Главная » Все Новости » Политика » Докка Амагов: Къаман къайле , я Яйначу лорахь

Докка Амагов: Къаман къайле , я Яйначу лорахь

(1арбойн – «инсан»; «башар»  нохчийн маттахь тидар. «Адам»-ц1е  цу дешнашца  йоьзна йицар. Х1ун ду «нашхо»? Ишта д1а кхин а. Хуург Дэла ву, вай дуьйцург вайна хетарг бен дац.)

(22 -23)

«Къонаха» — «Далла муьт1ахь верг»;«лаьттара   Дэлан верас»; «Къор1анан косташца вехарг»(и. д1.кх. а) бохучу маь1нашца тидира  вай.

Ишта  уггарe а  хьалхара  Адам(а.с.) – Къонаха:«гом(о) — са+ пиен (с)»; «пе(й)+ ха +Мар»; «Къа +ана+ха»; «Эли пе»; «Са+пе»;«Су+пи»… санна  а вийцира. Оцу ц1ерийн вовшашца йоьзна хилар а:«пе(й)+ ха — Мар» = «Къо\Къа +ана +ха» («защита\ наместник  Повелителя» = «страж Милосердного в пространстве») бохучу  масалца а дуьйцуш.

Ткъа х1инца  гойтур вай, латинин\нохчийн — «гомосапиенс»:нохчийн –«сибат»,1арбойн — «башар(адам) + инсан(адам)» муха цхьана кхетамехь хуьлу. Уьш «гом – са+пиен» = «си +бот» = «башар + инсан» санна йолчу роьта а х1иттош.

И «гом(о) – са+ пиен(с)» тидар вай массуьйтаза   дийцарна  и кхин  цахьехор вай. Цуьнан кхетамехь хета  —  «сибат» а. Нагахь «са бот»(«син ц1а»; «син пе»…) санна ша тидича.

Т1аккха муха хуьлу  цу шинна а кхетамехь  — «башар + инсан»? И таллам бечохь кхузахь  уггаре а хьалха тидам хуьлу  1арбойн –«башар»(«адам») а, нохчийн – «боршам» а  цхьана эшаре дар.

Цахуучунна билгал дер вай, боршам  цацанах левсийначу(цуьначу)  латтаха беш болу  «ц1ена» поппар буйла. Хьалха заманашкахь  ц1енкъа а, пеношна т1ехула  а куьцана  хьокхуш хилла  болу.

Вуьшта  аьлча —  «коча поппар»; «куц доккху поппар»; «бос бо поппар»; «пекъа еш йолу поппар» а (и.д1. кх. а. Цхьа х1ума  мелла а куьце  йоккхуш олу:  «цхьа шарам — боршам бар» а кхузара ду)

И нохчийн – «боршам\борша»(«жидкая глина\самец») а, 1арбойн – «башар»(адам) а вай  дустучохь ишта дага тоссу:

а)Дала  Адаман(а.с.) — «син гом»(«гом – са пиэн»)\«син бот» («сибат») йина долу сурсат – боршам хилла  хилар.

б) Дала хьалхара кхоьллина долу адам борша хилла дуйла.

Кхузара   дара вай лакхе 1арбойн  – «башар + инсан», нохчийн – «боршам(«попар») + «1ий са\г»(«Дэлера саг») санна  далор. «Гом(о) – са+пиен(с) = «си бот»(сибат)= башар + инсан» яздечохь. Цаьрцара «гом» = «бот» = «пиен» — Дала шайна чохь «са» диллина  йолу боршаман  «пекъарчий» а лоруш.

Вай бохучунна тоьшалла  деш хета   Къор1анан кхин  долу а  аяташ. Масала:

а)«Оха кхоьллина шу, т1аккха сибат а делла…» (7:12)

(-«Мы сотворили вас, потом придали облик…)

б) «Оха адам(инсаан) кхоьллина, цунна зов долучу боршамах гом беш»(15:26)

(- И Мы создали человека (инсаана) из звучащей глины, облеченной в форму)

в) «Элира Илбаза: «Со г1ур дац оцу адамна суждане. Бекачу боршамах гом беш Ахь кхоьллина долчу»(15:33)

(- «Сказал  Иблис: «Я не стану падать пред человеком(либашарин), которого Ты создал из звучащей глины, облеченной в форму»)

г)«Оха адам(инсаана) билгалчу  боршамах кхоьллина» (23:12).

