Главная » Все Новости » Главная новость » Ненан мотт шорбар – “ура-партиотизм” хета Нохчийн университетерчу лингвисташна

Ненан мотт шорбар – “ура-партиотизм” хета Нохчийн университетерчу лингвисташна

Малхбузехь кест-кеста дуьйцу, бовш лаьттачу меттанех лаьцна. Цунна тIе доьгIна рогIера дIахьедар динчу “Дийначу Меттанийн Институтан” эксперташна ХIаьррисон Дэвидана а, Андерсон Грегана а хетарехь, хIокху дуьнентIера шовзткъа процент меттанаш дIадовла гергга ду. Ишттачу жамIашна тIе кхаьчна Iилманчаш-лингвисташ, Къоман Географин Юкъараллин гIоьнца, масех шо хьалха талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа. Iилманчаша чIагIдарехь, нийсса ах меттанаш, йоза доцуш ду. Уьш атта дицлур долуш ду. Цхьадолу меттанаш кхерамехь ду, уьш буьйцучех тIаьххьарниг вала ма веллина, дуьненчура дIадевр долуш а ду боху цара. Бицбала герга болчу меттанашна юкъара бу, нохчийн мотт а. Дуккха дийцина нохчийн маттах а, иза кхио а, денбан а безаш хиларх лаьцна. Мотт байча, къам а довр ду бохуш. Делахь а, дийцарш дар бен, гIуллакх кхин гена ца долу. Ткъа кхин дIа? ХIун дина, иза денбарна тIехьажийна? ХIун гIулчаш билгалъяьхна?

Ненан мотт денбаран, шорбаран а хьокъехь аса дуккхаза а къамелаш дина Нохчийн Пачхьалкхан Университетан ненан меттан хьехархошца а, маттаца болх бечу кхечу Iилманчашца а. Нохчийчохь нохчийн мотт денбар а, кхиор а тедиллина болчу говзанчаша дийцинарг, доцца дагадоуьйту аса.

Тимаев: Нохчийн мотт юкъабаккха кийча хила оьшуш дац

Нохчийн меттан кхане муха го шуна? ХIун белхаш бу аша тахана беш берш, аьлла динчу хаттарна жоп луш Соьлжа-гIаларчу университетехь нохчийн кафедра карахь йолчу Тимаев Вахас, телефонехула вистхуьлуш Маршо радиога дийцира.

Тимаев Ваха: “Вай и санна долчу хIуманна тIехь “ура-патриотизм” аьлла, сихдала дезаш хIума дац, аьлла дийцина оха. Вай, доьлху-уш, оцу тIе кхочур ду. Тахана а, кхана а, хIокху шарахь я вукху шарахь – хIокху гергарчу шерашкахь а массо классаш оцу тIе (нохчийн матте) яха вай кийча а дац, цкъа делахь. ШолгIа делахь, вай кийча хила оьшуш а дац, хIунда аьлча, вай бераш деша мича гIур ду? Даха муха ховшур ду, вай массо хIума оцу тIе (нохчийн матте) яьхча? Вайн берийн деша ма деза”.

Меттан говзанчаш бу бохучу нехан ойла вуно дика гойту Тимаевс «вай кийча хила оьшуш а дац» бохучуо. Делахь а, дуьнентIера, кхин долу меттанаш денбеш бинчу Iилман балхах пайда эца хIунда ца хьовсу шу? Ненан маттах дог лозучу наха, масала, эвланашкахула чекх бовлуш, могIарерчу нахе къамелаш а деш, царгара шайна хезна дешнаш вовшах а тухий, лугIаташ ара а хоьцуш долийна мотт денбар, аьлла Маршо радионо рогIера деллачу хаттарна жоп дала лиира, Тимаевца цхьана кафедрин чохь нисвеллачу меттан говзанчина Халидов Мусана.

