Главная » Все Новости » События » Потомки Ноя: из прошлого в будущее. Продолжение

Потомки Ноя: из прошлого в будущее. Продолжение

Сийлахъдолу К1уръан

Суурату — ль — фаатихъа

Сурат Схьадоьллург

1) Бисми — ЛЛаах1и — РРохьмаани — РРохьийми.

1) Къахеташ, Къинхетаме Аллах1ан ц1арах!

2) Алъхьамду – лиЛЛаах1и Робби — ль- 1аламийна

2) Хастам бу Аллах1ана, 1аламийн Элина

3) Аррохьмаани — РРохьийми

3) Къахеташ, Къинхетаме волчу,

4) Маалики йавми — ддийни

4) Долахь(долчу) динан (къематан) де

5) Иййаака на1буду ва иййаака наста1ийну

5) Хьуна Хьайна лолалла (1ибадат) до оха, Хьоьга Хьайга г1о а доьху оха!

6) Их1дина — ссыроот1о — ль — мустакъийма

6) Дигахь тхо нийсачу новкъа,

7) Сыроот1о — ллязийна ан1амта 1алайх1им г1ойри — ль – маг1д1увби 1алайх1им валя-  

    дд1ооллийна.

7) Айхьа ни1маташ делла болчеран новкъа, ца хуьлуйтуш шайна т1ехь оьг1азло йолучарех, я 

    тилла болучарех а.

Суурату -ль — бакъара

Сурат Етт.

Бисми — ЛЛаахЫ — РРохъмаани — РРохъийми. Къахеташ, Къинхетаме Аллах1ан ц1арах! 1) Алиф, Ляям, Миим. 2) XI ара Жайна — шеко яц цунах -(нийса некъ хьоьхуш) куьйгалла ду Делах кхоьручарна, 3) шаьш болучарна, къайлехь долучух тешаш, ламазе х!уьттуш а, Оха шайна деллачу рицкъанех (Делан дуь-хьа) харж еш а, 4) шаьш тешаш болучарна а хьоьга доьссиначух (Къуранах), хьолла хьалха доьссиначух а (Забурах, Товратах, Инжилах), Эхартах уьш тешна а бу. 5) Уьш шай Элегара нийсачу новкъа т1ехь бу, уьш бу кхиам хилларш а. 6) Бакъдолуш, Делах цатешаш берш, -бен дац царна, ахь шайга кхайкхича (Ислам дин) я ца кхайкхича а, — уьш тешаш бац: 7) Аллах 1а мух 1 ар та1ийна церан дегнаш т1е, церан лерасина т1е а, ткъа церан б1аьрасина т1ехь пардо ду, царна вуно доккха 1азап хир ду. 8) Нахана юккъехь олуш берш бу: «Тхо тийши Аллах1ах, т1аьххьарчу дийнах а.» Амма уьш тешначарех ма бац. 9) Уьш 1ехо г1ерта Аллах!, (иман диллина) тешаш берш а, амма 1еха — м цабо цара шаьш бен, я шайна а ма ца хаало. 10) Церан дегнашчохь цам-гар ю, Аллах1а совйоккхийла церан цамгар! Царна ла-зош 1азап а хир ду, уьш харцлуьйш хиларна. 11) Т1аккха цаьрга аьлча: «Ма яржае боьхалла латта т!ехь1» — цара олу: «Бакъдолуш тхо дика — ц1ена дерг деш дерш ма ду.» 12) Ткъа бац? Уьш ма бу и боьхалла яржош берш, амма и хаа — м ца ло царна.