(- Мы  уже создали человека из (определенного) сорта глины)

д)«Хьан Элас малайкашка элира: «Ас  адам кхуллур ду, цуьнан гом   зов дуьйлучу  боршамах  беш»(15:28).

(- «И вот сказал Господь твой ангелам: «Я сотворю человека (башаран) из звучащей глины, облеченной в форму»

е) «Элира хьан Элас малайкашка: «Со адам(башар) кхуллуш ву боршамах»(38:71)

(-Вот сказал Господь твой ангелам: «Я создаю человека(башаран) из глины»)

е) «Цо адам(инсаана) кхоьллина, пекъа ечоха терра зов долучу боршамах»(55:14)

(- Он сотворил человека(инсаана) из звучащей глины, подобной гончарной).

И аяташ доьшучохь юха  а терго хуьлу:

а) «боршам»(«жидкая глина»)борша»\«божарий»»( «мужчина»\«божарий») цхьатерра  дар(Дала борша саг боршамах кхоллар гойтуш санна)

в) нохчийн — «башлам»(«лекха лам»); «башлакх»(«коьрта туьллург»); «барше» («лакхара меттиг»), «беш»(«1эдем»); «бошмаш», 1арбойн — «башар» (адам), туркойн –«башкан»(«хьакам»)  а цхьатерра хазар(адам – башар  Дала  дийнаташна — ораматашна т1ехь Эдемехь  а, Дуьненахь а 1уналла дан х1оттор  дуьйцуш  санна).

г) вайн ширачу — «Боршаг»(«Борсаг») ц1арах. Иза  Адаман(а.с.) ц1ереха  цхьа ц1е  йолуш санна.

д) «баашар»(«куралла цахилар»\«муьт1ахь хилар»), «башар\яшар»(кочачу хьоле цхьа х1ума яр) бохучу  вайн аларийн.

Хьовсур   вай х1инца 1арбойн — «башар»(адам), нохчийн –«боршам» дешнашна а, 1арбойн\ туркойн – «инсан»(адам) дашна а юкъахь х1ун башхаллаш ю.

Тера ду  и  «ц1ераш» Адамца(а.с.) ишта  йоьзна хиларна бахьна  Дала  Адам(а.с.) шина хенаца  кхоьллина хиларна долучох.

Х1унда аьлча, хьалхарчу мурехь  Адам(а.с.)  вайна го «буьйда» — «гом — пе» («тело»; «конструкци»); «боршам» санна. Ткъа шоллаг1чу мурехь иза хаало  Дала  шен гом чохь Шен 1анарах 1а(са)  йиллина волу   «кхачвелла» —  «1ий са\ г» санна. Вуьшта аьлча, «гом — са пиен»; «си бат»(«син бот»).

Цу тайпа  Адамца(а.с.) доьзна хета нохчийн —  «боршам»(«борша» а) + «1ийса\г». 1арбойн маттара – «башар» + «инсан» т1ера вай туьдуш долу.  Уьш  «башар» + «инсан» = «боршам»(«борша» а) + «1ийса\г» кепара а яздеш.

Цул а совнаха, нохчийн маттарчу — «боршам» + «1ийса\г» дешнашцара  го Дала  Адам(а.с.) кхоьллина йолу ши а субстанци . Сурсат (материя) а, синкхетам (сознание\ разум) а.

Кхузахь лаа цахета  1арбойн – «аль- башар»: нохчийн — «Эли боршам» а, ткъа  — «аль инсан»: «Эли 1ий са» санна тида далар а.Цхьадолчу аяташа   адам  — «башар»(адам) а,  «инсан»(адам) а санна дийцарна  бахьнаш  шаьш дуьйцуш санна хуьлуш долу.

