Главная » Все Новости » Политика » Докка Амагов: Къаман къайле , я Яйначу лорахь ( 20 -21)

Докка Амагов: Къаман къайле , я Яйначу лорахь ( 20 -21)

Къаман къайле , я Яйначу лорахь

( «Къаршкъули» — «Хьогали». «Муьлха дитт хилла Эдемехь хилларг»? Ишта д1а кхин а)

( 20 -21)

«Къа» дашах  дуьйцучохь дага тоссу:

«Къаршкъули!  Къаршкъули!

Дог1а дайту Дали.

Сигал мела даайта.

Лаьтта хьани доссайта,

Ден до бузайта,

Ненан ога саттайта…».

Оцу йираца(гимнаца)  йоккхура оха бераллехь  Дэле дог1а доьху «Къаршкъули» (йа, «Хьагали»)

 

Х1етахь тамшина цахетара и еккхича  ц1еххьана сиглахь до1а ч1еркий(гром), Сэла хештик(молния) тухий,  дог1а т1е тоьхча.  Тхан бераллийн кхетамца  иза  ишта дан дезаш хиларна.

 

И цеце  т1аьхьа  дара. Тхо даккхий хилча. «Къаршкъули» яккхар, Исламаца   доцу   1адатера ламаст дуйла  хиъча. Эццахь оха цкъацкъа вовшашка олура; «ва нах,  дог1а  ма дог1ура и «Къаршкъули»   яьккхича, и ма тамшина х1ума дара», бохучох терра дерг.

Цкъацкъа х1инца а х1утту и хаттар. Ткъа д1а ойла йича, шираллехь  вайнаха Дэла  цхьаъ вечу муьрехь, цара цу тайпа доьхуш  хиллий те  дог1а, бохург  дага тоссу.

Иза ишта хоьтуьйту — «Къаршкъули»:«Къа + 1арш + Къули» кепехь тида даларо а.

Шецара  – «Къа + 1арше», г1азакхийн – «небеса Милостивого», я « Милостивые небеса» санна хиларна.

Ткъа «Къули»: «Къа(Къинхетамечуьнан) хи» санна а долуш. Г1азкхийн маттара — «родник  Милостивого»\«Святая вода» бохучох терра.

Билгал доккхур вай, лакхенца ишта — «Къули» олуш хилар,  мэлана  аьлла  воьдуш –вог1учунна сада1а а, ламазна а некъаца  хи(хьоста\шовда) 1алаш деш йиначу къепех.

Цу тайпа, нагахь вайн  и тидарш  нийса делахь, оха бераллехь баьхна долу — «Къа + 1арши + Къули», вайн ширачу маттара —«сигал йолу Къинхетаме верг, Хьайн г1овсе  хи (дог1а) лохьа …», боху доь1а хуьлу.

Толлур вай и  «Къаршкъули» санна лелла «Хьагали\Хьогали» а. Аренца  х1етахь  – «Къаршкъули» олуш хиллехь, лакхенца  олуш хилларг «Хьагали» хилла  дуйла а дуьйцуш.  

 

Цул а совнаха, вайн ишта тидам хуьлу, шираллехь цхьа долчу  къаьмнаша  к1ора-дог1а г1овсе лерийна ца1аш, цунаха — «Хьагали» эшарехь ц1е а йоккхуш   хилла  юьйла.  Масала, ширачу германхоша – «hegalaz»(«k1ора») а, англо\ саксониша – «haegl»(«k1ора») а санна.

Ишта  —«Хьагали» эшарехь хилла,  ширачу германхойн –«Руни» алфавитан– «hagal» а, ингалс\ саксонин – «hegl» а ц1е йолу  элпаш. Дашна аьлча, цара ишта вайн «сигал» (ламоройн) дош олуш хилла кхин цхьана элпанах а. Цуьнан хьаркан кхетам –«малх» санна а лоруш.

 

Вуьшта  и «Руни» еккъа цхьа  алпавит хилла а ца 1аш, церан календарь а хилла бах. Дийцарехь  цуьнца лелош хилла цара  боузбуунчалш, пал тиссар. Дуьйцуш хилла   «хиндерг».

