Главная » Все Новости » Ислам » Ламаз дан ца мегаш йолу хенаш.

Ламаз дан ца мегаш йолу хенаш.

1) Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа, малх гоьмукъан йохалле кхаччалц хьалабаллалц;
2) Малх стигалан юккъе кхаьчча, юкъал тIех баллалц;
3) Малхбуза ламаз динчул тIаьхьа малх чубуззалц.

Оцу хенашкахь ламаз дар мегаш цахилар гайтина Iукъбат ибн Iамира – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадисо. Цо аьлла:

«Кхо хан яра Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна ламаз дан ца магош а, белларш дIабохка ца магош а: малх хьалаболучу хенахь (жимма) иза лакхабаллалц; делкъа хан тIехIоьттича малх жимма (стигал юкъара) дехьабаллалц; малхбузехьа малх гIоьртича, иза чубуьзна баллалц». (Муслим).

Кхин а, уьзза маьIна ду Абу СаIида – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцинчу хьадисехь, цо элира аьлла:

«Малхбуза хенал тIаьхьа малх чубуззалц ламаз (дан мегаш) дац, Iуьйра ламазал тIаьхьа а малх хьалабаллалц ламаз (дан мегаш) дац». (Бухари, Муслим).