Главная » Все Новости » Политика » КЪАМАН КЪАЙЛЕ, я ЯЙНАЧУ ЛОРАХ. (9-12)

КЪАМАН КЪАЙЛЕ, я ЯЙНАЧУ ЛОРАХ. (9-12)

(9-12)

Иштанийг дуьйцучохь дагатоссу мацахлера Б1абилона б1ов. Наха шайн дозална и йоттарна, Дала оьг1азло йина экххийтина йолу. Цигахь даьхна къам, дукха инзара доккхуш дуьне мел ду д1а –схьа а къахкош. Тоурато цу хьокъехь ишта дуьйцу: «Кхин д1а а цара элира: стигла кхаччалца г1алаб1ов юттур ю вай, вайна ц1е ян, дуьне мел ду д1а –схьа цадовла «(Мусайн 1 жайна: 11-4).

Ала дашна, оцу б1овнаха т1аьхьа йисна хьакхлаг1аш толлу 1илманчаш тахна а цец буьйлу боху, куьркахь бен йатта цало кибаргаш, х1аваэхь лала йинарг х1ун ницкъ хилла бу те ,бохуш. Цу кепара и б1ов эккхийтинарг, дукха инзаре боккха ницкъ хиларна. Схьа хетарехь, и Б1абилон эккхийтаначу ницкъаца долу дустар санна ду, цхьа боккха кхерам болучохь вай забарца олу — «Б1аби йог1у» а.

Шеко йоцуш, х1етахь цигахь хилларг, халкъаллийн товпикъехь(иэсахь) дайна хила йиш йолуш дац Йакъубан(а.с.) — Лабин заманчохь а. Цундела цу шимма, шаьш йина йолу б1ов –ц1ув(башня –храм), Б1абилонан б1овнан силсил дага ярца йина хила езаш ю. Дэлан ц1арца а, Йакъубна(а.с) г1енахьа гиначу б1евнан куьцаца а, цунна и башха г1ан гинначу Пана –арахь а.

Вай лакхахьа ма алларий, цуьнан киртиган -тхов(пирамидаца): Йакъубна(а.с.) г1енахьа гиначу — « малайкаш шена т1ехула стигла хьали-охьи оьхучу ламеха…» терра а беш. Ткъа цунна боххье х1оттиийна — «Ц1ун+Ка(л)»(«Могущество Всевышнего»): массарна т1ехь 1уналла деш верг, Дэла хиларна гайтамна а х1оттош.

Вай ишта тохара хьахийра, ширачара шайн Дэлан ц1ераш лоруш хиллачу «Ма»; «Су»; «Ц1у» («Массипа» \ «Мицпа) бохучаьрца, «ц1ункал» — дешан маь1на муха хуьлу а. Ала деза, и тайпа долу б1овнаца доьзна «г1овсе» дешнаш, вайна кхузахь кхин а карош дуйла.

Масала: а)«б1ов». Шен «б1а+1а(в)» барамца(лам. «б1а»: лит: «бен»\ «эскар»): «б1а(б1о) + 1а(меттиг)» санна а, «б1а(бен) + 1а(Дух святой) бохучох терра а ша хуьлуш долу. Нагахь хьалхарнийг, г1азкхийн маттара – «место нахождение войско» санна делахь, шолг1анийг- «жилище\ обитель Духа(святого») а долуш.

б) «Маска». Б1овнан г1атешна юьллуш хилла йолу дечиг. Ша вуно буто а, еза а хуьлуш хилла йолу. Масала, и маска — дукъаш тахна а го, Доьрарчу (Ч1аьнтахь) цхьана б1овнан г1атехь дохкуш. Амма карарчу хенахь и дечиг вайн махкахь цу кепара йоккха карош яц. Шех нараш деш долу цуьнан дуьткъа серий бен. Т1аккха цхьана халкъан хьадисо дийцарехь, шираллехь б1овнашна дохкуш хилла долу и маска-дукъаш, наха шаьш дацочу джаннашка цхьанхьара генара кхоьхьуйтуш хилла.

в)«массагеташ». Исторехь хилла долу цхьа къам. Дийцарехь, цу къоманна ч1ог1а дика ян хууш хилла дечиган б1овнаш. Ишта, оцу б1овнашкахь 1эр –дахар а хилла боху цуьнан. Кхузахь вайна хетарг ду, цигара юй те и тайпа йолу этноним,бохург. Маска –дечиган ц1арца а, арамейн-нохчийн маттахь хиллачу — «Ма»; «Су\Са»; «Ка» бохучу Дэлан ц1ерашца а, ша йоьзна хилла а йолуш.

Ткъа х1инца кхин цкъа а, вайн кхузахь керла даккха дезар ду Йакъубан(а.с.) — Лабин б1овнаха долу дийцар. Х1унда аьлча, вай х1инцалца хьахонза дитна дара, Тоурато и шиъ оцу меттехь, ша шинна юкъахь барт беш болу — т1улгийн пхьерий санна буьйцуш хилар. Забарца аьлча, дуьххьалера ши «масон» санна. Шайн б1ов т1ера — «ц1ункал»: «мел дерг а гуш долу Б1арса» («всевидящее око») а лоруш.