 

Масала, цу «hagal»» элпан- хьаркаца: «дахар»; «г1овсалла»; «син1а»; «1а» («дух»),  боху хьесапаш а  шайна гуш. Вайна «хьагал» дашца эшаре долчу – «х1о»\«х1аваъ» дашца: «дахар»; «син1а»; «1а» маь1наш а ма горра.

Вайн ишта терго хуьлуш ду,  немцойн«heilig»(«г1овсе»),«hag»(«куст»), «hacken» («кожалг») а, нохчийн –«хьагал»; «хьак»(лит.–«хьач»); «х1акх»(лит.«х1окх») а цхьана эшаре хилар а.

Ткъа цаьрцара «хьак»(«дитт\кол»)hag»(«кол\дитт») хиларо, уьш ши а — «хьа+ г(а)» т1ера  хоьтуьйту. Кхузахь гайтаме ду, ширачу германхоша — «heiligе hag»(«святой куст») г1овсе а лоруш ма хилларий,  вайн баккхийчара   хьак(- га; кол; дитт) а, баго а, хадо а цамагош хилла  хилар.

Т1аккха германхоша иза ишта ларарна бахьна, и «heiligе hag» церан мифологера -цкъаа а «леш йоцу», цхьана меттахь ша лаьттехь а, амма  даима «лелаш» йолу — «г1овсе кол (га\ дитт)» хиларна хилла.

Ала деза, цхьаболчара иза Тоурато\Инжало юьйцу  г1овсе –«Неопалимая купина» («з1у кол»)  а,  шен  з1уйн сереха  жуьгташа  кхардамца  1ийсайна (а.с.) «паччахьан таж» дина –«терновик»(«з1уй хьак») а,  Мусайна(а.с.) Т1ува арахь Дэлаца къамаьл дечохь  гина  баьццара кол а лоруш юьйла.

Масала, Тоурато а; « Муса(а.с.) т1евахара  кулана и х1унда  йогу  хьажа. Цунна  кулаха йогуш ц1е гира, амма кол цу ц1аро ягош  яцара», бохуш хьехош йолу.

Доцца аьлча, дуккхачу а ширачу  т1урлиша(мифаша) а, йозанаша а цу диттан билгалонаш: «даима баьццара – з1уйне», «дарбане – д1авше», «сецнехь  а, сацанза» санна  юьйцу.

Т1аккха вайн хиллачу тидамца, и ариян-«heiligе hag»(«святой куст»), ламоройн –«хьагали хьак\г(лит.«хьач») алар санна кхета дог1у. Ша г1азкхийн маттахь гочдарца аьлча — «терновик» («слива\алыча колючая») а долуш.

Масала, вайн махкахь а акхачу хьекашна (лит. «хьечашна») юкъехь хуьлу  ша тайпа з1у –дитт ду иза. Шена т1ехь 1анан заманчохь а наггахь юьсиий  баьццара га –кол а хуьлуш долу.  Стенна делахь а,  нахана дарбане хеташ йолу.

Ишта цу «хьагали хьа(к)г» аларах вайн хуьлучу тидарша и дитт хоьтуьйту:   а)Эдемехь  Адама(а.с.), Хьавас  шен стом биънарг.  Шен патарха  шайна  барзакъ динарг.

б) Мусайна(а.с.) Т1ува арахь ша догуш а доцуш, т1ехь ц1е йогуш гинарг.

в) шен з1уй сереха жуьгташа 1ийсайна(а.с.) коьрта — «паччахьан таж»  тиллинарг.

Вай дуьйцучунна  делилаш хилийта  вовшашна чуьччара  хуьлу — «хьагал» а, «хьа+ г(а)» а толлур вай.  И таллам болабале цкъа хьалха, вайна ивритехь а «хаг» дош кара дойла билгал а доккхуш. Жуьгташа ширачу израильхойн  маттара — «ялтийн – ц1ай» (праздник) лоруш долу.