Масала, ишта:  а) «Ас адам(башар) кхуллур ду боршамах».

б) «Оха адам(инсаан) кхоьллира, ша хьалхе боршам хиллачох».

Кхузахь хьалхарчу аято буьйцург  Адаман(а.с) гом(пе\бот) хета. Дала боршамах  кхоьллина болу. Ткъа и боршам исламан 1илманчаша бийцарехь  Дала хих а, лаьттан ченех а  бина. Цул т1аьхьа 40 шарахь мехашца х1укъ бина а бах Цо иза. Шех саза поппар хиллаца.

Цул т1аьхьа   оцу сазкъарах кхоьллина  бах  Дала  Адаман гом а. Масала , цхьана аято цу хьокъехь ишта боху: «…Боккъалла а, Оха шу саза поппарах ма кхоьллина» (Мог1аршца лаьттарш:11)

Дашна аьлча, кхузахь гайтаме  ду, вайн – «саза поппар», ширачу нохчийн маттара — «са за — поппар»  санна хазар. Вуьшта аьлча  — «сица уьйр  йолу — поппар».

(тохара «за+ мой\ за+ хало\ за+кат\ за+ г1а»… бохучу масалшца  вай гайтира, ширачу нохчийн маттара –«за»:«уьйр\гергалло \ юкъаметтиг» санна хилла дуйла)

Терго ер вай, нохчийн – «саза(поппар)», 1арбойн – «салсал (поппар)» санна хазарна а. Ткъа Дала Адам(а.с.) шех вина и салсал  Ар-Разийс  ишта буьйцу:« Йовхачу 1оврашца иэйина г1ум(чан) ека йолало  якъ ма елли. Ткъа  куьркахь иза ягийча цунаха – «фаххар» хуьлу.  Вуьшта аьлча, пекъа йо поппар»

Цо бохург т1е ч1аг1до: «Цо адам (инсаан) кхоьллина, пекъа ечоха терра зов долучу боршамах»(55:14), бохучу   аято а.

Кхузахь дага тоссу:а)  1арбойн –«фаххар», вайн «паххар» санна яздан дезаш хилар. Иза  вайн лит\лам. – «пег1а\пекъа»\«пекъар» санна хазар. б)«Пе+къер»: «Дэлан лай»\ «Дэлан миска» бохучу кхетамехь хилар.

Цу тайпа, Адам(а.с.) — «Дэлан лай»\«Дэлан миска»….

Цул а совнаха, и «паххар» тидалуш хета — «пе хар»(«хара пе») кепехь.  Х1унда ишта?

Дуьйцу:  «Дала 40шарахь шех сааз хиллалца мехашца х1укъ балайтина боршам, кхин 40 шарахь малхе шех пекъа поппар хиллалца бакъийна. Т1аккха цунаха бина  гом Дала малайкашна гуччохь д1а х1оттина.  Адаман гом(пе) лекха а, хаза а хиларна малайкаш цец дуьйлуш хилла…

Эццахь  Дала Адам х1унда кхуллу цахууш ойлане даьллачу Йилбаза,  цуьнан гай т1е п1елг тоьхна. Т1аккха гом бека боьлча и  хара буйла хиъна цунна. Т1аккха  цу гом  чу а даьлла,  цо  иза чуьра  теллира…», бохуш.

Вайна хетарехь,  Ар –Разис ма бохху оцу меттехь хилла ву   Адам — «фаххар». Нохчийн маттахь аьлча: –«пе хара», я «гом хара» а ша волуш.

Кхузахь терго хуьлуш ду, шеца цхьаа 1амал –са доцучу сагах вай олу: «цхьа еса пекъа\х1ума\хара яра иза-м»,  боху алар а.

Вуьшта  и «паххар»(«пе хар») цхьана эшаре ду  г1азкхийн — «пахарь» бохучуьнца  а. Ткъа цо дага тоссу: «…хьайн йохь хьацарлахь а йолуш доккхур  ахь бепиг, хьо схьа эцначу лаьтта хьоу юха верзалца…»(Хиллам 3:19), боху байт.