Дашна аьлча, и «масон» («т1улгбуттург») боху латинин дош а, ширачу арамейн — нохчийн маттахь тида а луш хета кхузахь. «Ма са»(«Взор\Дух\свет Ма»); «маса» («сиханийг» \ «чехканийг»); «Ма Са ана» («анале са гойту Ма») бохучу хьесапашца.

Кхузахь ишта гайтаме ду, и «масон», «Сион» бохучу дашца шен гергалло долуш хилар а. Масала; «Су ан»= «Ма Су ан»( «пространство Су» = «пространство Бого Су) санна.

Ишта вайга тидалуш хета, масала, «мастер» а,«архитектор» а. Хьалхарнийг Ма+Су+т1ер» («т1е хьожу Ма Су\Са»; «Т1е хьожург» ), шоллаг1нийг — «Ар + ха +т1ер» а долуш.

Т1аккха «Ара»\ «Эра» вай тохара ма дийццара шираллера арамейн- нохчийн маттара Дэлан ц1е хиларе хьаьжча, и «Ар + ха +т1ер»:«т1е хьожу Ар(Дэла)» бохург санна го вайна.

Цу тайпа, оцу «мастер» а, «архитектор» бохучу дешнашца вайна карадо, ширачу ег1иптхойн –арамейн –нохчийн меттанашкара — «Т1ехьожу Дэла»; «Т1е хьожург», «Массо а х1уманан Архитектор- Мастер Аллах1» боху маь1наш.

Цул а совнаха, вай лакхахьа «Ма Су\Са пе«(«стена\храм Бога Су\Са») аьлла тидинчу «масипа бохучу дашца а хаало вайна «пирамида» бохучу дешан хьесап. И шоллаг1нийг талламхоша дийцарехь – «пер –ао» высокий дом») т1ера схьа ду. Ткъа вайн кхетамца иза хуьлу — «пе Ра – 1а«, г1азкхийн маттара «стена\храм Ра – Дух\жизнь» санна.

Ала деза, уьш вовшашца ишта дуста вайн бакъо хуьлу, шираллехь и «Масипа» \«Мицпа», кест-кеста –«Рамос» бохучу ц1арца а бийцина хиларна. Масала, вай вуьйцучу Даууда а цу хьокъехь яздо: » … Позже Мицпа стала важнейшим место культа и центром национальных ассамблей израильского народа…. … где решались важные национальные вопросы. ….предполагается, что Мицпы были построены на возвышенных местах или платформах и часто назывались Рамос, что означает «высокое место» часто они были заполнены идолами и образами. После разрушения Иерусалима и храма халдеями… Мицпы все же сохранила свой священный характер… «(Масала, Иерусалиман –«Белхаме пе»)

Оцу йозанера кхин цкъа а го, «Мицпа» («Ма+Су\Са+пе») бохург т1улг а боцуш, лекха г1ишло хилла юйла. Даууда дийцарехь, шех наг-нагахь «Рамос»( «Ра Ма Су\Са») а олуш хилла йолу.

Амма вайн кхетамехь, оцу «Рамос»«Масипа» дешнийн чулацамаш гергара белахь а, амма цхьатерра хуьлуш бац. Х1унда аьлча, «Рамос» дашца, «Миспа» \«Мицпа» дашца долу «пе» боху дешдакъа цахиларна.

Дашна аьлча, нагахь вай кхузахь – «Машук» бохучу дешан чулацам балийча, иза шен –«Ма шу»(«высота Ма(Бога)) бохучу барамца гергоха хир — «Рамос» дешан хьесапна, «Масипа» бохучу дешан маь1нал а. Билгала доккхур вай ишта, шираллерачу 1адатца лекха меттигаш Дэлан ц1ерашца билгала йохуш хилла юйла а.

Цундела и «Ра Ма Са»: «Т1ера\Лекха Ма Са\Су» бохучу кхетамехь го вайна. Вуьшта аьлча, нагахь «Миспа»: «Дэлан г1ишло\ ц1а» санна делахь, «Ра Ма Са»: «Лекха Ма(Дэла) Са» санна а хуьлуш. Цу тайпа, кхузахь хьалхарнийг -«Дэлан ц1а» санна а лоруш, ткъа шоллаг1нийг –«Лекха Дэла» бохург лору вай.

Ала деза, и тидарш вайга кхузахь кхечу вариантаца а далуш дуйла. Нагахь ширачу ег1иптхойн -нохчийн маттара — «Ра», тохара арамейн –нохчийн маттахь вай тидина долу — «Ара\Эра»(«А»- деха) санна вай ларахь.

Т1аккха хуьлург ду, масала: а) «Ар(а)»: «Рицкъанаш луш Верг», «массо а х1уманан х1у Латторг», «ялташна –дахнашна аренаш луш Верг», «Къинхетаме верг» бохучу кхетамехь

б) «Ма»: вай йициначу шираллерачу Дэлан ц1ераха цхьа г1овсе ц1е.

