Главная » Все Новости » События » Бусалба а, Вайнеха а цахиларан билгалонаш!

Бусалба а, Вайнеха а цахиларан билгалонаш!

 

Керста нахана юкъахь Iаш волчу бусалба стага хIума лачкъоро Бусалба динан а, массо бусалба нехан а вон цIе йоккхуьйту, зен до, бусалба динна тIе нисвала мегаш волу керста стаг динах вуха а туху, бусалба боцучу нехан бусалба динах вон кхетам кхоллаболуьйту. Ткъа, ша бахьанехь дерриг Бусалба динан вон цIе яккхийтар.

 

– Далла хьалха дIахIоьттича боккха хаттам бийр болу хIума ду, Делан динах адамаш духатохар – даккхийчу къинойх доккха къа ду. Цундела, керста нахана юкъахь Iаш волу бусалба стаг къаьсттина ларвала веза шегара Бусалба динан гIиллакхашца догIуш доцу хIума далийтарх, хIунда аьлча, и бахьана долуш Бусалба динан вон цIе яккха мега, Бусалба дин довза лууш верг цунах вухакхета мега. Дагадаийта деза, бакъ болчу бусалба наха лело ма-дезза Бусалба динан гIиллакхаш лелор бахьана долуш масийтта къомо бусалба дин тIелаьцна хилар.

 

Йеменера дIа Малайзи а, Индонези а, ФатIани а лелаш хилла болу махлелорхой бахьана долуш, цигарчу къаьмнаша Бусалба дин тIелаьцна хилла. Цу махлелорхоша шайн тешамалла а, нийсо а, дикалла а царна гайтар бахьана долуш, бина тIом а боцуш, йа бина хьехамаш а боцуш, оцу къаьмнаша Бусалба дин тIелаьцна, тахана а уггар тоьллабусалба пачхьалкхеш ю цу меттигашкахь. Ойла ел ткъа, хIетахь цига лелаш хиллачу оцу махлелорхоша уьш Iехош хиллехьара, «хIорш-м керста бара» бохуш церан даьхни лачкъош хиллехьара, цара шайн тешамалла дIа ца гайтинехьара, лоцур дарий цу къаьмнаша бусалба дин тIе?

 

Адамалла а, ехь а, г1иллакх, г1уллакх а шегара д1аделча, лахара, пайда боцуш, шен вон ц1ейоккхита х1умнаш дуьйлу стагера!

Вай махкалла ара девла лелачу меттехь, коьчу махкахь, вай х1ума лач1къича, вай зудари маьттаза лелча, вай чохь а, т1ехь а боьха хилча, вай кхуза хьадог1аш вай кхарна делла дош ларцадича, кхарна ямарта хилча, вай Къомана вон ц1е яккхитана а ца1аш, вай Бусалба динан а вон ц1ейоккхита! 

Амма иза, Бусалба а, Вайнеха а цахиларан билгалонаш ю! Шаьш Бусалба а, Вайнеха а делахь, иза хаалаш, диц а маделаш, сан вежари, йижари, махкахой!

Дала массарна Иман лойла вайна.

 

Chechenews.com

Казбич Чеченский.

28.05.11.