Политикан бух болуш дара итт шо а сов хьалха «Терек» тоба юхакхоллар а. ТΙеман кΙуьрлахь, шен валар-висар оьрсийн бомбанашца, хьоьънашца а къуьйсуш, хΙора нохчо Ιачу муьрехь, я нохчех а йоцуш, я церан децΙахь бух а боцуш, долийра Кремло футболан тоба даккхийчу ахчанех юлар а, цига массанхьара а ловзархой эцар а.
Дерриг а Путин Владимира дьунене, хьовсал, Нохчийчоь шен тоьлла футболан тоба а йолуш, маьршша мохк бу, бац цигахь я тΙом а, я нахана еш гΙело а, ала лерина хилар дара. Иштта, цΙийла керчош Нохчийчоь а йолуш, дΙаболийра Москох «Терек» говзаллин ирхенашка кхачаен некъ.
ХΙетахь ца хиллехь а, кху тΙаьххьарчу шерашкахь таро хилла нохчийн шайлара футболан тΙаьхье когахΙоттон. Царех ву Шеларчу вежарех, вуно дикачу футболхойх волу Садаев-жимханиг а – 23 шо долу Заур. Соьлжа-ГΙалахь вина, хьалакхиина ву 19 шо долу Кадиев Жабраил.
Нохчийчохь шенаш бацахь а, шахьара хьошалгΙа бахка тарлучу жуьгташна Кадыров Рамзана синагога хΙотто бинчу сацамо гΙаттийна гергарло чΙагΙдан дагахь хиллачух тера ду совдегар, Израилерчу «Бейтар» тобан да Гайдамак, ша шен футболхойн тоба оцу шина нохчочух юзуш, аьлча а, юзарца – ши кΙант хΙинцале ву Иерусалим, цигарчу футболхойн могΙарахь.
Амма Гайдамак Аркадийна Израил ледара евзаш хиларна делахь а, я цигахь баккъал а жуьгташа шайх воцург дΙахервеш гΙиллакх делахь а, нохчийн футболхой тΙеоьцийла дац, уьш юкъа а эбай, ма бехъе «Бейтар», аьлла, болам болийна Иерусалимерчу фанаташлахь «Ла Фамилия» шайх олуш долчу декъо. Оцо маьхьарахь хазийра резадацар дIадахначу шоьтан дийнахь «Бейтар» ловзучу стадионехь.
Оцу хиламо цецъяьккхина Европан а, Ιаьрба мехкийн а пресса. Дуккхаъчара чΙагΙдо, футболхойн къам я дин бахьана долуш, шайна езачу «Бейтар» тобан фанаташ иштта хьовзар цкъачунна дуьненна гина хΙума а а дац, бохуш.
Национализмах, шовинизмах хΙинццалц ян а яра футбол маьрша. Ткъа Израилехь иккхина къоман башхаллаш лоьру спортъезархой буйла гойту инциденто. Иза тΙехдетта а долийна оцу пачхьалкхана спортан дуьнено.
Муха нисло, цхьана агΙор Нохчийчоьнан администратор Кадыров чухьадда жуьгташца гергарлонан тΙайш тохкуш а хьийзаш, жуьгтех болчу цхьана наха уьш дагош а хилча, аьлла, хаьттира Маршо Радионо Израилан парламентехь- Кнессетехь депутат волчу Тивияев Роберте. Роберт Дагестанера дΙабахначу нахах ву. Цо, ша а, шен кавказхолла а човхийна «Ла Фамилия» шайх олучу оцу фанаташа бохура тхоьга.
Тивияев: « Со Кавказера схьаваьлла а ву, цунах дозалла дина а, деш а ву. Оцу тентакашна хьалхара – иштта аьр вай царех, суна эхь хета. Царех соьга фанаташ а алалур дац – спорт даима а хилла къаьмнийн башхаллаш къесточу хΙуманна генахь, машар беш. Заур а, Жабраил а дуьххьара бусулбанаш а бац «Бейтар» тобанехь. Уьш вуно мехала декъашхой бу, аьлла а хета суна, оцу тобанехь хьовха, ерриг а жуьгтийн фотболехь а. Оха дешна кхузарчу хаамийн гΙирсашкахь – оцу нехан батош дΙакъевлина»
Кхин цхьа декхар а шена тΙийцира Тивияев Роберта — ша а, ша санна, Дагестанера а, Нохчийчуьра а Израиле дΙабахнарш, шаьш тахана-кхана оцу шина нохчийн футболхочух а кхетар ду, бухарчу националисташна хетарг аьттехь а доцийла а хоуьйтур ду, элира Дагестанера схьаваьллачу тата.
Тивияев: « Со тешна ву, Нохчийн Республике со веъча, сан цигахь болчу накъосташа со куьйгаш тΙехь лелориг хиларх. И ши кΙант, футболхо, суна — и ас сайна декхаре дина — гур а ву, со вуьззина кавказхо хиларе терра, охьахуур а ву цаьрца, кхойкхур бу уьш ресторане а. Ковдор ю оха царна агΙо, хоуьйтур ду фанатех ю боху боьха хΙуманаш кхузахь дукха йоцийла. Доккхаха дакъа лараме ду цаьрца, оха царна иза гойтур а ду».
Израилан официало вон тIе ца эцна Садаев Заур а, Кадиев Жабраил а. Уьш юкъарлонна бовзуьйтучу бараме веъна хилла Йерусалиман мэр Барката Нира а, кхиболу хьаькамаш а.
Амма цигахь шина нохчочо дина къамелаш а даржийна меттигерчу телехьожийлаша. Ала деза, цΙахь беха а, цΙийнах хаьдда болу, дуьненан маьI-маьIнехь беха а нохчий цецбохуш дара Садаев Заура дина къамел.
«Тахана дуьйна дΙа «Бейтар» сан клуб ю, цуьнан васташ – уьш сайнаш а ду. Израилан чемпионатехь ас дуьххьара буьрка чуйиллича, тΙекаре хир бу соьца цкъачунна суна резабоцу нах а. Сан дин – футбол ю. Со Ιаьрби а вац, бусулба а вац. Со футболхо ву», — элира Садаевс, бохуш, даржадо прессано.
Садаев Зауран къамел баккъал а дарий те иштта, доцург-м ца дуьйцу те журналисташа, боху хаттар лела и футболист дукха везачу нохчашлахь. Ткъа кхечара хоьтту, Кадыровс шена белла кхетам а эцна, ша жуьгтийн махка вахаре терра-м дац те цо дуьйцург, бохуш.
Делахь а собаре хила догΙу политикан тΙегΙантΙе евлла нохчийн-жуьгтийн юкъаметтигаш шаръеш, шоръеш спортах пайда эца луучунна, сихдала ца оьшу Израилерчу фанатийн декъан демаршна оьгΙаздаха а, Садаевс дийцинарг тΙех шога листа даха а аьлла хета кхозлагΙчарна.
Муха дΙадахлур ду Израиланний, Нохчийчоьнанний «дΙа — коч, схьа- коч» гергарлонаш тергонехь кхобурш бу дуккха, бу уьш нохчашлахь а, бу жуьгташлахь а.