Халидов Муса: «Хьажахь, вай цкъа а хилла доцуш долчу Iилманна вай терминаш хуьлийла а дац. Цхьана а эвлахь цхьаннена а хуийла ма дац. “Общая химия”, “Органическая химия”, “Неорганическая химия” схьайогIуш предметаш ю-кх уьш школехь. Цкъа а вай уьш хилла ца хилча, яц-кх уьш. ДегIан меженаш ягаръйеш йолу терминаш-м схьагулъйийр яра вай. Масала, анатоми Iамон. Хьажал, ишколехь йолуш йолчу хьалхарчу классера математика юй, хIумма а доцург ду-кх иза, дуй? Маситта шарахь халла делан балийца нохчийн матте яьккхи-кх иза. Йоцуш йолу терминаш юкъаяхарх, нах цунах буола а ма беза».

Ненан меттан говзанчашна юкъахь барт бац

Маршо радионо дагадоуьйту, нохчийн яздархо волчу Бексултанов Мусас хьастагIа дийцинарг а. Нохчийн республикийн школашкара юьхьанцарчу еа классехь хьехар ненан матте даккха дезара бохучарех ву иза.

Бексултанов Муса: «Хьаькаманна тIекхаьчча мел волу накъост дуьхьала волу-кх тхуна. “Нах дуьхьала бу, церан “Конституционни праваш” йохо аьтто бац, вай кийча дац, орфографи я, пунктуаци яц, сийна цIе а ю” олий, мохь болу.
Тхо дахана долуш президенто эли тхоьга: “Шун барт ца хилча, соьга хIун де боху аша? Шай цхьа барт бе цкъа, шуна юкъахь барт бац”, аьлла.
Iилманчаш бу-кх дуьхьала бевлларш. Бакъ долуш».

И Iилманчаш тахана дуьхьала бевлла бац. Аьлчи а, шайна хетачу кепара цара белхаш бен дуккха а хан ю, советан заманахь дуьйна. Иштта, хIумма а самукъане доцу, дог Iийжош долу хьал кхолладелла нохчийн маттаца доьзна.

Оьрсийн паччахьан а, хIинца оьрсийн Iедалан а политика ю нохчашна шайн мотт бицбалийтар

Да воцуш хIунда бисина нохчийн мотт? ХIун дан деза нах кхетон, мотт боцуш, къам дац бохучух? Стенна тIера долон деза и мотт денбан, хазбан а лерина гIуллакхаш? ХIокху кепара хаттарш дийца яздархой а, Iилманчаш, кхин а, кхечу меттанийн говзанчаш а, артисташ а, могIарера нах а эфире бохур бу Маршо радионо.

Бексултанов Мусас ма-аллара, нохчийн меттан Iилманчаш, нохчийн маттахь реформаш ярна а, уьш мотт кхион дуьхьала хиларан а ехха истори ю элира махкал а арахь вехачу нохчийн поэто Бисултанов Аптис.

Бисултанов Апти: «Хьалха а, даима а, суна, масала, Тимаев Ваха вевзичхьана дуьйна цо дуьйцуш хилла хIума ду-кх, цо хIинца дуьйцуш дерг а. ХIинца со а къанвелла, хан дIаяьлла. Со жимастаг, бер долчу хенахь хIинца сан хеннара стаг вара иза. Даима а и къамел дара цо деш дерг. Цунах терра – суна кхин цIераш яха ца лаьа церан, царна шайна хаьа иза – иштта, шаьш дуьненна а бевзаш бу аьлла а хеташ, шайн дахарехь, дуьхьала кхетта, хьо вистхилча, хьоьга салам-маршалла хоттучу хенахь а буьйцуш берг гIазакхийн мотт а болуш, нохчийн меттан баккхий профессорш а, баккхий докторш а, баккхий академикаш а ларалуш, лелаш бу и нах. Декъаза нах а бу».

Оцу хIуман кхин цхьа бахьана го нохчийн поэтана. Оьрсийчохь паччахь дIа а ваьккхина, болшевикаш Iедале баьхкинчул таьхьа, оьрсийн мотт баржорна хаза нехан санна дина доккха маьIна дара. Коьртачу декъана, политикан маьIна бохуш, кхин дIа а дийцира Бисултанов Аптис.

Бисултанов Апти: «Политика юй, массо агIора дIахьуш йолчу политике хьаьжжина, иза а ду цхьа бахьана. Цундела, таханлерчу дийнахь масала, вай жимма юха а девлла аьлча, вайна “пачхьалкх еза, пачхьалкх оьшу” бохуш лелла а, лелаш а нах, и ойла а ма юй вай дуккха а юьйцуш, схьайохьуш.