Амма вай дийцира,  шира израильхой   жуьгтий хилла  боцийла. Бакъ болу иврит байна  буйла.  Х1инцалера «иврит» кхолла белла  а, цхьа 100 шо сов бен доцийла. Иза  кхоьллинчара и ширачу арамейн –нохчийн маттаха  пайда оьцуш кхоьллина буйла а.

Кхузара   атта кхеташ ду, ивритехь  цхьа долу  ширачу арамейн –нохчийн дешнаш – аларш  нис далар. Уьш атта нохчийн маттахь тида луш долу  бахьнаш.

Масална аьлча, ишта ивритан – «зе хагу»(«недельный прогноз погоды») а, нохчийн –«зе» («исследовать»прогнозировать»)  «ха»(«время») — «га»(«отрезок») санна тидало. Ша нохчийн «зе ха»; «зе ха — га»;«зе хьега»; «ирс хьега»;  «зовкх хьега» и.д1.кх. а) аларшна юкъера цхьа алар санна.

Ишта кхин цхьана масалца а го, жуьгташна шайн маттара хета ширачу арамейн маттара – «Хадад»(йочанин, до1а ч1ерканан, ткъесан  ц1у) а, нохчийн – «Ха дад» (йочанан –йоькханан) санна хуьлуш дуйла. Вай дуьйцучу «Хьагали» дашца ша эшаре а долуш. И санна долу масалаш вайн инзаре шорта ду.

Цундела уьш цкъачунна дита а дитина, х1инца кхин д1а а толлур вай,  немцойн — «heiligе hag», нохчийн – «хьагал», «хьа+ г(а)»; «Хьагали». Болор вай и таллам «Хьагали» муха йоккхура бохучу дийцарна т1ера.

21

Дог1а бахьнехь  лаьтта 1алам дина. Цо вайна ялта ло, г1а-буц лаьтта йо. И бахьнехь хьала долу лаьттара мел долу  х1у. Дог1а Дэлан къинхетаман билгалонах цхьаъ ю…

 

Дуьйцу: Адамна(а.с.) ша къа хьарчина лаьтта воссийча, дуьненчохь йокъа х1оттина  гина хиллера бохуш. Эццахь, Адама(а.с.) уггаре а хьалхара диначу до1анах  ду бах, цо Дэле дог1а дехар. Ишта дуьйцу, къемат дийнахь адаман х1у , мела дог1а  деъначул т1аьхьа  г1оттур ду , бохуш а…

И дог1а цадог1уш йокъа  х1оьттича йоккхура оха бераллехь «Хьагали»\«Хьогали» а.

Иза кеч йора ехачу  яреха, йа  генеха. Т1аккха и «барзакъ», т1ера х1умнаш д1аяхначу,  цхьана  кхиъна вог1учу къоьнгана т1е уллура. Цунна кара ма1аллийн билгало санна, ма1а дечган  г1аж а лора

Эццахь, цу тайпа кеч йина  и «дийна кол» цхьаммо  мушаца д1а узура. И муш цунаха тоссура: а)цу хьолахь цунна к1езга са гарна. б)стенна делахь а, халкъан кхетамехь дог1а цадарна и «Хьагали»  «бехке»  хиларна. Цундела иза ишта «бехкаллехь» гайта езаш а хуьлура.

Цу тайпа иза кеч йиначул т1аьхьа,«Хьагали» бохучу махьаршца  цунна гондахьа  х1уьттуш дуйла лора тхо. Эццахь цхьана уьйт1ехь  ма кхаьчча , тхан йир кхин а ч1ог1а айлора. Ткъа «Хьагали» тхан  мукъамца  ша шена го туссуш,  гуттаре а ч1ог1а йорт етта  х1уттура.

Х1усамдайша чуьра ара дадош  цунна т1е хи тухура. Тхан т1ормагаш чохь тайп-тайпана даарш дохкура. Дукхачу хьолахь иза  ялтин сакъа хуьлура.  Дама, ахьар цу.

Мел тов елахь а, «Хьагали» ц1енна якъ ялайта йиш йолуш яцара. Цундела  цунна  сих-сиха хи детта дезар тхуна т1ехь хуьлура.  Нагахь шеца цхьацца ца оьшу т1ех «бегаш» бича, «Хьагалис» ярашна юкъера  схьа  ма1а — г1аж 1уттура шена и «вас» йиначунна….