13) Т1аккХа цаьрга аьлча: «Има дил-лийша (тешийша Алдах1ах), наха има ма диллара!» — ца-ра олу; «Оха има дуьллур дара, кхетам €оцучара има ма диллара?» Ткъа бац? Уьш ма бу и кхетам боцурш, амма хаа — м ца хаа царна! 14) Т1аккха царна дуьхьалкхетча има диллина берш, цара олу: «Оха има диллина!» Ткъа шай шайт1анашца бисича, олу; «Баккъалла тхо шуьца ду, билгала тхо уьш хьийзабеш дерш ма ду,» 15) Аллах1а хьийзабийра  бу  уьш,   сов   а   бохур  бу  уьш   шай т1ехбовларгахь, тиллабелла болу. 16) Уьш бу тиллар аьцна берш нийсачу новкъах (махбина). Сане — м ца хил-ла церан махлелор, я нийсачу новкъахь берш а ца хилла уьш. 17) Церан масал — тера бу уьш ц1е латайиначух, ткъа цо серладаьккхича цунна гонаха дерг, Аллах1а д1аяьхьира церан серло, боданехь а битира уьш, царна ган ца гущ. 18) Къора, мотт цахууш, б!аьрзе (бу уьш), я уьш (Деле) юха ца боьрзу. 19) Я стиглара дог1анан мар-ха санна. Цу чохь боданаш, стигал къовкъар а, ткъес а ю, цара бохку шай п1елгаш шай лергаш чу, г1овг1а хилар-на, валарх кхоьруш, ткъа Аллах 1 т1екхуьуш ма ву Делах цатешачарех долучунна.

20) Ткъес схьадаккха г1ерта це­ран б1аьрса; х1оразза шайна серлаяьккхича д1абоьлху уьш цуьнца (оцу серлонгахь). Ткъа бода беъча шайна т1е, уьш совцу. Шена лиъча — м Аллах1а д1ахьура дара церан лерса, б1аьрса а. Билггалла Аллах 1 массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву! 21) Х1ай нах! лолалла (1ибадат) де шай Элана, (Ша) кхоьллина волу шу, шулла хьалха хилларш а (кхоьллина), — шу хила а мега Делах кхоьруш! — 22) Хилийтина волу шуна латта даржийна (куз санна), ткъа стигал — г1ишло, стиглара хи а (дог1а) даиитина, цуьнца хьала а баьхна Цо стоьмаш шуна гоург (рицкъ) дина. Аш ма х1иттабе Аллах! ана (цунах) тера-берш, шайна хуъушехь! 23) Ткъа шеш шек делахь Оха тхайн     лайна     (Мухьаммадна)     т1е     доссиначух (Къуръанах), т1аккха сурат даладайша х!окхунах тера долу, шай теш а кхайкхийша, Аллах1ана метта, шеш бакълуьйш делахь. 24) Нагахь санна аш и ца дахь, — ткъа аш и дийра — м дац (цкъа а)! — ц1арах кхерийша, шен де-чиг адамаш; т1улгаш а долу, и Делах цатешачарна кечй-ина йолу. 25) Кхаъ баккха има диллина, дика 1амалаш йина болучарна, царна (ялсманенна) бошмаш ю, шайна к1елхула д1аоьхуш хиш долуш. Х1оразза шайна цунах дакъа делча, (ялсманенна) стоьмех долу, рицкъ дина, ца­ра олу: «Х1ара ду тхуна хьалха делла хилларг», — ткъа царна д1акхачийнарг цунах тера дерг ду. Царна цигахь ц1ена зударий бу, уьш цу чохь даиман хир болуш а бу. 26) Бакъдолуш Аллах 1 ана эхь ца хета масална чуьрк яло, я цулла доккхадерг (дало). Амма има диллиначарна хаъ иза бакъдерг дуй, шай Элегара. Ткъа Делах цатешаш бо-лучара эра ду: «Х1ун лууш ву Аллах1 х1окху масалли-ца?» Цо тиллабо цуьнца дукхах берш, нисса а бо цуьнца дукхах берш. Делахь тилла ма ца бо Цо цуьнца телхи-парш бен.

