Бисмиллахьиррахьманаррахьим
КЪАМАН КЪАЙЛЕ, я ЯЙНАЧУ ЛОРАХЬ.
(хьалхара дакъа)
‘’Уьш х1ун ю, д1о лиэпарш лаьмнашкахь,
Гой хьуна 1уьйренан серлонгахь?»
«Го дера, мостаг1ийн байракхаш!…
Йо Дэла, 1алашде тхан бераш!»
(Шиллер. Гочдар А. Айдамиров)
1
Вай кхечанхьа а дийцира, 1илмано ч1аг1дарехь, 1йиса-пайхамаран(а.с.) ненан мотт, Ибрах1има -пайхамаро(а.с.), т1аккха Исхьакх-пайхамаро(а.с.), юха Израиль-пайхамаро(а.с.) бийцина мотт хилла бохуш. Кхин а нийса аьлча, ширачу арамейн Харранера арамейн диалект ю иза. Толлур вай х1инца, и «Харран» боху топоним а. Ширачу арамейн маттахь; «некъаш д1а-схьа доьлху меттиг«( г1аз. маттахь: «развилка») бохучу кхетамехь хилла йолу. Нохчийн маттахь иза тидалуш хета; «Хар»+»ан» бохучу аларца.
Билгаладоккхур вай, кхузахь нохчийн маттара «хар»(«а»- шозза дахде), вайн цхьаболчу лингвисташа ма-бохху, оьрсийн маттара цхьа «дупло» хилла а ца1аш, шен чулацам, кхин а шуьрра болуш дуьйла. Масала; «парг1ата меттиг», «есалла» (и.д1.кх.а )бохучу маь1нехь. Ткъа цуьнцара «ан», вай тохара ма дийццара: «пространство», «простор», «даль»(г1аз.маттахь) санна лерийча, атта кхеташ ду, арамейн-нохчийн маттара и «Хара ан», г1азакхийн маттара; «свободное пространство» хуьлий. Вуьшта аьлча, арамейн маттахь ша хилла ма хилларий.
Вайга хаьттича, жимачу Азехь хиллачу оцу топонимаца цхьанаэшарехь а, цхьанакхетамехь а йог1у, Нохчийчьура —«Харачоь»(«Хара +чоь») а. Х1инцалца схьа, вайн 1илманчаша шех нийса этимологи янза йолу. Ткъа кхетамца иза ю г1азакхийн маттара — «ограниченное пространство»(г1аз.мат.) бохучу чулацамехь. Х1унда аьлча, нагахь «Хар+ана«(«Хар» — деха «а»)бохучу аларо йист йоцу дозанаш дийцахь, «Хара+чоь«бохучохь и дозанаш чучча дерзийна дуйла го вайна(цу тайпа, Харачоь а, лаьмнашна юккъе ерзина меттиг хила еза).
Ала дашна, историн кхечу заманашкахь, вай юьйцу и «Харран» хилла, Миттани (Хуррити) паччхьалкхан «Гозан»(европхойн.тран.) ц1е йолу коьрта шахьар а. Тамашина ду, нагахь и Миттанин -«Гозан», нохчийн — «г1озан» дашца вай дуьстича хуьлург а. Масала, цхьана нохчий; «г1оза ма вехийла хьо» бохучу сардамца а,«г1озанна, декъалла хилла вехийла хьо«, бохучу ловцаца ша нислуш долу.
Вайга хаьттича, кхузахь хьалхарнийг: «Даймехкахь воцуш вехийла хьо», ткъа шоллаг1нийг; «Даймахкахь, декъалла хилла вехийла хьо» бохучу аларшца кхета дог1ура. Цу тайпа: «Г1оза(на) вехийла хьо«, я «Г1оза(на) ма вехийла хьо» бохучу аларша вайна дуьйцург ду; «Дала Иднала дехьа воккхийла хьо«, бохучох терра дерг .
Кхузахь «Г1озан» бохург а хета; «г1о» + «з(а)«+ «ан» санна. Хьалхарнийг: «г1о»,»г1о+ра», г1о+нна» (и.д1.кх. а) бохучу дешнашца, шоллаг1нийг:»за+ма»,»заз»,»за+хало»,»за+г1а», «за + мой», «за+къалт»(и.д1.кх. а) бохучу дешнашца доьзна а долуш, ткъа кхоалг1анийг-«ан» а долуш. Цу тайпа, х1уррийтин(Миттанин) — «Г1озан»: ирс-аьтто, гергало, уьйраш(и.д1.кх.а) йолу меттиг ю, бохучу маь1нехь карадо вайна.