в)«Са»: ширачу ег1иптхойн –арамейн -нохчийн меттанашкара — «серло»\«са» (арамейн – нохчийн – «Су\Са» муха хилла вай дийцира). Т1аккха ширачу ег1иптхойн –«Се+(т)» а, нохчийн –«Се+(да)» а бохучу дешнийн юкъарчу – «Се»(«са») дешдакъо а гойту, оцу кхаа а маттахь, и дош цхьана маь1нехь хуьлуш дуйла.

Цул а совнаха, вай ширачу ег1иптхой-арамейн –нохчийн маттахь яхкош йолу —«Ра»\«Ара»\«Эра» боху ц1ераш, 1арбойн маттарчу –«Ар –Рахьман»(«Къинхетаме верг») ; «Ар-Рахьийм»(«Къинхетам беш верг») бохучу Аллах1ан ц1ерашца йоьзна а хетало кхузахь.

Ткъа цо гойту, и инзаре дукха шираллера «(А)Ра Ма Са»(«Рамос»): «Са\серло\ рицкъа луш волу Къинхетаме Дэла», бохучунах терра хила йиш йолуш дуйла. Вуьшта аьлча, «Аллах1» бохург а ша долуш.

Т1аккха Аллах1ан муьт1ахь хилларш ширачу Ег1иптехь а баьхна буйла тоьшалла до, пирамидаш чохь карайначу «Беллачерин Тептаро» а. Оцу 4600 шо сов хан йолчу тептарна т1ехь 1илманчаша дешнарг ду: «Хьо цхьаъ ву-кх, Эла, Зама йола еллачура дуьйна схьа, 1ожалла йоцуш, Вина –Кхоьллина воцуш, Хьоу Хьайца волуш: Ахь кхоьлли-кх Дуьне, адамаш», бохург. Кхузахь гайтаме ду, оцу дешнин чулацам, Къор1анан – «Эль Ихлас»(112) ц1е йолчу сурана герга хилар а.

10

Цу тайпа, вайна хаало, Аллах1ан цхьаалла а, цуьнан ц1ераш а, ширачарна азаллера дуйна схьа хиъна юйла. Т1аккха ша ду, уьш цхьацца йолчу заманашкахь 1эсачара шайн лааме а , аламе а йицина хилла хилар. Масала, шайн джах1аллин заманашкахь 1арбоша —«Аллах1» т1ера – «Лат», «1азиз» т1ера –«1уз», «Меннан» т1ера –«Менат» а баьхна ма хилларий.

Цу хьокъехь Къор1ано бохург а вай дийцира. «Уггаре а башха ц1ераш Аллах1ан ю, кхайкха Цуьнга цаьрца, церан маь1наш хуьйцурш 1адда а битий. Цара шайн дог1у 1ад, д1аоьцур ду»(Къор1ан: 7-180), боху аят а далош.

Ала деза, и саннийг цхьана 1арбоша лелийна а ца1аш, шайн джах1аллехь дукхачу къаьмнаша лелийна дуйла. Т1аккха иштачу заманашкахь, наха Дэлан ц1ерийн маь1наш хуьйцуш хилла дуйла хаало, нохчийн меттан гергарчу дуккхачу а ширачу меттанашкахь а. Масала, шумерийн г1овсечу — «ме»ма» дашца а, б1абилонхойн –«Мар» а, ширачу ег1ипетхойн — «маат» бохучаьрца санна.

Кхузахь ишта тарло, оцу «Ма»\ «Мар»\ «Маат» а, ишта «Ал»\»Эл» а, «Ка» а бохучу ц1ерашна йоьзна 1арбойн маттара — «Ал – Малик» а хила. Нагахь ша, оцу ширачу меттанашкахь «Ма Эл Ка» санна ялийча, г1азкхийн маттара: «Бог — Господь Всемогущий» хуьлуш йолу. Ткъа – «Мар Эл Ка» кепара, оцу меттанашкахь «Повелитель — Господь Всемогущий» а ша хуьлуш.

И б1абиланхойн – «Мар» кхузахь юха а хьахинчохь туьдур вай, ша –«Б1абилон» боху дош а. Лингвисташа дийцарехь «Баб-э(и)лу» аларна т1ера, г1азкхийн маттара — «врата Бога» санна хуьлуш долу. Ала деза, цара цуьнаха деш долу маь1на а, вай цунаха деш дерг а цхьанна шалхенца доций.

Ткъа вайн кхетамехь, оцу дешан хьесап ду, ширачу арамейн -нохчийн: «Б1ав — Эли» («Башня Господа»), «Б1а – Эли» («рать\народ\войско -Эли»), «Б1а –Эли» («обитель\гнездо\ дом -Эли») санна.

Ишта, ширачу ег1иптхойн – нохчийн: «Б1а-Эли»( «Дух\Воля — Эли») бохучунах терра. Т1аккха цо гойту, 1эсачара и б1ов, шаьш «1амал» еш хиллачу — «Эла» ц1е хиллачу ц1уна дуьхьа йоьттина хилла юйла.

Х1инца туьдур вай, б1абилонхоша оцу Элин «к1ант» а, «верас» а лоруш хиллачу цхьана кхечу таг1утан ц1е а. Шен — «Белла Мардук» барамна т1ера, 1илманчаша — «владыка Бабилона (баб –ил)»; «владыка богов» санна юьйцуш йолу.