27) Шаып Аллах1ан весет дохош берш иза ч1аг1диначул т1аьхьа, къестош берш а Аллах1а цхьана-тоха омар динарг, боьхалла яржош берш а латта т1ехь. Уьш бу шайна эшам хилларш. 28) Муха ца теша шу Ал-лах1ах? Шу делла дара, Цо ден а дира шу,- юха Цо до-луьйтар ду шу, юха дендийра ду шу, юха Цуьнга духа-доьрзар долуш ду. 29) Иза ву кхоьллинарг шуна латта т!ехь мел дерриг, юха стигаллехьа вирзина нисйина иза иорх1 стигланах. Иза х1ора х1уманех дерг хууш а ву. 30) Таккха элира хьан Элас маликашка: «Бакъдолуш Аса х1оттор ву латта т1ехь халиф (доладийриг).» Цара эли­ра: «Ахьа х!оттор вара цу т1ехь (халиф) цигахь боьхалла яржон ериг, ц1ий 1енон дериг а, тхо ма ду Хьуна хастам кхайкхош, Хьан сийдеш а?» Цо элира: «Бакъдолуш Суна хаа шуна цахуушдерг!» 31) 1ама*а йира Цо Адамна массо ц1ераш, юха кховда а йина уьш маликашка элира: «Йовзийтал Суна х1окхеран ц1ераш, шаьш бакълуьйш делахь.» 32) Цара элира: «Хастам бу Хьуна! Хууш ма дацтхо, Ахьа тхуна 1амийнарг бен. Бакъдолуш Хьо ма ву хууш, хьекъале верг!» 33) Цо элира: «Х1ай Адам, йо-взийта царна церан ц1ераш!» Т1аккха цо йовзийтича царна церан ц1ераш, Цо элира: «Ткъа Аса ца элира шу­га, баккъалла Сайна хууш ма ду къайлехь дерг стигла-нашкахь, лаьттахь а, хууш ду аша гучадохаш дерг, аша лечкъош дерг а?»

34) Т1аккха элира Оха маликашка: «Сужуд де Адамна! Сужуд дира цара иблис доцучо. Иза духаделира, дозалла а дира, Делах цатешачарех а хили-ра. 35) Элира Оха: «Х1ай Адам! Даха хьо, хьан зуда а ял-сманехь, яа цучура томанна шаыпшина луъучура, делахь а герга ма г1олаш х1окху диттана, зулам диначарех ца-хилархьама. 36) Тасадалийтар и шиъ шайт1ано цунах, ара а даьккхира и шиъ шаьш долчуьра. Т1аккха элира Оха: «Дисса вовшийн мостаНий хилла! Шуна латта т1ехь 1ар ду, лелор а ду хан кхаччалц.» 37) Т1е а лецира Адама шен Элегара дешнаш, (дохковаьлла) тоба а дира Цуьнга (Аллах1е): бакъдолуш И ма ву Ша тоба къобал-дийриг, Къинхетаме верг. 38) Элира Оха: «Дисса цигара цхьаний! Нагахь санна шуьга даг1ахь Соьгара куьйгал-ла, шух т1аьхьа х1оытиначунна Сан куьйгалдина, кхе-рам хир бац.» 39) Ткъа Делах ца тешаш берш, харц ло-руш берш а тхан аяташ (билгалонаш), уьш ц1ергахь ба-хархой бу, уьш цигахь даиман хир болуш бу. 40) Х1ай Исраилан бераш! Дагадаийтийша Сан ни1маташ, Ас шуна т1е даийтина долу, Сан весет а лардайша, Аса лар-дийра ду шуьца весет. Сох кхера шу. 41) Аса доссийна-чух а теша, шуна юкъахьдерг бакъдеш. Ма хилийша дуьххьарлера цунах цатешаш дерш. Ма эцийша Сан ая-тех к1еззиг мах, Сох (Сан оы1азлонах) а ларлойша. 42) Ма йоха бакъонна т1е харцо и бакъо къайлаяккхархьа-ма. Шу хууш ма ду.

