ ду, цара а, вукхара а Кавказан д1адахнарг мухха дийцахь а, теша хала ду, Кавказан шина х1орданан юкъерачу аренашкахь 1иллиначу Аланехь, алха цхьа х1ирий бен цабаьхна бохучохь. Х1унда аьлча, оцулла шайца ялтаца а, алаца а токхе хилла долу и латтанаш, цхьана х1иришна кара а делла, кхин долу Кавказан къамнаш 1адда 1ийна бохург, беламе х1ума хиларна. Цундела вай х1инца хьовсур ду, «Алани» боху дош, ша мукъне а хилле те, х1ирийн маттахь бохучунга.

Нохчийн 1илманчас Я.Вагаповс, «алан» боху дош туьду, нохчийн маттара, ша оьрсийн маттахь аьлча, «речная долина» ду бохучуьнца. Амма оьрсийн -«речная долина» нохчийн маттахь юха гочдеш аьлча,иза «алан» доцуш, «атаг1а» хуьлу. Ткъа Дж.Сулеймановс дийцарехь, «алан» нохчийн — «ара» бохучу дашна т1ера хуьлуш ду. Хетарехь иза а, шен кхин бийца бух болуш цахета.

Цу дашах еш йолу этимологи, сан кхетамехь, уггаре а хьалха ян йог1у шумерийн — ширачу арамейн — нохчийн меттанашкахь. Цул а совнаха, Кавказехь «Алания» бохуш хиллачу мехкан ц1е, ас цхьана мог1аре х1оттор яра, Тоурато: «Сенаар»; «Ханаан» бохуш юьйцучу гергарачу Малхбалехь хиллачу латтанийн ц1ерашца. Ткъа уьш, Тоурато ма-дийццара аьлча, Дала даздина хиллачу латтанийн ц1ераш ю. Оцу ц1ерийн кхетамехь кара до вайна «Алани» бохучуьнан маь1на а, нагахь цуьнан этимологи вай -«Ал»+»ан» («а»,-«е»,-«и») аьллачу бекъамахь яхь. Цу дешан хьалхара, «Ал» (ишта, «Эл» а) боху дешдакъа, вай билгаладаьхначу ширачу меттанашкахь, вайн х1инцалерачу маттара: «Дэла»; «Даьли»; «Дали» (тайп-тайпаначу диал.) санна хилла. Кхузахь цхьа а шеко йоцуш ду, нохчийн; — «ал»,- «эл»,- «аьл» (тайп –тайпаначу диалекташкара) а, ишта, «Дэла», «Дали» (т.т.д.) шайн вовшашна чуччара гергалонаш долуш хилар. Масала, иза го, вай олучу — «цхьа Дэла (Дали) воцург бен, кхин эла (али) вац тхан»,бохучуьнца а.

Цу тайпа, шеко йоцуш ду, «Ал» («Эл») боху Дэлан ц1е, эзара шераш хьалха дуьйна адамашна евзаш хилла хилар а. Билгаладокххур вай кхузахь, 1илманчаша дийцарехь Ибрах1им-пайхамаран (а.с.) Делан ц1е а (АЛЛАХ1), ишта йоккхуш хилла цу хенахь. Т1ахьоо, Ибрах1иман-пайхамаран (а.с.) дин т1ера д1адевлачу цхьадолучу гергарачу Малхбалехь даьхначу къаьмнаша, шайн якххичу таг1утехь а, йокххуш хилла и тайпа ц1е.

