Главная » Все Новости » Главная новость » Г1иллакх бохарг дика х1ума ду, къонахошкахь товш х1ума а ду!

Г1иллакх бохарг дика х1ума ду, къонахошкахь товш х1ума а ду!

Вайнах бен бац иштта оьзда, хаза г1иилакх долаш.

Кху чохь цхьа репортаж яра, вай кегийра наха Африкехь яьккхана, цигара бусалба нахана г1о дан бахча.

Царех цхьаммо элара: «Г1иллакх дац кхера»-аьлла!

Г1иллакх ду, г1овше ларам, жиманаг-жима хилар, воккханаг-воккха хилар, цера оьздангалла гойташ, иман, ларам гойташ, массо а вай къоман марзонех лаьцна!

Вай Казахстанера ц1адаьхкача, в 60-х шерашкахь, сан Да вара вай Г1алахь 1-й горбольницехь 1уьллаш, ч1ог1а цамогаш хилла, лазар кхетта.

Цу динахь, сан Де-нана хилла цуьнца буьйса яккха еана. Сарахь сан Де-йиша а еана.
Т1аккха, сан Дас аьлла, дехар дина шен ненига, сан дейишига, ц1аг1ахьара хьо-аьлла.

Кхи сан Да 1ан а ца1ийна, сан Де-нана ц1а яхна. Сарахь 1арж елча, шен йишига а дина цо иштта дехар, сан Де-йишига.
Амма, цо оццалла бахарх иза ц1а цаяхна.

Кхано буьйса юкъал т1ях яьлча, сан Дас шен йишига аьлла: «Ара ялахьара хьо цхьана минотана, г1уллакх дара сан»!
Йишас аьлла: «Со хьан йиша ма ю, эхь махета, …хьо сан ваша ма ву»!

Кхи цо йита а цайитана, кхи иза 1ан а ца1ийна ша ара цаяьлча, цхьана шина минотехь коридор чохь а лаьттана, чуера ша-бахара.

Ша чуеача иза д1аваьлла вара бахара! Цу хенахь, велла стега кийра бат1а а бой, чохь мелдерг хьаадоккхи бен, лоьраша дакъа хьацалора.

Дог, пехш, чура хьадоккхара. Т1аккха, цу буса, сан Де-йишас буьйсанна корах ара а ваккхана, цуьна дакъа больници т1ехьа охьа а диллана,
машен лаца новкъа елара ша-бахара.

Цхьа жима машен яра бахара йог1аш, «москвич» елахь, «победа» елахь, дага цадог1а шена.
Ша доьхьала а яьлла сацийра. Цу чуьра цхьа жима стаг аравелара, 25-30 шо долаш.

Ша цуьнга хаьттара:

«Хьо Нохчи вуй?»Иза сайна Нохчи вуйла хиача, аса цуьнга элара, иза яра буьйса юкъал т1ях яьлла хан:
«Сан ваша д1аваьлла, аса ара а ваьккхана 1уьллаш ву иза, иза д1авига соьца тхан юьрта вог1ара вацара хьо?»

Цо сихха жопп делара:

«Дера вог1ара ву, йиша, йало сихха, мичхьа ву иза?»

Т1аккха, охашимма хьа а эцна, т1ехьа сидени т1е виллана, ша цуьна корта кера а биллана, ц1а валийра-бахара!
Иза ду шуна вай г1иллакх, кхоьча къамнаша дендоцарг, вайгара д1адаккха йиш йоцарг.

Г1иллакх къонахашкахь хуьла шуна, стаг велахь а, йо1 елахь а, зуда елахь а.
Мадохалаш г1иллакхахь, вай г1иллакхах дохахь, хаалаш, вайгара Нохчалла д1адаьллела!!

Казбич Чеченский.

Chechenews.com

15.10.23.