43) Ламазехь латтийша, закат а лойша, руку1е а г1ойша руку1е баханчаьрца. 44) Омар дийра дара аша адамашна ладуг1уш хила (аьлла), шаьш диц а деш, шаьш доьшуш а долушехь (Делера) йоза. Хьекъале ца дог1у — те шу? 45) По деха шайна собарца, ламазца а; баккъалла иза хало ма ю, (Далла) муьт1ахь болуш боцучарна. 46) Ойлаеш боцучарна шайна гура ву (аьлла) шай Эла, я шаьш Цуьнга духадоьрзур ду (аьлла) а. 47) Х1ай Исраилан бераш! Дагадаийтийша Сан ни!маташ, Ас шуна т1е даийтина долу, Ас Ноле а ма ле-рира шу 1аламашна т1ехь. 48) Кхерийша сине синна цхьанне а х1уманца бекхам балур боцучу дийнах, я цуьнгара г1одаккхар — шапа1ат т1елоцар дац, я цуьнгара нисдар схьаоьцар дац, я царна г1о дийр дац. 49) Т1аккха Оха к1елхьарадехира шу Фир1авнан тайпанах, (цара) шуна т1ехь латтадора вон 1азап, шун к1ентий байъаъ бойъуш, дийна а буьтуш шун зударий. Х1окхунна чохь шунна зер ду шун Элера вуно доккха. 50) Т1аккха Оха бийкъира шунна х1орд, шу к1елхьара а дехира, буха а дахийтира Фир1авнан тайп, шу хьоьжуш а дара. 51) Т1аккха Оха весет дира Мусана шовзткъа буьйсанна, юха аша схьаийцира шайна эса цулла т1аьхьа, шу зулам динарш а хилира.

52) Юха Оха гечдира шуна цулла т1аьхьа, — хира дацар — те шу баркалле. 53) Т1аккха дели-ра Оха Мусана Жайна, довзар а, — хир дацара — те шу нийсачу новкъахь. 54) Т1аккха элира Мусас шен къоме: «Х1ай сан къам! Бакъдолуш шу зулам динарш ма ду шаьш шайна, схьаэцна шайна эса. Тоба дайша (дохкодовларца духадерзийша) шаьш кхоьллиначуьнга, дайаъ дайъийша шаьш, иза Ноле ду шуна шу кхоьлли-начунна гергахь. И вирзира шуьга: бакъдолуш Иза -Воьрзушверг, Къинхетамеверг ма ву!» 55) Т1аккха элира аша: «Х1ай Муса! Тхо тешар дац хьох, тхайна Аллах1 галлалц ма — варра.» Схьа а ийцира шу стелахаынтиго, шу хьоьжуш а долуш. 56) Юха дендира Оха шу, шу дел-лачулла т1аьхьа, — хира дацар — те шу баркалле. 57) Оха дага а тесира шуна марха, йосса а йира Оха шуна т1е манна, лекъаш а. Даалаш диканех Оха шуна рицкъа дина (делла) долу. Тхуна зулам ца дина цара, делахь а шаьшшайна зулам динарш хилла уьш. 58) Паккха элира Оха: «Чу г1о кху юьртана, яа цу чура шайна луъучехь, томанна. Чу а г1о коьвнехула, суджуд деш, ала а ала: «Гечдар (доьха)!» — Оха гечдийра ду шуна шу къинош, сов а дохар ду диканаш дечарна. 59) Хийца а хийцира зулуме болучара кхечу дашца аьлла дерг шайга. Досса а дира Оха зуламе болчарна т1е стиглара та1зар уьш хиларна къа латош. 60) «Паккха мала а дийхира Мусас шен къоманна, Оха а элира: «Тохал хьай 1аса т1улгах!»

Схьа а делира цунах шийтта шовда, хуучу кепара х1ора нахана шайн хи молу меттиг.  «Яалаш,  малалаш Аллах1а (деллачу) рицкъанех! Зе а ма делаш латта т1ехь боьхалла яржош.» 61) Лаккха элира аша: «Х1ай Муса оха ца лов цхьана тайпана яах1ума. Дехахь тхуна хьай Элега хьаладалийта (алий) тхуна лаьтто кхиошдерг шен хасстоьмех, габакхех а, саьрамсекхех а, хьозийн кхоьшшех а, хохех а.» Цо элира: «Аша хийца боху -те ша к1еззиг долучуьнца ша дико — х дерг? Дисса Мисара, бакъдолуш шу­ на а аша дийхинарг ду. Йоьг1на а хилира царна т1е г1ело, къоьлла а. Эшам а хилира царна Аллах1ера 1азапца. Иза ду царна уьш цатешаш хиларна Аллах 1ан аятех, цара пайхамарш байъарна а бакъонца боцуш! Иза ду цара (ла ца дуг1уш) 1асалла ярна, зуламхой хиларна а. 62) Бакъдолуш има диллина берш, жуьгатий берш, керстанаш   а,   сабиинаш   а  тешна   болу  Аллах1ех, т1аьххьарчу дийнах а, диканиг динарш а, — царна шайн совг1ат а ду шай Элегахь, кхерам а бац царна т1ехь, я уьш сингаттаме а хир бац 191)

