Главная » Все Новости » События » Европано тIе ца лаьцна нохчий — нохчийн Iедалан пропагандин дакъа

Европано тIе ца лаьцна нохчий — нохчийн Iедалан пропагандин дакъа

Лахлуш дац Европехь тховкIело лоьхуш, махках буьйлучу нохчийн терахь. Германехь а, Австрехь а, Францехь а вайнехан мухIажарех юьзна ю бевдда баьхкинарш тIеоьцу лагерш. Амма нисло иштта, Европе дIабахнарш цIехьа боьрзуш а, шайн лаамца, я лаамаза. Царех цхьаберш, цул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Iедалийн пропагандийн белхашкахь дакъалоцуш хуьлу, шаьш Европехула лелийнарг емал а деш.

Кест-кеста го интернетехь а, телевизионехула а Европера цIабирзина болу цхьаццаболу вайнах. Цара, даима а аьлча санна, емал до шаьш Европехула лелийна некъаш.

Юьйцу цигара халонаш, шайна юккъехь уггаре а шуьйра яьржинарг — мухIажарш Малхбузехь цхьа шозлагIчу я кхозлагIчу категорин адамаш санна, я вуьшта аьлча, хьайбанаш санна, гулахь лагершкахь, итт-иттех стаг цхьана чохь а волуш, латтош хуьлу, мацалла а, шело а, кхин йолу халонаш а ловш, цхьа а хIара ю аьлла бакъонаш  а йоцуш, шаьш арадовларх дохко а бевлла, амма цIехьа берза аьттонаш а боцуш.

Иштта дукха хан йоцуш телевизионехь гайтира, цул тIаьхьа интернет-машане а виллира Польшера цIавирзина волу цхьа жимастаг. Цуо дийцарехь, Европехь вайнаха ловш йолу халонаш – уьш инзаре даккхий хIумнаш дара. 

Амма шена тIе тидам бохуьйтуш дара, цу жимчу стага а, и санначу цIехьабирзинчу кхечара шайн къамелашкахь цкъа а хьахош ца хилар, шаьш меттигерачу, аьлчаъ Европерачу пачхьалкхийн Iедалша цхьаццца бахьанашца депортаци а йина, нуьцкъаха арабаххалца,   уьш шаьш а и йоллу халонаш а ловш, — нагахь санна уьш и халонаш,  боккъал а иштта хиллехь, — цу Европера и „гIийла“ дахар кхин дIа лан кийча хилла хилар.

Ткъа хIу бахьана ду теша Малхбузехь цхьа меттиг а ца карийна, я аьттонаш а ца нисбелла, ДегIастане  цIехьаберзинчара, олуш ма -хиллара,  шаьш а хIинца дукха хан йоцуш мийлина хилла хьоста сел саьхьара бехдан гIертаран? И хаттар делира оха Европехь нохчийн хьал шен тергонехь латтош волчу политологе Асхабов Хьамзате. Цунна хетарехь, цецвала хIуммаъ дац цигахь.

Асхабов Хьамзат: „Вайн махкахь стаго и саннарг-м тешна а эр ду, Iедало шега схьакховдийча. Цу Европехь дерг царна деззачу агIор дуьйцур ду-кх цуо. ХIунда аьлча, цIахь стаг шена хетарг дIаала мукъа а вац, маьрша а вац. И маршо дIаяьлла-кх вайгара Iедалца йолу.

И бахьана хета суна коьртадерг. Вайна гуш ду-кх, вен а вийна шен доьзалхо шен уьйтIахь охьакхоьссича, дас шен вийначу кIантана неIалташ а кхайкхош хьал ду-кх вайгахь дерг. Кхин а вайна цкъа а гур дац моьттина долу хIумнаш а. Iедалха кхоьру, юхьIаьржонах а кхоьру нах. Цундела цара аьлларг, царна там берг дуьйцур долуш дукха бу-кх нах. ЦIавахана ваьллачул тIаьхьа царна там берг дуьйцур долуш муьлха а нохчо а ву-кх тахана“.

Кхин цхьаъ, вуно ша -башха тидар до Асхабов Хьамзата цIехьа бирзинчу вайнаха Европера хьал аьшнаш деш, пропагандехь дакъалацаран. Цуо дийцарехь, цу хIумано гойту, вайнаха шайна тIехь лаьтташ долу Iедал — иза бакъ Iедал а дина, тIе ца эцаран тоьшалла. Вуьшта аьлча, цу Iедале шайн дагахь доцург багахь дийца бакъо шайгахь юьту цу наха, хIунда аьлча, хIилла дина а, харцдерг дийцина а, шаьш кIелхьардевлчахьана, шайна тIехь морала декхарш ца го царна Iедална хьалха.

Асхабов Хьамзат: „Мацах цкъа Ковалев Сергейс элира-кх, нохчий вуно майра кхонахий ву, амма „гражданское мужество“ олуш долу хIума дац цаьргахь, аьлла.  Цунний дена. Нохчий дика къам а ду, доьналла долуш къам а ду. Делахь а, и „гражданское мужество“  ца хилар а дац иза. И политикаца долчу хIуманна а, Iедалца долчу хIуманна – цкъа а вай вешан Iедал лартIехь хила а ца Iемина, — цуьнца хIоранна а шен бакъо хета-кх, шена луурчу агIор цу Iедалца политика лелон. Дагца цуо къобал ца до цара лелориг, амма шен хIилла леладо-кх цу цуьнца а, шена оьшшучу агIор. Цундела нохчочуо атта олу и санна долу хIума, шена там берг а, царна там берг а дуьйцуш“.

Иштта Европерачу вайнехан диаспорин бехк а го политологна. Малхбузехь вайнехан шайн кхоллаелла юкъараллаш а,  шайн бакъонашкахь къуьйсуш юристийн а, адвокатийн а тобанаш ца хилар а, бухарчара тIебаьхкинчарна консультацеш я кхин долу гIо даран система кхоьллина ца хилар а ду, дуккхаъ нах я шерашкахь Европехула эрна йорт а йитина, догмовла бевлла, цIехьа а бирзина, цигахь юха а Iедалера шайна цхьа са яккхалур яцара те, аьлла, пропагандехь дакъалаца резахиларан а, даллане а дуккхаъчу нохчийн мухIажаршна Малхбузерчу Iедалша цара тховкIело йехарна дацаре жоьпаш даларан а.

Источник: www.radiomarsho.com

09.09.13.