Дахкор вай кхузахь, оцу ц1ердашна т1ера схьакхолладелла (производни) дешнаш а, церан чулацамаш а, масала:

1) ал — (оьрс. — «скажи», «прикажи»);

2) ало — «ц1е» (Дала адамна совг1атна елла йолу);

3) алха — (единственни);»алха цхьаъ» -(он единственный). Т1ахьарнийг хила тарло — «Ал»+»ха», бохучу кепе а, ша оьрсийн маттахь аьлча — «властелин времени» бохучу маь1не а долуш;

4) эл, али, аьл (т.т.д.) — «князь», «феодал»;

5) Элби, Эл, Эльди, Алдам, Алхаст (и.д1.кх.а ) — нохчийн божарийн ц1ераш;

6) «ал» — ц1ийнан бос. Цуьнан хила тарло маь1на; Адаман гом, Дала поппарах кхоьллина. Т1аккха цунна делла «са», Дала Шен омрица ялсаманара адамна кийра доьссина ду боху. Ткъа 1илмано ч1аг1до, адаман са, адаман ц1ийца ду бохуш. Цундела хила тарло, «алла ц1ий» бохучу аларца. Аллах1ан (с.т.) ц1еран билгалло ц1ийца гайтарца. Toyрато цу хьокъехь ишта боху:

«Благословил Бог Ноя и сынов его, и сказал….» (Бытие: 9-1 ) ….

«Я взыщу кровь, в которой душа ваша…» (Бытие: 9-5)

7) ишта Аллах1ан (с.т.) ц1еран билгалонаш хета, Цо, шен къинхетамца адамна а, хьайбанна а латточу рицкъанан ц1ерашца: «ял(таца)»; «ал(аца)» и.д1.кх. а.

8) вуьшта, Дала адамна латтаца болх бан деллачу хьайбанах а олу — «ал(+аша)» (южу говр); кхузахь, «аша» = «аха». Масала, «аьшна меттиг» = «аьхна меттиг».

9) Къор1анан т1ехь боху: «Церан тидам цахуьлу теша шайна т1ехь лелачу алхазурах, цара т1емаш даржадеш, уьш т1етт1адохкуш а? Мила ву церан г1аттам хуьлуьйтуш верг, Къинхетаме воцург бен?» (Къор1ан: 67-19).

Вайна и Делан билгало ган еза аьлла хета «алхазурана» дашна хьалха лаьттачу «Ал» аьллачу дешдакъаца а. Цуьнан тоьшалла деш санна ду, 1эламнехан цхьа дийцар. Цу дийцарехь боху: «стигланийн 1аршашна т1ехь Далла ч1ог1а дукха дезаш, шук1ар санна к1айн, инзаре доккха, массо а алхазурийн коьрта алхазур ду, ша борг1алан сибате а долуш. Буьйса денца хийцалучу хенахь, массо а 1аршашна шен «зур» хозуьйтуш дека боху иза, х1окху дуьненчуьра дерриг а жил-1алам самадаккхархьама. Эццахь, и цуьнан аз шайна хезий, цунна дуьхьала ека боху дуьненчуьра н1аьнарчий а. Оцу массо а алхазуран коьртачу Алхазуран ц1еран маь1на а, «Ал»+ «ха»+ «зур» — «Аллах1ан хенан зурманча» долуш санна хетало. Амма цунаха бакъдерг Далла, Шена бен цахьа. Ткъа вай дийцинарг вайна тарделларг бен дац. Дала къийлахь ма-лорийла иза.

Хетарехь х1инца дешархочуьнан цхьа а шеко ийсна хир яц аьлла хета, вай шен этимологи ечу «Ал»(Эл)+»ан» («а»,-«е»,-«и») бохучу ц1ердешан хьалхара «Ал» нохчийн маттахь хиларна. Цундела цу дешан шоллаг1ачу — «ан» бохучу дешдекъан хьесап дийр ду вай х1инца. И дош вайна карор ду, ширачу арамейн а, нохчийн меттанашкахь а. Цуьнан нохчийн маттахь ма-дарра долу маь1на вайна ган деза — «чакхе йоцу — (стигланаш, аренаш)» бохучу кхетамехь. Оьрсийн маттахь вай аьлча — «бесконечность», «пространство», «простор» (и.д1.кх.) бохучу чулацамца. Масала, нохчийн -«анаюх», оьрс.мат. даьккхича — «начало (или конец) пространства», «горизонт» бохучу кхетаме хир дара.