Байъа а байъалаш уьш, (шайна) дуьхьалакхаьттачи-гахь, лахка а лахкалаш уьш, цара шу лаьхкиначуьра: бо-хам — питан ч1ог1о ма ду (стаг) верал! Лата ма латалаш цаьрца Хьарам маьждиг долучохь, уьш шух латталц ци-гахь. Нагахь санна уьш латахь шух байъалаш уьш: ишт-та бекхам бу Делах цатешачарна. 192) Нагахь санна уьш совцу — кха, т1аккха бакъдолуш Аллах1 Гечдийриг, Къинхетамеверг ма ву! 193) Латалаш цаьрца питан д1адаллалц, дин (дерриге) Аллах1ан хиллалц. Нагахь санна уьш совцахь, мостаг1 алла дац т 1 аккха зу-ламхошций бен. 194) Хьарам бутт хьарам баттах бу. Бехкамаш а бекхам бу. Ца1 дуьхьал валахь шуна, шу дуьхьалдовла цунна, иза дуьхьалваларах терра шуна. Аллах1ах кхералаш, хааъ хаъалаш Аллах1 Делах кхоь-ручарца вуй. 195) Харж елаш Аллах1ан новкъахь, я д1аъ ма хьовдалаш шайн куьйгашца х1аллак хиларе, диканаш а делаш, — бакъдолуш Аллах1ана беза дика дийраш.

Тафсир «Джалалайн»

1. БИСМИЛЛАХЬИРРОХЬМАНИРРОХЬИМИ,

2. Алхьамду лиЛЛАXIИ Хастам бу АЛЛАХЬАНА

АЛЛАХЬАН хастам хиларо шена чулоцу Иза (АЛЛАХЬ) билггал сийлахь, — лекха хилар: халкъера массо хастам долахь болуш (МАЛИК) ву, йа Шена хастам бан хьакъ долуш ву, АЛЛАХЬЕХЬ хаар (1илма) ду хьакъ долуш лолалла (1ибадат) дар т1ехь.

РОББИ — ль — 1аламийна 1аламийн Элина

Вуьшта аьлча, (Иза) долахь долуш (МАЛИК) ву массо а халкъаш — адамех, джиннех, маликех, хьайбанех, уьш доцучех (кхи халкъаш а). Царех х1оранна т1е яьржаш йу 1алам олу ц1е. Эр ду: адамийн 1алам, джиннийн 1алам, уьш доцучарна а (эра ду 1алам).

3. АРРОХЬМАНИ — РРОХЬИМИ. КЪАХЕТАШ, КЪИНХЕТАМЕ ВЕРГ

(ву Иза).

Вуьшта аьлча, къинхетаман Да (ву Иза), и (бохуриг) ди­каниг лаар ду Шен ох1лашна (нахана).

4. МАЛИКИ йовми — ддийни. (Ислам) Динан де долахь дерг (МАЛИК) ву Иза.

Вуьшта аьлча, бекхам (бо де). Иза (кошера) г1овтто (къематан) де ду, хьакхалуш а ду хьахадарех, и бакъ а долуш, билгала паччахьалла ца хилар цу дийнахь цхьан-гахь а сийлахь — лекха волу АЛЛАХ 1 воцучуьнгахь, (цунна) бух (далил) балорца «Хьаьнгахь ду тахана (къематан динахь) паччахьалла? АЛЛАХЬЕХЬ ду». Хьаъа дешча а МАЛИКИ (боху дош) цуьнан маь1на (хира ду)-къематан дийнахь массо а болх (Шегахь) до­лахь берг. Йа иза цуьнца (МАЛИКИ бохучунца) даиман вийцина (а ву) «къиношна гечдешверг» (бохург) санна. И (лакхахь дийцина) хилларш нийса долуш (мегаш) ду (и АЛЛАХ1) вовзарна сибат (хилла).

