Главная » Все Новости » События » Самуонан Иэсе. Яндарби Зелимхана лерина

Самуонан Иэсе. Яндарби Зелимхана лерина

Самуонан Иэсе.

(Нохчийн баьчча-Къонаха, Яндарби Зелимха дакхелхина 10 шо кхочуш лерина)

1

Дависа маржа-я1, яха хьо х1ай Нохчийн кхиэтаман, к1оргаллийн назма.

Хьоьх хиэдаш лаьтта хьан,т1екхуьучу т1ахьиэнийн хадийна лазамиэ г1айг1а.

Хьоьца Са къиэралуш х1оттийна тобанна гуллуш яц дустаран рузма.

Эзарнаш шерашкахь б1аьвнашкахь ларйинчу кхиэтаман 1уьналлийн мазлаг1а.

2

Д1алиста схьаахка схьагулдан, Дайх дисна беркатиэ и дерзон дарба.

Бузийша аша соьца, мах боцу орамаш толлучу иччархойн мог1а.

Хоттийша шайн хьашташ,Нохчалла лардечийн тобанца дихкина къилба.

Довлийша орцаха 1алащдан, вайн иэсан и иэхьан т1орказан дог1а.

3

Лардейша х1ай К1ентий, шаьш делахь и къоман Сий долуш лоруш.

Йа лаахь т1аьхьиэнаш, йиссарна Иманца йахчийна ирсаца яха.

Яхь йолуш,иэхь долуш,бехк болуш,оьздалла вовшашца кхобуш.

Ларбейша Ненан мотт,дахарах чекхволуш хьайн кхиэтам айъина ваха.

4

Схьаиэца д1аяздиэ, хьайн Ден Дас гулйина оьмарехь дашуо и Хазна.

И йоьдуш ю хьуна , Дадийца ног етташ Барзахиэ лахьтийчу д1а.

Жиэх тилла ког г1ийла, баьхьна цу барзуо и г1орасиз 1ахара санна.

Саьхьарчу Дуьненахь т1аккха вай кхочур дац, лензаллин декъале д1а.

5

Цкъа мацах сатуьссуш цу деган къайлениэ йиллина хьайн ц1ена уойла.

Цу шаддах схьайастий даккхалахь цу чуьра беркатан нуьриэ исс Джовхар.

Эзарнийн эзаршкахь вайн синош дахчуочу Туоламан майдант1е довла.

Д1ах1оттуо Нохчаша Маршонан къйиссамехь сатуьссу нийсонан дахар.

6

Хьо цкъа а вер велахь самавала, диэхар ду сан хьоьга Вайнехан К1ант.

И дог хьан ца деллехь,шена ша чекхдохуш стогаллийн Яхь йолу ц1ий.

Хьо цкъа а йер йелахь самайала, диэхар ду сан хьоьга Вайнехан Йиша.

Биэдакхаш ко1анаш цхьанниэ а заманчохь лардина дац шуна, Вайнехан Сий.

7

Самуо ю оьшуш ерг, ишттачу кханенна г1оттун ерг коьртаниг межиэ.

Тхьовсийна 1уьллучу ,г1енашкахь тилийна 1иэхочу юрг1анах йоккхуш.

Екхаллехь йажийна,есачу б1арлаг1ех йузийна, тилийна марг1алан з1е.

Кхиэтаман б1ов денъеш,Къонаха оьзда верг,толамца вайн коьрте воккхуш.

8

Букъ кагбеш Йилбазан шен к1орнеш, мостаг1ий орамаш баххашца хиэдуо

Вайн Нанойн буоберийн,Бусалбан Умматан та1ийна и дегнаш г1иттуо.

Вайн Элча дозаллехь воккхавеш Махьшаран Майданахь б1аьрг ирсиэ виэлуо.

Даймахкахь х1иттийна бакъонаш,дерригиэ Дуьненна серлонца йаржуо.

 

Аьрсбин Абу-Бакр.12-02-2014 шо:Чиллана бутт-Балабоссаран бутт.

Отдел писем

Chechenews.com

13.02.14.