Главная » Все Новости » Главная новость » Тахана — турпалхо, ткъа кхана? (ВИДЕО)

Тахана — турпалхо, ткъа кхана? (ВИДЕО)

e6763e8a-cd7a-482d-9c84-f29c03107fa7_cx0_cy7_cw0_w987_r1_s_r1

ХIора заманахь муьлххачу а къаьмнийн шайн-шайн турпалхой хилла. Хан мел яларх биц ца луш, шо шаре карладохуш церан майраллин хьуьнарш.

Вайн а хилла масо а заманахь турпалхой. Амма со кхуьучу хенахь кхи бара уьш. Аьлча а, школерчу тхан хьехархоша бовзуьйтуш, безаболуьйтура тхуна уьш.

Муьлш бара уьш? Уьш дера бара Сийлахь-Боккхачу ТIамехь турпалалла, майралла, стогалла гайтина кIентий.

Шайн даймохк, кхерч ларбина, шайн синош ца кхоийна, маршонехьа къийсам латтийна кIентий.

Масала, бийцаре буьйцу Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлад, Идрисов Абухьаьжа, Магомед-Мирзоев Хаважи, Бейбулатов Ирбайхан.

Фольклорера схьаэцча, Адин Сурхо, Жумин Акхтулла, Жерочун кIант, Таймин Бийболат.

Исторехь йоккха лар йитина Шайх Мансур, обарг Зеламха, Имам Шемал.

Сан бераллехь нохчийн фолклоран турпалхой бар-кх сан турпалхой!

Церан хьежамаш дуьнене, дахаре. ХIуъа а тIехIоьттича, ца бухуш, цаьргахь хилла собар, доьналла, яхь, хьекъал.

Турпалхойн бустамаш цаьргахь гора суна а, сан нийсархошна а.

Ас дукха ойланаш йора жимчохь, ца кхеташ… Хьажахь, тIом зулам ду. Т1амехь ц1ий 1ена. Х1етте а, «толам баьккхина тIамехь», «уьш тIеман турпалхой бу» а муха эр ду, ша тIом ирчо хилча.

«ТIамо стаг вина вац, тIамо саг вийна» олуш ма ду вайн халкъалахь а.

Шина а агIор бераш, зударий, къаной бойу, заьIапхой бо, докъаза байна нах хуьлу, царна сагатдеш, уьш лоьхуш, шерашкахь сатийсамашкахь деха церан дай-наной.

Байлахь дуьсу дуккха а бераш.

Цул совнаха, чакхе йоцуш ду тIеман зенаш.

ТIамо йохайо гIаланаш, ягайо ярташ, корта кIел бахьа тховкIело а йоцуш буьсу дуккха а доьзалаш.

ХIетте а зевне дIахьедарш до «Вай толам баьккхина!».

Муха толам?

ХIетахь, бераллехь дуккха а хеттарш латтадора сан коьртехь оцу цакхетамо. Жоьпаш тахана а кароза ду.

Кхи а, ас лоручу яздархочун Айдамиров Абузаран «Маршонан кIентий», «Еха буъйсанаш», «Лаьмнашкахъ ткъес», «Дарц», «Лаъмнийн некъашкахула», «КIант веллачу дийнахъ», «Кхолламан цхъа де» тоьллачу произведенинй турпалхой бара суна масална.

Дайн оьзда гIиллакхаш, яхь, доьналла, нохчалла лардеш, шайн орам ца бехбеш схьабогIу кIентий ца хуьлийла а дацара, сан кхетамехь, турпалхой.

Даим инзаръюьйлура со, гIалгIайн тоьллачу яздархочун Боков Ахьмадан «Бекин воIарий» («Сыновья Беки») роман йоьшуш.

Къизаллица, ямартлонца шайн да вийча, цIий Iанийначара дуьненан даьхний шайна схьадеана, гечдар доьхуш, охьадехкича, Iеха ца белира уьш.

«Сан ден цIий духкуш дац» аьлла, шога жоп делла, юьхь ца йира цара дехаре баьхкинчийн.

Суна герагахь турпалхой бар-кх Бекин кIентий! Шайн мостагIче шаьш эша ца байтина, цуьнан хьарам ахчанах бохка ца белла.

