Шен ненан мотт халкъо
Сий ойбуш , 1алашбахь .
Цу халкъан парг1ато ,
Цхьамма а хьошур яц.
КЪАМАН КЪАЙЛЕ , я ЯЙНАЧУ ЛОРАХ
Дешхьалхе
Лераме дешархо! Цхьа хьалха оьрсийн маттахь яздинера вай х1ара йозанаш. Т1аккха нохчийн маттахь юха яздан а дизира. Цуьнан бахьна дара, церан хьалхара барам сайна чекхбаьлла аьлла хеттачохь, айса мел ала г1иртийнарг, суна дийца лиъначу кепара нисделла цахилар. Х1унда аьлча, мел хьал долуш оьрсийн мотт белахь а, иза историн -«ненан мотт» цахиларе терра, цуьнгахула соьца «хьасене» ца йолура шираллера з1ен.
Ткъа нохчийн маттахь со яздан х1оьттича, боккъалла а, со цец а воккхуш дукха бара, оцу ширалло вайга беш болу хаамаш. Шаьш мел берш бийца, «ахьа», цхьана стеган корматалла а, я дахаран хан а тоьар йоцуш. Цундела и белхаш бан динна 1илманан институташ а, дика говзанчаш а оьшуш хиларе терра, вай кхузахь дийца кечдинарг цхьа к1езиг х1гма бен дац. Хила дезачуьнга а, цу аг1ора вайн дан дезачуьнга хьаьжча. Делахь а, оцу «цхьажиммо» а, соу цхьана м1аргонна, нохчийн меттан аьзнаш декачу азаллехула «вадина» чекхваьккхича санна хоьтуьйту суна.
Оцу шираллера дуьйна схьа, Тахане кхаччалца еха йолчу, сайн нохчолан оьмарах, со соу а цец вуьхуш. Х1унда аьлча, кхин х1умма цахилча а тоьар дара, и сан оьмаралла хадон г1ерташ, кху т1аьхьарчу масийта б1ешарахь г1азакхийн-советин-г1азакхийн идеологин хьегна долу къа а. Суна хаьа, соу тоххареь историн кхеллашка цхьанхьа «1ийлла» цависсарна бахьна, сан кхолламна т1ехь лаьтташ болу Дэлан къинхетам хиларна дуйла. Цундела ас Цунна хастам а бо. Со Цо, бусалба кхолларна а, аззалера дуьйна схьа, сайн къомах Цо суо цаваккхарна.
Т1ейог1учу ханна а, изза Шен къинхетам, сайна т1ехь, сайн доьзална т1ехь, йиш-вешина т1ехь, нохчийн къоманна т1ехь латтор ас Цуьнга деха а доьху. Тахана, шайн дин, къоман амалш, аматаш хийца кичча, Нохчийчуьра дуккха а адамаш, г1амарах хи санна дуьненан массо а маь1эхь д1ахудалачу хенахь. Вайн цхьаболчу интеллегенташа а, тхо оьрсийн культуран нах ду бохучу дийнахь. Оцу шайн хабарца шайгахь цхьа а культура цахилар а гойтуш, г1азакхийн — нохчийн т1емаш уггаре а хьалха, оцу шинан къоман культуран къовсам буьйла а цахууш. Цхьабакъду, вайна билгала хаам цахаьа, и царна вайначул а дикоха хууш ду, я дац. Хьанна хаьа, хила тарлуш ма ду, цара иза хаза «деззачохь» д1а хазийта бохуш хила а.
Делахь а, вайн 1эламнаха лелочуьнга хьаьжча, оцу вайн интеллегенташна кхин бехк буьллийла а дац. Кхолламо к1урк1амо вайн халкъ хьийзадечу хьокху т1аьхьарчу ткъайхьа шарахь, даима а бекхабелла, белабелла, вайн артистех терра — «мерзачохь», «к1едачохь», «хазачохь» хуьлуш болчу. Шаьш ишта, дехьа, сехьа , кхоалхьанахь бекъабаларна, нохчийн къоманна юкъахь муххале а, шайна юкъахь а масла1ат дан, шайгахь, я хьунар, я доьналла а доцуш. Ма дарра аьлча, вайн къоман барт ишта 1эг1абалар а, уггаре а хьалха, цаьргара схьа ду. Иштачохь муха дага цадог1у, Лакхарчу шари1атан кхэло х1ара бохий, Нохчийн муфтиято ишта бохий, Шурас х1ара сацам биний бохуш, цара массо а аг1ора, Нохчийн къоман паччахьалкхаца латтина девнаш. Россина кхин цкъа а, т1амца Нохчийчу ян аьттонаш а бохуш.