5. Ийака на1буду ва иййака наста1ину. Хьуна Хьайна лолалла Пибадат) до оха. Хьоьга Хьайга деха а доьху.

Вуыита аьлча, оха Хьо къаставо лолалла дан (Хьо) ца1 варца, и доцучуьнца а, оха г1о дар а доьху (Хьуна) ло­лалла дар т1ехь и доцучунна т1ехь а.

6. Их1диыа сирот1о -ль -мустакъийма. (Ахь) Дига тхо нийсачу новкъа.

Вуьшта аьлча, (Ахь) нисде тхо цу (новкъа) т1е.

7. Сирот1о — ллезина ан1амта 1алайх1им Шайна
ни1маташ делла болчеран новкъа

(И совг1ат) Даларца хийца а хийца (цуьнах)

х1оттабелла болучарех.

г1ойри -ль- маг1дзуби 1алайх1им (Хьай) оьг1азлонна

к1елахь болучарех а доцуш

Уьш жуьгатий бу.

ва ла ма (хилийта царех)

Доцуш (царех)

адз — дзоолийна тиллачех. Уьш керстанаш бу.

Ас — сурату -ль- Бакъарат. Сурат Етт.

1. Алиф. Лам. Мим. А. Л. М.

Аллах1 оцунах (алиф. лам. мимех) дерг т1ех дика хууш

2. Залит Иза Вуьшта аьлча, х1ара

Китабу Жайна (Къуръан) ду

И (жайна) ду Мухьаммада (пайхамара) доьшуш дерг.

ла ройба шеко яц

фих1и цунах

И (жайна) Аллах1ера хиларх.

х1удан нийса некъ бу (Куьйгалла ду)

Вуьшта аьлча куьйгалла ду (нийсачу новкъа нисвеш).

ли-ль- муттакъийна (Делах) кхоьручарна. Уьш хилла Делах кхоьруш берш омраш т1ехь базарца, бехкамашна гена бовларца шаьш кхоьруш хиларна оцу (жоьжахатийн) ц1арах.

3. Аль — лезийна юъминуна Уьш бу тешаш берш Бакъ деш.

би- ль — г1ойбикъайлехь долнух

Шайна къайлехь долчух (къематан дийнахь кошера) г1итторах, ялсаманах, (жоьжахатийн) ц1арах.

ва юкъиймуна — ссолата ламаз т1ехь лаьтташ берш а (бууьш)

Вуьшта аьлча, уьш боху (ламазе) шайн хьаккъашца (бакъонашца).

ва мимма розакънах1ум оха шайна деллачух (рицкъанех)

юнфикьуна харж еш берш а (бу уьш). Аллах 1ана муьт1ахь хиларехь.

Ва — ллезийна юъминуна бима унзила илайка Уьш тешаш берш а бу хьоьга (пайхамарега) доьссиначух

Вуьшта аьлча, Къуръанах (тешаш берш бу уьш).

ва ма унзила мин къоблика хьол (пайхамарел) хьалха доьссиначух а

Вуьшта аьлча, Товратах, Инжилах, и шиъ доцучарех а (тешаш берш).

ва би-ль- ахиратих1ум юкьинуна эхарт (чаккхенехь да-хар) хилар бакъдеш а бу уьш, Хууш бу.
5. Улаика Уьш Бийцинарш бу, (жайни т1ехь) хьахийна хиларца.

1ала х1уданмин роббих1им ва улаиках1уму -ль — муф-лихьуна шайн Элера нийсачу новкъат1ехь бу, уьш кхиам хилларш а бу.

Толам боккху (цара) ялсманица (цига баха бакъо хилар­ца), к1елхьара бовлуш (жоьжахати) ц1арах.

6. Инна — ллезийна кафару Бакъ долуш (Делах) цатешаш берш

(куфр деш)

Абу — Джах1ил, Абу — Лах1аб а саннарш, цу шиннах тера

берш а.