Кхи цхьа масал а лаьтта сан дагалецамашкахь.

Тхан лулахь бехаш 14 бер долуш доьзал бара. Дечиге вахначохь поп тIе а боьжна, хеназа валар нисделира оцу хIусаман ден.

Доккха жоьпалла дисира берийн нанна тIехь.

ТIулгаш санна, чоь юьззина берашца, дан амал а доцуш йисинера и жима зуда.

Дуьненах Iеха ца луш, шен доьзал дIа ца тосуш, кога-ира хIоттийра оцу нанас. Шена мел хало т1ехIоттарх, сагIа деха ара а ца елира, я бераш совдоьвлла а ца лийлира..

Ставрополе долахойн кхаштIе ехачу аьхка мехах асарш деш, юха гуьйранна ХIирийн махка хьаьжк1аш, картолаш лахьон оьхуш, доьзал хене баьккхира цо.

Тхан куьпарчу божарша хийлазза олуш хезара суна «Къонах стаг хилла хьенех, турпалхо ю иза!»

Тахана кхета со, иза хила а хилла баккъал а хьуьнар долуш стаг.

14 берах цхьа а ца леш, заьIап ца дуьсуш, мац ца долуьйтуш, дахарехь хIоранна а меттиг кечбина, уьш дIанисбар, суна-м и хета баккъал а турпалала.

Нохчийчохь тIом иккхича, оцу зудчун ший а кIант гIаьттира, шайн нанас тIехь да а воцуш шена ца юуш, ца молуш, шен могашалла ца кхоош лардинарг Iалашдан.

ГIазотехь кхалха а кхелхира. Суна турпалхой хета цуьнан ши кIант а.

ХIунда аьлча, хIорш шайн махкахь, шайн хIусамехь, цхьанна а новкъарло а ца еш, маьрша бехачу хенахь, арахьарчу мостагIчо ямартлонца чубеана бара и тIом.

КIилло а хилла Iойла дацара, ненан букътIехьа а лечкъина.

Нанас ишта Iамийна вацара и шиъ.

Цул тIаьхьа дуккха а шераш девлла, нохчийн дахарехь а хилла ца моьттучу кепара хийцамаш.

Ас лоруш, масалш эцна, яхначу заманчохь суна марзбинчу турпалхойн васташна тIе чан йиллина.

Ткъа муьлш бу боху кху заманан турпалхой?

Уьш бошмашкарчу берашна а бевза.

ХIунда аьлча, берийн бешахь пенаштIехь тоххара туьйранашкарчу ЦIен куй болчу йоьIан, Золушкин, Дюймовочкин васташ хиллехь а, тахана бу бохучу Оьрсийчоьнан турпалхойн суьрташ кхозу.адыров Ахьмад, Кадыров Рамзан, Даудов Мохьмад, Делимханов Алибек, Усмаев Вахьид, и кх дI а.

Сан жима даймохк хIаллакбинчу мостагIца берта а бахана, сан дайша тIаьхьалонна дитина мел дерг хьаьшна, дохийна, даржийна дIа а даьккхина, нуй хьаьккхина тоьлла кIентий махках баьхна, шайн олалла дIахIоттийнарш хила йиш юй къоман турпалхой?

Дийцар дерзош дагадеа цхьа хазна.

Новкъахула вогIучу цхьана паччахьо дижина долу зингат самадаьккхина. Ша цо самадаьккхича, дистхилла боху зингат:

— Оффай, цхьа хаза гIан гуш дара со — со паччахь а долуш. Ахьа сама ца даьккхинехьара кхиъ зовкх хьоьгур дара хьуна ас.

— Деладахь ма паччахьалла а хилла-кх хьайниг, ши бIаьрг схьабиллича, дIа а долуш, — аьлла паччахьо.

— Оффай, — аьлла зингато. — ма паччахьалла а ду-кх хьайниг, ши бIаьрг дIахьаббича, дIа а дер долуш….

Сан дийцарх жамI дар хIоранна а кеп-кепара хила тарло, цундела, дешархо, хьан карахь дуьту ас, кIайн, Iаьржачун къастам бар.

Источник: www.radiomarsho.com

06.12.16.