Главная » Все Новости » Главная новость » «ЛАРАМАН ОРАМАШ»

«ЛАРАМАН ОРАМАШ»

Письмо от Асхьаба из Турции в адрес Хасана Исаева (Казбича Чеченского)

Ассалам 1алайкум, хьоме вежари, йижари, махкахой!

Со кхи башха к1оргера яздан хуаш воцу дела, х1ара хьал маддарра дицанера аса сай накъосте, мадарра д1аязделахь аьлла. 

Со ала воллу хьал, со вай вежаршка а, йижаршка а ала цах1уттуш х1инцалца 1ийнарг, мадарра цадицича цаволу со, Далла хьалха а, сайна хьалха а, шуна хьалха а!
Со ц1ера Сем1ашка-юьртара ву, (Самашки) ц1е Асхьаб ю. 

Сай 16 шо долуш хьалхарчу т1аме вахара со. Сай са а, сай дег1 а цакхоош, хаза а хеташ, воккха а веш т1ом бира аса. Шемалца Будённовскехь б1арг а боккхуш чов йира суна, ч1ог1а лазина корта а бара.

Шолг1а т1ом болабалале сан чов д1айирзира. Шолг1а т1ом болабелча, цу т1амехь а дакъа лецира аса. Хьамзат Гелаевца 2001 шарахь Абхазе походехь а хилара со. 

Дийца а, яздан а дукха х1умнаш ду, делахь а, уьш дуьтур вай. Амма, тахана со ала г1ертарг кхи ду. Кхи башха воккха вацахь а, цхьацца болу баккхи нахана цагинарг а, цара цалайнарг лайна чекх ваьлла ву со.

Х1инца пожизненный инвалид а волуш Турцехь 1аш ву со. Элхьамдуллилла, со воккха ве Дала сайна деллачунна. Вайнеха олаш кица ду:-«Везачунна ялан х1ума а кара йо, цавезачунна-ала х1ума а карадо».

Со Гуьржехахь волуш, (Грузия) цигахь цхьа накъост вевзинера суна, даимма Акциш еш хьалха ваьлла лелаш вара иза, х1унда аьлча, вай Мух1ажаре хьал цигахь вуно ч1ог1а къен ду, юачуьнца а, духачуьнца а, массо а х1уманца.

Вай бераш массийта шо ду школе цаоьха. Цу массо г1улкхана хаьдди, ведди лелаш верг вара Хьасан, (Казбич-Чеченский — олу цунах).  Шен доьзал д1абахана Норвегехь болушшехь, шен доьзалах а, махках а хоьгуш дукха хан ша набахтехь яьккхина волушшехь, х1етте а, вай беженцех ч1ог1а къа хеташ, дан х1ума а доцуш лелара иза.

ООН ц1е йолу организацино бохура цуьнга, -«Хьо 1ад 1е, оха хьуна луучу пачхьалкхе д1авохита хьо»,- иза д1а цавоьдара. Кху массо а дуьнент1ера шена бевзаш болу журналисташ, правозащитникаш хьакхойкхи, уьш Панкиси балабора цо, царна вай Мух1ажари хьал д1адуьцаш и хьал довзиташ лелара иза. 

Анна Политковская еара цо кхайкхана 2004 шарахь. Министерство миграции Грузии, организациия ООН в Грузии, ишта Хизри Алдамовски нах а бог1ура шай кхайкхам бахьаш, -«Митингаш маяхьара аша, акцеш а маяхьара аша», -оли.

Цара дуьцучух лаа дуг1и, царах теша а теши, оццалла хала йолина йола Хьасана акци, сацайора вай Нохчаша, ишта мосситтаза хуьлара.

Хьасан, (Казбича) олара,-«Мадог1а цаьрга ла, шайна шозза, кхузза аша аьлларг цадича цахаа шуна, цара иза х1инца а дийра доцийла, ма1ехадайта шаьш!»

Дукхачара тоьшалла а дой Акци Нохчаша д1айоккхара. Уьш массо а цхьана хена самукъа доле хуьлура, амма, Хьасанехь бала хуьлара, цунна генна хьалха гора цара ден доцу хьума а, вай Мух1ажарш бахьнехь цара оьцу ахча а, вай бери мацалла а, цера йоца т1еюха х1ума а, уьш доьшуш цахилар а.