Цу тайпа вайна го,  халкъан кхетамехь «Хьагали» — «къа долу кол»; «г1овсе кол»; «Дахаран дитт» а, ткъа цуьнан  ишта  «леташ» хиларо, иза, «з1уй –кол» а санна хилла  юьйла…

Ткъа х1инца д1а долор вай, цу «Хьагали» дашца вайна доьзна хетачу  немцойн — ламоройн:«heiligе hag» — «хьагаллийн хьак»\«з1у хьак»( лит.«зу хьач»терновик») бохучу аларин тидарш.

Вай элира — «хьагаллийн хьа(к) га»: Адама(а.с.), Хьавас  Эдемехь  шен стом беъна а, ткъа шен г1ах  шайна «духар» дина а дитт хила там болуш ду.

Аьллачунна тоьшаллаш хета: а) «хьега» («завидовать»);«хьаго» («соблазнять\ обольщать»); «хьаьгна» («мечтать»\«предвкушение»); «хьагалла» («жажда»); «хьа+г1(а)»(«зависть\ вражда»); «хье га» («ветка ума\ разума»); «хьоь га» («раскачивающая\живая  ветка)»; «хьакам»;«Хьа+ва»(«Хьа+…» хьалха мел лаьтта  зударийн ц1ераш. Ишта скандинавин – «Хельга»(«святая) а), боху дешнаш.

б)«зу+да»; «зу+дитт»; «зу га»; «зу хьак», боху аларш. «Зу+га(ш)(«веточка колючая)», «Зу+ла(«колючая\ ревнивая»); «Зу+ли» (и.д1.кх. а), боху  ц1ераш.

Ишта  Адамас(а.с.) Хьавас дуьненчохь уггаре а хьалха  дина — «захало» а: «зу+хало» т1ера хета. Вай тохара дийцира –«за +г1а»; «за+ мой»; «за+кат»; «за+хало»; «г1о +за» дешнашцара  — «за», вайн ширачу маттара — «гергалло» санна. Цундела и «за +хало»:«хала гергалло» санна а хуьлу.

Гуш ду ишта, ламоройн —«з1у хьа(к)г»:«зу 1а – хье+га» хуьлуш хилар а. Г1азакхийн маттара: «колючка  Духа(жизни) – ветка разума\зависти, бохучох терра. Я «дерево познание Добра и Зла», я «дерево предостережение», санна ша хиларца.

Ишта шен – «зе га» барамехь:«ветка испытание\познание» а хуьлу иза. Дага деъначура аьлча,  вайн лаьмнашкахь бацалахь йолуш — «з1е га» олуш бецан — кол а ю.  Шена  т1ера кегийра –горга буьртигаш,  д1авшанах  дарба хуьлуьйтуш  йолу.

… Цу тайпа, вай х1инца динчу тидашкара кхин цхьа тергам а хуьлу. Цу диттан ц1ерашца  доьзна — «Хьава» ; «зуда» хилар а, ткъа «Хьава» = «зуда» санна дуйла а. Масала,  ламоройн маттара — «дитт» = «довз» санна.

Амма хетарехь, вайн литературо а шех пайда ца оьцу и «довз», цхьа волчу  дешархочунна  муххале а  девзаш дац. Цундела билгала доккхур вай, и дош ламчохь «дитт» дашца  цхьана  лелаш дуйла.

Гойтур вай церан масийта тайпанара хьесапаш  нохчийн –маттара г1азкхийн маттахь  гочдарца.

Масала: а)«дитт» — «дерево»; «стирать»;«оставить»; «лезвие»; «ость злака» санна.

б) «довз» — «дерево»; «познать»; «постигай». «Дов — зе»:«ссора\вражда — ущерб» ; «вражда + испытание\постижение» санна.