Амма хила тарло царна юкъехь дикниш а, воуниш а. Делахь а, вайн кхузахь меттиг а , я 1алашо а яц, цараха муьлханийг муьлха ву хержа. Цундела вайн къоман синкхетам ира – кара латтон кхин иманехь цахилла болу уьш, Дэлан кхэле д1акховдор вай. Динца адам декъа г1ерташ, Нохчийчохь цара долина хиллачу питанна уггаре а хьалха уьш бехке барца. Вайн мостаг1чо вайца бечу т1амал а, вайна б1озза кхераме долу и питанна цара кегорна. Х1унда аьлча, и важа йовсар вайн махкара д1авахча а, и цара долийна зулам, вайн махкахь дуккхачу а ханна лаьттар долуш хиларна.
Цул а совнаха, вайн 1эламнехан и цакхетам хиларна мелла а алсам дели, кху глобализацин заманашкахь, «х1айт» аьлла шайн «болх» д1акхоьхьучу Малхбузерачу миссионерин вайн къоман синкхетамна «т1екхийдар» а. Кхузахь вай дахкича шорта дара, цу хьокъехь долу тоьшалш. Къаьстина, вайн ц1ера даьллачу хьалкъаца цу миссионераша шайн болх д1акхехьарх лаьцна. Цу тоьшалша гойту, нагахь х1инцалца схьа, нохчийн ц1ий «муьлурш» Кавказ яккха г1ерташ болу г1азкхий бен цахиллехь, х1инцачул т1аьхьа, нохчийн са «муьлу» берш, Малхбузера миссионераш а буьйла. Ткъа ма-дарра дийцича, цуьнан а, вукхунан а тоххарехь барт хилла цахиллехь, вайна х1ара т1емаш а хир бацара. Масала, ишта цара биначу бертан билгалонах цхьаъ хета, цу миссионераша нохчийн маттахь вайна юкъахь даржош долу шайн динан жайнаш а. Масала, цараха ду; «Йахьйайн жайна», «Лукин жайна», «Х1ун ю дуьненан хазна», «1ийсайн дахар» и. д1. кх. а.
Ала дашна, нагахь цу миссионераша нохчий иштачу «эсалчу» хьехамашца шайн дине кхайкхахь, цхьаболчу г1азкхийн мозг1арша, нохчий шайна уггаре а зуламе нах санна буьйцуш хилар. Масала, иштанийг дуьйцу, х1ара шоллаг1а т1ом уггаре а марсабаьллачу хенахь, масехьчу мозг1аро Россехь зорбанехь даьккхиначу «Православин буххаш» ц1е йолчу цхьана жайно( цуьнан авторш билгала муьлш бу цахаарна, вайн ч1аг1дан йиш яц, уьш мозг1арш бу, я цхьа провокаторш бу). Цо дийцарехь, 1йиса-пайхамар(а.с.) «вер» а, нохчийн «лар» йолу х1ума ду. Дерриг дуьненна а , иза шен заманлера уггаре воккха «террорист», «радикал» санна йах1удаший, римлянаший «вийнила» хууш доллушехь, Хьалхарачара, цуьнгара шайн дина кхерам гарна, вукхара, цуьнгара и кхерам, шайн империна халуш хиларна.
Ала деза, и тайпа ларт1ехь доцург айса дешча, сан хьалхара хилла ойланаш яра; «…и дара х1инца вайна т1ехь кхолланза диснарг… , .. нохчаша-м тешна а «цавинера» и, ша нохчо хиларна цавинехь..», бохуш. Цхьана аг1ора, кхин тидам а цабеш, дита а дог1ура иза. Иштачу мозг1арша и саннарг дийцина ца1аш, нохчийн зударий -бераш дойу герз г1овсе (освящение) доккхуш хилар дага даийтина. Кхечу аг1ора, суна уггаре а ч1ог1а тамашина хеттарг дара, нохчий цара иштачохь хьахабар. Ткъа иза шеца цхьа «нун» долуш хиларна талла а лаьара.