Ткъа къомана пачхьалкх оьшуш хилча, масала, и пачхьалкх хIун ю? Пачхьалкх, цу къоман башхалла а, оцу къоман маршо а, оцу къоман Iер-дахар а лардеш йолу цхьа пхьегIа ю-кх. Оцу пхьегIан коьрта инструмент хIун ю? И къам лардан дезаш дерг хIун ду? Мотт бу-кх уггар хьалха ларбан безаш. Пачхьалкхан мотт хила беза. Цу хенахь, Советан имперехь санна, Росси имперехь а схьайохьуш политика ю иза.

Вайна гуш ма ду, церан цIе яххана болчара, ПутингIарна а, кхечарна а и идейш охьайохкуш йолчарна, церан коьрта пропагандисташ ларалуш болчу наха лечкъош а доцуш, схьадуьйцуш ду иза. Россехь цхьа мотт хила беза, кхана-лама а, мел хьелахь а, и республикий, кхин меттанашший, кхин къаьмнашший, халкъашший бохург дIадала дезаш ду. “Русский”, “российский народ” хила деза аьлла, дIахIоттийна шайн политика ю. Иза, цхьа а шеко йцоуш, цара, тIетаIор йолуш ю. Оцу политикан, шен цхьана тIегIанна тIехь, масала, нохчийн литература елахь, и литература метта ца яийта а, цунах цкъа а цхьа сибат долуш, цхьа процесс хилла дIа ца хIоттийта, цу тIе виллина а стаг хилара церан.

Шерашкахь баккхий белхаш бира масала, нохчийн литературехь оцу наха цу хенахь. Иштта, мотт белахь, цу тIе хIиттабой а шайн нах хуьлу церан. Таханлерчу дийнахь цхьана агIора деш цхьа къамел долуш, “иза хила деза, важа хила деза” бохуш деш къамел долуш, вукъу агIора, цхьа а, халкъана юкъахь дог лозуш а, яхь йолуш а, къоман долуш дерш а, хин дерг а, доцург а дийца лууш а, цуьнан бала кхаьчна стаг валахь, цхьа а инициатива чекх ца ялийта, массо метте и нах, керла а боцуш, цу хенахь а (оьрсаша) пайда эцна болу и нах бу-кх цара охьаховшийна берш. Иза гуш ду».

Нохчийн мотт тахана сов дакъаза баьккхинчу бахьанашна юкъахь, коьртачех, дерриг къам, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь дойуш, хIаллакдеш а хиларехь го, оцу маттана сагатдечарна. ЦIийнах-цIарах баьхначу нахана хала ду, ойла а йина кхета, ненан матто, оцу къоман кханенехь лоцучу меттигах. Оцу хьокъехь, Австрера схьа Маршо радиоца телефонехула къамел динчу нохчийн поэто Бисултанов Аптис дийцира.

Бисултанов Апти: «И цамгар, и дерриг а вайна тахана къаьсттина алсамдаьлла. ХIунда аьлча, кху тIаьхьарчу заманахь вайна тIебаьхкина баккхий бохамаш. И бохамаш массо тIегIанехь вайн сица а, дегIаца а чекхбевлла а бу. Массанхьа херцарш ю, даккхий зенаш ду.

Советан идеологи уггар чIогIа йолчу хенахь а, мухха Iамабахь а, ишколехь цхьа бахьанаш лелош дара оцу маттана. Бакъдерг дийца деза, чIогIа заьIап бахьанаш дара. Ца бевлла лелош бахьанаш а дара уьш. Амма и бахьанаш дара, вайн нохчийн-гIалгIайн пачхьалкхан университетехь  ивайнехан филологин факультет яра заьIап, сакх долуш а, доцуш а, хаза нехан санна говза болуш а, дог ойла цIена йолуш а, цу хIуманна бала болуш говзанчаш а – хIора шарахь мел кIезга а бIе говзанча арахоьций а, вайн яртара ишколашка дIасабоьлхуш бара. Иза дукха кIезга а дацара.

Меттан Iилма боху ахьа, цхьа а Iилма боху ахьа, таро йоцуш, аьтто боцуш, итт-пхийтта шо дIа а даьлла, хан дIайоьдуш ю вайн бераш кхуьу.