Кхузара  цу  «дитт -довз» маь1наша юха а гойту,  уьш г1азкхийн маттара -«дерево познание Добра и Зла» санна хуьлуш дуйла.  Ишта цаьрца хаало,  Дала,  «и дитт диталаш», аьлла Адаме(а.с.)- Хьавайга дина омра а, Йилбазо царна и довз «довза» йина  марзо а.

Масала,  цхьана   хьадийсо ишта юьйцу и марзо; —  Хьава хьала г1оттуш  диттана -довзана т1еяхна, цу т1ера стом бахьаш  Адамна т1е ера. «Адам, -элира цо, цу довза  т1ера стом мерза бу. Кхаллахьа, ас а кхаьллина хьуна и…»  Оцу хенахь, Дала шега  и дитт  диталахь аларна вийц веллачу Адама и стом кхаьллира.  Амма иза  легашкахь кхоччушехь,  Дала шега аьлларг дагадеъначу Адама(а.с.) арара схьа лецира иза куьйгаца. Ткъа важа, йа хьала а, йа охьа а боцуш цигахь  лаьтта биссира..», бохуш.

Кхузахь билгал дер вай, Адама (а.с.) ишта схьа лаьцна боху лаган меттиг, г1азакхаша шех –«адамово яблоко»(«кадык») олург  юьйла.

Амма, вайн кхузахь  терго хуьлу: а)«лаг»(я «лак») дош:«стоьман лаг», «адаман лаг» аларшца а дуйла.

в) ламройн — «лег», литературни – «лийр» а, ткъа  «ле  га»«1ажаллан га»(«ветка смерти») а санна хилар. Ткъа цо тардо, Адам(а.с.) Эдем чуьра ара валар(изгнание) а, цуьнан валар(смерть) санна.

Цул а совнаха,  «1ажалан га»(«ле га»): «1аж га»(«ветка яблони»); «1а га»(«ветка Духа\ жизни») а хуьлу. Эдемехь хилла и дитт -довз, 1аж –хьекан гибрид  хиллий те, бохург дага а тоссуьйтуш. Цундела  «хьак» олучохь, «1аж»  бохург а дийц цадер  вай(акхачу 1эжан цхьа тайпа а, з1у-дитт  хилча муххале а)…

Ткъа доцца аьлча, немцойн — «heiligе hag»(«святой куст») санна хезачу «хьагаллийн хьа(к)г» (я «з1у хьак») аларах вай диначу тидарша, шаьш  г1азкхийн маттахь дийцича «слива обольщение\искушение»;«дерево познание Добра и Зла» ло вайна.

Цунна т1е тухур вай, Адама(а.с.) шен къамарга стом охьа ма кхаьчча, и сацо дагахьа схьа лаьцнарг – хьа(к)г лаг хийла тарлуш а дуйла. Цо къурд  бечу хьекахa  схьа къаьстина  хила йиш йолуш долу.

Кхузахь  тидам хуьлуьйтуш ду «къамарган лаг» а. Ламоройн — «Къа (Милостивого) + Маран(Повелителя) + лаг»(«косточка фрукта\горло) а, «къа(грех) + маран(мужа) + лаг»(«косточка\горло») а  санна ша хазарца.

(«мар», «майра» тайп-тайпана маь1наш. «Мар» вайн лит. маттаца цалелар г1алат)

Хьалхарчуьнца го: а)Дала шен къинхетамца адамна къамарг – лаг (меже) елла юйла.

б)Цо  шен къинхетамца Адаман(а.с.) къамаргахь  лаг(хьекан) сацийна  дуйла, иза ша дечунна  дохкоха ма ваьллехь.

Шоллаг1чуьнца хаало: Адама(а.с.) хьарчиначу къанан «билгало» –  лаг.

Цу тайпа, Адама(а.с.) и хьак(хьач) беъна а, баанза а хуьлу. Цунаха къурд ша бечохь, цо цуьнан  лаг  схьа лаьцна хиларна.

Дуьйцучуьнца  цхьана дог1у, вайн – «къахьа»; «къурд» а.

Масала: а) «къаьхьа»:«къа + хьа(к» ; «къа +хьег» санна. Г1азкхийн «горький»: «слива греха»;«трудиться»\ «отрабатывать грех», бохучох терра хиларца.

