Вайна ма хаъара 2 майхь цхьана боьхачу тобано къайлаха Ютубе чу кхоьссинера г1азкхийн къайлаха болх беш болчу декъашхошца цхьаьна яьккхийна Мусаев Ильясан аз тардеш х1оттийна харц видео-клип. Цу т1ехь хьехош Мунаев 1иса а вара нехан цунах шеко кхолла ялийтархьама.
Иза гучуяьлча тхан дехарца Турцера накъосташа гучуваьккхийра шайн махкахь иза дина бехке стаг. Оцу накъоста мукурло дийна ша иза дийна аьлла.
Оха тхаьшша биначу талламца иза цуьнга дайтинарш тхуна муьлаш бу хиийна. Цунна тхоьгахь тоьшаллаш а ду. Уьш, я иман, ислам, эхь- бехк х1у ду хууш нах бац.
Кхаа пачхьалкхехь царна дуьхал чу делла кехаташ ду шайца оцу видео-копи а йолуш. Тхо цкъачунна церан жоьпе хьоьжуш 1аьш ду. Куьг бехке вериг жоьпе узур волуш ду тхайн аьтто ма беллинехь. Шаьш боьха х1уманаш ца хилча къайлаха иза видео чу а ца кхуссуш, Я 1исага, я Ильясе хаьттина хир дара цара иза бакъдериг ду, я дац аьлла.
Иштта иза дийнехь вайнехан 1адатехь а, бусулба дийнехь дог1уш дара. Амма уьш Делах кхоьруш ца хилар гойту цара бинчу тешнабехко.
Шайн дагахь полицера жоп хир дац царна бохуш 1аьш бу уьш тахана. Царна моьттург бакъ доций кесста хуур ду вайна, Даламукъалахь!
Цкъа хьалха иза нах дуйна т1еозор бу оха, т1аккха цул таьхьа заман яхаллица вайн 1адатца жоп доьхур ду.
Цара дийнарг к1оргера ойла йича г1азкхашга оцу видео т1ехь ц1е маьл яьккхийнарг вейта 1алашо йолуш дина ду. Иза хууш ду жимма а политика евзаш волчунна.
Дала кхел йойла харцо ара яьккхийна мел лелаш болчу нохчий бу бохучу нахана. Тхан дехар ду шена бакъо езаш, Делах мел кхоьруш болчу нахе тхоьга шайна х1окху г1уллаках хуург яздар х1окху маил-адрес т1е [email protected]
Тхьога хаам беллачуьн аманат ларда оха тхайна т1елоцу. Дала барт цхьаъ бойла вайн бакъона т1ехь! Аллах1у Акбар!
Ильяс Мусаевн а, 1иса Мунаев а гергара нах:
Дани пачхьалкхера
Аслан
Ханпаша
Сулумбек
Эделбек
Абу-Бакар
Тархан
Тимирхан
Адам
Бельги
Рамзан,
Хьасан,
Муса,
Мохьмад,
Асланбек.
Швеци
Ризван,
Ахьмад
Саламу
Австри
Ваха,
Бакар,
Сайпи,
Абду-Рахьман.
Польша
Ахьмад
Бадрудди
Отдел писем
Chechenews.com
11.06.13.