Цхьа а тайпа маттаца юкъаметтиг лелон аьтто ца хилла. Цул сов, и мотт дIакхоьхьуш, мотт латтош а йолу къоман литература даккхийчу зенашкахь ю, баккхийчу бохамашкахь ю. Иштта, кхин долу, кхин долу и мотт латтон а, дIакхехьа а йиш йолу бахьанаш, некъаш а, доьхна ду вай».

Нохчийн литературин билгалонаш

Нохчийн литературех лаьцна аьлчи, тахана еша хума а яц я берашна а, я кхиазхошна а, я баккхийчарна а бохуш, яздархошна бехк буьллу, шайн агIора, нохчийн меттан Iилманчаш бу бохучара. Цундела, шаьш оцу маттаца болх барх, кхачо хир яц боху цара аьллачунна дуьхьала, Бисултановс элира.

Бисултанов Апти: «Изза дуьйцуш и нах и къамелаш деш муьлххачу меттехь хьо вист ма хиллинехь, обкоме “заявлени” яздан а, букъ тIехьа кехат яздан а и нах, Iилманчаш бу боху наххий, и яздархой бу бохуш бара вайн шортта нах. “Атеизмах язъян езий, интернационализмах язъян езий, къам ма дийца, истори ма йийца, хIунехдинарг ма дийца”, бохуш.

Ахьа цхьа дош оллушехь, и аьрзнаш яздеш, миччахь хьала а бовлий – гуламашкахь, кхеченхьа – хьо бехке веш, Советан Iедалан мел верг, КГБена тIера дуьйна массо тIаьхьа а воккхуш, лелаш бара и нах цу хенахь. Уьш тахана а болуш бу.

И важа дерг дуй – “вайн мотт шира буй, вайн меттан ишта таронаш яций, юй” бохуш болчу наха дуьйцуш дерш цхьа а шеко йоцуш, уьш осала къамелаш ду. Оцу гIуллакхан ма-ярра вай цIе яьккхича.

Вайн маттаца, кхин долчу меттанашкахьчул а и дерриг дан йиш йолуш а ду, чIогIа сиха реформаш ян йиш йолуш бу вайн мотт, чIогIа сиха хIинцалерчу тIегIанна тIе: массо техникан, прогрессца а ларалуш долчу хIуманашца цхьанабалийна, дIахIоттон йиш йолу а бу. Аса ма-аллара, цу гIуллакхан программа а хила еза, дола а хила деза».

Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а бехачу нохчашка хьаьжна доцуш, Европе баьхкинарш, мелла а лууш бу, шайн берашка ненан мотт бийцийта. Амма, цара а боху, цхьаъ, хара ю яьлла книга яц-кха, оцу бере ешийта, нохчийн маттахь язъйина. Муха амабойтур бу шаьш иза шайн берашка? Хара цхьаъ ду.

ШолгIа, ала деза, Европехь цхьа а цец ца волу, арахь, транспорт чохь, школашкахь а, бераша а, баккхийчара а вовшашлахь шайн ненан мотт бийцарх. Советан заманахь, суна дага а догIуш, оьрсий болчу меттигехь йиш яцара нохчийн маттахь къамел дан. «Гонаха берш аша дуьйцучух ца кхета, и хаза дац. Аша царах лаьцна цхьа вуониг дуьйцуш хила тарло» алара.

ХIунда дац? Вовшашка ларам болчу нахана юкъахь цул а маьрша хIума ца хилча?
Европахоша иэхье лору ненан мотт ца хаар а, ца бийцар а. Бен а, башха а дац, кхин маса маттана хьо говза ву.

Ненан мотт Iамон бечу аьттонех пайда хIунда ца оьцу арахь бехачу нохчаша?

Европехь тхов-кIело еха баьхкинчу мухIажаршна таронаш нисъйо ненан мотт Iамон. Iедало оцу гIуллакхана къастош ахчанаш а ду. Цунах пайда оьцу, нохчий боцчу, массо а кхечу къаьмнаша.

Бисултанов Аптис, кхузахь кхин цхьа хIума а билгалдаьккира.