Х1инца дагатоссур вай, ассирийцаша Ханаанера ийсаре бигна болу шира – израильхой а, оцу Гозанна (Харран — Г1озанна) бохучу меттехь цара кхачийна хилар. Х1етахь чул а, ши эзар шо хьалха, Ибраьх1им — пайхамар(а.с.) Ханаане д1авахале 1йинначохь. Цул т1аьхьа, дуккхачу шерашкахь, Ибраьх1иман(а.с.) к1ентан к1ант Йакъуб-пайхамар(а.с.), Ханаарера юха а веъна, цигахь шена зударий а бахкийна ваьхначохь. И Гозан шен Даймохк а лоруш.
Д1а ойла йича, семиташа- ассийрицаша, шайн даима мостаг1ий хиллачу халдейцаха – израильхойха, цу тайпа х1етахь бинарг, ша тайпа бекхам — кхардам хета. Шен маь1на; «мацах , шайн да Ибрахьим(а.с.) Ханаане схьа вале вахначохь, х1инца юха г1оу», бохучу кхетамехь. Цу тайпа, вай далинчу оцу цхьана масалца гуш ду, шираллехь Ханаанан(и топоним т1аьхьа туьдур вай) а, Харранан а юкъахь хилла йолу з1енаш. Уьш цхьажимма ишта гайтархьама дина дара, вай лакхахьа —«Харран»(«Хар+ан»); «Гозан» («Г1о+зан»); «Миттане»(«Мет+ане»: «языковая пространство», «место оседлости»); «Хуррите» («х1у + ари + т1е«) бохучу ц1ерех дина тидарш а.
Вай лакхахьа элира, Ханаанехь 1йисас(а.с.) йицинарг, ширачу арамейн меттан Харранера(Миттанера) диалект хилла юьйла. Масала, шен хьенахь Ибрах1им-пайхамара , Исхьак-пайхамара(а.с.), Йакъуб-пайхамара(а.с.) а, йицина йолу. Оцу диалектера лоруш теллира вай,1ийсас(а.с.) Голгофехь аьлла боху; «Элой, Элой! ламма савахвани!»(Маркера Инжал:15-34) а. Иза нохчийн маттара; «Эла, Эла! лаа ма ва со хьан(и)» бохург а лерийна.
Ткъа х1инца кхузахь чекх доккхур вай, х1етахь цу хьокъехь вай дийцанза диснарг. Ишта Иоанан Инжало, 1ийсайн(а.с.) и дешнаш арамейн маттахь дахкош доцйила а, ткъа Матвейн Инжало, уьш; «Или, Или! лама савахфани!» бохучу кепехь дахкош хилар а дуьйцуш. Кхузахь кхето деза, нохчийн: «Дэла»-«Дали», «Эла» — «Али»(лам.), 1арбойн -«Или», жуьгтийн -«Эль»; «Элохаим» а, ширачу арамейн маттара схьа дуйла. Х1инцалера «Аллах1″ боху ц1е шайца йоьзна а йолуш. Цундела 1йисас(а.с.) Голгофехь баьхна боху и «Элой» (я «Или», я «Эли»), «Аллах1» бохучу хьесапехь а кхета.
Ишта кхин цхьа тидам а бер вай. Лукерачу Инжало, и арамейн маттара; «Элой, Элой! ламма савахвани» бохург, данне а далош цахилар. Вуьшта, цуьнан грекийн маттара и г1азкхийн маттахь гочдар а ду; «Отче, в руки Твои предаю дух мой» бохучу маь1нехь. Ткъа иза, Маркан — Матвейн инжилийн; «Боже мой, Боже мой! для чего ты меня оставил» бохучунна , ша нийса юхмачхьа хуьлург ду.
Т1аккха муха кхета деза, оцу тайп-тайпаначу инжалша, цхьана стаго(пайхамаро), цхьана меттахь аьлларг, оцулла шалхе далар. Цхьаъ, Дэлан кхэлана ша реза вацарца а долуш(пайхамара ала йиш йоцург). Ткъа важа, Далла хастамбарца, Цуьнан муьлха а кхэл, ша лан кийча волучуьнан алар санна а хуьлуш. Цу тайпа, Лукин Инжало вайна кхин цкъа а тоьшалла до, Маркас а, Матвейс а ширачу арамейн маттахь, шайн инжалшкахь дахкина долу:»Элой(Или),! Элой(Или)! ламма савахвани»,шен хенахь, гочдархоша,я инжалхоша гал даьккхина дуйла. Иза го, вай тидина:»Эла, Эла! ла(«а»-дахде) ма ва со хьан(и)» а, 1ийсас(а.с.) цу меттехь аьлла боху(Лукас боху): «Отче, в руки Твои предаю дух мой» бохург а, цхьана маь1нехь хиларо а.
