Мархин баттахь Нохчийчохь сар-сарахь дуккха а нах хуьлу, пхьор даа вовшахкхетий, цхьаьна марха достуш. Ткъа Европехь бехачу вайнехан муха нисло марханаш кхабар а, дастар а? Иза теллира Маршо Радионо.
Шуна кхаба тIебиллина болу Рамзана бутт бу, шена чохь КъурIан доссийна болу – ша нахана куьйгалла а долу‚ шена чохь нийсачу некъан, бакъдерг-харцдерг а, хьанал-хьарам къасторан а билгалонаш йолу. Шух цхьанна и бутт тIехIоттахь, цо кхобийла иза“.
Сийлахьчу КъурIанахь „Аль-Бакъара“, нохчийн маттахь аьлча, „Етт“ цIе йолчу суратехь дуьйцу Дала мархийн беттан бозаллах а, цуьнан беркатах а лаьцна. Дукха кегий долчу хенахь дуьйна схьа дагадогIу вайх хIоранна а, Нохчийчохь мархийн Рамазан-бутт тIекхачаре тоссуш хилла са а, и марханаш, лула-кулара а, гергара а, бевза-беза а нах чу а кхойкхуш, гуларахь, цхьа доккха зовкх а хеташ цунах, достуш хилла хилар а, марха къобал дечу дийно бахьаш хилла дезчу дийнан синхаамаш а. ХIинца а ду Нохчийчохь-м изза хьал, замано мел карчамаш лайнехь а, мархийн беттан зовкх алсам далар бен, эшна а доцуш.
Ткъа Малхбузе мел ю баьржинчу вайнехна мухIажирш муха кхобу я досту теша марханаш? Муха хуьлу те хийраллехь Делан пхеа парзанах цхьаъ долу марха кхабар кхочуш дар?
Австрехь бехачу БисаевгIеран доьзалехь сарахь марха досту хан герга кхача йолалучу сохьтехь кест-кеста гулло меттигера нохчий. Генна урамера дуьйна схьа мере кхочу доттуш долчу чIепалгийн хьожа. Кхача кечбечу чоьнахь сихъелла и чIепалгаш деш йоллуш карайо хIусамнана Марем. Уллохь галнаш еш цу доьзалера йоккхахйолу йоI Фатима ю, жимма дехьа берамна самарсекх цIанбеш ю шийтта шо долу Фариза.
Шун кечдеш, пхьегIа-хIума нисйина, дIахIоттош лела жимахдолу бераш а. Цу доьзалехь уггаре а кегийра долу, ши шо кхаьчна Хьавай, пхи шо долу Iусманний дIаэккхалца, массо а ву марханаш кхочуш.
БисаевгIераниг боккха доьзал бу, ткъа цу доьзалан беркатах марзо эца, цаьрца марха даста богIучу хьешийн терахь а ца хуьлу кIезиг. Цундела чIепалгийн шун дикка лакхадаллалц дотта дезаш хуьлу хIусамненан Мареман.
Ткъа цу юкъана доьзалан дас, Хаважис, шена гобина Iачу, кIирделла шега ладоьгIучу берашца дуьйцу, мархин беттан беркатах а, цуьнан башхаллах а лаьцна. Берашна кхеттачу агIор, аттачу маттахь дуьйцу цо.
Хаважи: «ХIара мархийн бутт дешначу наха а беза буьйцуш бу, хIара мел беза бу а, Дала вайна стенна баийтина а. Уггаре а хьалха яа хIума ца юуш баккха безаш бу хIара. Амма цул сов, кхунна юккъе догIуш, барам а боцуш, дукха беркаташ ду. Уггаре а хьалха, хьайн денна а дIадоьдучу дахарх жимма хьо юха а тухий, хьоьга ойла йойту. Хьан гай малло, тIаккха мацвелча, мецачу нехан хьал хаьа хьуна.
ШозлагIа делахь, Далла тIе ойла йохуьйту, валар дагадоуьйту. И дагадеъча, дика хIуманаш дан дог догIу. Цул совнаха, вайна дешначу наха дийцарехь хууш ду, мархийн баттахь дина дика хIума Дала дукхазза совдоккхуш дIаяздо. Цундела цу баттахь дикачу хIуманашна тIехь соввала гIерташ хила веза.
Хьуо цхьа дика мах бечу юккъе нисвелча санна, оцу мархин баттахь шена ял гулъян гIорта веза, нахаца дика хила, сагIийна хIума яла. Олуш ма-хиллара, мархийн баттахь бIаьрг ларбан беза, лерг лардан деза, мотт ларбан беза».
Марха досту миноташ тIекхачалц доьзалан ден хьехамашка ладоьгIучу берашна юккъехь ву, цхьайтта шо долу Iумар-Муса а. Масса марха кхаьбна ахь, шега хаьттича, цо дуьйцу:
Iумар-Муса: „Бутт кхаба гIерташ ву со. ХIара сан кхойтталгIа марха ду“.
Маршо радио: „Хала дуй марханаш кхаба?“
Iумар-Муса: „Цхьажимма“.
Маршо радио: „Уггаре а халадерг хIун ду?“
Iумар-Муса: „Уггаре а халадерг? Хаац“.
Маршо радио: „Хьагло хьо чIогIа я мацло хьо? Я гIелло хьо?“
Iумар-Муса: „Мацло“.