Бисултанов Апти: «Иза дер ю вайн къоман хIуманах дог даларан билгало. Цкъа делахь. ШолгIа делахь, инзаре боккхачу бохаман, кризисан билгало а ю.

Со чIогIа дика кхета цунах. Масала, нохчийн мотт бийца безаш а, нохчийн мотт Iалашбан безаш а бац Аптис нохчийн маттахь байташ язъйо аьлла. Иза Iалашбан безаш а, бийца безаш а бу иза Дала белла къоман мотт хиларна. Хьан мотт бу иза. Дог доьхна, дог даьлла, дуккха хIуманах бIаьрг бедда а бу нах цкъа делахь.

ШолгIа делахь, йоьхьах боьхна а бу нах. Царна массо хIуманна, тахана хууш ма ду иза, массанхьа а дIахьуш йолу тенденцеш хIун ю, массо хIуманна бехке и хIуманаш дуьйцуш берш бу. Цара къам а, ва къоман мотт а, истори а, маршо а бохуш хIума а дийцина, хIаллакди вай, боху догойла тIе а яьккхина лелаш дукха нах бу аренца. Иза суна хIора дийнахь гуш ду.

Цундела и нах, ахьа цхьаъ оллушехь, хьуна цхьаъ оьшу моьттуш, хьо цхьана пропагандина болх беш ву моьттуш, цу хIумане чIогIа цеце хьоьжуш бу.

Юьхах бохаран билгало аса юьйцур ю. Масала, схьаоьцур вай Германи. Норвегехь хилла со. Австрехь хилла со, массо пачхьалкхашкахь хуьлу со. Германехь мел волу нохчи, массо а и хедарш хIиттийна, оьрсийн телевизионе хьовсуш бу, оьрсийн программашка.
Цул сов, массо доьзалера а бераш, ахча а, харж а еш оьрсийн мотт Iамон кIирнах цкъа бахийтина а, бохуьйтуш бу.

Аса кхин кIорге уьш дийца а ца дуьйцу. Туькана воьдуш верг, гIазакхийн туькана бен воьдуш вац. Лелош йолу юкъаметтигаш а царца бен яц. Буьйцуш берг а, оьрсийн мотт бу.

Яхь юй, цунах бохаран билгало ю иза. Суна цхьа масала ца хаьа аренца я Нохчийчохь, нохчочо пхи сом ахча а делла, ненан мотт Iамон бер цIадахийтина. Ткъа важа масалш суна шортта хаьа.

Цара оьрсийн мотт хIунда Iамош бу? Кхузахь цуьнан бух талла хаа деза. И дера ду, рицкъ юханехьа дерзахь, оьрсийн мотт ца хиъча цаьрга сискал яккхалур яц бохург деха церан кхетарехь. Нохчийн мотт ца хиъча, сискал яккхалуш ю. Иза а хаьа царна. И доьша даккхалуш ду, нохчийн мотт хьуна ца хаарх.

Оцу ойланца, оцу кхетамца дерриг а, муха эр ду цунах, дуьнена хIуман, кхачонан-сискалан ойланна тIе дахийтина ду тахана вайн халкъ. Сискалца берг бен бохам бац моьттучунна тIедевлла вай доха а доьхна, кхера а делла.

Тахана дерриг а дуьненна багадахана хиларна а Iамо безара хIораммо и мотт. Цхьан а бахьана ца хилча а, цкъа а цунах сискал хир яцахь а.

Суна масалш хаьа, мехаза, оьцуш кепек а йоцуш, цхьаъ хIоьттинера масех шо хьалха ненан мотт хьеха. Цхьа кIант. Берлинехь, ши эзар гергга нохчо вехачу гIалахь кхо бер ца догIура цунна нохчийн мотт Iамон. ТIаккха иза кIорда а дина, дитира цо».

ХIокху техь чекх ца долу нохчийн маттах лаьцна долу къамел. Иза оха кхин дIа а дийр долуш ду. Тхуна чIогIа хаза хетар дара, аша а, тхан ладогIархоша, шайн хетарг аьлча.

Нохчийчура тхоьга телефон тоха я, смс язъйе хIокху номерна тIе: 10 42 07 24 01 98 32

radiomarsho.com

Умарова Амина

20.03.2012