Х1инца вайга атта тидало «Алани» бохург а. Ткъа нагахь вай иза «Ал + ан (- «а»,-«и»,-«е») аларца дешахь, и х1инцалерачу нохчийн маттахь кхета деза — «Аллах1ан ана»; «Делан ана» (- «ара»,- «мохк», «латта» и.д1.кх.а ) бохучу маь1нашца а долуш. Оьрсийн маттахь доцца аьлча — «Божественная земля» бохучу кхетамехь (тидам бе, вай юьйцург КАВКАЗ хилар).

Ишта долу масалаш вайна карадо х1инцалерачу Нохчийчоьнан топонимашца а. Масала; «Делит1е» (Хьачарахь), «Делит1е» (Вегичохь), «Делан ара»(Зумсахь) (Сулейманов А. «Топономия Чечни»). Т1аьххьара далийна долу масал, цхьаъ цхьанна санна нислуш ду — «Ал+ани» бохучу кхетамехь. Оцу топонимин мог1арийн топонимаш кхин а ю Ч1аьнтахь, Ч1инахахь, Хьачарахь. (и.д1.кх. а). «Сиэлет1е» («Си(а)+эл» = Дела) бохучу барамехь. Цу тайпа, «Алани» бохучу топонимана маь1на дечохь, вайна цхьанна а меттахь цакарий и ц1е, цхьана къоман этнонимаца, я паччахьалкхан топонимаца йоьзна йог1уш. Ткъа цо, вайна шеца юьйцург хуьлу, шен х1ара ду аьлла билгаладаьхна дозанаш доцу – «Кавказан-ана» («латта»,- «мохк», «аренаш»), ша оьрсийн маттахь аьлча — «Кавказкое пространство».

Амма иштачу паччахьалкхан билгалонаш вайна хаалур яра, нагахь вай этимологи еш

хилларг, масала, «Кавказан Албани» боху топоним хиллехь. (профессора Ю.Дешериев цуьнан йина этимологи «Алвани» аьллачу кепара йина, цуьнан грекийн маттахь йолучу вариантехь – Ал — «князь»;»феодал», ткъа «ва» — «есть», а лоруш. Амма хила тарлуш ду, цу т1ехь иза нийса хила а). Вайна хетарехь, цуьнан этимологи ян йог1ура ширачу арамейн а, нохчийн а меттанашкахь — «Ал+бан» («а»,- «и»,- «е») аьллачу дашна т1ера схьа. Цу дешан хьалхара «Ал» боху дешдакъа вай юха цатуьду, иза хьалхе а вай дукха дийцарна.

Т1аккха шоллаг1а -«бан» (- «и»,- «а»,- «е») бохург, вайн тайп-тайпаначу диалектишкахь долу — «бен»; «б1ан» а, ишта д1а — «ц1а»; «чоь»; «мохк»; «туше» («населенный пункт», «зона обитание») бохучу кхетамехь дерг хета.

Цу тайпа, нагахь -«ан» лакхахьа вай оьрсийн маттахь — «пространство» аьлла билгаладаьккхина делахь, и «бан» («бен» и.д1.кх.а) бохуриг — «замкнутое пространство» бохучу маь1ница кхета дезаш ду вайна. Кхечу дешнашца аьлча, шен цхьа дозанаш чу лоцу меттиг, паччахьалкхе хуьлий иза. Масала, Нохчийчоь олучохь а, т1аьххьарчу «чоь» бохучо а билгаладоху и тайпа долу дозанаш. Цундела оцу «Ал»+»бан» («и»,- «е») бохучу топониман этимологи а, «Дела («Ал»)+»бен» («чоь», «ц1а», «мохк», «туше») бохучу кхетаме ю аьлла хета. Я кхечу кепара и вай доцца аьлча, «Кавказан Албани’’ — «Делера латта»; «Дала шена дика делла меттиг», бохучунах терра дерг хета. Цу тайпа, «Алани», «Албани» (тахана а, и тайпа ц1е йолуш юрт ю, Суьйлий-махках а) бохуш Кавказехь хиллачу мехкан ц1ераша дагатосу, вайн къаноша «Аллах1-Дела шен къинхетамца Макка, Медина цкъа бен цахьаьжна, ткъа Дег1астане (Кавказе) кхузза хьаьжна», бохуш дийцина хилла долу дийцарш. Масала, оцу дийцарша доьзна хета, вайнаха шеца хьаналла, сеналла йолучу латтанах — «Дала дика дина латта ду х1ара», ткъа и дикалла шеца йоцучу латтанах — «Дала оьг1азло йина меттиг ю х1ара», олуш хилар а.