Цул а совнаха, Матвейн – Маркан ширачу арамейн маттара»Боже мой, Боже мой! для чего ты меня оставил«, бохучуьнан нийса гочдар доцийла гойту, Голгофехь 1йисас(а.с.); «…Отче мой! если не может чаша сия миновать меня, чтобы Мне не пить ее, да будет воля Твоя» (Ев.Мат.26:42) аьлла, дина бохучу до1ано а.
Вуьшта, вай кхузахь мел дуьйцург, ша хила деззачу хорча нисдо, нагахь «Отче» а, «Эли» а, вай цхьана маь1нехь ларахь. «Отче», ширачу арамейн-нохчийн — «Да»( «Владыка», «Создатель», цул т1аьхьа: «владелец», «хозяин», «отец», «папа» ) а, ткъа «Эли» , г1азкхийн маттара -«Господь»; «Господи«(цул т1аьхьа:»князь», «феодал» ) а лоруш. Церан цхьана хьесапаллийн тоьшаллаш до, масала, нохчийн: «со кхоьллина Да», «1аршан — 1аламан Да», «Дуьненан — Эхартан Да«(и.д1.кх.),»Дэла воцурийг кхин Эла вац», «тхан Эла — Аллах1 ву«(и.д1.кх.) бохучу аларшца а. Ишта, вайна кхузахь хаало, нохчийн маттарачу — Дэла(Дали) бохучуьнца; «Да -Эла» боху ши ц1е юьйла а.
Кхузара вайна го, нагахь Голгофехь 1йисас(а.с.) ширачу арамейн маттахь; «Да», я «Эли», я «Да -Эли» аьллехь а, уьш дерриш а, арамейн — нохчийн маттахь цхьана маь1нехь дуйла. Кхузара кхеташ ду; «Отче, в руки Твои предаю дух мой», бохучу аларцара -«Отче» а, арамейн — нохчийн маттара -«Да»(«Владыка», «Всевышний«) бохург дуйла.
Ша, х1инцалерачу керистан динара «отец», я «папа» а доцуш.
Цул а совнаха, вайна хаало, нагахь Голгофехь 1ийсас(а.с.) дина боху доь1наш нохчийн маттахь вай гочдахь, церан кхетам ша тайпа хийца балар а. Масала, ишта: «ДА! Хьайн кара д1ало-кх ас, сайн Са»(Лука:24:46). «Сан Да! Нагахь и къаьхьа кад, ас ца молуш суна т1ехбала йиш йоцуш белахь, Хьан Лаам кхочуш хуьлда-кх»(.Мат.Ин.26:42).
Оцу гочдарша вайна кхин цкъа а го, 1ийсас(а.с.), ша Дэлан «к1ант» а, я Цуьнан «накъост» а лерийна воцийла. Ишта, 1йисайн(а.с.) доь1анашцара; «… Дэлан карахь ву-кх со… Дэлан кхолламна реза ву-кх со ….», «къаьхьа кад»(и.д1.кх.а) а боху аларш, тахна а муьлхачу нохчочо цу кхетамехь ала йиш йолуш дуйла а. «Карахь» бохучуьнца, г1азакхийн маттара -«во власти«, «кад» бохучуьнца -«судьба» бохург а долуш.
Цу тайпа, килсанан: «Кхоанна», «Да», «к1ант» боху аларш, арамейн –нохчийн -«Да» («Владыка всего сущего») а, «да»(«отец»; «папа») а, инжалхошна тил даларна, кхолла делла хилла йиш йолуш дуйла хаало вайна. Ишта царна тарделла хиллачох тера ду, ва лакхахьа дийцина долу – «Мари я» а. Ша шираллехь, х1инцалера –«мари ю(я)» а, ишта г1азкхийн маттара — «избранная Маром» бохучу а кхетамехь лелла долу. Т1аьхаьрчунна т1ера, хьалхарнийг схьа даьлла а долуш.