Мацлахь а, мархийн бутт, ка ма доллу, ца бохош, дIакхаба дагахь ву Муса. Цунна хIинцале шортта хIуманаш хаьа мархин беттан маьIнех лаьцна.
Iумар-Муса: „Веккъа цхьа хьо мацвалийта баийтина бац мархийн бутт. Дала байитина иза дика хIума совдалийта. ШайтIанаш а ду мархийн баттахь схьалаьцна латтош. Ламаз дар а, КъурIан дешар а ду деза. Пхийтта шо ма кхаьчнехь парз ду и шаболу мархийн бутт кхабар. Нагахь санна хьо цомгуш хиллий я хьоьга ца кхабалой, тIаккха, и мархийн бутт чекх ма белли, тIекхаба деза ахь“.
Цу юкъана ламазна молла кхойкху Венехь. Хица а, хурмица а марх доха а дой, джамаIатехь маьркIажа ламазна дIахIутту хIусамдай а, хьеший а. Ткъа ламаз дIадерзийначул тIаьхьа, Iа хьала а гIуьттуш долу чIепалгийн шун а кийча карадо. Амма чIепалгIаш хилла ца Iа нохчийн кхачанех цу сарахь Марема шуьне хIоттийна.
Цу шуьнехь иштта сискал а, нохчийн вета а, цунах бина межарг а, Итум-Кхаьллара деаъа цIена моз а ду. Ткъа иштта хьеший а, хIусамдай а цхьана марха достуш Iаш, Хаважис дуьйцу Европехь бехачу вайнаха марханаш кхабаран а, дастаран а, бусулба дин лелоран а башхаллех а лаьцна.
Хаважи: „Уггаре а коьрта башхалла кхузах марха дастаран – иза вай вешан цIахь, вешан нахана юккъехь ца хилар ю. Нохчий Венехь мелла а дIа-схьа баьржина бу, наггахь лулахь вайх волу стаг нислахь а. Амма вай доцурш а, кхузахь бусулба нах хиларна, марха лоцучу хенахь, иза кхайкхош хезаш хуьлу.
Нохчий гуллуш маьждиг а ду Венехь, берраш а вайнах хуьлу цигахь, наггахь тIевеъна кхечу къомах бусулба стаг нисвалар бен доцуш. Ткъа вуьштта а хьо кхин къаьмнаш долчу маьждиге вахча а, цигахь а нохчочунна тIе ца нислуш ца Iа.“
Вайнах мархийн баттахь гуттар а чIогIа вовшех марзо оьцуш, цхьаьна марха даста гIерташ а хуьлу, бохуш, дуьйцу Хаважис кхин дIа а. Бовз-безарша сарахь марха даста кхайкхар дукха нислуш хиларна, ур-атталла наггахь стаг чукхайкха рагI а ца кхочуш хуьлу, бохуш дуьйцу цо.
Хаважи: „И гIиллакх чIогIа лелош ду кхузахь. Баккъала а мархийн беттан беркат а ду иза, и марха достуш вай вовшийн чукхайкхар хаза гIиллакх а ду, динехь хIетте а мехала а ду. Иза чогIа боккха мел буйла а хууш, дIаъ-схьаъ кхойкху наха вовший.
Иштта кху мархех бахьана а долий, кху баттахь адамаша вовшех марзо эцар совнаха хуьлу. Цхьа рагI а йиллина, хьал ду кхузахь айхьа цхьаъ чукхойкхучу хенахь я кхайкха де билгалдаьккхинехь, кхечаьрца дуста а дуьстина дан дезаш хуьлу и хIума, нах чукхайкха луурш дукха нислундена“.
Венехь бехачу ХаважигIеран доьзале марха даста чукхайкхинчарех ю цу гIалахь ехаш йолу Асет. Даймахкана сел гена Iаш болу вайнах, сар-сарахь вовшахкхетий, и марха цхьана даста гIерташ хиларо гойту, бохуш дуьйцу цо, мархийн беттан беркат мел доккха ду бохург.
Асет: „Адамашна юккъера марзо совйолуш, цхьана диканах Дала итт дика яздеш, вовшашца массо а мерза хила везаш, дика хила везаш, марзонаш а, гергарлонаш а чIагIлуш, массо а агIор беркате бутт бу-кх хIара. Делера совгIат ду-кх хIара массо а бусулба нахана“.
Кхин а бехха Iа хьеший а, хIусамдай а цу суьйранна Венехь бехачу БисаевгIеран доьзалехь, массара а цхьаьна терхьан ламазаш динчул тIаьхьа, луьйш-олуш. Ткъа эххар а и хаза суьйре дIайирзинчул тIаьхьа, тийначу Венерачу урамашкахула цIехьа йоьдуш, карладолу, ишттачу доьзале кхаьчча, Сулейманов Ахьмадан байташ тIехь яьккхинчу нохчийн евзаш йолчу цхьана эшара юккъера дешнаш: „Дела ва хьо могуш-маьрша, ма гIелвелла хир ву хьо, кху тхан жимчу хIусамех вашахь, даккхахь тхоьца дийнна шо“.
Шо ца даккхахь а, кест-кеста юха а хьошалгIа ван луучарех ю БисаевгIеран хIусам. Мархийн баттахь -м муххале а.
05.08.12.