Цу талламна юкъера ю, вай х1инца кхузахь яхкош йолу кийсагаш а. Оцу вай буьйцучу мозг1аршна, церан дэла нохчаша «цавийнила» а гайтархьама, малхбузерачу миссионерашка, нохчийн маттахь цара Тоуратан , Инжилан, Забуран йозанаш дахар эрна къахьегар дуйла а алархьама. Х1унда аьлча, вайна схьах1уттучу суртаца, нохчий шаьш а бу, оцу йозанийн бакъ болу чулацам нохчийн маттаца хьанна а д1ахьеха йиш йолуш.
Цхьа волчунна тардала а мега, вай кхузахь юьйцург сонталла ю, я дош доцург ду. Цундела ма хуьллу сихха, вайн къамаьл, и йозанаш айса нохчийн маттаца толлучохь сайна зеделлачунна т1едуьгу ас. Ткъа иза д1адолон а суна луур дара, римлянашнал а ч1ог1а, ях1удашна 1ийса(а.с.) цавезар х1ун хилла те, бохучунна т1ера. Т1аккха Инжало дийцарехь , жуьгташа 1ийса(а.с.) емал варна уггаре а доккха бахьна хилла, цара и шайна т1евеънарг а, шайха воцург а лоруш хиларна.
Кхузара ша шеца схьах1утту кхин цхьа хаттар а. Жуьгташна оццулла хийра хетта и пайхамар, ша мичара хилла те, бохуш долу. Вай цхьаьнца цхьа а къовсам бац, цуьнан схьавалар Галилера хиларна. Амма вай биначу талламера вайна хаьа, оцу заманашкахь, Галилеян шоллаг1а ц1е, «Шама»(«Шема») хилла юйла а. Х1аъа. Вай юьйцург ю, цхьаболчу нохчаша шайн шира мохк лору Шема. Ислам даьржиначул дикка т1аьхьа а, х1инцалерачу Сириний, Иорданний, Ливанний, Палестининний юккъехь 1йиллина йолу. Дашна аьлча, и меттиг ю,таханалерачу Израилан доккхаха долу дакъа.
Х1инца хьовсур вай, Тоурато муха юьйцу, 1йиса-пайхамар(а.с.) цигахь гучавала везаш йолу билгало. Масала, цуьнан пхоьалг1ачу жайнерачу ткъе кхойталг1ачу декъерачу цхьана байто цу хьокъехь ишта боху: «Лекха Волучуьнан Нур, Т1ур -Сина т1ера схьа, Сеир лома а даьлла, цигара д1а, Фаран лаьмнашка делира». Исламан баккхичу 1эламнаха(масала; Са1ид Нурси) дийцарехь, оцу байто буьйцурш; Муса(а.с.), 1йиса(а.с.), Мухьаммад(с.а.с.) пайхамарш бу. «Т1ур», Мусас(а.с) Дэлаца къамаьл дина Т1ур — лам а болуш, «Сеир», 1йисас(а.с.) хьехамаш бина (нагорная проповедь) Шема — лам а, ткъа «Фаран», Мухьаммад(с.а.с.) гучаваьлла долу Хиджаз лаьмнаш а долуш.
Цул а совнаха, вайн кхузахь тидам хуьлу, «Сеир»(Шам-лам) бохучу ломан ц1е, нохчийн маттахь атта тидалуш юйла а. «Се («угол», «вершина», «хребет») ир» — лам» бохучу барамехь. Ишта вайн терго хуьлучох ду, нагахь «Шема» а, «Нашха» а нохчаша шайн сил-силан иэсехь цхьаъ лоруш елахь, «Галилея» бохург а, «Галай — ч1аж» бохучуьнца цхьана эшаре дар а. Т1аккха лаа дуй те, шираллехь гергарчу Малхбалехь хилла «Шема» = «Галилея» хилар а, Нохчийчуьра Нашха, Галан-ч1ажахь (вай кхечанхьа яхкор ю, оцу топонимин этимологеш а) нисялар а.
