ДАЙМОХК

1

Веха со хьан кийрахь сан деган Даймохк

Дуьненчу ваьлла со хьан лаьттан букъа т1ехь

Дала Ша лоьрийла шун долу эхь-бехк

Сан Ден Дас боьг1начу оьздачу кхерчахь.

2

Хьан деган серлоца марзонаш йоьзна

Азаллехь кхоьллинчу лааман хьашташка

Кхийдарца хьакъ хила со хьоьца воьзна

Мук1арло дебадеш кху Махкахь Далла.

3

Цхьа а сох кхетар вац хьо безаш вацахь

Ша вина хьоме и шен Нана санна

Цхьа а к1ант хир ма вац, ша хьуна муьт1ахь

И вацахь шен Дена дика во1 санна.

4

Дуьненан Йалсаманиэ шена чохь ехаш

Сакхуонан маь1данийн инзаре лаьмнашца

Туокхенан аренаш хьаннашца, кондаршца

Б1аьрг белуо акхарой,лерг хьоьсту олхазарш.

5

Хьан доллу беркаташ ларалац соьга

Сан хьекъал заь1ап ду, дешнашца ала

Мел гена со валарах,хьан нур ду соьца

Хьан озах со хадон,г1ертар ду эрна.

6

Доххьара Нанас со аганчу виллича

Даггара Делиэ ша со воьхуш дехнарг

Сан ц1ийца даь1ахкех маззакъа доьлла

Ирсечу хьелашца Даймахкахь даьхнарг.

7

1илмануо кхиийна доккхачу Иманца

Делаца хоьттина ч1ог1ачу собарца

Г1иллакхуо юьйцина суьпачу 1амалца

Баьхначу Даймахкуо со чиэта лаьцна.

8

Мел волу вайн Къануо,сайн Ден Да лоруш

Массуо а Мехкан йо1 вайн йиша лоьцуш

Х1ора а воккханиг Ден ваша хиэташ

Ненаца массуо вайн зударий бустуш.

9

Иштта бу-кха Даймехкан аматан кхетам

Дала Шен хьукманца,хьуна чохь кхаьбнарг

Оьзда ву хьоьца ша тарвелла ваьхнарг

Кханенна масаллаш диэбош чекхваьлларг

10

Даймохк хьо,Къонахийн Маьрша туш лаьттина

Мисканна, хьешанна, саг1ан не1 йиллина

Дийнатийн хьурматна кхораш а дийг1ина

Хьо ларба дог майра К1ентий а кхиийна.

11

Хала ду сан Дела ц1енна чекх вала

Лахьтанна къаруонца,декъал хилалла

Хьуна чохь Маршонан шен б1ов а йоьттина

Т1аьхьенна йита шен Турпалан г1ала.

Аьрсбин Абу-Бакр. 27.12.13 шо:

Отдел писем

Chechenews.com

20.02.14.