Терго ер вай, къа хьарча деллачул т1аьхьа шен сицара г1овсалла д1а елла  волу Адам(а.с) цу байто –«пахарь»(«пе хар») санна  вуьйцуш хиларна. Цуьнан Эдемехь хиллачу даржаца а цавуьйцуш.

….Цу тайпа, вайн талламера го; Дала шен гом чохь са диллале  «буьйда»  Адам  кхаа  хьолахь  хилла  вуьйла: «боршам»; «саза»; «пекъа\р» (1арбойн –«башар», «салсал», «фаххар») санна.

Ткъа муха хилла  цуьнан  «буьйда» волчуьра «нашхо» хилар?(«наш+хо»: «кхачвелла» + «къонаха»\«кхачвалар». «нашхой: «зрелый народ\мужчины. кхин долу масалш: «наш белла стом»\«нашвоьлла к1ант»\«наш йоьлла йо1»…..).

Цу хаттарна жоп доллуш санна хета: «Оха адам(инсаан) кхоьллира, ша хьалхе боршам хиллачох», бохучу аятаца.

Х1унда аьлча, цо Адам(а.с.)  цкъа хьалхара — «боршам»\ «сазкъар»\«пе хар»\«пекъа \р» а, т1аккха   «инсан» а санна вуьйцуш хиларна. Шоллаг1чо иза Дала  Шен 1анарах 1а(са) елла волу — Дэлан «1ийн са\г»(«душа от(святого) Духа»; «человек от святого Духа») санна а вуьйцуш.

Дага деъначура аьлча, вай  тоххара –«1ийса» ц1е йицаре ечохь а тидира – 1ийса пайхамаран ц1е – «1ий са\г» санна.

Ткъа  иштачу хьоло  вайна ц1еххьана  гойту  шен да –нана цахиллачу Адаман(а.с.) а, шен да цахиллачу  1ийсайн(а.с.) а юкъахь хилла  цхьатерра  долу кхолламан гергалло.

«Боккъалла а, 1ийса Далла хьалха Адам санна ву. Цо иза (Адам) латтаха вира, т1аккха цуьнга «Хийла!» аьлча: иза кхоллавелира», бохучу  аято ма бохху.

Далор вай цу «1ий са\г» ц1арца доьзна хуьлу кхин цхьа аят а. «Ас кхуллур ду адам (башар). Со иза кхоьллина воллушехь, Ас цуьнан кийрахь Сайн 1анарах «х1уп» аьлла са ма диллинехь, цунна суждане г1олаш», бохуш долу.

Вайна хетарехь цу аято дуьйцург Дала малайкашка и сужда  «аль –башарна» а цадеш «аль –инсана» де  аьлла хилар ду.

(лакхе «аль -башар» -«Эли боршам»; «аль инсан»- «Элий 1ий са» санна тидира вай)

Х1унда?  Жоп:  Дэлан  1анаран — 1а(са) эццахь Адаман(а.с.) гом чохь  юьссуш хиларна. Цундела хуьлу — Йилбазо Адамна(а.с.)  цадина  сужда,  Дала  Адамна (а.с.) еллачу Дэлан 1анарна цо (синна) цадина  хилча санна.

Х1инца кхеташ хета сийлахь  Къор1а адаме  —  «йа –аль –башар» аларца а цакхойкхуш — «йа айюхьа-ль-инсан» олуш кхайкхар а, иза цуьнга дийначу адаме (инсане)санна кхойкхуш  хиларна дуйла. Шена чохь са доцучу гоме а  цакхойкхуш.

Ткъа  оцу — «йа айюхьа-ль-инсан» эшар а хеза, нохчийн маттара —  «йа, 1а хьай йолу Эли – 1ий са» санна

23

Х1инца туьдур вай масийта кепара  ю боху  Адаман(а.с.) ц1ераш. Шаьш  нохчийн меттан аьзнашца  — «Адам»; «Ада»; «1ада»; «1адам»«1одуш» санна хезаш йолу.