Ишта, вай кхин д1а а биначу талламера вайна гучадолу, «1ийса-пайхамар»(а.с.), ширачу арамейн меттан Урферачу диалектица къамаьл деш хилла вуйла. Шен хенахь, Ибрахьим-пайхамара(а.с.) Урфехь бийцина а, т1аккха цо, шеца Ханаана д1абаьхьна а хиллачу маттаца. Масала, талламхоша оцу маттара лору; «Элой! Элой! ламма савахфани» а. Инжало дийцарехь, 1ийсас(а.с.) шена жуьгташа-римлянаша та1зар дечу хенахь, аьлла ду бохуш долу. Уьш вай деша а доьшу, оьрсийн маттарачу Инжална т1ехь; «Боже Мой! Боже Мой! для чего Ты Меня оставил?» бохучу гочдарца.
Амма, вайга хаьттича, цхьанна а аг1ора нийса хила йиш йолуш бац, г1азакхийн маттара церан чулацам. Х1унда аьлча, » Дэла! Дэла! Ахь со х1унда тесна витна» бохург, пайхамара муххале а, ша иманехь волчу хьам-хьамма эр доцург ду. Иза Дэлан къинхетамах дог диллар санна дерг хиларна. Ткъа вай бохучу кепара аьлча, уьш хила дезара, масала; «Дэла! Дэла! Хьан муьлхачу а кхэлана муьт1ахь ву-кх со» бохучу барамехь. Иштанийг вайна гуча а долу, нагахь 1йисас(а.с.) аьлла боху и дешнаш, вай нохчийн маттахь тидахь. Амма уьш ишта тидале, цкъа хьалха билгаладоккхур вай, цаьрцара «ф» элип хила йиш йоцуш дуьйла. 1йисас(а.с.) бийциначу ширачу арамейн маттахь а, нохчийн маттахь санна и цахиларна. Ткъа и семитин элип цу дешнашца нисдалар кхета дог1у, иза жуьгташа цу юкъехь х1отта дарна. Шайга арамейн-нохчийн «хь» ала цадаларна, иза «хф» бохучунна т1е а дуьгуш.
Вай аьлларг юха а т1еч1аг1до Инжало а. Цу дийнахь, 1ийсас(а. с.) бохург шайна х1ун ду цахарна, цигахь гулбеллачара вовшашка хетта а хоьттура, тида а туьдура цо аьлларг, бохуш. Цу тайпа, вайна го, 1йисас(а.с.), х1етахь жуьгташна — римлянашна цакхеташ бийцинарг, шен ненан мотт хилла буйла. Вайн кхетамехь, ширачу арамейн — нохчийн мотт. Иза ишта ала вайна бакъо ло, х1етахь 1йисайн(а.с.) чалташна х1ун ду цахиънарг, тахана а, цу хенахь дуьйна ший эзар шо даьллошехь, вайн меттан мукъамашца, меттан кхетамца, Исламан динан арканашца дог1уш хиларо.
Шайн чулацамца: «кхоалла», «к1ант», «да» , «Г1овсе 1а» («г1овсе» вай лерийна, г1азакхийн -«Святой») боху кхетам а боцуш, 1йиса(а. с), Дэлан лай хилла вуьйла а гойтуш. Дахкор вай кхуззигахь, и — «Элой! Элой! ламма савахфани» = «Эла! Эла» ла(а»-дахде) ма ва со хьани»= «Эла», «Эла», ла ма ву со хьан» санна. Гуш ма дарра, хуьлуш дерг ду, вайн диалектин –литературни; «Господи! Господи! я же Твой покорный»(г1аз. маттахь).
Цу тайпа, вайна хаало, Инжална т1ехь; «Господи! Господи! почему Ты меня покинул?», бохуш, 1йисас(а.с.) Далла бехк боккхучу хаттарна метте лаьттарг; «Господи! Господи! я же Твой покорный» , дуйла. Ткъа оцу аларца вайна хаало: 1ийса(а.с.) Далла хьаста валар. Цунна цо хастам бар. Иза Цуьнан муьлхачу кхэлана реза хилар. Цо, ша Цуьнан лай а, Цунна муьт1ахь верг а ларар. Ша бохург, шен синна – дег1анна болучу кхерамна а доцуш, йист йоцучу безамца шена Дэла везаш хиларна а долуш.
