Нохчийн истори д1а-схьа листача гуча долу, цхьана хенахь вайн дайша ч1ог1а тидам т1е бохуьйташ хилла, шен т1е куьаш йолу т1аьхье шен массалица кхияр. Уггар хьалха церан 1алошо хилла дог1мин лаамаш бехкар, деш долу х1ума, дег1ан аьтту, ца лоьхаш, меркантилни 1алашо хьалха ца тоьттуш, Аллах1ан дуьхьа дар.
Оцу т1яьхь боккха болх беш хилла вайн устазаша. Цара мел лелош долу х1ума хилла цхьаъ 1алашо йолуш. Бусалба нахана ислам дин довзуийтар, цуьна дозалла бусалба нехан догчу диллар, цуьнца церан догмаш ц1андар а. Цундела вайна гуча долу, устазаш, халкъан юкъахь бехачу заманахь, барт, иман вайнехан алссам хилла хилар.
Устазаш шен масаллица кхетам-кхиор болх бина ца 1аш, шайн масаллица, махкана кхерам т1е беача, гойтуш хилла майралла, т1еман говзалла а.
Масала, шейх Мансур исторехь воьвзаш ву дин даржош, хьехамча хилла ца 1аш, нохчийн халкъ маьрша даккхаран, оьрсийн дуьхал бечу т1амтаьхь, майралла а т1еман говзалла гайтина, шейх Мансура. Оьрсашна луьра т1амца къийсам латтина шейх Денис а. Сесанара Ташу-Хьаьжа хилла, боккхачу Кавказан т1амехь Шемалан наиб. Деникана дуьхьал, Г1ойт1ахь, бечу т1амехь куьйгалла деш хилла Ибрах1им-Хаьжа. Советан 1едалан дуьхьал шен мурдашца т1ом бина Кошкальдарачу Юсуп-Хьажас а. Иштта масалаш дуккха ду нохчийн исторехь.
Кхета дог1у Устазаша, нахана юккъехь, беш болу болх ца хилла, оцу нахе шайн ц1е яккхийта г1ерташ и ц1е яккхийтана цуьнах пайда эца г1ерташ а. Устазаша мел боккху ког, цара мел олуш долу дош а Аллах1ан низам ч1агдеш хилла. Тахана устазин масаллина вай т1е товжуш хилахь, Аллах1а вайна бахьана х1оттор ду, вешан нохчийн пачхьалкх маьрша яккха. Цуьнах цхьа тайпа шеко яц.
1илмади Шайхиев.
Источник: nohchipress.info
07.09.13.