Т1аккха вай оцу — «Белла Мардук» ц1араха арамейн –нохчийн маттаца деш долу тидарш а, цунаха терра хуьлуш ду. Масала, х1окху кепара: «Б1а Эли(Белла) — Мардукъ (к1ант)»; «Б1ав Эли(«б1овнан Эла») — Мардукъ»; «Б1а Эли – Мардукъ»(« рати богов – Повелитель»); «Б1а Эли – Мар дукъ» («Дух Эли – Повелитель бремени\законов»)

Аьллачунна дешархо дикка т1екхион, кхин цкъа а билгала доккхур вай, нохчийн-ламоройн – «б1а», масийта хьесапехь дуйла. Масала: «б1а» -«бен»; «б1а» — «б1а(в)»; «б1а»- «б1о»\«нах»\«эскар»; «б1а»- «син ницкъ»\«лаам». Т1ахьарнийг ишта дуйла гойту, масала: «б1а къежа», «б1а цакъежа» («дог дог1у»;«дог цадог1у») бохучу аларша а.

Ала дашна, иштачу хьесапашца тидало вайга , масала, нохчийн «б1арса» бохург а. Ткъа гуттаре а тамашина кхузахь хуьлург ду, иза ширачу ег1иптхойн маттара — «Б1а Ра Су\Са» бохучу барамца тидалуш хилар.

Х1унда аьлча, историкаша дийцарехь ширачу ег1иптхойн — «Б1а»(«Ба»), вай теллина нохчийн –«б1а»(«син ницкъ»\ «лаам») санна, ткъа — «Ра», «Са\Су», вай лакхахьа тидина –«Ра \Ара\ Эра» а, Са\ Су а бохучу кхетамехь хиларна.

И тидаме эцча, оцу – «Б1а Ра Са» бохучуьнан кхетам, ширачу ег1иптхойн –арамейн — нохчийн меттийн юкъара хуьлу. Шен г1азкхийн маттара чулацам: « Дух\Воля Милосердного –свет\взор», «Воинство Милосердного –свет\взор», «Храм \башня \дом Милосердного –свет»(ишта д1а кхин а) санна а болуш. Ишта вайна хаало, нохчийн – «б1арса» бохучу дашо, Къинхетамечу Дэлан билгалонаш юйцийла.

Цу тайпа, ширачу ег1иптхойн –нохчийн юкъарчу – «б1а»(«Дух»\ «сила Духа») дашах пайда эцахь, вайга тидало: «б1арг»; «б1агор»; «б1ара»; «б1ахо»;«б1аьчча»(и.д1.кх. а) боху дешнаш а.

Масала: а) «б1а Р(а) –г»: «Син ницкъан (А)Ри — га» санна. Вуьшта: «са гойтучу \ лучу Ари(«Къинхетаме волчу») га» санна.

б)«б1а гор» — «син ницкъ д1а балар» санна. Г1азкхийн маттара –«крушение света \ духа» бохучох терра дерг.

в) «б1ара»: «б1а (А)Ра» санна. Вай лакхахьа ма тиддара. Масала, цхьа бехке волчуьнга вай олу –«б1ара хьажа»(г1аз. «смотри в лицо». «Б1а Ра»: «лик Духа святого» санна хетало). Ткъа и бохург хета: «Бакъ дерг дийца»; «ц1ена хийла Къинхетамечунна хьалха» бохучунах терра дерг. Ишта, цхьа бехказа цавоьдуш иэхь дайначуьнга а олу вай: «б1ара х1унда хьоьжу хьо, кхин иэхь а цахеташ».

г) «б1аь +чча»: г1азкхийн маттара – «вождь»; «лидер»

д)«б1а хо»: г1азакхийн маттара – «воин духа»\ «страж Духа» санна.

Кхузахь гайтаме ду, ширачу ег1иптхойн – нохчийн меттанашкахь, оцу «б1а хо» бохучу аларца «пир1ун» («фараон») боху дош а цхьана дар. Нагахь т1аьхьарнийг — «пе Ре — 1у» барамехь вай даладахь. Шайцара, «пе Ра»(«храм (А)Ра») =«б1а» («обитель»\ «Дух») а лоруш, ткъа — «хо»(«страж»)= «1у»(«страж») санна а гойтуш.

Т1аккха вайна хаало, нагахь –«б1ахо», г1азакхийн маттара – «воин духа»\ «страж Духа» санна делахь, «пир1ун»: «страж храма Ра» санна хуьлуш дуйла. Цу тайпа, ширачу ег1иптхойн кхетамехь велла волу — пир1ун, пирамидан – «б1ахо» санна хиллачох тера ву. Ша, Къинхетамечу(Ра) ц1а чохь «1аш» волу.

Дашна аьлча, и – «Б1а Ра»(« Дух\Воля Ра») санна, вайна ширачу ег1иптхойн-нохчийн меттанашкахь карадо «кара» боху дош а. Нагахь и – «Ка Ра» («физическая сила Ра») санна вай тидахь.

Кхузара вайна хаало, ширачу ег1иптхойн – нохчийн: «б1а Ра»сила Духа Ра») а, «ка Ра» («сила\мощь Ра») а бохучу аларин хьесапаш гергара дуйла. Шайха терра, вай тохара ширачу арамейн — нохчийн маттахь тидина – «б1а Ара»; «ка Ара» а долуш.