Кхузахь вай ч1аг1деш ала йиш яц, вай дуьйцург, Дуьненан килсана боккъалла хаьа а, я цахаьа. Амма кхечу аг1ора ларамза цахета, Ватиканан а,Оьрсийн килсанан а дайша, нохчийн ц1ий 1анор тергал цадар, цара иза сацаде олуш цахилар. Цундела цхьацца шеконаш а хуьлу, вай дуьйцург тоххарехь царна хууш дуй те, бохучу кепара. Вуьшта аьлча , уьш кийча хета, муьлха къам х1аллакдан а. Нагахь цуьнгара шайна, шаьш эзар шерашкахь дуьйцучунна цхьа кхерам хаалахь. Кхузахь ч1ог1а тера ду, и кхерам царна нохчийн къомера гуш хиларна.
Амма кхузахь кхин керла хабар юкъехь цадоккхуш, хьовсур вай, 1йисайца(а.с.) хилла бохуш Инжало буьйцучу хилламах, Къор1ано муха дуьйцу а. Вайн тидарца ишта ду иза; «Цара олура; оха вина Масиахь 1йиса, Марьяман к1ант а, Дэлан элча а, амма цара вина а, я ж1ара т1ехь д1атоьхна а вац и. Царна ишта тарделларг ду иза. Ма-дарра хилларг, шайна х1ун ду цахаарна. Боккъалла а, цара вийна ма вац иза»(Къор1ан: 4 -157).
Кхузахь тидам бер вай, оцу аятацара 1арбойн маттара «Масиахь», нохчийн — арамейн маттахь а изза шен кхетам болуш хиларна. Нохчийн «маса»(я»масу») бохучу дешан кепехь а ша долуш. Дешархочунна цахаьахь а боху вай, оцу шинна а маттахь, цу дешан маь1на;»сиха верг», «массанхьа кхочушверг» бохучу хьесапехь ду. Масала, нохчийн маттара — маса 1ийса бохург а, 1арбойн — Масихь 1ийса санна хуьлу. Ала деза, вайн белхашкахь массийтачу кепехь и дош вай далийна хилар. Шайцара цхьаъ, керистан динера — «Месси» а долуш.
Амма уьш т1аьхьоо дийца а дитина, цкъачунна кхузахь билгала йохур вай, нохчийн -арамейн меттанашца вай тида лерийн йолу; «1ийса-пайхамар»(грекин аларца -«Иисус»), «Марьям» боху ц1ераш. Уггаре а хьалха, цаьрцара «пайхамар» боху дош; «пе (й) + ха + Мар(а) бохучу барамехь декъа а декъна. Цуьнцара «пе»; «стена», «защита», «дом», ткъа «ха»; «охрана», «страж«(г1аз.маттахь) бохург дуйла а гойтуш. Туьдур вай, цу дешан т1аьхьара «Мар» бохург а. Иза ламоройн «Мар» боху дош санна а лерийна. Цара г1азкхийн маттара «Повелитель» лоруш долу. Масала, иза го, церан, «ахь тхуна маралла ма делахь» бохучу аларца а.
Билгала доккхур вай, и «мар» («повелитель», «повелевающий»), вайн литератораша а, лингвисташа а шайн цакхетамна бахьна — «майра»(«муж» = «храбрый») бохучунна т1едигна хилар. Ткъа и «мар» а, «майра» а шайн тайп-тайпана маь1наш долу дешнаш дуйла гойту, нохчийн кхечу кепара аларш а. Масала; «мэре вакхха…» а, «марха» а бохучара (и.д1.кх.). Цараха хьалхарнийг, цхьаъ цхьана х1уманна билгала воккхучохь олуш ду. Масала , ишта олу, ч1ирунан дов дерзачохь, бехк боцурш маьрша а бохуш, и ч1ир екха къаставечохь. Шоллаг1чуьнца вайна хаало; зударийн ц1е а, дог1анан марха а, кхобу марха а. Шен ширачу арамейн – нохчийн маттара этимологи —«Мар+ха» бохучу барамехь а йолуш. Зударийн ц1арца и дош доьзна хета, «Далла лерийнарг»(«посвященная Богу») бохучу кхетамехь(кхузахь дагаяита Мария, 1йисайн нана). «Мар+ха»(облако) бохучохь и дош кхета дезаш хета; «Дэлан дог1анан ха(страж)» санна. «Мар+ха»(пост) аларца цуьнан кхетам хета; «Далла(1амал ян) лерийна ха(время») бохучу хьесапехь.