Иза шадериг гуш, иза хуаш ниц1къ хуьлара цунна. Хаьсана Панкисехь гергара а, тайпана а стаг вацара!

Дукха Вайнах бог1ара иза волча,-суна х1ара кехат язде, суна важа кехат язде оли. Дукха нахана яздина кехаташ ООНе чуделла, иза бахьана а долуш, дукха нах через ООН цигара д1абахитара цо.

Вай цхьа проводник вара Панкисехь, Ризван ц1е йолаш. Джохар, Аслан а волаш, кхи д1а а,  цхьа a  провал яцара цуьна. Цунна т1яхьа яьллера КГБ, иза цигахь вуйла а хуаш, иза д1алаца.
Иза лаьцначунна ах миллион доллар лура ду аьлла д1акхайкхинера. Хьасанас (Казбича) ООН не1ара т1ера д1а а цаваьлла, дукха кехаташ а яздина, ООНо д1авахитара иза.
Ризван х1инца Швецехь ву. Цуьнга хатта мегар ду шуна: -«Х1ун г1о дира хьуна Казбича али»!

Х1етте а, наха цунна т1яхьша доцу х1ума а кхулли, цунах дог даккха а хьовсара, амма (Казбич) Хьасан, юхаволуш вацара, юха валар,-иза цуьна характеряхь дог1аш х1ума дацара. Хьасана олара,-«Мостаг1чунна а, ишта хьайна х1уттаренна а, гамонна а, доьхьал ваьллачунна хаита еза цуьна меттаг, ахьа цуьна меттаг шен хеннахь д1ацахаитахь, юха а хьуна ямарт хила хьожар ву иза».

Наха бохучух лаа доьг1на, цара дуьцуш дерг бакъ а хетта, Хьасанна дешца ч1ог1а халахетитара аса. Со нийса цахиллела, хено а, Хьасана деган ц1еналло а гайтира суна, жимма хан яьлча.

Цо соьга елира белш т1е куьг а диллина:-«Хьажал, Асхьаб, хьо айхьа суна аьллачунна хена замалахь ойла а йина, хьо дохко цавалахь, аса дохко воккхура ву хьо, со х1инца 1ад 1а хьуна, хьан Да лоруш со волудела, хьо дика т1емало хиларна, хьо а лоруш.

Хьо хьайна къонах хетахь аса аьллачу дешне ойла елахь, Дала цу т1ехь иман лойла хьуна». —аьлла д1авахара Хьасан, кхи со волча а цавеара. Цулт1ехьа дикка хан елира.

Сол жимах волу, сан ваша чувоьллара Тбилисехь, иза г1уллакх д1адерзо а, кхи д1а цхьацца х1ума нисдан а, ч1ог1а эзар(1000) доллар оьшаш, сагатделла, б1арзе хьевзана сан Да лелаш ши-кхо де делира, дан х1ума а доцаш, ахча дала стаг а воцаш.

Шена бевзачу массо а нахехула чекхваьлча, цхьаннигахь а цакарира сан Дена цхьа а кепяк юхалург ахча.

Иштта сан Да а, со а, ч1ог1а сингаттамехь волуш, цхьана динахь со арара чувеара. Со чоьхьаваьлча суна гира сан Да, буйна къовлана езар (один.тыс.)доллар а долуш, б1аргех охьа оьхуш хиш а долаш лаьтташ. Сан кийра сийна ц1е елира, аса елира:

-«Дада, х1ун хилла хьуна, хьа цатамбина хьуна, хьаалахь!» Сан Дас суна жоп делира:-«Дикнаг хилла, дикнаг, дика нах болу дела, д1авало ара вала».

Сан Дена б1аргах хи х1унда даьлла а, сан Дена ахча мичара даьлла т1яхьа хиара суна.

Наха дуьйцуш а хезна, Хьасан веана хиллера сан Да волча, цхьа пхи минот хьалха, со чувале. Сан Дас шега мадарра иза хьал д1адицича, Хьасана шен доьзало Норвеги д1авола аьлла т1яхьатесана долу езар доллар сан Дега д1а а делла, д1авахна хиллера.

Цул т1яхьа, жимма хан яьлча тхан Турце д1адахар хилара, цунна иза ахча д1адала аьтто боцаш. Сан Дас соьга елира:-«К1ант, кхи сай махках ваьлла ца1ало со, со ц1а вахаволлу, лахь а, сай махкахь велча атта ду суна!»

