Нохчийчуьрчу бахархойн мелла а тΙекхочийла ду шайн къоман историн агΙонашна. Цундела цигахь гΙеххьачул бевза къоман турпалш, мехкан дахарна тIеΙаткъам беш хилла къонахий а, иштта мостагΙий а. Амма вайна кΙезиг хаьа хΙун лелийна, муха шайгара нохчалла ца дожош схьабаьхкина, Оьрсийчоьно нохчийн дахарх 19-чу, 20-чу а бΙешерашкахь дамар-дарц дича, мухΙажирш бевлла нах. Юьсийла дац и агΙо а, нохчийн иэсах а хаьдда, юьстах.
Вайнехан латта дIалаьцначу Оьрсийчоьно дин леладойтур дац, аьлла, шайн доьзалшца цхьаьна я цхьалха, даймахкара хIижарат дина, бусулба Туркойчоьнан олаллехь хиллачу Урдун-махка кхечира цIеяхна нохчийн къонахий. Церан цIерш кхоччуш дагахь латтайо Урдунерчу нохчаша.
1901-чу шарахь Даймахкара гIаш арабевлла кхаьчна Урдуне дуьххьара нохчий. Махках боьхнехь а, къар ца луш, дахаран дакъа лохуш а, къахьоьгуш а баьхна уьш керлачу меттехь.
Урдун Туркойн олаллера а яьлла, Ингалсан Iедалх йозучу муьрехь вуно дика дара кхузарчу нохчийн хьал.
ХIетахь Хункар-мохк олуш хиллачу Туркойчоьно Урдунехь нохчех дуьххьара дарже хIоттийнарг Бено Ойб вара. Ойба шена дика туркойн а, Iаьрбийн маттанашкахь деша а, яздан а Iамийнера. Цундела дика дIакхийхьира цо Урдунерчу нохчийн гIуллакхаш.
Хьалхарчу суьрта т1ехь: Урдун — Дуьххьара Урдуне кхаьчна нохчий, Суеле, 1958 шо.
Бено Ойб
Ойб шен деца Iабдаллица гIаш веанера ДегIастанара. Урдунехь дуьххьарлера Суеле олу нохчийн юьрт хIоьттинарг ву иза. Туркойн Iедало цигахь юьртда винера вира цунах 1904-чу шарахь.
Оцу хенахь Урдунан паччахь Iабдалла Хьалхарниг сих-сиха хуьлура Ойб волчохь. Махкара туркойн Iедал дIа а даьлла, Ингалсан Iедал хIоьттича, Ойбана, ша хьекъале стаг хиларе терра, дика хаьара керлачу Iедалца ларавала. Цундела цо тIаьхьа тIебаьхкинчу нохчашна дуккха а аьттонаш а бира.
Цо Ингалсан Iедалца юкъаметтигаш дика лелор нохчашна пайде хилира. Иштта дахарехь аьтто цо биначех цхьаъ вара Султан Идрис . Султан лекхарчу дарже а ваьлла, Ингалсан эскарехь эпсар вара.
Султан Идрисах лаьцна цуьнан тIаьхьенах йолчу Мухьмад Салвас иштта дийцира Маршо Радиога .
Мухьмад: «Идрис Султан сан ненада хуьлу. Цуьнан, сан нана бен, кхин доьзалхо хилла а вац. ХIижарат деш, схьабогIуш, некъахь вина ву иза. 6 ваша а, да а велла цуьнан некъахь. Ненан цхьаъ бен воцуш, нанас ша бахам а лелош, Суелехь кхиийна ву. Говр хахка а нанас Iамийна хилла цунна.
16-17 шо кхаьчча, Ингалсан эскаре ваха гIортича, жима ву, аьлла, дIа ца оьцуш хилла иза, ткъа говр хохкуш гича, кхунна-м хIумма а Iамо а ца оьшу, аьлла, дIаэцна.
Игалсан эскарехь шена игаласан мотт а Iамийна цо. Туркойн а, Жугтийн а меттанаш хууш а вара и. Жималлехь дуьйна нахана гIо дан лууш, дуьненан хIуманна тIехь са доцуш вара, чIогIа адамалла долуш вара.
Игалсан эскарехь капитан кхаччалц дIавахара тхан ненада. Игалсан Iедал дIадолуш, жуьгташа и мохк къовсуш, цигара юхавала ца туьгуш, дукха гатвинера иза. Шеца 5-6 стаг бен ца вуьсуш, дохийра цуьнан эскар.