Вай т1аккхахула шайн тидарш деш кхин а дахкор ду, цу тайпара, масала; «Хьалхара Марта», «Марта»(хин ц1е), «маршо», «маршалла», «марда»(и. д1. кх.а.) боху нохчийн дешнийн. Вуьшта цкъачунна, ширачу арамейн – нохчийн маттара «Мар», ширачу Вавилонехь а, Дэлан цхьа ц1е санна хилла юйла билгал а даьккхина дуьтур вай иза. Ала дашна, цигара схьадог1уш лору вай, латинин-европхойн «мэр» а.
Ткъа х1инца терго ер вай, «пейхамар»; » пе – ха, Мар» («пе – ха Маран»)бохучу барамехь вайн нислуш хилар. Кхечу дешнашца аьлча, шен чулацам — «Дэлера г1онна\орца веънарг» а долуш. Тамашина ду, оцу «пе(й)+ха+Мар» бохучу дашцара вайна ширачу нохчийн маттахь хаа елла Дэлан ц1е(«Мар»), ша, «1йиса» бохучу ц1еран хьесапца а вайна гуча йолуш хилар. Нагахь и ц1е; «1йи +са» бохучу барамехь вай тидахь. Кхузахь тидам бер вай, г1азакхийн маттара —«Дух», вай «1а» санна ларар а, ткъа ламороша и дош; «1а» — «1йи» бохучу шалхенашца олуш хиларна а. Ишта, атта вайна кхеташ ю, оцу ц1арцара «са(г)» боху дешдакъа а. Шен г1азакхийн маттара хьесап; «душа» , «свет», «человек» а долуш.
Оцу кепара, и «1йи+са» д1а схьа декъначул т1аьхьа, цуьнан чулацам вайна го, масала; «Ахьмад са», «Хьамзат са»(и.д1.кх.) бохучу хьесапехь терра. Шен оьрсийн маттара чулацам; «Свет Духа», «Посланник Духа»(и.д1.кх.) аьллачу маь1нехь а болуш. Масала, «1а +саг»(лит. «стаг»),«1ий+сиг»(1ийса) барамехь иза хир дара , г1азакхийн —«духовный человек» санна. Доьшур вай х1инца , цу хьокъехь сийлахьчу Къор1ано дуьйцург а.
Вай динчу гочдарца иза ду; «Х1ай, шайга йоза кхаьчнарш, ма-била шайн динан дозанел а ара, ма-дийца Дэлах бакъдерг бен, Масиахь 1йиса Марьяман к1ант, Дала ваитинарг а, Цо Марьямана чу диллина дош а ду: Иза — 1а ю, Дэлера схьайог1у ….(4-17) бохург. Оцу аятан маь1ница кхузахь чекхдаьлла лорур вай, «1йи+са -пе(й)+ха+Мар»(а.с.) бохучу аларах вай дина и шалха тидарш а. Цаьрцара; «пе», «ха», «са» 1ийсайн(а.с.) бийлгалонаш а, ткъа «1ий», «Мар» Дэлан билгалонаш юьйла а гуш.
Ткъа х1инца лаха хьовсур вай, 1йисайн(а.с,) ненан Мариян ц1еран къайле а. Цуьнан маь1на а вайна атта гучадолуш хеталою. Нагахь вай х1инца дийциначу «Мар» бохучу дашах пайда а оьцуш, «Мари +я» бохучу барамехь вай иза екъахь. Масала; хьенан ю Мария боху хаттар вай кхузахь х1оттадича, цунна жоп вайна карор дара ширачу нохчийн маттахь, оцу ц1арна шена чохь Шен маь1на; «Мари я» бохучу хьесапехь а долуш. Вуьшта дийцича, ширачу арамейн -нохчийн маттара; » Дала къастинарг ю», «Дела я» («я», лит. –«ю»)бохург ду иза. Ша г1азакхийн маттара; «избранная Господом» а долуш.
