Главная » Все Новости » Политика » КIиллойн тоба!

КIиллойн тоба!

Цхьа кIиллойн тоба ю кху Норвегехь а, кхийолчу Европера пачхьалкхашкахь а, къайлаха, шаьш муьлш ду ца хоуьйтуш, видеороликаш кечйеш, нахана тIехь харц цIе кхуллуш, шайн хIинцалца чакхдевлларш, даима чекхдевр ду моьттуш.

Оцу кIиллойн тобано кечйина, цхьа видеоролик са цIе юкъахьахош. ДАЛА мукълахь, цу тIехь болх бу беш, и кIиллой гучубаха лерина, и тоба гучуялча, тIакха хира ю цунах, хила ма еззара бенефис.

Со юкъахьахавар бахьана хIара ду: Нохчи къома мостагI, березовски боху и шайтIа, сортир чохь цуьнан легш Iаьвдина садаькхича, аса аьллера цуьнгара ахча мел эцна нохчи «лидерш», нохчи къоман турпалхойх хир бац, уьш нохчи къоман мостагIий бу, айса и ма яздди хаара суна, и кIиллой тоба меттагI ер юйла.

ХIинца и видеоролик кечйинчу, цу кIиллойн тобане бах аса, цхьа а вуй шу кIиллойн тобана юкъахь, тха тоба кIиллойн тоба яц, соьга ала доьналла долуш? Шуьгара йамартло а, тешнабехк а кхи да а хир буйла а сайна хуушехь, боху аса хIара шуьга, айса шу пусар ца дойла шуна хоуьтуш. 

Ibba Sheihi, Oslo

Отдел писем

Chechenews.com

18.06.13.