Цул тIаьхьа, Iаьрбийн эскарехь полковникан дарже кхаччалц дIаихира, ша цигахь мел ву, нахана гIо дан гIерташ лийлира. Дуьненан хIуманна тIаьхьаваьлла цкъа а хилла вац иза.
Пенсе ваьлча, шен а беш лелаеш, Iийра иза. ЧIогIа нахана везаш вара. Хийлачо а олура, шен хьекъалца нахал хьалха ваьлла стаг ву иза, олий. «Кавказ» клуб елла дагадеанарг а иза вара. Клубах хIоьттина школа яра, дукха кегийнах бу цигахь деша-яздан Iаьмна.
ДегIастанахь гергара нах бара Идрис Султанан, шича вара Сусар бохуш. Коммунистийн Iедал долчу хенахь, цуьнан сурт Сусара, цхьана хIуманна юкъа а хьарчийна, лаьттах доьлина, Iалашдеш хиллера ДегIастанахь.
Ша дийна волуш, ДегIастанах а, цигахь бехачу гергарчех а чIогIа дог Iийжаш вара иза. ТIаьхьа Сусаран кIант Урдуне схьавеара, юкъаметтигаш а лелийра оха. Дада 1985-чу шарахь дIавелира. 85 шо дара цуьнан дIаволуш.
Султан Идрис
Султан Идрис Игалсан эскарехь хилар бахьана долуш цхьа нохчо велира ирхъуллучуьра. Иза дара туркойн Iедал дIадоллуш, Игалсан Iедал хIуттуш. Кавказерчу эрмалошна а, нохчашна а юкъахь тIематийсдалараш хилира. Эрмалой Игалсан Iедалехьа бевллера, ткъа нохчаша бусулба Туркойчоьнехьа бевллера. Цу юккъехь, нохчаша массех эрмало вийнера.
Ингалсан Iедало и эрмалой байинарш Букар Якъуб цIе йолчу нохчочунна бевза аьлла, иза кхеле хIоттийча, цо уьш хIуъа а дарх бийца ца бийцина, церан меттана иза ирхъуллуш вара. Султана, юкъа а гIиртина, кхел хийцитира цу нохчочунна. Делахь а 13 шарахь Мисар-махкахь, набахтехь Iийра Букар Якъуб, кхело къасторца хала белхаш а беш».
Цу заманахь Мисар-махкахь «Лекха ЧIинг» олу чIинг еш, тIулгаш кхоьхьуш, хан текхира Букар Якъуба. Маршо Радиога цуьнан кIанта, Букар Iабдаллас дуьйцу шен дех лаьцна:
Букар: «Тхан да ДегIастанара 15 шо долуш шен деца Букарца ара ваьлла ву. Букар Шамалан-Имаман наиб хилла волчу БойсгIаран вешин кIант вара. Туркойн заманахь Урдуне схьабаьхкина уьш. Юьхьанца Суелехь Iийна иза. ТIаьхьа Заркъе кIоштарчу Азаркъе-юьртахь ваха охьахиина.
Азаркъе вале, Суелехь, доккха дов хилла, эрмалой байинера нохчаша. Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, Къуьдсе вахна хиллера Якъуб, йохк-эцар лело. Къуьдсехь цхьана эрмалочо, кхунна бевза шайн нах байина нохчий, аьлла, цигара дIалаьцна, дIавигира Ингалсан эскаро, Палестинехь, Iака олучу гIалахь 3 шо ах шо чувоьллина кхебира. Шега эрмалой байинарш хаьттича, «АллахIо АIлам» олий, кхин уьш ца буьйцуш Iийнера.
«АллахIо АIлам» бохург «Далла хаьа», шена ца хаьа бохург дара цуьнан. Уьш кхин гуча а ца бевлира Iедална. Цул тIаьхьа, 9 шо а ах шо хан тоьхна, чувоьллина Iийна иза. Араваьлча, Суелехь, юха шен бахам болийра цо. Юха Азаркъехь юьртда лаьттира. 1975 дIакхелхина».
Бено Ойб а, Султан Идрис а, Букар Якъуб а саннарш дукха бу Урдунерчу нохчашлахь. Царах лаьцна, тIаьхьа кхиъ-кхиачунан дахар дагалоцуш, царех лаьцна яздеш хуьлу кхузара нохчий.
Таханалерчу дийнахь хийцалуш, чолхе доьрзуш долчу хьелашкахь, шайн Декъастанара дIабахначаьргахь хилла хьуьнар а, похIма а оьшуш зама тIекхаьчна Урдунерчу нохчашна юха а…
26.11.12.