Кхузахь ишта тамашина ду, ширачеран меттанашкахь хиллачу Дэлан ц1ерашца хеза и нохчийн — «б1ара» а; «кара» а санна, адаман кхин йолу меженийн ц1ераш а, нохчийн маттахь, иштачу шираллерачу Дэлан ц1ерашца вайна хезаш хилар.

Масала: «Мар\Мара)(цу хьокъехь вай тохара дийцира). «Са\Саг»(лит. «стаг») . «Б1арг \ Б1арса»(«Б1а Ра га \ Б1а Ра Са»). «Лерг \ Лерса»( «Эле Ра га\Эле Ра са»). «Мас \ Месаш»( Ма Са\Су»). «Ког \ Куьйг»( «Ка га»). «Корта»(«Ка Ра т1е»). «Дог»(«Да га») и. д1.кх. а. Цу тайпа, вай нохчийн маттахь туьдучу оцу дешнаша юха а тоьшалла до: адам кхоьллинарг, адамна са делларг, адамна меженаш елларг — Аллах1 вуйла.

Цул а совнаха, ширачара еш хиллачу архитектуран г1ишлошца, и тайпа йолу Дэлан ц1ераш юйла хаало вайна. Цундела вайна кхин тамашина хета цадеза, мацаха 1ийсас(а.с.) шен геланчах Петерах аьлла долу — «Ка пе»\«Са пе» а. Уьш тера ду ,

вай х1инца а цкъацкъа , цхьа волчунга олучарах. Масала: «б1ов санна къонаха»; «цхьа ка бу хьо»; «цхьа су(сту) бу хьо..»; «цхьа суй бу хьо…»(и. д1.кх. а) бохучу кепара.

11

Схьа хетарехь, х1инца дешархо мелла а кхетта хир ву: а) ширачара пирамидин — б1овнийн ц1ункалш — «Дэлан билгало» санна ларар х1ун хилла.

б) нохчийн –«б1ав»: ег1иптхойн — арамейн – нохчийн –«б1а» т1ера а, ткъа «Ц1ун+ка(л)»: ег1иптхойн — арамейн –нохчийн — «Ц1ун Ка»(«Дэлан ницкъ») т1ера а муха хуьлу. Ишта, и «Ц1ун +ка(л)», шираллехь вайнахана «г1овсе т1улг» («священный камень») х1унда хетта а. Йиначу б1ов т1ехь, Дэлан ц1арца и ц1ункал т1аьххьара д1ах1оттош хиллачу пхьерана, совг1атна «су» баларца долу г1иллакх а шаьш лела деш.

(Масала, и тайпа 1адат х1инца а лела до нохчаша. Тхов тиллина ваьллачу пхьерана, цо биначу белхан мехал а совнаха цхьа совг1ат деш. Шена и цаделча, важа тхов т1ера охьа а цавуссу. Ткъа иза х1усамдена доккха иэхье лору х1ума ду).

Иштачохь юха а дага тоссу, Лабас -Йакъуба(а.с.) шайн б1овнан ц1ункал д1а х1оттича дина долу той а. Тоурато ма бохху аьлча, Лабас: «… х1ара масип хуьлийла хьуний, суний юкъехь теш..», аьллачохь, цу шимма, шайн доьзалашца масийта дийнахь латтина долу.

Дашна аьлча, Лабин оцу аларца а долу вайна цхьацца керланийг гуча. Масала, вай тохара элира-кх, туьркин –«су»(«хи»): арамейн – нохчийн «су»(«сту») т1ера ду. Ткъа кхузахь го, туьркин –«таш»(«т1улг») а, арамейн –нохчийн «теш» («свидетель») т1ера хила тарлуш дуйла.

Терго ер вай, ишта, и «ц1ункал»(«теш») бохучох терра шен маь1на долуш, г1азкхийн маттара -«машикула» а хила тарлуш дуйла. Нагахь, ширачу нохчийн маттара — «Ма Су Ка(л) санна и вай дешахь.

Цул а совнаха, вай лакхахьа дийциначу ег1иптхойн –арамейн -нохчийн: «Б1а Ра»

(«б1ара»), «Ка Ра»(«кара») бохучарна т1ера хета:

а)г1азкхийн –«белый», туьркин — «беяз» («к1ай»), масонин къайленан – «боаз» («накъости»\ «1амалурш»), нохчийн- «б1а»(«син лаам»\ «эскар»\«б1ов»бен».

б) г1азкхийн — «кара»(«т1азар»), туьркин- «кара»(«1аьржа»), нохчийн – «кара»\ «карахь»(масала, «1эдалан карахь…») а.

Ишта, оцу «Б1а Ра» а, «Ка Ра» а бохучу шина барамо кхин цкъа а вайна гойту, шайцара: «к1айн – 1аьржий», «машар – та1зарий» боху хьесапаш.

Ткъа х1инца, сионистин — масонин ц1ераш, ламасташ, билгалонаш ширачу пирамидашна –б1овнашна т1ера а, мацах Лабас Йакъубца(а.с.) йиначу б1овна т1ера а схьа эцна «мухарш» дуйла гайта хьовсур вай.