Дуьйла лур вай — «1а + да» ц1арна т1ера.  Дала Адам(а.с.)  Шен 1анарах 1а луш, цунаха Цо -«1а да» вар цу ц1арца  доьзна ларарца(цунна т1ера «Ада» а хета). Иза г1азкхийн-«обладающий духом»\«хозяин жизни»;1арбойн –«аль – инсан»; нохчийн\ латинин– «гомоса пиен(с)» санна а хеташ…

Х1инца йицаре ер вай – «1а+дам». Цуьнцара – «1а», г1азкхийн  – «Дух»\«жить» а, ткъа  — «дам», г1азкхийн  – «плоть»мука» а лоруш.

Ткъа и «дам» ширачу нохчийн маттахь г1азкхийн  – «плоть» санна хилар   тоьшалла до, вайн — «дамарх дарц де цуьнан»(вдребезги, в пух и прах) бохучу цхьана аларо а. Вуьшта аьлча: «доь дойуш х1аллак ве иза»; «дамарх дарц  деш  ве иза».

Цу «1а дам»(«Дух во плоти») ц1арна т1ера – «Адам» а хета. Кхечу аг1ора, ламоройн — «А дам» (И дам) санна а хуьлу (г1аз. – «Он плоть (прах)» иза.

Цуьнца вайна го – «а гом»(«он тело»);«а боршам» («он глина»), «а борша»(«он самец\он мужчина») маь1наш а, ткъа т1аьхьарчу шинца 1арбойн маттара – «башар(«адам») дешан эшар а(лам.-«а»\«аза»\«1а», лит.– «и»\«иза»;«ахь»)

Х1инца  и «Адам» ц1е  нохчийн — 1арбойн – жуьгтийн меттанашца ийина юьйцур вай. И болх бечохь вайн дезар ду, ламоройн – «аз\аза»(«из\иза»), жуьгтийн-«ze\ haze(«это\ этот») а, ишта  нохчийн –«х1у», 1арбойн — «hu»(«един»), жуьгтийн — «hu»(«он») а цхьана эшаре хилар гайта.

Х1иттор вай уьш «Адам» ц1е нохчийн маттахь а толлучохь «А» метта. Хуьлу: «hu –дам», «zeдам», «haze дам». Шайн маь1наш:«х1у дам» («производящий плоть»\«семя – плоть»); «зе дам» («плоть испытание»\ «плоть ущербный»);«хазе дам» («повинующий– послушный плоть»\ «красивый плоть») долуш.

Цул а совнаха, ламоройн — «а дам»(жуьгтин –«латта»); «аз дам»; «аза дам», г1азакхийн — «он плоть» санна а хуьлу.

Кхузахь гайтаме ду: а) вай иштачу роьта х1иттиначу нохчийн – ивритан аларша «Адам» -ц1еран  хьесапаш мелла а алсам дохуш хилар. Уьш  хила дезачу хорча а  дерзош. б) ламоройн — «а дам»; «аз дам»; «аза дам», г1азакхийн — «он плоть\ мука» санна а хилар.

Ткъа вайна ма хаара, жуьгташа «Адам» — ц1е: «адама»(«латта») т1ера схьа яьлла лору. И цхьаъ доцург бен цуьнца кхин хьесап а цагуш.

Т1аккха  ивритехь цуьнца ишта хьесапин «къел» хиларо ойла хуьлуьйту,  и ц1е жуьгташа кхечу маттара т1е эцна юй те, аьлла йолу.

Т1ехула т1е, и ойла ч1аг1 йо байна хилла  иврит дукха хан(130 шо герга) йоцуш бен юха «карийна» цахиларо.

Билгал дер вай ишта, и мотт юха кхуллучохь а жуьгташна юкъехь къийсамаш хилла буйла. Церан молланаш а цхьана реза боцурш х1етахь дукха хилла хиларна. И мотт ширачу  арамейн(-нохчийн) маттаха  пайда а оьцуш метта х1оттош бу, бохуш.

