Главная » Все Новости » События » Керста нехан марханаш билгалдаьхна Нохчийчохь

Керста нехан марханаш билгалдаьхна Нохчийчохь

Цхьаболчара кхеторехь, тIемаш бахьанехь махках бевлла оьрсий юхаберзон лелочу Iедалийн политикан цхьа дакъа ду керста кешнийн дола дар. Делахь а, боху цара, оьрсий юха Нохчийчу баха а, Iиэн схьабогIур бу бохург, аьттехьа а хир долуш хIума дац. Кеста-м хIете-вете а.

Официала дIасабаржийначу хаамца 1000 сов кхузахь баьхначех, орамаш кхузахь долчех оьрсий баьхкина Нохчийчу, керста динехь марха достучу Оханан беттан 15-чу дийнахь гергарчийн а, беза-бевзачийн а кешнашна тIехIитта. Оьрсийчоьнан бен-бен кIошташкара схьабаьхкина хьеший тIелаца а, дIатарбан а хьалххехь дуьйна дукха лерина кечамаш бинера меттигерчу Iедалдайша, маьхаза хьешанцIийнашкахь хIусамаш а, дехьа-сехьа бовла транспорт а хилийтар бист кхаччалц. КIирандийнахь Соьлжа-гIалин Михаил Архангелан килсанехь,керста динехь марха дастарна лерина далла Iамал йина массо маьIIера схьабаьхкинчу оьрсаша. Цул тIаьхьа уьш гергарнаш дагалоцуш, коше бовла кешнашка кхачийна. Билгалдаккхархьама аьлча, махкахь официала даре а деш керста нехан 50 кешнаш ду.

Марха досту де гарга кхача доьлча уьш хIора шарна а, цIандеш, битаме далош ду меттигерчу Iедало. И доьзна ду, гарехь, церан дола дан Нохчийчохь оьрсийн бисина ца хиларца. И ша тайпа ламаст лардина кхушара а. ХIара Оханан бутт болабелчахьана белхеш а кхайкхош, оьрсийн кешнаш цIандеш, куьце дало кхийлина бIеннашкахь Iедалан балхахь мел болу бахархой — лоьраш, хьехархой, стоьлан дай а. Цара нехаш, къух-яраш дIаяхарал сов, сир-кир деш, бегIийла йолчу кепе далийна ков-керташ а, чарташ а. Цул тIаьхьа марха досту де тIекхаччалц уьш лардина полицин белхоша, хIуьттаренна-гамонна аьлла зе-зулам дан леринарг валарна кхоьруш.

Новр кIоштан Ищери олучу юьртахь оьрсийн кешнашна гIароллехь лаьттинчу низамхойх цхьаъ ву Аслан. «Кху юьртахь кIезиг гIазакхий бац бехаш, амма цара дола-м ца до шайн кешнийн. ХIора шарна хIорш цIандеш берш нохчий бу-кх. Кхушара, масала, цхьана кIирнах белхий лаьттина кхузахь. Цу тIе дийнахь а,буса а тхоьга лардойтуш а ду, кхеран бала болуш цхьаъ волуш санна. Цхьаммо хIуьттаренна цхьаъ дахь, юьхьIаьржо ю боху, гIазакхийн луур дер ду боху. Цунна латтийна тхо кхузахь хIорш ларде бохуш. ГIазакхийн шайн боцу бала нохчий стенна хуьлу-м хаац суна. Валлай, цара-м ца лардина, нохчийн къам Сибрех хьажийча нохчий кешнаш. Мелхо а дохийна-кх, чартех некъаш, гIишлош, божалш а цхьана деш.»

http://www.radiomarsho.com

18.04.12.