Главная » Все Новости » События » Пайхамаран хIумнаш Нохчийчу кхачочу дийнахь Соьлжа-гIалахь эзарнашкахь бахархой латтийтира

Пайхамаран хIумнаш Нохчийчу кхачочу дийнахь Соьлжа-гIалахь эзарнашкахь бахархой латтийтира

Пайхамаран дахарца йоьзна хIумнаш кхачийна тахана Нохчийчу. Кеман портера дуьйна маьждиге уьш дIахьуш, халкъа гулделла сурт хIоттон, республикин массо а кIошташкара Iедалан белхахой балор тIедожийнера меттигерчу куьйгалхошна. Москохана муьтIахь долу Iедал – ша къам реза ден кеп лелош ду, бахархой – ца бевлла, и сурт кхуллуш дакъа лаца дезаш бу.

Делера салам Маршалла хуьлда цунна, Пайхамаран дахарца йоьзна хIумнаш кхачийна  Нохчийчу кху тов бецан беттан II-чу дийнахь: коьрта тIера а, маж тIера а месаш а, бедарш а, коган лар а, кхин  а цхьацца хIумнаш а. Мехкан куьйгалхочо динчу дIахьедарца и хилам, мах хадо йиш  йоцуш, дийцина ца валлал, вуно маьIне хIума ду.

Иттаннаш эзарнашкахь, некъан бохалла, шина агIора, аэрпортера доккхачу маьждиге кхаччалц, дIагулделла адам а долуш, схьакхачийна Соьлжа-гIала, ишта я вуьшта  Пайхамаран дахарца йоьзна еза хIумнаш. Официалан чIагIдарехь  цаьрга хьажа лууш мел верг  тIекхача йиш йолуш, доккхачу маьждигехь уьш охьаехкина лаьттар  ю деа дийнахь. Соьлжа-гIалахь церан гайтам дIабахьа уьш яхьаш веънарг ву Пайхамаран тIаьхьенах волу СаIудийн Iаравера шайх  Ахьмад Бин  Муххьамад аль Хазрати.

Цу кепара хашле, вуьшта аьлча даздарш дIадахьа леррина  жоьпаллин тоба а кхоьллина, дукха чIогIа кечамаш бина урхаллехь болчара. Массо маьIIера бу мел боху беза хьеший кхайкхарал сов,  цу хиламна бинчу кечаман  мехалчех цхьа агIо хилла Соьлжа-гIала адам дIаозар. ГIали чуьра шайн лаамехь цигахь мел бахархой гулбелла хууш дац,амма  Iедалдайша  къаро а еш, кIошташкара, ярташкара цига вигнарг ву 25-30 эзар Iедалан белхашкахь болу вайнах: лоьраш а,хьехархой а,кхечу  массо хьукхмат-урхаллашкахь болу  белхой а.

Уьш цига бигар муха нисдина? Бертахь я бертаза? Эзарнашкахь адам гIала дIаозаран Iалашо хIун ю? Аш а, шун накъосташа а муха кхетадо шен лаамца къам  меттах даьлча санна сурт хIоттор? Цу а, кхечу хаттаршна соьца нисделлачу къамелехь жоьпаш луш ю, ас цIе ца йоккхуш юьтуш  йолу   Шелан кIоштара хьехархо а, социалан хьелаш листаран урхаллин белхо а.

«КIоштера ша-верг хила везарг 600 стаг ву. Тхан ишкол йоккха а яц.Оха цигахь хилийта везарг  25 стаг ву. Уьш а божарий..»

«Тхоьга дукха ца аьлла. Тхан божарий кIезиг бу чIогIа. Зударий буьгуш а бац. Зударий магийна бац боху».

Маршо радио: Уьш бигаран Iалашо хIун ю?