Ишта тидам бер вай, Инжало 1ийсас(а.с.) сих-сиха баьхна боху : «Отец небесный«, «Авва Господи», «Авва Отче«, нохчийн:«Ан Да»(«Небесный царь»; «Могущественный»), «А ва Эл»(«Он есть Господь»), «А+ва Да»(«Он есть Владыка») бохучу чуламца баьхна а хила тарлуш дуйла.
Вуьшта аьлча, и — «Авва мой Отче»; «А вва сан да(отец; папа)» а доцуш; «А вва сан Да(Владыка)» бохург дуьйла хаало кхузахь. Т1аккха «Авва» дашца шиъ «в» хиларо а гойту, иза цо таъ1ош, цуьнан к1оргера маь1на гайтаме а доккхуш; «А+в-ва», бохучу кепара баьхна дуйла. Ма хуьллу; «И ву сан Дэла, со Цуьнан лай» бохучу кхетамехь.
2
Ткъа х1инца кхин цкъа а керла доккхур вай, ас тохара «Повелитель» санна тидина долу ламаройн -«Мар» . Ша, вайн ширачу маттара Дэлан ц1е санна вай лерийна долу. Х1инца туьдур ду вай, шайца и «мар» долу масехь дош — алар. А) «марчо». Кхузахь и «мар +чо(а)» вай лору; Мартана (Далла) т1евоьдуш т1е духу чоа(лам. «чокха») санна. б)»Хьан кошмарта даа аз(я хьайба, я ахча, я бахам…)» . Оцу ламороша боккхучу сардамца вайна го; «Хьоу коша вахна, Мартана духьала вахна, хьо велла, хьох дисна, наха дуила хьан иза», бохург.
Ала дашна, вайна нийса цахета А. Сулеймановс и «марта», г1азакхийн «тризна» санна ларар а, цо «Хьалхара — Марта», «Шоллаг1а — Марта» боху топонимаш, «Мартан» бохучу гидронимана т1ера схьа ю бахар а. Г1азакхийн маттара шен маь1на; «обильная» а долуш. Вайн кхетамехь , и топонимаш, и гидроном а схьа ялар, цхьажимма кхечу аг1ора лара дог1у. Масала, «Мартан -хи»(«Священная вода»); «Дэлан — хи» бохург а, ткъа «Мартан -чоь»(«Священная место»); «Дэлан меттиг» бохург а долуш( вай тохара тидира –«Урус- мартан» а).
И «Мар» ишта Дэлан ц1е хиларца тоьшаллех хета, х1инца а ламороша, мара ирча бу алар а, я марана лиэн а магош цахилар. Адам -пайхамар(а.с.) кхуллуш, Дала цунна уггаре а хьалха йоьхь т1е биллинарг мар хилла бохуш. Хетарехь, церан кхетамехь и меран ц1е а, цигара схьа яьлла лоручох тера ю цара. Кхузахь ишта дагатоссу, б1абилхоша шайн дэлах -«Мардук(ъ?)» олуш хилла хилар а. Вай олучу «мер+дукъ» бохучуьнца ша цхьана дог1уш долу. Кхузахь го, «дукъ» боху дош а, г1азакхийн маттара- «бремя»; «защита»; «перевал»;…санна дуйла а.
Кхузахь и «Мар» вай керла даккхарна кхин цхьа бахьна а ду. Масала, мозг1арша шаьш бечу хьехамашкахь даима а олуш ду, 1йисас(а.с.) массо а хенахь; «машар шуна», «марша г1ойла», «маршалла шуьга«(и.д1.кх.) баьхна бохург. Шайна оцу аларийн ма даррий маь1на х1ун ду цахуушехь. Ткъа вай оцу дешнийн къайленаш йосту,вайн – «марша г1ойла»; «марша вог1ийла» бохучу аларшца а, «марша«, «маршо», маршалла«, ма(р)шар (и.д1.кх.а) бохучу дешнашца а. Церан; «Мар + Ша», «Марера салам» (Дэлера салам)…., бохуш вай до тидарш, г1азакхийн маттара; «Мар един» (Дэла цхьаъ) , «Мир от Мара»…. санна а лоруш.
Цу тайпа вайна хаало, 1ийсас(а.с.) оцу дешнашца баьхнарш: «Дэла(Мар) цхьаъ ву»; «Дэлера салам-маршалла хуьлда шуна», бохург хилла дуйла. Ишта , нохчийн- «Марша вог1ийла»; «Марша г1ойла» а, г1азакхийн маттара – «Приходи свободным», я «Уходи свободным» а доцуш, «вахар –вар Дэлаца хуьлда хьан», хилар а. Кхузара ган деза, 1арбойн – салам; туьркин — мархьаба; жуьгтийн — шалом, арамейн -нохчийн «Мар + шалла» (Дэлера салам) т1ера дуьйла а. Цу кепара ду, вайн назманцара; мархьаба хьо марша ва, Дэлан Элча марша ва…а, ишта, машарца доьзна долу — «мара кхета», «мара воьлла» а .
