Главная » Все Новости » События » Нохчийн кхин цхьа тоба а ю Австрера арайоккхуш

Нохчийн кхин цхьа тоба а ю Австрера арайоккхуш

Вайнехан Европерчу мухIажирех уггаре дукха дакъа деха пачхьалкх ю Австри. Деношкахь царех рогIера тоба ю махках а яьккхина, Оьрсийчоьнан караяла кечъеш. Оцу хиламна резабоцчу нохчаша а, царех доглозучу меттигерчу бахархоша а гуламаш хIитттон болийна махкахь.

«Нохчийчохь тIом дIабаьлла шуна, шайн цIа гIо!» — иштта элира, ца вешаш, вела аьшна а дина, масех шо хьалха ша Германе веъча, цигахь ша дIасавоьдучу новкъа дуьхьалонан акци ян арабевллачу нахе Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

И дешнаш, схьахетарехь,  Австрерчу мухIажарийн хьашташца йолчу хьукматийн белхахоша шайн белхан парол санна юхьаралаьцначух тера ду. Вуьшта муха кхета деза, Нохчийчуьра цу Альпийн махкахь тховкIело а, кхерамазалла а, маьрша де-буьйса даккха а аьтто лоьхуш, бевдда баьхкинчу мухIажиршна цара, дела денна аьлча санна, цIехьабоьду некъ гойтуш хилча?

Я мухIажарийн белхамаш а, шайн даймахкахь шайна маьрша дац бохуш болу, я цу мухIажарийн терахь а, шераш мел дIаэхарх, лахлуш цахилар а цара тидаме оьцуш ца хилча? Ткъа и «машаре кхиамех»а , махкарчу диканех а уьдучу нехан терахь-м дац лахлуш.

Венера Сагаипова Тумиша ю дукха хан йоцуш ДегIастанарчу «кхерамазаллах» а, юхаметтахIоторан зовкхах а едда, Малхбузехь тховкIело лоьхучех цхьаъ. Ша Европе яран бахьанаш иштта дуьйцу цо.

Сагаипова Тумиша: «И сан девежарий, Дала декъал бойла уьш, тIемаш дина бу, бохуш, хьийзадора тхо. Юха сан цIийндега изза кхечи, вийна, схьакхоьссира иза а. Иза дIавоьллинчул тIаьхьа марненаца Iаш яра со, ткъа сан марвежарий, церан ваша  вийна ву, бохуш, чулелхаш, кхин бита а ца битина, арабевлла, дIабахана бу.  Уьш хоьттуш, Iа ца дуьтуш, кхин ла а ца делла, ши бутт хан ю со араяьлла, кхуза схьаеана».

Тумишин дийцар мел гIайгIане делахь а, цуьнан кхоллам мел Iийжаме белахь а, амма Австрин Iедало шен сацам бина баьлла – Къилбаседа Кавказ кхерамазаллин гIайре ю, бохуш, чIагIдечу Оьрсийчоьнан официалан хаамашна тIе а тевжаш, бина сацам бу иза. Иза муьлххачу а хенахь меттигерчу полицино, лаца а лаьцна, шен кIантаца Оьрсийчу дIалур йолуш ю.

Иштта хьал ду масех шарахь Венехь ехаш йолчу Совдатехь дерг а.

Совдат : «2001-чу шарахь тхан чуьра 4 стаг дIавигира. Сан коьрта Iалашо Франце кхачар яра, Страсбургерчу кхеле. ХIара дIадолалучу хенахь, массо а нах, шайн Даймохк ларбан арадовла, бохуш, кхайкхамаш бечу хенахь, арабевлла бара и сан вежарий, цул тIехь чохь Iен аьлча, чохь а севццера. Амма цара уьш чохь саца бита-м ца битира, чу лелхаш, цхьаъ дIалоцуш, важа дIалоцуш. Кхин Европе йогIур яра-кх, аьлла, кхузахь хаза дахар хир дара-кх аьлла, кхаьчна-м яц со кхуза, и сайн вежарий бахьана долуш яраяьлла ю-кх».

Дуьненаюкъарчу массо а конвенцешца а, низамашца а тергал дича, вуно дукха бахьанаш ду цу зудчунна политикан тховкIело яла. Ткъа цуьнан дехарна дацаре жоп деллачу Австрин Iедалийн хьесапех кхета хала ду. ХIетте а, Совдат а, Тумиша а, цаьрца кхин масех нохчийн мухIажарийн доьзал а кеста Оьрсийчу дIахьажон кечбинчийн могIаршлахь бу.

Даймахкахь маьрша хене вала, ког биллал меттиг а боцуш, бусулбачу пачхьалкхашка биттане а  чу а ца буьтуш, ткъа Европано, хийрачу тойне ца оьшуш баьхкина хьеший санна, шийла тIе а оьцуш, бисина нохчийн мухIажарш. Къаьсттина тIаьхьарчу шерашкахь даймахках бовла сацам бинарш. Нуьжаний, варзапний юкъанисбелла уьш, я цIабаха йиш а йоцуш, я Малхбузехь биса меттигерчу Iедалша бакъо а ца луш лела, таханий-таханий цхьаъ нислур дацара теша, бохуш.

Эзарнашкахь ду цу кепара цхьа а кехаташ, ткъа цаьрца цхьаьна цхьа а бакъонаш а йоцуш бехачу нохчийн мухIажарийн терахь еккъа цхьана Малхбузерчу Европехь.

Источник: www.radiomarsho.com

29.09.12.