Главная » Все Новости » События » Читигов Зелимхин чалтачашна ен кхел йоьрзуш ю

Читигов Зелимхин чалтачашна ен кхел йоьрзуш ю

Къилбаседа Кавказехь ницкъахоша нахаца къизалла яллор бехке деш цхьа наггахь а ца гΙаттадо Ιедалша дов. ГΙалгΙайчохь нохчо Читигов Зелимха полисхоша бехк-гуьнахь а доцуш лаьцна, хьийзор толлуш гIуллакх ду кхело луьстуш. Ткъа дахдина и дерзор, бехке вечу шина полисхочо Нальгиевс а, Гулиевс а хьийзийнарг цхьа Читигов хилла Iаш воцун дела. Оцу юкъанна бехке вечу шиннах цхьаъ 15 денна лаьцна Несарахь полицино.

Нальгиев Илесан а, Гулиев Назиран а гIуллакх толлу ду массех шо. Карабулакехь милцо хилла волу и ши куьйгалхо бехке во цара шаьш дIалецначу нахана тIехь ницкъ бина хиларна. И гIуллакх гIарадаькхкинарг ву оцу шина эпсара лаьцна кхаьбна Нохчийчьура вахархо, ГIалгIайн махкахь мухIажар ваьлла вехаш хилла Читигов Зеламха.

Цунна тIехь, цо туька эккхийтина, аьлла, цхьа а тоьшаллаш а доццушехь, къизалла лелийна, цо ша а, гергарчара а чIагIдарехь.

Бехккховдоран агIоно Нальгиевна — 13, Гулиеван — 10 шераш доьху. Карачу хенахь оцу къестамийн коьрта кхелахо сацам язбеш ю Читигов Зелимхин адвокатна Цечоева Томина хетарехь. 

Цечоева: «ГIалгIайн махкахь ханна лецначу нахана тIехь низамхоша къизалла йина аьлла, дуьххьара гIаттийна гIуллакх ду хIара. Ткъа дахдина-кх, кху юкъахь цхьа Читигов хилла Iаш воцундела. Кхин а кегий нах бу, царна тIехь а ницкъ бина. Оцу гIуллакхан дуккха а томаш а, эпизодаш а ю. Суьдхо хIинца дагаяларан олучу хьеле кхаьчна. Схьахетарехь, иза сацам язбеш ю».

Шина эпсаро дIалаьцначул тIаьхьа хьийзиначу Читигов Зелимхин нанна — Зухрана, Нальгиев Илес, шен тоха мегачу 13 шарах кIелхьарвала гIерташ лела, аьлла хета. 

Читигова: «Цу шимма тешашна тIеIаткъам бо. Со а, кхелан кхеташо дIаяьлча, саца а йина, ша Къуръан тIехь дуй боур бу ша, хьан кIантана тIе пIелг ма ца баьхьина ша, бохуш, латтийра Нальгиев Илеса. Соьга язде, бохура цо, шега цхьа а вас яц алий. Иза ца яздахь, сан ши ког кагбийр бу, бохура. Ас и кехат яздийр дац, элира цуьнга, ахь хIуъ а дахь а.

Сан кIантана тIехь динарг къематде ду. Сан кIанта соьга дерриг а схьадийцина. Цо буучу дуйнах со ца теша. Тхан чохь талламаш беш ша ца хилла,боху, ткъа, тхойшиъ, дуьхь-дуьхьал дIа а хоьттина, къамел а деш, гина хилича, со муха теша цуьнан дуйнах».

Нальгиев Илес, ша милицехь балхахь волчу хенахь, Iедалан некъ дIакхоьхьу ша, бохуш, лелла велахь а, хIинца ГIалгIайн республикан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна дуьхьалбевллачеран могIаршкахь ву. Вукхара хазахетарца юкъа а витина иза, Iедалша бехк а боццушехь хьийзош ву аьлла.

Шен а, Гулиевн а гIуллакх политикан бух болуш ду ала аьтто баьлла цуьнан хIинца. Шен хьокъехь таллам боьдучу юкъанна цо Нохчийчуьра зуда а ялийра. Евзаш йолу йишлакхархо Хамзатова Хеда яхна цуьнга. Ловзар тIеяздина дискаш а ду духкуш, «Илеса Хеда ялор» цIе а йолуш,шинна а республикехь.

Источник: www.radiomarsho.com

11.09.12.