Терго ер вай ишта, латинан маттаца католикаша йираца олу — «Аве Мария» а, ламоройн; «А я Мари (я)»(И ю Мари) санна вайна карош хилар. Г1азкхийн маттара шен маь1на; «она избранная Господом(Маром)» санна а долуш. Ткъа вай дечу тидарах гуттаре а цатешачунна далор вай, цу хьокъехь кхин а масехь делил. Хьалхарнийг: «1имранан х1усамнанас элира: ЭЛА, сайн кийрахь доллург, ас Хьуна лерий-кх, къобалдеш д1аэцахь и соьгара, Хьо ма вара дерриг хуург а, хезарг а.»(Къор1ан 3:35). Шоллаг1нийг: Ша пхьораха парг1ата яьлча, цо элира: Эла, ас йо1 йина(Далла цунначол а дикоха хаьара, цо йо1 йинийла, к1ант йо1 санна воцийла а), цунна Мария ц1е а тиллина, Хьан 1уналле а, 1алашонна а д1ало-кх ас и, ларъехьа иза а, цуьнан т1ахье а т1улгаш тохначу Иблисах»(гочдар; оьрсийн маттарачу Къор1анна т1ера).
Цу тайпа, Мариян нанас, Ханнас, ша Мариях йолчу заманчохь, Дэле диначу доь1нашцара вайна го; цо шен кийрарачу доьзалхочох — «Мари+я», я «Мари ва» аьлла дуйла. Амма цо йо1 йина, цундела цуьнан ц1е а, «Мари я»(Дэла я) тиллина цо.
Ишта, и «Мар» шираллехь арамейн -нохчийн маттаца Дэлан ц1е хилар дуьйцу Тоурато а. Масала; «И будут в тот день, говорит Иегова, ты будешь звать Меня: «Муж Мой», а не будешь уже звать Меня «Ваал мой!«»(Книга пророка Осия; 2:16) бохуш. Шаьш ламоройн диалектикехь гочдича; » Цу дийнахь боху Иеговас, ахь сох эр ду, «Мар Сан», Сох кхин цабохуш «Ваал сан!» бохург хуьлуш долу( вай цкъачунна ца туьду: «Иегове» а, «Ваал» а). Ткъа х1инца кхин цкъа а, и байт г1азакхийн маттахь йоьшур вай; «И будут в тот день, говорит Иегова, ты будешь звать Меня: «Повелитель Мой», а не будешь уже звать Меня «Ваал мой». Гуш ма дарра, оцу цхьанна тидарца, цу байтан дикка хийцам хуьлуш буйла го вайна.
Д1а дер вай кхин а, и тайпа тидарш. Оси-пайхамара(а.с.) бийцинарг а, арамейн — нохчийн мотт буйла гайтарца. Хьалхара тидар: «Опять она сделалась беременна, и родила дочь; и сказал ему: нареки ей имя Лорюхама : потому что Я уже не помилую дома израилева, но увлеку, увлеку их«(Кн.пророка Осии; 1:6). Аллачуьнан гочдар: «Юха а пхьора хилира и, йира йо1; элира цуьнга: тилла цуьнан ц1е Лорюхама: х1унда аьлча, Ас кхин къинхетам бир бац израилхойн ц1ийнах, амма зуьр, зуьр бу уьш». Кхузахь дерриг а, ша хила ма деззара д1анисло, нагахь Лорюхама(я «Луьра хаам»?) бохучу ц1еран маь1на: «Луьра къам»(Преступный народ) бохучу хьесапехь вай дешахь.
Шоллаг1а тидар: «Когда она отняла от груди Лорюхаму , опять сделалась беременно и родила сына». «Он сказал: нареки ему имя: Лоамми: потому что вы не народ Мой, и Я не буду ваш«(Кн.пророка Осии; 1:8-9). Цуьнан гочдар: «Цо элира:ц1е тилла цунна: Лоамми: х1унда аьлча, шу Сан къам а дац, Со шун а хир вац». Кхузахь доьшур вай — Лоамми: Лоу+къамми(«Ропчущий народ«) бохучу кхетамехь. Т1аккха оцу байтара вайна хаало, израилан къам, Дала шена муьт1ара даьлла къам санна, цхьана ханна шех хердина къам дуйла. Иза; «Луьра къам»(Преступный народ) а, Лоу къамми(«Ропчущий народ») хиларна.