Масала, церан иштачу билгалонех ю: «б1ов»,«г1айракх»(обелиск), «малх», «беттаса», «киртиг-тхов», «киртиган -б1ов» (пирамида), «ц1ункал-б1арса», «пирамидан б1арг» («всевидящий глаз»\ «недремляющее око»).

Цараха шорта вайна тахна ган а го, дуьненан дуккхачу а г1аланашкахь. Масала, Вашингтонехь, Ватиканехь, Истамбулехь, Парижехь, Маскоха(и.д1.кх. а.).

Т1аккха вай бечу талламна, оцу г1аланашна юкъера вай хоржу –«Москва». Шеца оцу масонин билгалонех — «Кремлан б1ов», цунна т1ера «пхи са болу седа»(Илбазан билгало), «ши корта болу аьрзу»(Россин герб), «г1овсе Георги»(Масквайн герб), «пир1унан –пирамида»(мовзалей) а хилла ца 1аш, шен — «Москоу» боху ц1е а, масонин къайленин дешнех лаьтташ йолу.

Дашна аьлча, и топоним х1инцалца схьа, шех этимологи йина а, я ялуш а яц боху. Цкъабакъду, вайга хаьттича, цуьнан къайленна уггаре а герга хилларг лара вог1ура историк В. Ключевский. И «Москоу», коми(финно-угорин) маттарчу: «моск», «моска» («етт») т1ера схьа ду баьхна волу.

Амма, кхечу 1илманчаша цо х1етахь баьхнарг аьтте а цадитна хилла. Финно-угораш цкъа а Москоха баьхна а бац, бохуш. Уьш цигахь баьхна цахилча, церан маттахь и топоним ишта хила йиш йоцуш санна.

Ткъа вай дечу хьесапца и «Москоу» ц1е а, и финно-угорийн — «моск»; «моска» а, г1азакхийн – «месяц»(«бутт») а ширачу арамейн -нохчийн маттарчу – «Ма Су \Ц1у Ка» т1ера схьа хуьлу.

Вуьшта аьлча, шираллехь беттан а, малхан а культийн ц1ераш хиллачу — «Ма»(«малх — дэла»), «Су»Золотой телец»), «Ка» («Священный овень») бохучу джах1аллин кхетамера ша «Москоу» — ц1е кхолла ялар а долуш. Масала, Нохчийчуьра «Маска»; «М1аьйста»; «Маас» боху топонимаш кхолла елла ма хилларий.

Кхузара вайна го, В. Ключевскис и «Москва» ша туьдучохь далина хиллачу финно –угорин «моска» дашца, ширачу нохчийн маттахь, алха, цхьа «етт» боху маь1на хилла 1аш доцийла а.

Вайн кхетамехь, уьш санна долу хьесапаш цуьнца дийнна кхоъ ду: «Ма» а, «Су» («сту») а,«Ка» а. Шайца джах1алин кхетамера — «г1овсе – етт\су\ ка» боху маь1наш а долуш( джах1аллийн кхетамера и «ка»(«овен»), «су»(«бык») боху хьесапаш, цхьана баттаца хилла а ца 1аш, малхаца а хилла ду)

Ткъа муха тарди вай, и «етт», «су» ишта вовшашна чучча а, «беттаса» бохучу дашца а ? Цунна жоп ду: нагахь и дешнаш «етта»- «су» санна вай д1а нисдахь, цара шайца -«(б)етта+су \ (б)еттаса» санна болу гайтам луш хилар.

Кхузара вайна го: а) «беттаса» 1эсачарна «Дашо етт — су» («Золотой телец») санна хетарна бахьна.

б) цара шайн и — «беттаса –ц1у»: «се»(«сте») — «эри» ларар х1ун хилла. Иза х1ора а баттахь, ша шеца «аре» лаца луш а, т1аккха «ехкаш» а хеташ.

Ц1еххьана кхин цхьа х1ума а тусало вайна кхузахь. И «бетта + су»(«беттаса»): «боьтту су» санна вайна карош хилар. Шен г1азакхийн маттара хьесап – «удойный бык» («Золотой телец») а долуш. Ткъа дешархочунна дага даг1ахь, цу хьокъехь дерг вай тохара а дийцира. «Се\Су»(лит.«Сте\Сту») боху масал далорца.

Аьллачо гойту: а)нохчийн маттарчу — «(б)етта су» = «боьтту су» бохучу хьесапо, кхечу къаьмнийн кхетаман «Золотой телец» бохучуьнан къайле йостуш юйла.

б) дуккхачу а къаьмнийн меттанашкахь — «бутт» боху дош, нохчийн маттахь(«бутт \беттаса») санна, «зударийн – божарийн» долахьа хиларна х1ун ду а.

12

Цу тайпа, нохчийн матто Тоуратан -Инжалан къайленаш йицина а ца1аш, масонин -сионистин къайленаш а юьйцийла хаало вайна. Ткъа иза, нохчашна массо а аг1ора шеца цхьацца кхерам бахьаш дерг ду.