б)«къурд»: «къа +урд» барамехь . Г1азакхин –«часть\доля греха» санна.

Т1аккха  и «къахьа къурд» уггаре а хьалха бинарш Хьава – Адам(а.с.) хиларе терра, вай лакхахьа цу х1окъехь  дуьйцучура сацийнарг кхин д1а а дуьйцур  вай…

«… И стом шаьш биъначул т1аьхьа, ша шиъ дерзийна карийра царна. Т1аккха Далла хьалха шаьш мел йоьхь 1аьржа дуйла а хиъна, цу г1овсечу довзанан  г1ах  шайна  духар дан х1оьттира и шиъ…»

Кхузахь гайтаме ду, церан  уггаре а хьалхарчу  цу «духарца»  вайна доьзна хета дешнаш. Масала: а) «г1аш юкъе»: «срамное  место»\«между листьев» санна.

б)«марчо»:«Мар +чо(чо1; чокх)». Г1азкхин  – «одеяние(дар) Повелителя» а, «одеяние мужа» а санна.

в)  «барзакъ»:«б\верзин +къа» бохучох терра.

г)«бедар», г1азакхийн –«бедро»(и къайла яккхар) санна.

д) Хьавайн «г1абали»: «г1а бала» бохучох терра.

е)Адаман(а.с.) «г1автал»: «г1аш т1ехь», я «г1ов т1ера»(«прикрытие\стена) санна.

Терго ер вай ишта, «г1а» дашца  доьзна:

а)«г1ад дайна»(«да амал цахилар»; «дег1 дар»)

б) «г1амалха»(«адам шен хьесапера даьлла лелар»).

в) «г1ам»(«ведьма»)

г) «г1аммаг1»(«персик») а хиларна.

Т1аьхьарчара хоьтуьйту, дуьнечохь  дуьхьара  «г1амалха» яьхнарг Хьава. Иза г1аммаг1 – дитта юкъахь  къайла  яларг санна а гойтуш. Цундела тарло,  вай лакхахьа «хьекан -1эжан гибрид» санна йицинарг  г1аммаг1а хила а.

Т1аккха,   Адам(а.с.) ишта д1а х1ул валаро дага тоссу:

а)цхьана ширачу 1адатца пхьа хьарчийна саг, и  пхьа битайта т1е вуьгуш, цхьа барзакъ, я марчо  а хьарчош  бармаца хьош хилла хилар. Ша дийначунна и мел  йохь 1аржа вуйла  гайта.

б)ша къийла вахча генашца  дег1  х1улдина  къона  Адам(а.с.), «Хьагалина»  буххе х1оттош  хиллачу   къоьнгахь терра хилла вуйла. Цу тайпа,  дуьненчохь уггаре а хьалхара  «Хьогали»  а шех хуьлуш.

Цундела  «Хьагали»  йоккхуш  цунна оха диттина хи а хета, Адаман(а.с.) хьалхарчу къа т1ера схьа, адамо мел хьерчина  къа,  цу «Дахаран диттана» («Хьагали») т1ера ц1ан деш  хилла  долу «1ийда –хи» санна.

Ткъа  эццахь оха  олуш  хилла; «Йо, Дэла, Дуьне – 1алам ц1ан до,  Дахар керла доккху,  мела дог1а лохьа..», бохучу кхетамера  до1а –назма а, адаман силсиллера  до1а. Дэле и дог1а  доьхуш цара  шираллехь деш хиллачох терра.

Т1аккха  муьлхачу билгалонашца лоруш хилла те цара, Дала шайна цу до1анна луш долу жоп?

Кхузахь вайн терго хуьлу: а)ламройн– «до1а ч1еркар»(«гром гремит»):«до1анна жоп – хаам (дог1анца)», бохург хуьлуш дуйла.

 

б) ламоройн -«Сэла хештийг»:«Са Эли (Господа Света) хештийк (серлонийн\ ц1еран)» санна хилар.