Аса оццалла шега ц1а мог1о боххашехь, сан Да ц1авахара. Сан цхьа ваша а вара ц1ахь т1емлошца, Кадыровцашна тхо ч1ог1а девзаш а дара. Сан Да ц1авахана дукха хан ялале, иза д1овш тесна вийра кадыровцаша (отравили).

Сан Да вийна кхоъ-биъ бутт баьлча, и хабар шена махеззанехь, Турцехь волу Адам бохаш, вай Ичкери Парламентехь болх бина а волуш, ц1ера Алхан-юртара а волуш стаге, шен доттаг1чуьнга, телефон тоьхнера Казбича Норвегера!

Адама соьга телефон а тоьхна елира: -«Хьога даитана хабар ду, иза мадарра хьога д1ацааьлча цаволу со!» Со Адам волча вахча цо соьга елира: -«Хьасана д1аала аьлла хьога,

-«Хьан Да веллила хиъна цунна, Дала геш дойла бахара.

Декхар т1яхь долуш велла стаге барт хатта йиш яц, аьлла хезна суна, иза декхар долу стаг цунна къинт1ера цаваьлча. Ша Дела доьхьа къинт1ера а ваьлла, хьан Дена иза декхар дитна алар т1едожина суна Казбича». 

Адама иза мадарра соьга схьааьлча, Хьасана массо а меттагехь ша д1акхечначохь хьегна къа гина, цо лайна бала а хуаш, айса цуьнга наха бохург бакъ а хетта, айса цуьнга аьлларг дага а деана, кийра а 1овжина б1аргах хи  делира.суна.

Адама телефон а елла, Хьасане телефон цатохалуш, цуьнга вист хила эхь хеташ, кхо де д1аделира, доьолг1ачу динахь аса телефон туьхара Хьасане.
Шена со мила ву хиъча, кадам а бина, Адамас соьга хьамааллара,(дословно)хьаелира Хьасана.

Т1аккха аса цуьнга елира: -«Хьасан, аса сайгах хилчхьане хьа ахча д1алур ду хьуна»!.

Хьасана т1аккха елира: -«Аса Дела доьхьа саг1ина дитана ахча ду иза, хьайна соьца кхид1а гергарло лело лаахь, кхи иза ахча багах даккха пурба цало аса хьуна аьлла.

Суна т1яхь а ду жимма декхар, иза д1адала аьтто боцаш, сан валар хилахь, суна а вала мега и стаг къинт1ера.

Суна хьан йоца таро а хаа, иза ахча дицделахь»,! — аьлла, вист хилара Казбич.

Даг т1е хьакхна моз санна там бира суна цуьна хазачу къамело.

Шен вешигара юхалург 100 (сто) долларов доккхаш зама ю х1ара, ахьа иза шен хеннахь юха д1ацаделча, хьуна т1яхтохам а, ала х1ума а карадо неха.

Хаьсанаца болу Лараман Орамаш сайна хадо цалуадера, суна ала луар дара кхи д1а долу Хьасане дика х1умнаш.

Ша дег1ана кхи онда вацахь а, ша массийта шо набахти чохь доккхаш, ша охьа та1авайтана стаг вац иза, иза хиъна суна, оьзда а, комаьрша а, г1илкхе а, ц1ена а, бегаш болуш а, дукха анекдоташ дуьцаш а, даимма велавелла а, диканиг цадицдеш а, вонаг цадуьташ а, волчунна тешамен дика нокъост а, шен Нохчи къомана вуьззана Нохчо к1ант а ву Хьасан,(Казбич-Чеченский).

Шун сайташ т1ехь а хаало суна Хьасанах лаьцна цхьацца х1уманаш, диканаг а, вонаг а. Цундела шуна а, нахана а х1ара г1уллакх довзита, Хьасан вовзита а луаш, айса цуьнга корта боцуш аьллачунна иза къинт1ера а воккхуш. 

Далла хьалха иза сай декхар хиларна яздина кехат дара х1ара. Массарна а, Аллахь реза хилда вайна,

Дала барт а, машар а лойла вайна. Дала вай махкахь маьрша дахар а лойла вайна.

Ларамца Асхьаб из Самашки -Турция.
Отдел писем.
Chechenews.com
27.02.18.