Нохчийн мухΙажирш Европе кхачабе ков Польшехь ду, географига хьаьжжина. Амма цигахь мухΙажирш совццал де-таро йолуш а, и хилча а нахе дика хьегийта лерина а яц ша Польша.
Муха ду цигахь алссам гулбеллачу нохчийн хьал, цара хΙун бахьанаш даладо шаьш даймахках къастаран? Оцу хьокъехь Маршо Радион къамел хилира Польшерчу нохчийн диаспоран куьйгалхочуьнца Ильясов Шарпуддица.
Польшехула Европе кхача арабевллачу Нохчийчуьрчу мухIажирех 6-7 эзар стаг сецна я сацийна полицино, царех доккха дакъа депортацин лагершкахь кхобуш а ду. Нохчийн мухIажирийн лагерш ю Белостокехь, Безволехь, кхечу массех гIаланашкахь.
ХIинца тIебаханаш хьовха, бухахь иттех шо доккхуш беха нах а бац Польшехь тоъал дахаран хьелашка кхаьчна. Иштта дуьйцу Польшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо.
Вон хьал ду Польшерчу нохчашкахь
Источник: www.radiomarsho.com