(хала хетарца  ду, ламоройн «Сэла» — дашцара шира Дэлан ц1ераш литературни ду бохучу — «Стела хештийк»(«Стела 1ад»; «стаг»; «стигал») аларо харц яхар)

 

в)вайн — «ткъес»: «ткъе са» санна тида далар.

«Ткъе» — ехха\готта  т1аьрсиг а, ткъа «са» -«са»(«свет») а долуш. Т1акхха цо «ткъес» гойту – «ткъе са\нур\ц1е» санна.

Дашна аьлча, «ткъе» — иза цхьаболчара ма бохху товханна т1е кхозу заь1а яц. Вукхуьннан шен ц1е ю. Ткъа «ткъе» лелабо нуьйраца а, кожаца а. Цунаха  беж1уйша  ехха шед а йора. «Къес» (бич) олура  цунаха лакхенца.

Гайтаме ду, вай аьллчунна тоьшалла деш санна долу: а) «Цо шуна ткъес гойту кхерамна а, дега йовханна а. Цо дог1анах  кхоркина  марханаш кхуллу. До1а ч1еркаро хеставо Иза, малайкаша кхерарца хастам бо Цунна. Цо шена луучунна ткъес туху. Цара Дэлаха къуьйсу.  Шен Ка хиларца  инзаре волчу» (Коран. 13:12-13), боху  аят  а.

б)«До1а ч1еркар — малайк ду, мархаш лелош долу, ткъа ткъес, цуьнан къес(бич)  ю», боху хьадис а.

Кхузахь дага тоссу, бераллехь оха вовшашна беш хилла хьехамаш а. Ишта  хуьлура уьш:  дог1а дог1уш дитта бухе х1отта мегар дац, ткъа х1оттахь а, до1а ч1еркаш т1аьн к1елош т1е тов1о еза  «ашшада» а доккхуш,  малайкан ткъесах дедда  доьду шайт1а хьайн пхьарсаш бухе  цаэкхийта…, бохуш….

Дерзор: — вай диначу тидарша,  нохчийн маттахь далиначу  аларша, аято, хьадисо гойту,  и тайпа дог1а дехаран ламаст вайн халкъаллахь кхолла далар Ислам т1е дале хиллехь а, амма вайн къомо Дэла цхьаъ вечу заманашкахь  хилла  тарлуш дуйла.

Иза гойту «Хьагали» дашах хуьлучу  кхин долчу  тидарш а. Масала: а)«Хье +га — Али\ Эли»разум\познание +дерево\ветка – Господа»).

б)«Хьеги + Эли(х)»(«зависть\вражда к Господу») бохучара.

Ткъа цара, «Хьагали» яьккхича дог1а х1унда дог1ура бохучу хаттарна а  жоп хуьлуьйту. Бахьна, цигахь  йохуш хилларш ширачу маттара Дэлан ц1ераш хиларна дуйла а гойтуш.

ишта «Хьагали» а, ариян –ламоройн: «heiligе hag» «хьагалин хьа +(к)га» а  зуьш: «слива обольщение\ искушение\ зависти» а, «дерево познания Добра и Зла», боху жам1аш а хилира вай.

— и «хьагалин хьак»: «з1у кул»зу кол») санна а хьаха делира. Шен эшарца вайна 1арбойн -«зуккум» а хозуьйтуш. Ша жоьжг1атан ох1лонан кхачанан дитт хир ду бохуш долу.

Ткъа церан цу цхьаалло  дага тоссу, вайн Дас –Нанас Эдемехь шен  стом беънарг-м дац те иза, бохург. И шиъ санна Дала Эдемера ша ара даьккхина хила тарлуш долу.

Т1аккха  шен къиношна дохкоха ца йолучу адаман цхьана тобанна,  даима а ша стом — кхача хила  жоьжг1ате  дахийтина а…

Цу хаттарна вайна жоп цахаьа.  Йа вай и леха а цалоьху. Амма Дала лардойла вай, иштачу кхачанах…

(Хьогали –Къаршкъули сурташ.  Итон –кхаьлла.  1980шо. Игорь Пальмин)

«Чакхе  ю».  Докка Амагов.

Chechenews.com

23.06.12.