Х1унда аьлча, ишта болу мотт , и мотт болу къам , цу къоман культура, силсил, цуьнан шираллера архитектура ч1ог1а новкъа хуьлучох тера ду, къаьмнашна т1ехь шайн урхалла х1отто г1ертачу глоболисташна а, сионисташна –масонашна а.

Аьллачунна тоьшалла до, оцу Илбазан ницкъан цхьана векало а. Ша сионист-масон хилла а ца1аш, шен заманчохь Ингальсан премьерин М. Тэтчеран а, Т. Блэран а хьехамча хилла волчу доктора П. Джонсона.

Цо яздо; -… То, что евреи в течение тысячилетий будут объектом несравнимой и необъяснимой ненависти , было достойно сожеления, но, в сущности вполне предсказуемо. Так же, как и то, что евреи выживут тогда, когда все эти древние народы разползутся и растворятся в тумане истории. Да и как может быть иначе?….(«Популярная история евреев». П. Джонсон)

Сионистин-масонин кхетамехь и бохург ду, т1е йог1учу ханна а жуьгтин «г1овсе» къам кхиаме хилийта, кхин долу шира къаьмнаш дуьненчура х1аллак хилла , я керлачу къаьмнашца д1а уьйш, церан «роьтахь» д1а дан дезаш хилар. Х1унда аьлча, бакъ долу «г1овсе къам», оцу ширачу къаьмнашна юкъахь хиларна сионисташ кхоьруш хиларна.

Т1аккха нохчийн халкъ, уггаре а ширачу къаьмнехьа цхьаъ хиларе терра, кхузахь атта кхеташ ду, сионисташна – масонашна нохчашкара шайна гуш болу и кхерам а. Цундела кхузара хета, б1ешерашкахь цара хаддаза, шайн хьехамашца г1азкхий вайна т1е хьуст бар а. «Эххар а, нохчашца дерг чекх даккха деза», « Нохчий боцу — Нохчийчоь », «Т1аххьара нохчо валлалца синтем бац вайна», бохучу кхайкхамашца.

Цундела г1азкхаша вайца беш болу т1ом, нохчийн ду бохучу, мел долчу х1уманца беш кара бо вайна. Ур –атталла, вайн ширачу архитектураца а цхьана. Оцу т1амехь дерг мелла а кхузахь дийца, цхьажимма соцунг1а хир ду вай. Т1ехула т1е, и архитектура цхьа нохчийн силсил хилла а ца1аш, адамаллин юкъарчу историн цхьа дакъа хуьлуш хилча муххале а.

Шен г1ишлойн куьцо –кепо, царна т1ерачу сиз-йозано, нохчийн матто а, нохчийн 1адато а санна, бакъ болу — «масонхой» (Ма Су анхой), «сионхой» (Су анхой — ханаанхой), шираллера нохчий буйла а ша гойтуш.

Т!аккха цу архитектуран г1ишлошна и зуламаш лерийна йолчу 1алашонашца деш дуйла гойту дуккхачу а тоьшалша. Масала, 1868 шарахь , Грабовскис а, цу хьокъехь ишта яздина: «Аккхийчохь уьш санна мел йолу б1евнаш,…. 1860 шарахь г1азкхаша лелхийтина. Х1инца цараха т1аьхьа йисна цигахь гуш, хьакхлаг1аш бен яц»( «Кавказские горцы» том 3).

Кавказские горцы» том 3).

……Оцу заманашкахь изза кхоллам хилла, масала, Итон-кхаьллахь(Ч1аьнта –Пхьакоча) лаьттина хиллачу б1овнийн г1опан а. Иза йоха йина, цуьнан т1улгеха «Евдокимован г1ап» ц1е йолу ч1аг1о йина хилла х1етахь г1азкхаша.

И б1овнаш ишта дукха йохийна, вай Сибреха дохийначул т1аьхьа а. Цу г1улкхана лерийна НКВД-н г1ера а кхоьллийна. Цу хьокъехь долу масалш цкъачунна дукха цадуьйцуш дуьтур вай. Уьш ишта дийца вайна дуккха а хан оьшур хиларна.

Делахь а, хьокху т1аьхьарчу шина т1амехь, цу ширачу г1ишлошна г1азкхаша диначу зуламех масехь масал дало луур дара. Ткъа оцу ханна юкъахь цара йохийна: Ч1аьнт1ахь -6 (Доьрахь -1: Хьалдахь-2: Лакха Кхокхада-3), Шарахь -2, Т1еричохь -3, Хьайбаха -1, 1овлахьа(Диш –мерка) – 1, Ч1иннаха -1 (и. д1. кх. а) б1ов. Ишта, М1аьйстара- Маьлхйистера маьлхан кешнаш, б1овнаш, г1аланаш, элц1алгаш («святилищаш») а. (хьовса сурташка).

Ишта доцца ала луур дара, цара Тумс-Борзан ломахь эккхийтиначу цхьана б1овнах а. И б1ов йоьттина яра, хьалхара т1ом д1а баьллачул т1аьхьа. Лаьмнийн ярташкара мел генара д1а хьаьжча а, ша гун йоллучу меттехь. Цул а совнаха, и лам а, х1етахь г1азкхий кхин ламчу хьала цабохуьйтуш, юха баьхна лам бара.