Цундела, вай тохара Жимачу Азехь хилла бохуш йицина «Сенаар» а, Кавказехь хилла йолу «Алани» а, цхьана нисъеш хьахор ларамза дацара. Кхузахь цхьанна а нохчийчуьнна этимологи ян цаезаш атта кхеташ ду аьлла хета, Тоуратан т1ера «Сена+ар» — «сеналлийн ара»;’’сийна ара’’, «баьццара ара» бохучу кхетамца хилар а. И сеналлийн бос бу, Дала, Ша кхоьллиначу 1аламна иза хаздеш белларг а, адамна, хьайбанна Ша латтош долчу рицкъана — ял(тана); ал(ана) белларг а. Ткъа иза ишта хилар тидаме а эцна, оцу «Алани» бохучу дешан вай кхечу кепара этимологи яхь, и сеналлийн билгало карор ю вайна «Алани» дашца а.

Ала деза, вай х1инца этимологи еш долу «Алани» (ала; «Аалани»), вай тохара этимологи йина долучу «Алани» бохучу дашна т1ера схьакхолладелла (производни) хиларна а. Х1инца и дош, «Ал» (ала -«аал») + «ан» («е»,- «а»,- «и») бохучу кепе д1а-схьа доькъур ду вай. Кхузахь вай кхин юха дийца цаоьшу «ан» бохург, кхечанхьа а вай иза дукха а дийцарна. Хетарехь х1инца дешархо ша а кхетта хила тарлуш ду, вай ала г1ертош дерг — «Ал» («а»-дахде)+»ана» («а»,- «е») дуьйла. Шен оьрсийн маттахь долу масехь масал вай далийча — «сенные просторы»; «пастбищные луга»; «посевные долины» (и.д1.кх. а) бохучу чулацамашца хуьлуш долу.

Доцца аьлча, х1инца вай шоллаг1а шен этимологи еш долу -«Алани» (Аалани), сеналла (-«аал- йол», — «ялта», — «буц») йолу ана(аре) бохучу кхетаме хуьлу. Масала, «элан(-алан: г1аз.-«сенная») +ара(-ана)», «алана т1ехь», «алан да», «алан ворда», «аланашкахь», «элан(алан) -дитт», «элан ана» и.д1.кх.а. Ишта йолу топонимаш а ю вайн махкахь, масала; «Алан цанаш», «Алан кхаш», «Элан к1ога», «Элан цана бийра», «Алан босса» (и.д1.кх. а). Цу тайпа, вай х1инца этимологи йина долу «Алани»(-«Аалани»), Тоуратан т1ерачу «Сенаар» топонимаца цхьана кхетамехь хуьлу. Кхузахь ала деза,и т1ахьарнийг санна йолу ц1е, тахана а вайн луларчу махкаха Органца хьала бехачу нохчаша йоккхуш хилар а. Вай юьйцург ю -«Бац» (ала — «Баац»). Аьллачунна т1етоха деза, цигарчу бахархойха вайнаха «бацай» алар а . И бацай банне а бац, вайн цхьаболучу 1илманчаша ма-дийццара, вайн халкъалахь «бацбийцаш» бохучу этнонимаца буьйцуш а.