саваун 1алайх1им аанзартах1ум амлам тунзирх1умла юъминуна. Бен дай парна ахь. шайга кхайкийча (Ислам дин) я ца кхайкхийча, уьш (Делах) тешаш бац*

Аллах 1 царех дерг хууш ву, ахь са матийса церан иймане

(Ислам

дин) кхайкхадеш, кхерам тийсарца (жоьжахатех),

7. Хатама — ЛЛ0Х1У 1ала къулубих1им АЛЛАХ1А мух1ар та1ийна церан дегнашна т1е

Царна (дегнашна) т1е м1ухар та1ийна, и ч1аг1делла а даьлла, я царна чу (цу дегнаш чу) диканиг а г1ур дац.

ва 1ала сам1их1им церан лерсина т1е а

Вуьшта аьлча, церан (хеза) меттигаш царна пайда бийр ма бац царна хезаш долучу бакъдолучех.

 ва 1ала абсорих1им г1ишаватун церан б1аьрсина т1ехь а пардо ду

Пардо ду, царна бакъдерг гуш а дац. ва лах1ум 1азабун 1азым царна вуно доккха 1азап а хир

Нуьцкъала (1азап хир ду царна) даиман. Мунафикъашна доьссина (х1ара аят): 8. Ва мина — ннаси ман якьулу аманна би — ЛЛАХ1И ва би -ль — явми — ль — ахири Нахалахь олуш берш бу тхо тийши (оха има дилли) Аллах1ах. т1аьххьарчу дийнах а (эхартан дийнах)

Вуьшта аьлча, (кошера) г1овто де (къематан де ду иза) (Дала кхоьллина) денойх т1аьххьарлерниг и (де) долун дела (иштта ц1е яьккхина цуьнан).

ва ма х1ум бимуьминина амма уьш тешначех (има дил-линачех) ма бац.

9.Юходи1уна — ЛЛ0Х1У валлезина аману Уьш 1ехо г1ерта Аллах1. (Делах тешаш Сима диллина) берш а.

(XIара аят ду) гучудалийта, дуьхьаладохуш дерг, цара ‘керстналлех лачкъийнадерг шайна т1ера юхататтархьа-ма дуьненан кхел.

вамаяхда1уна илла анфусах1ум амма 1еха ма ца бо цара шаьш бен

(Х1унда аьлча) церан х1иллан бала цаьрга боьрзур бо-лун дела, уьш юьхь1аьржа х1уьттур бу дуьненахь Ал­лах 1а довзийтарца Шен элчана цара (адамех) лечкъош дерг, эхартахь та1зар а хир ду царна.

ва ма яш1уруна. я и шайна хаа ца ло.

Уьш хууш бац баккъалла церан х1илланаш, 1ехор а цар­на шайна дуй.

10. Фи къулубих1им марадун. Церан дегнаш чохь цамгар

(И цамгар ю) шеко, шалхо а, цара цомгуш до церан де­гнаш, вуьшта аьлча г1елдо уьш.

Фазадах1уму — ЛЛОХ1У мародан Аллах1а совйоккхийла церан цамгар.

(Цо и совйоккхийла) Къуръанехь (аят) доссорца церан цатешарх (куфраллех) лаьцна.

ва лах1ум 1азабун алим Царна (ч1ог1) лазош 1азап а хир

Рима кану юказзибуна уьш харц луьйш хиларна.
11. Ва иза къила лах1ум Т1аккха цаьрга аьлча:

па туфеиду Фи-ль — арды Ма яржае боьхалла латта НехьГ

(Делах) цатешарца (куфр дарца), (адамийн) тешарна (ийманна) новкъарло ярца а.

къолу иннама нахъну муслихъуна цара олу: » Тхо ц1ена -ликадерг бен деш ма дац» .

(Цара боху) оха лелориг боьхачех ма дац. Лекхачу Аллах1а элира царна дуьхьал жоп луш:

и.ЛлаТкъабац?

 Сулейманов Джамбулат,

zhaina.com/history/page,6,101-potomki-noja.html

07.05.11.