«Схьайохьуш йолчу хIуманийн йозалла, уьш  тхуна мел лераме хета гайта  дIагулдеш ду адам.Массо адам ара а даьлла, дIахIоьттича, дуьненна а гур ду боху уьш тхуна мел оьшу . Бакъду, машенаш яхкийтина яц. Уьш  ахча а луш оха тхаьш леца езаш ю»

«Тхан ишколан автобус йоьхна ю. Кхо эзар  ахча а делла, директоро машен лаьцна. ГIалахь шен хьаькамна ас хIоккхул стаг валийна аьлла, ша бигнарш дIагайта дезаш ву-кх иза. Цу тIе еъна хIумнаш царна гур йолуш а яц. Уьш аэрпортера гIали юккъе кхаччалц некъ маббу дIахIитто буьгуш бу. Живой коридор олу-кх цунах. Хьалха  студенташка байтора и болх. ХIинца уьш мукъа бу каникулаш йолуш. Отпускехь долу тхо ду цига дуьгуш.»

Маршо радио:
Цуьнан бухехь хIун ду? Уьш стенна хIиттош бу дIа?

«Масийтта чакхарма  некъаца дIахIиттина адамаш дара бохуш дуьнене а кхайкха дайта гIерта-кх. Нохчийчохь мел долу адам ара а даьлла ,къаьхьчу денца тIеийци Пайхамаран дахарца йоьзна хIумнаш бохуш байракх а йина дийцийта лелош ду-кх. Цара, страховкина дIа ма узу  нах, масане хуьлу.

Шайна тоъал цара дIахIиттабо вуьйш тергал дIа а ца бо. Меттиг яьсса ца йисийта цара   цхьана мета кхо-виъ  валаво кхойкхий. И оьшуш волу цхьаъ цара дIахIоттаво,ткъа вуьйш малхехь а лаьттар бу, догIанехь а лаьттар бу цхьанне а бала а боцуш… Царна цхьа а кад а гур бац, я Iаса а гур яц.»

Маршо радио:
Аша,могIарера  яхархой санна, бусалбан нах санна муха кхетадо  тергал луш дерг?

«Цхьамма а иштта даздина уьш леладе  аьлла моьттуш яц со. Вайна хууш,Iеламнаха дийцарехь ,Дала цхьа къайле елларг тийна-таьIIа,гIарвала а  бехке хеташ лелла-кх,нахала ца волуш. Ткъа тахана хIорш байракх а йина лелаш бу цу динах. Ас церан мета хилча  меллаша и хIумнаш схьа а еъна, цхьана билггалчу метте  охьа а ехкина, къоме дIакхайкхор дар-кх,шайна луъург ван а волий хьажа,хIорш кхуззахь ю шуна.»

«Суна уьш цIарна лелош хIумнаш хетта. Хьанна гергахь  и Iедалдай базбала гIерта-м хаац».

Маршо радио : Халкъан цIе айа, язьян а леладо–те цара иза, я шайн цIе яккхийта?

«Халкъан цIе  муха язло цигахь? Суна цкъа а ца хезна халкъан цIе яьккхина,иза хастош.  Халкъан цIе яьккхиний бен ас  гIала,мохк денбар а хьахор дацара. Нохчий къомо дина  мА ду шадерг а. Ткъа  кхара дийцарехь  и цхьа ши стаг ву дерриг динарг,даима а хестош берш а уьш бу. Соьга хаьттича къоман дуьхьа лелош дац.»

«Тхоьга хаьттича лаахь а,ца лаахь а аьлла  нах юх-юха а  кху  гIала кхийла ца эшар, Iедалехь болчара,шайн самукъаненна. Нахана кIордийна и цIарна лело хIумнаш…»

Цхьаццаболчу, Нохчийчоьнан Iедалан куьйга кIел боцчу хаамийн  гIирсаша а, тергамхоша а соьца къамел динчара а билгал ма-даккхара, кхузахь динах гIортор яр, цуьнан гIоьнца нехан хьажам, кхетам, лехам йийсаре бан санна гIулчаш яхар, ондда бух болуш хIума ду.

Цара кхеторехь бусалба дин, Iедалдайн карахь, урхалла дарехь атто кхуллу, цхьа ша-тайпа гIоьналлин зеразакъ хилла дIахIоьттина Нохчийчохь, коьрта тIеIаткъаман ницкъ муфтият а йолуш.

http://www.radiomarsho.com

11.07.12.