Т1аккха шайн тайпанашца уьш бийцича, царна юкъехь вайна карадо нохчйин тайпанаш: хилдехьарой, м1айстой, т1ерлой, хьачарой и.д1.кх.а. Вайга хаьттича, «Баца» бохучу мехкан ц1е схьаяьлла ю, нохчийн «буц» бохучу ц1ердашах (Сулейманов А. оцу дашах йина йолу этимологи; «Б1а+ц1ой» бохучу кепе ю. Шен оьрсийн маттахь болу кхетам; «Войско Христово» а болуш. Хьовса — «Топоними Чечни»). Масала, вайн аларш а ду — «бацалахь», «бецаца», «беца-жа», «беца-пхьид» и.д1.кх. а. Вай бохучунна тоьшалло до, «Бацой», «Бецахой» ц1ераш йолуш, нохчийн тайпанаш хиларо а.

М. Вачагаевс шен «Нохчийн тайпанаш» ц1е йолчу балха т1ехь цараха лаьцна ишта яздо: «Бацой-тайп грузинского происхождения, не путать с бацбийцами проживающими в Грузии. «Бецахой — тайп, неизвестного происхождения». Вайга хаьттича, Майрбека кхузахь бохург цхьажимма галморзаха даларца ду, х1унда аьлча, иза а,важа а, кхолг1анийг а шеко йоцуш нахийн тайпанаш хиларна.

Дагадеъначура аьлча, тахана вайн халкъана т1ех1оьттинарг вуно хала мур хиларе терра, ч1ог1а теллина — лерийна бан безаш бу и санна болу 1илманан белхаш. Х1унда аьлча, массо а аг1ора вайн къоман юкъера з1енаш ч1аг1 ян хьовса деза вай, уьш ларамза а м1ал яларна а кхоруш. Ас и боху, тайпанаш къестадечохь цхьаболчу нохчашна цхьацца весаш хуьлуш юйла сайна билгала хуу дела.

Вуьшта, суна хетарехь, Нохчийчохь массо а тайпа шаьш нохчийн тайпанаш лоруш ду. Шайна юкъера цхьа ши дакъа д1адаьлчхьана. Къурайшаш шаьш лоруш берш а, ишта, вайна юкъера жуьгтийн гараш а…. Амма, вай лакхахьа дуьйцуш хиллачунна кхин гена цадовлуш, билгала йоккхур вай, Зонахана гергара «Баца-ирзо» боху топоним а. Ишта ламороша Баца-махкахьа олу: «Туш-баца»; «Лам-баца» (и.д1.кх.а) а. Кхузахь тидам бан беза, вай дуьйцу — «лам»; «туш» бохурш, шайн чулацамца -«ана»; «ара» бохучуьнца, ткъа «сеналла» -«аал»(йол); «буц» бохучу кхетамлехь хиларна а. Масала, иза гуш ду: «сеналашка»; «аланашка»; «бацалашка» бохучу аларшца а. Дустур вай уьш х1инца — «сенааренхой»; «аланхой»; «бацой» бохучу этнонимашца.

Т1аккха цхьана шина дашца церан кхетам оьрсийн маттахь бийцича хир бара — «жители плодородных земель» санна. Ткъа «бацай» боху этноним, оьрсий маттахь ша къастош йицича — «жители альпийских лугов», я «обладатели пастбищно-сенокосных угодий» бохучу маь1нехь Т1аххьара вай аьлларг т1еч1аг1деш санна ду, бацайн 1эр-дахар даима а дахнашна доьзна хилар а. Ала деза, церан цу т1ехь баккхий кхиамаш а бу. И гойту, масала, нохчаша «бацайн-хьайба» олуш бежна а, ткъа Кавказехь уггаре х1у ц1еначу жах, вайнаха «бацай- жа» («тушинская порода») олуш хиларо а.