Аьллачунна делил санна ду, масала, ламоройн; «аз мари я» боху алар а. Шен «аз Мари я» бохучу барамехь, данне а, оьрсийн маттара — «она замужем» а доцуш, «она избранная Повелителем» бохург хуьлуш долу. Кхузахь вай бохург гуттаре а ч1ог1а т1е ч1аг1до, Къор1ано Марьямах лаьцна дуьйцучо. Вай диначу гочдарца, ша; «Малайкаша элира; «Х1ай, Марьям, Дала къасти хьо, ц1ан йи хьо, 1аламехь мел йолчу зударел лакха а яккхий хьо»» бохург долу.
Ткъа х1инца, цкъачунна сацор вай, «1йиса-пейхамар»(а.с.), «Мария» бохучу ц1ерашна а, цаьрца доьзначу дешнашна а вай беш болу таллам. Цараха лаьцна дуьззина долу дийцар, т1аккхахула зорбане даккха(Дала мукъалахь) вайна т1е а лоцуш. Т1аккха оцу дийцарехь цхьайолу кийсагаш вай кхузахь яхкор бахьнаш дара, вай лакхьа ма аллара; а)вай тохара бийциначу г1азакхийн мозг1аршна, 1ийса -пайхамар(а.с) нохчаша «цавер» бахьнаш дийцархьама. б) малхбузерачу миссионерашна, керистан дин нохчийн маттахь 1амон меттиг буйла гайтархьама.
Цул а совнаха, иштанийг ду вайн ала, тахна вайн къоманна цхьацца кхийссарш ечу цхьа болчу сионисташка а. Дуьйцур вай царна и, вукхарна нохчийн маттахь «Иисус» бохучу ц1еран къайле ма — йиццара, нохчийн маттахь. «Иуда» бохучу ц1еран къайле а царна юьйцуш. Дешархочунна цахаьахь а боху вай, кхузахь юьйцург ю, Йакъуб(Израиль) -пайхамаран(а.с.) цхьана к1ентан ц1е. Вайн кхетамехь, т1аьхьоо, жуьгташца шен х1у д1а эделллачул т1аьхьа, ширачу израилхошцара шен сил-сил хаьдда волчу.
Т1аккха къаьстина,кхузахь оцу ц1еран тидар вай далор, жуьгтин 1илманчашка а, 1эламнахе а, и шайн; «иуда», «иудей», «иудаизм» боху «г1овсе» дешнаш тидалуш цахиларна, царна г1онна аьлла ду. Ткъа вай и ц1е дуьххьара йоьшу, Тоуратан хьалхарчу жайне т1ехь: «И еще зачала, и родила сына, и сказала: теперь-то я восхвалю Иегову. Посему нарекла ему имя Иуда. И перестала рожать»(Бытие:29-35) бохуш. Оцу байтан тидар дале, цкъа хьалха билгаладоккхур вай, и ц1е г1азакхийн аларца а цаялош, яло ма-еззара ялош хилча -«Йаhudа» бохучу барамехь хила езаш юйла.
Оцу нисдарца, х1инца нохчийн маттахь юха йоьшур вай, Тоуратан и байт. Ишта; » Кхин цкъа а, аре лацаелира, вира во1, элира: х1инца-м Иеговна хастам бир бара ас. Цундела к1антана Йах1уда ц1е а тиллира. Т1аккха 1ахар а яхара» . Вайн кхетамехь, Лияс ша воьалг1а к1ант вича, Иеговна бина болу хастам, цу к1антана тиллиначу ц1еран маь1ница бу. Нагахь нохчийн маттахь шен хьесап дича, оцу ц1арца Дэле Лияс бинарг хастам бу. Г1ад яхарца, Цуьнга — » Йа, х1у Да!» бохучу кхайкхарца (вай тидина ю, Исраил-пайхамаран вукху к1ентийн ц1ераш а).
Цу тайпа, Тоуратан а, Инжална а т1ера, вай диначу масехьчу тидарша дуьйцург, вайн къоман историн яккхичу къайленех ду аьлла хета. Ала деза, нагахь и санна долу тидарш ишта масехь бен дацахьара, цараха кхин т1ех баьккхина тидам а бир бацара вай. Амма уьш вайн дукха хилла а ца1аш, инзаре дукха ду. Уьш ишта дукха хиларна цхьа бахьна , схьах1уьттучу суртаца, цхьа Дэлан хьехамца, уьш тидаран «дог1а» вайна эххар карадиначох тера хиларна а хета.