Цхьана декъехь кхузара хета, х1инцалерачу  ивритехь оццулла  дукха Тоуратан –  нохчийн меттан аьзнаш –дешнаш мичара хила тарло, бохучу хаттарна жоп а…

Туьдур вай  х1инца и «Адам» 1арбойн маттахь. 1арбойн 1илманчаша йицарехь и ц1е «1удма» т1ера ю. Шен маь1на:«1аьржа амат\чкъор дерг»; «1умаьржаг» («черномазый») а долуш.

(Вай цабоху иза ишта хуьлийла  дац. Цул а совнаха, цу тайпа Адам(а.с.) йохь 1аьржа хилар, и Далла хьалха Эдемахь «йоьхь 1аржа» х1оттинчул т1аьхьа  хилла аьлла хета. Цигара схьа, вайн — «йоьхь1аржо» боху кхетам а болуш.

Дуьйцу: «Адама(а.с.) ша дуьнечохь веъча, х1ора а беттан юкъерчу деношкахь кхокхха марха а кхобуш, Дэле до1анаш деш хилла. Ша «йохь1аржа» х1оттале хьалха санна ша йоьхьк1айчу вехьара, бохуш. Эххар а,  Шен къинхетамца Дала цунна и дехар делла а бах»,бохуш).

Кхузахь юха а вайна го,  жуьгтийн маттахь долчу – «адама»(«латта») санна, 1арбойн — «1удма»(«1аьржа») дашо а,  Адамах(а.с.) лаьцна беш берг к1езга хаам буйла.  Адаман(а.с.) син билгалонаш а, я иза кхолларна бахьнаш а цадуьйцуш.

Масала: вай нохчийн(ламоройн) маттахь и ц1е йицаре яьккхича вайна х1окху маь1нашца цуьнца гуш долу:

— «а –дам» — «он плоть\мука\тесто;

-«1а да» — «владелец духа\жизни»;

1а дал(саг)» — «властный»

«1а дам» — «плоть духа»; «плоть жизни»

-«1у-да» -«страж – хозяин»(«наместник на земле»)

-«х1у дам» — «осемяняющий плоть»; «производящий плоть»

-«х1у да» — «обладатель семени»

Кхузахь шерра хаало Адаман(а.с.) ц1арца доьзна долу нохчийн маттара и маь1наш  дуккха  а к1оргера дуйла 1арбойн маттарчу «1удма» 1аьржа») а, жуьгтийн – «адама»(«латта») а бохучарел.

Цаьрца вайна го: Дала  Адам(а.с.) латтанах кхоллар. Цуьнан поппар гом чу Дала   «х1уп» аларца  са далар. Дала цунна 1эдал далар. Дала латта т1ехь цунаха Шен верас вар. Цо иза массо а тайпаначу  х1у 1у а, да а вар. И х1у дебо, даржо.

Кхуза/p /pspan style=pfont-size:11.5pt;RUхь  ишта билгала долу, нагахь «по+пар – Адам» аларца долчу — «п» метта, «б» х1оттича, иза – «бо бер – Адам» санна нис далар а. Адам(а.с.), шен да-нана цахилла —  бо бер хилла хилар ша дуьйцуш санна.

Вуьшта — «бод бер» кепехь а, г1азкхийн – «человек из замеса\глины» хуьлу и.

Цул а совнаха, арамейн -«бар»(«сын»;«ребенок»), нохчийн – «бер»(«ребенок»; «сын»); «бере»(«мужчина»;«наездник») цхьатерра а,  ивритин –«бэн»(«к1ант»), 1арбойн –«ибан»(«к1ант») цхьабоьсса а  хаало вайна. Ткъа цу хьоло и дешнаш арамейн – нохчийн маттара семиташа т1е эцна долуш санна хоьтуьйту.

Докка Амагов. (чакхе хир ю)

 

Chechenews.com

 

09.10.12.