Ткъа муьлхачу динехь бу бацай? Оцу хаттарна жоп лохучохь, вайна хуур ду, уьш ц1енна «кериста» динахь боцийла. Цаьрца ширачу заманашкара йиссина цхьацца 1асаллийн билгалонаш юьйла. Кхузара ду, ламароша цараха «лам-кериста» алар а. Цу хьокъехь дуьйцучохь дало луур дара, мацахь ша махкаха воккхуш Кунта-хьажас бацайха аьлла боху дешнаш. Дийцарехь ишта хилла уьш; «цхьа дагахьбалам буссу сан Дег1астанахь (Кавказехь), нагахь со бацайн-ломан дуькъе а ваьлла, цкъа азанна кхайкхина хиллехь, цигара мел волу бацай имане вог1ур вара». Г1алг1ай имане бахкиначу Кунта-хьажас бацайха и алар кхета деза, мел герга бу бацай имане бахка, нагахь вай шаьш бусулбе дине кхайкхахь.

Ткъа х1инца, вай тидина — «Сенаар»; «Алани»; «Баца» боху топонимаш юста луур дара, тохара вай кхечу балхаца шайн этимологаш йиначу — «Хурри»; «Хатти»; «Урарту»; «Арарат»; «Нахерия» бохуш хиллачу топонимашца. Ткъа доцца аьлча, т1ахьарчеран тидарш вайн ишта дара: ‘’Хурри- х1у аре’’(‘’посевные площади’’); ‘’Хатти’’ – ‘’Хьатте’’( ‘’нива’’; ‘’зерновое поле’’; ‘’молотьба где’’); ‘’Урарту’’ – ‘’Урда –т1е’’(‘’посевные площади где’’); ‘’Арарат – 1ар аре т1е’’(‘’долина жизни где / над’’); ‘’Аар ара т1е’’ -(‘’пахотные поля где / над’’); ‘’Нахерия’’- ‘’Нох аре’’( ‘’пахотные земли’’). Т1аккха вайна хаало, цу массочу а мехкан ц1ераш цхьана маь1нехь хилла юйла. Массеран а чулацам, нохчийн маттахь, оцу лаьттанийн дикалла, хьаналла билгала яккхарца а болуш(доцца г1азакхийн маттахь аьлча: ‘’божественная земля’’; ‘’земля от Бога ‘’ и.т. д. ). Иштачо гойту, нохчий шайн исторехь семиташ санна беж1уй хилла а боцуш, даима а ахархой хилла буйла. Кхузахь дахко луур дара, Каттона Старшийс(2 б1е шо,вайн эра дале.Рим) ахархойха аьлла долу: « Из земледельцов выходят храбрейшие мужи и самые предприимчивые воины,а земледелие есть занятие наиболее благочестивое и устойчивое…»

…Цу т1ехь х1ара дийцар чекхдаьлла лара мегар дара, нагахь Татарстанера «Камские поляны» олуш йолу топоним, суна ларамза г1езалойн маттахь -«Кама алани» бохуш юйла цахиънехь. Цул т1аьхьа, туркойн-нохчийн дошам (Лепиев А. Лепиев И.) т1е хьаьжча, оцу «алан» бохучу дешан маь1на: «аре»; ‘’пхьохе’’; ‘’майда’’ бохург дуьйла а хиира суна.

Иштачо гойтура, и дош, массо а къаьмнаша нохчашкара д1аэцна хила тарлуш дуьйла, ша цхьанна а аг1ора х1ийрин меттан дош а доцуш. Вуьшта, оцу дашца йоьзна кхин цхьа къайле а хаало. Ша ишта и хилар а, вайн къоманна ч1ог1а бале ялар а долуш. Цундела х1окху дийцара чакхе хила еза моьттуш ву со. Амма и дийцар, т1аккхахула дуьйцур вай.

Лерамца Адам Итон.

Chechenews.com

01.04.11.