Дешархочунна оцу «дог1анно» муха болх бо гойтуш, кхузахь масална ялор вай, Тоуратан т1ера; «Поспешай, спасайся в него; ибо Я не могу сделать Своего дела, пока ты не придешь туда. Потому и дано имя городу сему: Сигор«(Бытие: 19-22) бохуш йолу байт. Йоккхур вай и х1инца нохчийн маттахь. Ишта;«Сих г1о, к1елхьара вала цигахь; Cоьга цадоло Сайн г1уллакх, хьо цигахь д1аккхаччалца. Цундела аьлла ду цу г1алех: Сигор». Кхузахь вайна хаало, и «Сигор» (греч. транскр.) боху ц1е, оцу г1алина тилларан коьрта бахьна, Дала Лута-пайхамаре(а.с.), «сих г1о» бохуш дечу омраца доьзна дуйла. Кхузара схьахета вайна, оцу топониман этимологи а, нохчийн; «сихг1о», «сихое», «сихло» бохучу дешнех схьаяьлла.
Иштачу вайн тидарша ойла йойту, «йах1удалла», «керасталла» дуьххьара ширачу нохчашна юкъахь доьссина а, церан маттахь а хилла дуй те, бохуш. Вай кхеташ ду, и санна дерг тахна алар а, дуьненан «даджалера» вайн халкъана боккха кхерам бахьаш дуйла. Цундела дара, Тоуратна, Инжална, Забурна т1ера нохчийн маттахь вайна зеделларг, х1окху 7-8 шарахь вай зорбане цадаккхар а( х1ара статья зорбане хилла 3-4шо хьалха. «Нохчийн майд форумехь а,т1аккха «Кавказневс» сайтехь а).
Амма вай и дийцахь, цадийцахь а, оцу «даджална» иза вайначул а дикоха хуучохь тера хета. Кхузара лору вай, дуьненан дуккха а пачхьалкхаш а, къаьмнаш а, цо вайна т1емашца, девнашца коча тийссар а. Иштачохь тамашина ду, оцу «даджална» г1о лоцуш, вайна юкъера цхьа берш а хилар. Вайн къам, массо аг1ора; тайпанашца, динца, лакхара, охьара бохучу къестамашца шаьш доькъуш болу. Масала, оцу зуламхоша т1аьхьарчу хенахь дуьйцучу эладиттех цхьаъ ду, нохчийн -ламоройн тайпанаш, шайн орамаш жуьгтийн долуш ду, Нохчийчохь хуьлу зуламаш а, къаьстина цаьргара хуьлу, бохург.
Ткъа иштанийг мелла а шайца цхьацца шеконаш хуьлуьйтург ду. Цу тайпа, «лахьарий», «хьаларий» бохучу кепара вай декъа г1ерта «дауевг1ар» а, динца вай декъа г1ерта «удуговг1ар» а, шаьш буй те, вукхарах х1у хьакха делла бохучу кепара. Вай кхузахь эрна хан цаяйархьама цадуьйцу, нохчийн уггаре а ц1еначу ламоройн тайпанах Дауевс яздеш дерг. Вуьшта иза ч1ог1а хаа луучунна хьехам бу, цуьнан и цхьаъ бен йоцу книжка ешар.
Ишта ду «удуговг1аьрца» дерг а. Аьллачунна делилна ас дахкадо, цхьана заманчохь Удуговца белхаш биначу И. а, С. а, тайп-тайпаначу заманашкахь дина тоьшалш. Шайга, шаьш цунна уллора д1а довларах бахьна дийца аьлла цхьатерра диначу хаттарна, цара делла жоьпаш а дара цхьатерра. С… аьлларг; » йа, Аллах1, ма цахаьа-кх шуна, царна нохчий мел цабеза…» бохуш. Ткъа И…. аьлларг ; » Нохчий царна б1арга бахка цабезарна…. Ткъа цуьнан тобанца тхо ван а вацара, масехь бен …», бохучу кепара. Суна ца моьтту, вайн махкахь а бевзачу цу наха дина и тоьшалш харц хир ду аьлла….. (чакхе хир ю).
Докка Амагов 2004 ш.
Chechenews.com
09.05.11.