Главная » Все Новости » Политика » Мажо вен а сахьт дац нохчо

Мажо вен а сахьт дац нохчо

Салафийян сибат долчу нахана гIелонаш ян йолийна Нохчийчохь. Тергоне оьцу мажош а, дIадаьшна мекхаш а, хьалакарчийна хечийн когаш а. Цхьайолчу меттигашкахь полисхой лела шайца маж йошу машенаш а йолуш.

Салафийян сибат долчу нахана гIелонаш ян йолийна Нохчийчохь. Тергоне оьцу мажош а, дIадаьшна мекхаш а, хьалакарчийна хечийн когаш а. Цхьайолчу меттигашкахь полисхой лела шайца маж йошу машенаш а йолуш. Еха маж лелор дика лоруш хIума дац Нохчийчохь.

Тахана Нохчийчуьра иттаннах цхьаъ бен хир вац маж-мекх ца лелош. Иза, божарийн цхьа билгало санна ю. Иза моде дирзина хан дага а ца йогIу. Наггахь бен вац дийнахь шозза хьалнехьа маж йошуш. Карарчу замано чIагIйина, дIахIоттийна и билгало — гIехьчулла маж йитар а, коьртахь пес лелор а.

30-х шо долу Эльдар Соьлжа-гIалахь машенаш таяран станцехь болх беш ву. Ша иман долуш бусулба  хиларна цо Пайхамаран суннатца лелош ю, мекхаш дIа а лергина, еха маж. Ламаз а, марха а долчу цунна дукхачу хьолехь тIеоьху машенашлелархой.

Амма цхьа ши де хьалха иза ца вевзинера белхан накъосташна. Маж а яьшна, мискан метта, Iатаран хьожа а йогIуш, жима стаг шайна гича, цецбевла хилла уьш. Маж дIаяьккхина ша, урамашкахь дIаваха а, схьаван а ца вуьту дела. ТIаккха, цхьа бала шена а, шен гергарчу нахана а тIебахьачул, маж дIаяьккхар гIолехьа хетта шена, аьлла, бакъдерг дийцина цо цаьрга.

Кхин деха хеттарш дан а дог ца догIу стаге, иштта сийсазваккхарна, оза а велла, и хIума динчуьнга.

Дукха хан йоцуцш Москохара хьажахIотта цIа веана вара Iела цIе йолу жима стаг. Дукха жима волуш дуьйнаохьтохаран спортхо волчу цуьнан ши а лерг кагдина ду, ша вочу зудчо йинчу пельменех тера а долуш.

И сакхт ца гайтархьама, месаш мелла а еха лелайо цо. ГIалахь машенца иза схьавогIуш сацийначу полисхоша хьехар дина, и месаш еха лелор дика лоруш дац хьуна, уьш дIаларгахьара ахь, аьлла. Цо а иза дина, кхана-лама девне ца вийла.

ДIадийцарх кхеташ боцучарна, «вахIабхой» олучу нахана дуьхьал болу къийсам чIагIбина Нохчийчохь. Цкъачунна еха мажош йолучарна тIера болийна иза. Цунах лаьцна дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо Абубакара. Иза дерриг а белхаме дацахьара, беламе лорур дара, боху цо.

Абубакар: «Шортта «машинкаш» а йолуш, рузбанера арабовлучу хенахь, «таблетка» (Уаз) чу а хаош, мажош дIайохуш яра. «Джентльмены удачи» чохь ма-аллара: «ХIинцале лергин хьо» боху сурт дара. Чухиина валале, ларга а лоргий, охьвоккхура. Духьалваьлларг, цхьа жимма муьшка а йой, араволуьйтура. Маж ма лелае боху. Маж ерш дIа а бигина цара. Иштта бигина Соьлжа-гIалахь «Беркат» базарара а. Схьа-м бахкийтина, къамелаш-хьехамаш а бина».

Динан агIонаш чIогIа экаме лоручу Iедалша бан болийна Iаткъамаш ца лайча ца бовлу нах. Цундела, оцу хьола тIе а ца доккхуш гIуллакх, хIора а шен-шен цIахь Iийча гIолехь хета шена, боху Абубакара.

Абубакар: «Я дехьа а, я сехьа а воцуш, юккъехь хила боху кхара. Тхоьца воцург тхуна доьхьал ву бохург ду иза. Суна-м ца хаьа, я иштта хилча а, вуьшта хилча а магош дац. ГIийла чохь Iийча тоьлу, цхьанхьхьа а ара а ца волуш».

Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхучу хенахь, масала, «Кавказ» блок-постехула тIехвала вуно хала дара, хьан коьртахь пес а, тIера духар а бусулбаниг делахь. Саца а вой, бехха талламаш бора, тIерачу бедарех хьожа а йохуш, цIарна уллехь-м ца Iийна теша, бохуш. Ткъа циггахь, мелла тIуртIуз-ваьлларг хецна чекхволуьйтура оьрсаша.

Цундела хийла малар бете даьхьан доцу нах а мала буьйлабеллера, шайна некъахьовзам ца хилийтархьама. Тахана мел хIун кхерам го божарша лелочу мажах — и ала хала ду. Амма ницкъаша борша стаге шен тIера духар а, сибат а хийцитар — иза, цIийца бен йоьрзур а йоцу чIир а хилла лелла хIинцалц нохчашлахь. ХIинца хIун хир-м хаац…

www.radiomarsho.com

24.01.14.