Делахь а, вайна хаало, дуьненчохь шаьш дуккха а зийначул т1аьхьа, Израилан(а.с.) береха, Дала юха а къинхетам бир буйла. Цу хьокъехь, кхечанхьа Осис(а.с.) ишта боху: «Амма цхьана хенахь, Израилан бераш, х1ордан г1ум санна дагардан чот а йоцуш хир ду. Эццахь, Дала шайга: «Шу Сан къам дац» аьллачохь; Цо, цаьрга; «шу, Диначу Дэлан лай ду». Вайн кхетамехь и бохург ду ; цхьана заманчохь, шаьш Дала дуьненчохь дуккха а зийначул т1аьхьа, Израилан (а.с.) бусулба бераш, Дэлан къинхетамца Ханаана(Шема) юха доьрзур ду бохург.
Туьдур вай х1инца, Оси-пайхамаран (а.с.) ц1е а. Ша, вайн ширачу «1аси«(фам.»Асаев», «Асуев») бохучу ц1арца яр а совнаха, шен «1а+са» бохучу кепехь, вай тидинчу «1йи+са» санна йолу(вайн «1аса» а, г1аз. маттара: «опора»). Дагадеъначура дийцича, «1ЙИ+СА» боху ц1е, Дэлан Малайко 1йиса-пайхамарна(а.с.) тиллар а, Инжало ишта дуьйцу ; «…г1енахь Дэлан Малайко элира цуьнга: Дауд к1ант Юсуп! хьайн зуда Мария т1еэца ма кхера; Цуьнан кийрахь кхолладелларг — Г1овсачу 1анара(от Святого Духа = «1ЙИ+СА») са ду хьуна. Цо к1ант вийр ву, тилла цуьнан ц1е 1йиса….»(Матвейн Инжал: 1:20-21).
Цу хьокъехь, кхин цхьана Инжалан байто а ишта дуьйцу: «Се, Дева во чреве приимет и родит Сына, и нарекут имя Ему: Еммануил, что значит: с нами Бог» бохуш. Цуьнан нохчийн маттара маь1на ду: «Цу Йо1а, шен хаскечу эцна волу во1 вийр ву, туьллур ю Цунна ц1е Еммануил: «вайца Дэла ву»(Матвейн Инжал: 1:23)бохург. Оцу шинна а маттара и байташ цхьатерра яра, нагахь цаьрцарчу арамейн -«Еммануил» («Эммануэл») бохучу ц1еран маь1на, нохчийн маттахь кхин кхетам луш бацахьара.
Т1ехула т1е, вайна ишта а гуш ду, оцу ц1арах — » Вайца Дэла ву» бохуш деш долу тидар ч1ог1а ледара дуйла. Ткъа вайн кхетамехь иза ду, ширачу — арамейн нохчийн маттара – «1эммину-Эл». Шен г1азкхийн маттара маь1на — «ученный от Господа» а долуш . Оцу «1эммину-Эл» хьалхара дакъа вайна го: «1эммину», «1аммин (в)у», «1аммина«, ткъа шоллаг1нийг: «Эл» («Ал»,»Ил»): «Эл»(«Дэл») санна.
И тидарш динчул т1аьхьа, х1инца юха йоьшур вай и байт. Ишта; «Се, Дева во чреве приимет и родит Сына, и нарекут имя Ему: Еммануил, что значит : ученный от Господа«.
Гуш ма даррий, оцу шина байтана юкъахь дукха яккхий башхаллаш хаало вайна. «Вайца Дэла ву» бохучунна метта,»Вайна веънарг Дэлан лай, Цо хьехнарг ву» бохург а долуш.
Цу тайпа, и Тоуратан-Инжалан:»ЕммануИл-ЭммануЭл» вай лору; «1аммин ву Дал»(«научен Господом»), «1аммина(рг) Эл», «1аммина Дал» бохучу маь1нехь долу аларш.
Кхечу аг1ора дийцийча, Инжало ишта вуьйцург хета Мухьаммад — пайхамар(с.а.с). Цунна Дала шен омрица(Джабра1илгахула) деша 1аморна а, Цо цуьнгахула адамашна Къор1ан а доссарна.
(чакхе ю)
Докка Амагов,
Chechenews.com
19.05.11.