Главная » Все Новости » События » 10 шо хьалха г1азкхаша лачкъийна Мадарова Разита зуламаш тIелаца бохуш, хьийзош, набахтехь латтош ю

10 шо хьалха г1азкхаша лачкъийна Мадарова Разита зуламаш тIелаца бохуш, хьийзош, набахтехь латтош ю

Маршо радиоца зIене яьллера 2002-чу шарахь Устрада-эвлара йоI дIайигина йолу Румани. Шен чуьра ницкъаллийн структурийн векалша йигина юй хуъушехь, гергарнаш кхин тIаьхьа ца кхочуьйтуш, къайлаяьккхира. ЙоьIан нанас Руманис дийцарехь, цуьнан йоI Мадарова Разита карарчу хенахь цхьана оьрсийн набахтехь ю.

Нохчийчу беана шолгIа тIом буьззинчу барамехь шена тIехь хаабелла Устрада-эвларчу Мадарова Руманина. Москохарчу Дубровкера театр закъалтана лаьцна хиларца, тIаьхьуо  гIараваьллачу Бараев Мовсарца уьйр йолуш хилла аьлла, 25 шо долу кIант вийра Руманин.

Цул тIаьхьа дукха хан а ялале, зачисткаш еш хиллачу Iедалийн ницкъаша, йоI дIайигира, ХIетахь, гена йоццуш йолчу школехь болх беш хилла Руманин йоI, юьхьанцарчу классийн хьехархо шен чуеана хиллера, паспорт чохь долу тIоьрмиг школехь а битина. Паспорт шегахь дац аьлча, петар гайтар дехна цара бохуш дийцира тхоьга Руманис.

Румани: Цара (ницкъаллийн структурийн векалша) мере хIума а оьхьна, тIера хIуманашцаний, когаш Iуьйра кузана юкъа а хьарчийна, кхетам чуьра а яьккхина, машен цIийнан неIаре а ялийна, дIайигна. Тхуна лакхахь Iаш тхан лулхочуьнга гина иза. «Хьажахь, Руманин лачкъийна хIуманаш эцна боьлхуш бу-кх уьш», бохуш лаьтташ хилла иза.

Маршо радио: 2002-чу шеран Стигалкъекъа беттан I2-чу дийнахь хилла ду иза. ХIеттехь, цунна тIаьхьабевлча, Iедалша шайгахь яц, йигна а, гина а яц шайна аьлла Мадарова Разита. Амма иза харц дара.

Румани: Цхьа накъост веанера тхо долче. «Иза (Разита) чохь ю шуна. Комисси еанчу хенахь, цара кевнехула араяьккхинера шуна. Цара иза чIогIа къиза хьийзош ю боху. Гуттар а «шена цхьа а хIума ца хаьа, йитийша ша» бохуш, маьхьарца йоьлха боху иза. «Цу чохь шен кIант вара цу чохь, тахана иза араваьккхина ша», элира уо. Ша мила ву а, хIун ду а, ца дуьйцуш, иза дIавахара.

Маршо радио: ГIуллакх хилахь – ахча доккхур – дукха хьолахь эзранша долларшкахь, ца хилахь, цхьа зулам тIе а хаьрчийна, карьера ер – бохуш хьесап дара, Нохчийчу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан кеп ларъян а, террорца къийса а хьовсийначу оьрсийн ницкъийн а, шайн лула-кулахь мотт бетташ, царна бохкабаеллачу нохчийн а. Амма Руманегахь ахча дацара.

Румани:
Комендатурехь болчарга, ФСБехь болчарга а «иза шуьгахь юй хаьа тхуна, мел ахча делча араяккхалур яра иза тхоьга?», аьлла хаьттира аса.
«5 000$ делча яккхалур яра» эли. Суна и ахча дала меттиг ца хили. Петарх суна 3 эзар (доллар) ца лора. Дакъа дохка гIертах гIуллакх ца хили.

Маршо радио: Доьзална тIедеънарг ла а ца делла, цIийнда кхелхина Руманин. Ша и шекаран цамгар а, цIийн Iаткъам лакхабуьйлуш, могуш яц. Тiаьххьар а, шекаран цамгар гена а яьлла, 7 шо ду иза бIаьрса дайна.

Руманис дийцарехь, цуьнан йоI оьрсийн набахтехь I0 а кхайкхийна, чуйоьллина ю боху тоьшаллаш далийна масех стага. Иза хIинца а тешаш ю, шен йоI дийна хиларх а, цунна тоьхна хан чекх а яьлла, ша цкъа мараюллург хиларх а. Тхан дехар ду, 40 шо долу Мадарова Разитех лаьцна цхьаъ хуъчуьнга, тхоьца зIене довлар.

Мобил:                        +420724019832
SMS/жоп ло машен:   +79262360465
Имейл:                        [email protected]

http://www.radiomarsho.com

18.07.12.