Цундела наха, оцу 10г1ат йолчу б1овнаха — «Г1азотан б1ов» а, «Толаман б1ов» а олура. Шен ц1ункалан локхалца и яра — 43 метр. Лахенца – 10 : 10 м.м., …


., ткъа лакхенца – 2: 2 м.м. Ишта цунна уллохь х1оттина  Къор1анан аяташца яздина шок1уран (мраморни) чурт a дара. Шен бустамаш — 3 : 4 м.м. а болуш.

Х1ара шоллаг1а т1ом д1а болалушшехь, цу б1овнаца а болира г1азкхаша и т1ом. Делахь а, церан кемнаша ракеташ, бомбанаш йоьттуш ша дикка йохийнехь а, ирахь латта йиснера иза х1етахь. Мартехь, 2000шарахь, шена чу тротил а диллина , г1азкхаша оьккхуьйтуш ша чу тоххалца(хьовса суьрте).

Цу тайпа, оцу т1аьхьарчу масалца а вайна хаало, б1овнаш яр, нохчашца шираллехь дуйна ц1ийца хилла дуйла. Ткъа цхьана халкъан дийцаро ма боххура аьлча; «велча д1аволла доьттина каш доцучуьнга а, 1эн-ваха йина б1ов йоцучуьнга а зуда йохуьйтуш цахилла вайнаха шираллехь».

Цо гойту, нохчаша и б1овнаш, алха, цхьа т1еман г1улкхана йина а ца1аш, шайн динан кхетаме а, дахаран хьежаме а хьаьжжина еш хилла юйла. Дуьненан – Эхартан юкъера з1енаш, цу башхачу архитектуран т1ерачу петроглифашца а, «г1овсечу» ц1ункалшца ган а гойтуш.

Дашна аьлча, и тайпа долу «ц1ункалш» хета, цхьадолчу маьлхан кешнашна а , чарташна а, зератин къубашна а т1ехь хуьлу боьхь ира т1улгаш а, ишта, килсанан — ж1араш а, маьждигийн момсарин -«беттасаш» а( вай тохара дийцира, Исламан архитектурехь «беттаса» юкъе даьлла цхьа эзар шо бен цахилар. Ткъа ж1араш кочахь ег1иптхойн пир1унаша а лелош хилла боху)

Хетарехь, дешархочунна кхузахьтамашина хир ю, кхин цхьа истори а. Х1етахь Лабас, Йакъуб-пайхмарца(а.с.) йоьттина хиллачу б1овнан ц1ункалан т1аьхьоо хилла йолу силсил.

Валерий Новесельскийc, шен «Тайны потерянных колен» дийцарца, цу хьокъехь ишта яздо: «Ученные утверждают: родословная английских королей восходит к царю Давиду через Джеймса v1 Шотландского и Фергуса Великого Ирландского, а хранящийся в Вестминстерском аббатстве коронационный камень, служил подушкой Яакову в Бейт-Эле. Затем он был перенесен в Египет и позже доставлен пророком Иерамией в Антрем в Ирландии, где хранился тысячу лет».

Ткъа лаа дуй те, дуьненан сионистин — масонин урхалла йоллучу Ингальсахь, и ц1ункал нисбалар а, ишта Ингальсан паччахьаша цунаха шайн 1эдалан «мухар» дар а. Т1аккха хила ма деззара хилча, мацах Исраила-пайхамара(а.с.) Пана –арахь ша буьйса йоккхучохь шена г1овленна биллина болу — «ц1ункал», нохчийн къоман музейхь хила безаш хетара.

Амма, иза-м кхузахь дуьйцийла дацара, цул а совнаха, вайн терго хилларг ду, вайн б1овнашца уггаре а ч1ог1а г1азкхаша лаьттина луьра т1ом, къаьстина и ц1ункалш долчу б1овнашца латтина хилар.

Кхузахь дага деъначура аьлча, и санна болу т1ом цаьрца латтина мацахлерачу имам Шамила а. Дукхачу хьолахь, церан ц1ункал –тхевнаш чу деттаран кепаца. Цул а совнаха, шех кхета хала долуш ду, Шемала х1етахь дина кхин цхьа х1ума а. Лерийна Нашха а вахна, цигара нашхойн юкъара яй цо х1илланца бохор(я лач1къор). Оцу яйна т1ерачу йозано, нохчийн Шемаца йолу з1ен йицар бен кхин бахьна а доццушехь.

Т1аккха х1унда деш хилла те цо и талорш? И шираллера г1овсе билгалонаш вайн махкара яйа а г1ерташ? Цу хаттаро вайна юха а дага тоссу: Исра1ил – пайхамаран (а.с.) б1овнан ц1ункал а, мацах Ибрахьийм –пайхамар(а.с.) лелийна болу яй а. Масонаша –сионисташа тахна а дуьненан массо маь1э ша лоьхуш болу.

Ткъа иштачу шеконаша кхин цхьа хаттар а кхуллу. Шемал ша-м цахилла те, масонашца уьйр йолуш, бохуш долу. Цу хьокъехь вайна хетарг кхин цкъа а дуьйцур вай. Амма кхечанхьа.

(чакхе ю)

Докка Амагов

Chechenews.com

04.08.11.